1007. Ибн МасIуда (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: ««АллахI воцург, кхин дела вац. Со Цуьнан элча а ву» аьлла, тоьшалла диначу бусалба стеган цIий Iанон мегаш дац кхаа меттигехь бен: нагахь оцале маре диначу зудчой, я оцале зуда ялийначу стагий зина динехь; нагахь цо стаг вийнехь; нагахь иза, динах а ваьлла (муртад а ваьлла), (бусалба нехан) юкъараллех дIакъаьстинехь» (хIара хьадис ал-Бухарис: 6878, Муслима: 1676 далийна).
1008. Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Бусалба стаг кхаа хьелехь бен вен мегаш дац: нагахь зуда ялийначул тIаьхьа цо зина динехь – тIаккха (и динарг), валлалц тIулгаш а тоьхна, вен везаш ву; нагахь цо хуъушехь бусалба стаг вийнехь - тIаккха иза вен везаш ву; нагахь иза, Ислам-дина чуьра а ваьлла, АллахIна а, Цуьнан элчанна а дуьхьал тIом беш велахь - тIаккха иза я вен веза, я ирах олла веза, я махках ваккха веза» (хIара хьадис Абу Дауда: 4353, ан-Насаис: 7/91 далийна, ткъа ал-Хьакима: 4/367 бакъ «сахьихь» хьадис ду аьлла хIара) [Сахьихь ал-ЖамиI: 7641].
1009. IабдуллахI Ибн МасIуда (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Къематдийнахь нахера доллучул хьалха жоп доьхун дерг - Iанийна цIий ду» (ал-Бухари: 6533, Муслим: 1678).
1010. Самурас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Шен лай вийнарг - вай вуьйра ву. Нагахь цхьамма шен лайн (муьлхха а) цхьа меже (я мара, я лерг, я балда) а яьккхина, иза чолакх винехь - ткъа вай иза а вийра ву чолакх, (изза) меже а яьккхина» (ХIара хьадис Ахьмада: 5/10, Абу Дауда: 4515, ат-Тирмизис: 1414, ан-Насаис: 8/21, ибн Мажас: 2663 далийна. Цул совнаха, ат-Тирмизис дика «хьасан» хьадис ду а аьлла хIара) [ДаIиф ал-ЖамиI: 5749].
ХIара хьадис, Самурас дийцина аьлла, ал-Хьасан ал-Басрис дийцина. Делахь а, тIаьхьарачунна оцу сий долучу асхьабера хезна хила тарлуш дац аьлла, хетарг ду. Абу Даудан а, ан-Насаин а ривайатехь аьлла: «…Нагахь цо иза ваIахь - вай иза а воIур ву» (ал-Хьакима: 4/367 хIара тIетоьхнарг бакъ «сахьихь» ду аьлла) [ДаIиф ал-ЖамиI: 5572].
1011. Iумар ибн ал-ХаттIаба (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) олуш хезна шена аьлла: «КIанта вийначу стагана дуьхьал да чIирана вен кхачо йиш йолуш вац» (ХIара хьадис Ахьмада: 1/22, ат-Тимизис: 1400, ибн Мажас: 2662 далийна. Ткъа ибн ал-Жаруда: 788, ал-БайхIакъис: 8/37 бакъ «сахьихь» хьадис ду аьлла хIара. Ат-Тирмизис кегаделла «мудтIариб» ду аьлла хIара хьадис) [Сахьихь ал-ЖамиI: 7744].
1012. Абу Жухьайфас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Аса цкъа Абу ТIалибан кIанте Iелега (АллахI реза хуьлда цунна) хаьттира: «Цхьа а хаам буй шуьгахь, КъурIан доцург?». Цо жоп делира: «Хан-хIа. Аса дуй буу хIу тIедолуьйтуш волучух, са кхуллуш волучух! Цхьа а хIума ма дац соьгахь - Сийлахь-Везачу АллахIа КъурIанехь стагана луш болу кхетам боцург а, хIокху кехатахь долу куьйгайоза доцург а». Аса хаьттира: «ХIун ду оцу кехатахь яздинарг?». Цо жоп делира: «Вийначух мах такхар тIедиллар а, йийсаре бинарш мукъабахар а, керстанна дуьхьал бусалба ма ве аьлла, дина омра а ду» (хIара хьадис ал-Бухарис: 111 далийна).
Iалий ибн Абу ТIалиба (АллахI реза хуьлда цунна) дийцира аьлла, далийна: «Муъма-нехан дахарш нисса (цхьатерра) ду*. Царех уггаре декъазаниг (гIийланиг) а ву биссиначу массеран цIарах кхерамзаллина юкъара хила йиш йолуш. Шайн мостагIашна дуьхьал латточу къийсамехь цхьаъ бу уьш. Муъма-стаг вен йиш йолуш вац - керста верна. Я бусулба нахаца машаре барт а бина, ша биначу бартах воьхна воцу керста а вац вен йиш йолуш» (хIара хьадис Ахьмада: 1/122, Абу Дауда: 4530, ан-Насаис: 8/19 далийна, ткъа ал-Хьакима: 2/I53 бакъ «сахьихь» ду аьлла хIара) [ДаIиф ал-жамиI: 6666].
