1001. IабдуллахI ибн Iамра (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина: «Цкъа пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) волучу а еана, цхьана зудчо элира: «ХIай, АллахIан элча! Сайн кIант сайн кийрахь лелийна аса. Сайн накха а баийна аса цунна. Мара а къуьйлуш, сайн голашка а хийшийна аса иза. Ткъа хIинца цуьнан дас йитина со. Соьгара иза (кIант) дIаваккха гIерта иза». ТIаккха АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «Хьан бакъо дукхаха ю (иза кхаба) - хьо маре яхана мел йоцу» (хIара хьадис Ахьмада (2/182), Абу Дауда (2276) далийна, ткъа ал-Хьакима (2/207) бакъ «сахьихь» хьадис ду аьлла хIара) [«Сахьихь» Абу Дауд: 1991]).
1002. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Цкъа цхьана зудчо, пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) волучу а еана, элира: «ХIай, АллахIан элча! Сан майра соьгара сан кIант дIаваккха гIерташ воллу, суна гIо а деш, Абу Iинаб гIу тIера суна хи а кхоьхьуш, накъосталла деш волу». Цул тIаьхьа царна тIе цуьнан майра веана. Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «ХIай, кIант! ХIара хьан да ву, ткъа хIара хьан нана ю. ДIалаца цаьршиннах хьайна луъучуьнан куьг!». КIанта шен ненан куьг лецира. (Нана) иза а эцна цуьнца дIа а яхара» (ХIара хьадис Ахьмада (2/246), Абу Дауда (2277), ат-ТИрмизис (1357), ан-Насаис (6/185), ибн Мажас (2351) далийна. Оцу тIе, ат-Тирмизис бакъ «сахьихь» хьадис ду а аьлла хIара) [Сахьихь ал-ЖамиI: 3496].
1003. РафиI ибн Синана (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Аса Ислам-дин тIеийцира, ткъа сан зуда, Ислам-дин тIе ца оьцуш, юхаелира. ТIаккха пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), нана цхьана агIор охьа а хаийна, да вукху агIор а хаийна, царна юккъе церан бер хаийра. Бер шен ненехьа дерза доьлча, (пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)) аьлла: «Я, АллахI! Нийса некъ гайтахьа цунна!». Эццахь бер шен дегахьа дирзира, цуьнца диса а дисира иза (хIара хьадис Абу Дауда (2244), ан-Насаис (6/I85) далийна, ткъа ал-Хьакима (2/206) бакъ «сахьихь» хьадис ду аьлла хIара) [Сахьихь Абу Дауд: 1963].
1004. Ал-Бараъ ибн Iазиба (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина: «Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) Хьамзатан йоI кхетош-кхион йоьIан ненан йише дIа а елла, тIаккха аьлла: «Ненан йиша – ненан метта ю» (хIара хьадис ал-Бухарис (2699) далийна).
Цуьнах тера хьадис Ахьмада а (770) далийна, Iалий ибн Абу ТIалиба (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина аьлла: «ЙоI шен ненан йишехь йиса езаш ю - хIунда аьлча ненан йиша ненах терра ю» [Сахьихь ал-ЖамиI: 1347]
1005. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Ялхочо шайна яахIума яхь, нагахь аша иза шайна улло охьахаош вацахь, - цунна цкъа я шозза кхаллал юьхк мукъане а кховдае» (хIара хьадис ал-Бухарис (5460), Муслима (1663) далийна, ткъа хьадисан дIаяздар ал-Бухариниг ду).
1006. Ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Цхьана зудчунна Iазап делла - цо даллалц чудоьллина латтийна цициг бахьана долуш. И бахьанехь жоьжагIате яхана иза. Ша иза чудоьллиначу хенахь я даа а ца дина цо цуна хIуммаъ, я мала а ца дина цо цуна хIуммаъ, я дIа а ца хецна цо иза лаьтта тIера са долу хIуманаш яа» (хIара хьадис ал-Бухарис (3482), Муслима (2242) далийна).