989. Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Абу Супьянан хIусамнана йолучу Iутбан йоIа ХIиндас, АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) волучу чу а яьлла, хаьттира: «ХIай, АллахIан элча! Абу Супьян – бIаьрмециг стаг ву. Суна а, сан берашна а хьакъ долучу кепара напханца кхачо еш вац иза. Цундела, цунна а ца хууш, цуьнан ахчанна тIера схьаэца дезаш нисло сан. И бахьанехь къа хьаьрчий-техьа соьх?». Цо жоп делира: «Цуьнан бахамна тIера схьаэца ахьа - хьайна а, хьайн берашна а (нахана юккъехь лелаш болучу барамца) оьшуш дерг» (хIара хьадис ал-Бухарис а (5364), Муслима а (1714) далийна).
990. ТIарик ал-Мухьарибис (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Тхо Медна кхаьчначу хенахь АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) мимбарахь нахана хьехам беш лаьттара. Цо элира: «СагIа луш волучуьнан куьг – лакхара ду. Хьайна кхаба тIеэгна болучарна тIера дIаволало: хьайн нанна, дена, йишина, вешина тIера, тIаккха биссиначу хьайн гергарачарна тIера, хьайн цаьрца долу гергарлонаш генадовларан бараме хьаьжжина»» (хIара хьадис ан-Насаис далийна (5/61), ткъа ибн Хьиббана а (810), ад-ДаракъутIнис а (3/44) бакъ «сахьихь» ду аьлла хIара [Сахьихь ал-ЖамиI: 8067]).
991. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Лай бакъо йолуш ву яахIуманна а, тIедухучунна а. Цул совнаха, иза ларон воцу белхаш тIедохкуш, хало ян йиш а яц цунна» (Муслим: 1662).
992. Хьаким ибн МуIави ал-Къурашис (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) шен дас, цкъа ша хаьттира аьлла, дийцира: «ХIай, АллахIан элча! ХIун декхарш ду тхуна тIехь тхешан зударийн?». Цо жоп делира: «Царна хIума яор а - нагахь айхьа юуш елахь, царна тIедохар а - нагахь айхьа тIедухуш делахь, царна юьхьа тIе хIума цатохар а, уьш сийсаз (емал) цабар а, хIусамал ара лелха цабар а» (хIара хьадис Ахьмада (4/447), Абу Дауда 2142, ан-Насаис (289), ибн Мажас (1850) далийна).
993. Жабира (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «ДIасакъастаран хьаьждар дуьйцучу деххачу хьадисехь, зударий хьахочехь, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира: «…Ткъа шу - хьакъ долучу кепара царна хIума яон а, тIедоха а декхарийлахь ду» (Муслим: 1218).
994. IабдуллахI ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Стагах къа хьаьрчина хила кхин хIуммаъ ца оьшу-кха – цо шена кхаба тIевоьжнарг кхачанна гIайгIа ца беш витарал а» (хIара хьадис ан-Насаис далийна: 294).
Муслиман ривайатехь (996) аьлла: «…кхачам болуш ду - шен карахь цунна бала кхача болуш верг юучух ваккхар».
995. Жабира (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) шен майра велла йолучу бераха зудчуьнан хьокъехь элира: «Рицкъа латтон ца догIу цунна» (ХIара хьадис ал-БайхIакъис далийна (8/431). ХIара хьадис дийцинарш тешам хила хьакъ бу, делахь а, хIара дешнаш Жабиран (АллахI реза хуьлда цунна) шен дешнаш ду).
Делахь а, и цо аьлларг тIечIагIдо Къайсан йоIа ПетIамата (АллахI реза хуьлда цунна) дийциначу хьадисо: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) цхьана зудчуьнан хьокъехь элира: «Цунна я хIусам латтон а ца йогIу, я напха латтон а ца догIу» (хIара хьадис Муслима далийна: 1408).
996. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «ТIехулара куьг гIолехь ду бухарачу куьйгал а. Шух хIора а ша кхаба везаш волучунна тIера дIаволалойла. Зудчо олу: «Я юзае ша, я йита ша»» (ХIара хьадис ад-ДаракъутIнис далийна (3/297). ХIара хьадис дийциначеран зIе дика «иснад хьасан» ю).
997. СаIид ибн ал-Мусаййиба, доьзал кхаба таро йоцучу стеган хьокъехь элира аьлла, дийцина: «Зудий, майрий вовшах къастор ду». Абу аз-Зинада хаьттина СаIид ибн ал-Мусаййабе: «Суннатехь ду иза?». Цо жоп делла: «ХIаъ, суннатехь ду иза» (ХIара хьадис СаIид ибн ал-Мансура далийна (2/55). Бусалба динан Iилманчаша аьлла: хIара хьадис «мурсал» ду, делахь а чIогIа «къавий» ду).
998. Iумара (АллахI реза хуьлда цунна) шен эскаран хьаькамашка (амирашка) кехат дахьийтира, шайн зударий цIахь буьтуш болучу стегаршка омра деш: «Царна я напха латтаде я, бита уьш». Ткъа уьш бита сацам бен болучаьрга омра дира цо: «Шаьш уьш латтийначу юкъанна битиначу зударшна напха дахьийта» (хIара хьадис аш-ШафиIис далийна: 2/65, дика зIе йолуш ал-БайхIакъис а: 7/469).
999. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Цхьана стага, пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) волучу а веана, хаьттира: «ХIай, АллахIан элча! Соьгахь цхьа динар (ахча) ду». Цо аьлла: «Хьайна дайъа (хьажаде) ахьа иза». Оцу стага аьлла: «Соьгахь кхин цхьа динар а ду». Цо аьлла: «Хьайн берана хьажаде ахьа иза». Оцу стага аьлла: «Соьгахь кхин а ду цхьа динар». Цо аьлла: «Хьайн зудчунна хьажаде ахьа иза». Оцу стага аьлла: «Соьгахь кхин а цхьа динар ду». Цо аьлла: «Хьайн ялхочунна хьажа де ахьа иза». Оцу стага аьлла: «Соьгахь кхин а цхьа динар а ду». Цо аьлла: «Хьуна гIолехь хуур ду цуьнах хIун дан деза» (ХIара хьадис далийна аш-ШафиIис а (2/63), Абу Дауда а (1691), ткъа хьадисан дIаяздар хьалхарачуьнан ду. Ан-Насаин а (5/62), ал-Хьакиман а (1/415) ривайатехь берал хьалха хьахош зуда ю).
1000. БахIз ибн ал-Хьакийма дийцина, шен дас, дендас (АллахI реза хуьлда царна) дийцира аьлла. (Мухха а цкъа) хаьттина хиллера: «ХIай, АллахIан элча! Аса (уггаре а хьалха) дика дан дезарг мила ву?». Цо жоп делла: «Хьан нана ю». Цо хаьттина: «Цул тIаьхьа мила ву?». Цо жоп делла: «Хьан нана ю». Цо хаьттина: «Цул тIаьхьа мила ву?». Цо жоп делла: «ТIаккха а хьан нана ю». Цо хаьттина: «Цул тIаьхьа мила ву?». Цо жоп делла: «Хьан да ву, цул тIаьхьа - ул-уллераниг хьалхара а волуш, хьан гергаранаш бу»» (хIара хьадис Абу Дауда а (5139), ат-Тирмизис а (1897) далийна, ткъа тIаьхьарачо хIара хьадис дика «хьасан» ду аьлла).