* Вуьшта аьлча: бусалба нехан цIийш а, дахарш а цхьатерра ду - лакхарачуьнниг а, лахарачуьнниг а, вехашчуьнниг а, къечуьнниг а, и.дI.кх. Бусалба дине бахкале, жехIалаллин заманахь хилларг дац - хьал долучуьнан цIий деза долуш, хьал доцучуьнан цIий дораха долуш, хьаькиман са лараме долуш, мискачуьнан са мах боцуш долуш.
1013. Анас ибн Малика (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Цкъа нахана цхьа йоI карийнера, шина тIулганна юккъехь Iевдина корта а бохийна, Iуьллуш. Наха хаьттина цуьнга: «Мила ву хьуна тIехь хIара болх бинарг? Хьенех вуй? Минех вуй?». ТIаьххьара а, цара цхьаьна жугтичуьнан цIе яьккхича, цо шен корта таIийра. И жуьгти схьалаьцча, цо даре дира - и зулам ша дина хиларна. ТIаккха АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), цуьнан корта шина тIулганна юккъехь бохабе аьлла, омра дира» (хIара хьадис ал-Бухарис: 2413, Муслима: 1672 далийна, ткъа хьадисан дIаяздар Муслимниг ду).
1014. Iимран ибн Хьусайна (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Цхьана къечу нехан жимачу лайно хьал долучу нехан лайн лерг даьккхина. Ткъа уьш пайхамарна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) тIебаьхкиначу хенахь, цо царна цхьана а тайпана мах такха аьлла, омра ца дира» (хIара хьадис бакъ йолучу дийцархойн зIенаца Ахьмада: 4/438, Абу Дауда: 4590, ан-Насаис: 8/25 далийна, ткъа ат-Тирмизис дийцина дац хIара хьадис) [«Сахьихь» Абу Дауд: 3837].
1015. Iамр ибн ШуIайба дийцина, шен дас а, дендас а дийцира аьлла: «Цхьана стага кхечу стеган гоьлах маIа чекхъяьккхира. Ткъа цо, пайхамарна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) тIе а веана, элира: «Бекхкам эцахь суна диначух!». Цо жоп делира: «Хьо товелчахьана». Цхьа хан яьлча, юха а иза волучу а веана, оцу стага аьлла: «Бекхам эцахь суна диначух!». ТIаккха цо бакъо елла цунна шена чов йиначух бекхам эца. Амма цул тIаьхьа цхьа хан яьлча, юха а иза волучу а веана, цо аьлла: «ХIай, АллахIан элча! АстагIа висна-кха со». Цо аьлла: «Аса дехка ма дихкира хьуна - амма ахьа ла ца дуьйгIир-кха соьга…». Цул тIаьхьа АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) йиначу чевнах бекхам эцар дихкира - лазийнарг товаллалц (ХIара хьадис Ахьмада: 2/217, ад-ДаракъутIнис: 3/88 далийна. Цул совнаха, тIаьхьарачо хIара хьадис «мурсал» ду аьлла) [Сахьихь ал-Ирваъ: 2237].
1016. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «ХIузайл тайпанах йолу ши зуда вовшахлеттера. Цаьршиннах цхьамма, ласттийна баьхьна вукхуна тIулг а тоьхна, иза а, цуьнан гайчуьра бер а дийнера. Ткъа нах, и гIуллакх а эцна, АллахIан элчане (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) бевлира. ТIаккха АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) омра дина: дийначу гайчуьрачу берана тIера тоьлларг цхьаьна стеган-лайн я зудчун-лайн барамехь мах такха, ткъа йийначу зудчух мах такхаран жоьпалла - иза йийна хиллачу зудчунна шена цхьанна тIе а диллина. Текхна хилла болу мах дIасабийкъира - йийначу зудчуьнан кIантана а, бухабиссиначу верасашна а юккъехь. Циггахь Хьамл ибн ан-НабигIа ал-ХIузалис хаьттина: «ХIай, АллахIан элча! Мах хIунда токху - цкъа а мелла а доцучух, я хIума йиъна а доцучух, я къамел дина а доцучух, я дилхина а доцучух?». ТIаккха АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) жоп делла: «Боккъалаъ, хIара – бозбуунчийн, къайленаш хаьа бохучийн вежарех (къамел ма) ду, оцу кепарачу мукъамехь цхьаьна тов дешнаш олуш болучу» (хIара хьадис ал-Бухарис: 5758, Муслима: 1681 далийна).
Ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина: «Цкъа Iумар ибн ал-ХаттIаба (АллахI реза хуьлда цунна) хаьттира: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) кийрара бер дерна мах такха аьлла, омра дечу (кхиэл ечу) хенахь цигахь хилларг мила ву шух?». ТIаккха Хьамл ибн ан-НабигIас, хьала а гIаьттина, аьлла: «Со вар-кха, ши зуда вовшахлеттачу хенахь цигахь. Цаьршиннах цхьамма вукхунна туьйхира…» (ХIара хьадис Абу Дауда (4572), ан-Насаис (8/21), ибн Мажас (2641) далийна. Ткъа ибн Хьиббана (5989), ал-Хьакима (3/575) бакъ «сахьихь» хьадис ду аьлла хIара) [Сахьихь Абу Дауд: 3825].
1017. Анаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Ар-РубаййиI бинт ан-Надр цIе йолучу сан ден йишас цхьана жимачу йоьIан хьалхара церг кагйинера. Ар-РубаййиI бинт ан-Надран гергаранаш оцу жимачу йоьIан гергарачаьрга, гечдахьара аша аьлла, дехаре бевлира. Амма вукхара (геч) ца дира цунна. ТIаккха цара кхин некъ кховдийра цаьрга: дуьхьал мах баларца меттахIоттор ма дара шаьш аьлла. Иза а ца ийцира цара тIе. Цул тIаьхьа АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цуна) волучу бахара уьш - яьккхиначу цергана дуьхьал церг яккхарца бекхам бар доцучу цхьана а некъана реза ца хила дагахь биначу сацамца. ТIаккха АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), бекхам эца аьлла, омра дина. Циггахь Анас ибн ан-Надра (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла: «ХIай, АллахIан элча! Церг йоккхур ю-те цара ар-РубаййиIан? ХIан-хIа, бакъонца хьо ваийтиначух дуй ма буу аса: йоккхур ма яц цара цуьнан церг!». ТIаккха АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «ХIай, Анас! АллахIа Жайнахь тIедиллинарг - чIир эцар ду-кха». Эццахь йоьIан гергаранаш резахилла - бехкечунна гечдан. ТIаккха АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «Боккъалаъ, АллахIан лайшна юккъехь, цара АллахIах дуй кхоьллича, И цаьрца берта воьдуш берш ма бу» (хIара хьадис ал-Бухарис (2703), Муслима (1675) далийна, ткъа хьадисан дIаяздар ал-Бухариниг ду).
1018. Ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Нагахь стаг, иза вийнарг (куьгбехкениг) мила ву ца хууш, вийна велахь, я тIулг, я шед, я гIаж кхетар бахьанехь вийнехь, вийначух такха богIу мах – ца хууш стаг верна боггIург бу. Нагахь стаг хуъушехь вийнехь - цунна тIера чIир эца йогIу. Нагахь муьлхха а цхьаъ цунна новкъарло ян юкъагIортахь - АллахIан неIалт хир ду цунна» (хIара хьадис Абу Дауда (4540), ан-Насаис (8/39), ибн Мажас (3635) далийна дийциначеран чIогIачу зIеца) [Сахьихь ал-ЖамиI: 6451]).
1019. Ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Нагахь цхьана стага кхин стаг, катоьхна схьа а лаьцна, шолгIачо иза вийнехь - и стаг вийнарг вен везаш ву, ткъа и сацийна латтийнарг – чуволла везаш ву» (ХIара хьадис ад-ДаракъутIнис (3/140) далийна. Цул совнаха, хьадисан цхьа ривайат «мавсул» ду, ткъа важа – «мурсал» ду. Хьадис дийицинарш шайх теша хьакъ бу. Ибн ал-Къаттана бакъ «сахьихь» хьадис ду аьлла хIара, ткъа ал-БайхIакъина (8/50) хIара хьадис «мурсал» хилар бакъахьа хетта) [ал-Мишкат: 3485].
1020. Iабд ар-Рахьман ал-Байламанис дийцина: «Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) бусалба нахаца машаран барт бина хилла волу керста верна бусалба вийра. Цул тIаьхьа цо элира: «Царна кхерамзаллина юкъара хиллачарех уггаре а хьакъ верг со ву» (ХIара хьадис Iабд ар-Раззакъа (10/101) далийна, «мурсал» ду а аьлла цо хIара. Цуьнах тера хьадис ад-ДаракъутIнис а (3/134) далийна, ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина аьлла. Ткъа и ривайат «мавсул» ду, амма чIогIа гIийла ду) [ДаIиф ал-ЖамиI: 1304].
1021. Ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина: «Бевзаш боцучу наха тешнабехкаца цхьа жима стаг вийнера. ТIаккха Iумар ибн ал-ХаттIаба элира: «И жима стаг верехь СанIарачу берриге а бахархоша дакъалаьцна хилча - царех цхьаъ буха ца вуьтуш, ша берриш а бойур ма бара аса уьш цунна дуьхьал» (хIара хьадис ал-Бухарис (6896) далийна).
1022. Абу Шурайхь ал-ХузаIис (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Нагахь кхузахь аса диначу хIокху къамелал тIаьхьа цхьаьннан гергараниг вехь - цуьнан гергаранаш шина сацамах шайна луъург цхьаъ тIеэца бакъо йолуш бу: я вийначух мах эца, я шайн стаг вийнарг вен» (ХIара деххачу хьадисан цхьа дакъа ду. Абу Дауда (4504), ат-Тирмизис (I406) далийна и, ткъа ан-Насаис далийна а дац и [«Сахьихь» Абу Дауд: 3779]. Оцу хьадисан бух (чулацам) иштта ал-Бухарис а (6880), Муслима а (1355) балийна, Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина аьлла).