978. Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Цкъа я шозза накха балар (накха озор) тоьаш дац - шурин гергарло тасадала» (хIара хьадис Муслима далийна: 1450).
979. Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Леррина ладугIуш хила - шайн нанас бакхийна вежарий муьлш бу. Тергаме долу вакхор - хьогалла (мацалла) яйъеш дерг бен дац» (ал-Бухари: 2647, Муслим: 1455).
980. Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Цкъа СухIайлан йоIа СахIлас (АллахI реза хуьлда цунна), пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) волучу а еана, элира: «ХIай, АллахIан элча! Салим – маьршаваьккхина Абу Хьузайфан хилла лай ву. Тхьоьца цхьаьна тхан хIусамехь вехаш а ву иза, хIинцале гIеметтавахана а ву». Цо аьлла: «Хьайн накха а лой (вакха а вай), хьайн гергара ве ахьа иза» (Муслим: 1453).
981. Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) иштта дийцина: «Зударшка кхоллар лелае (хьижаб йоха) аьлла, омра диначул тIаьхьа, со йолучу Абу ал-КъуIайсан ваша Афлахь веара. Чу ван дагахь пурба дийхира цо соьга, амма аса пурба ца делира цунна. АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) цIавирзиначу хенахь, аса цуьнга дIадовзийтира айса динарг. Ткъа цо соьга омра дира: (Афлахь) чувита аьлла. ТIаккха элира цо соьга: «Иза-м, ткъа, дегахьара хьан ден ваша вай» (ал-ухари: 2644, Муслим: 1445).
982. Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «КъурIанан хаамашкахь юьхьанца шурин гергарло дуьззина иттазза дакхийначул тIаьхьа тасалуш ду аьлла дара. Оцул тIаьхьа и тIедиллар дуьззина пхоьазза дакхорца (шурин гергарло тасалуш ду аьлла) хийцира. АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дIакхелхачу хенахь цхьана КъурIанахь доьшуш а дара и тIедиллар» (Муслим: 1452).
983. Ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина: «Пайхамаре (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) Хьамзатан йоI йигаран гIуллакх хьахийча, цо аьлла: «Йиш яц сан иза ялон, хIунда аьлча нанас вакхийначу сан вешин йоI ю иза. Цхьана цIийх хиларан бахьанехь хьарам хуьлуш долу массо а гергарлонаш - оцу кеппара вакхор бахьаница а хIуьтту хьарам а хуьлий дIа» (ал-Бухари: 2645, Муслим: 1446).
984. Умм Салама (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Шурин гергарло тасаделла лорур дац - нагахь шура (беран) чуьрийн агIонашна (пенашна) тIехула чу а ца яханехь, нагахь иза бер декхачуьра даккхале хилла а дацахь» (хIара хьадис ат-Тирмизис далийна: 1152, ткъа ал-Хьакима бакъ«сахьихь» ду а аьлла хIара).
958. Ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) аьлла: «Берана накха балар тидаме лорур дац - хьалхарачу шина шарахь дерг бен» (ХIара хьадис ад-ДаракъутIнис а (4/174), ал-Iадис а (7/2562) далийна. Оцу хьадисан цхьана ривайатехь дийцина - хIорш АллахIан элчанан (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дешнаш ду аьлла. Амма и ший а Iилманча и дешнаш ибн Iаббасан (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дешнаш хиларна тIевеъна).
986. Ибн МасIуда (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Тергаме оьцу долу накха баор - даьIахке дегI эцийтинарг а, тIе дилха диллийтинарг а бен дац» (хIара хьадис Абу Дауда далийна: 2060).
987. Iукъба ибн ал-Хьариса (АллахI реза хуьлда цунна), ша Абу ИхIабан йоI Умм Йахьйа ялийнера аьлла дийцина. Цул тIаьхьа, уьш болучу а еана, цхьана зудчо аьлла: «Аса накха баийна ду шуьшиъэ». ТIаккха цо пайхамаре (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) оцу хокъехь дерг хаьттича, цо аьлла: «ХIара хIун ду ша?! Шуьга ала ма аьллий». Иштта Iукъба дIа а къаьстира цуьнах, ткъа иза кхечу стаге маре а яхара (ал-Бухари: 88).
988. Зийад ас-СахIмис дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) бераш сонтачу зударшка дакхон дIадалар дихкира» (ХIара хьадис «марасийл» жайнахь Абу Дауда далийна (207). Делахь а, Зийад АллахIан элчанан (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) асхьабех стаг хилла вац, цундела хьадис «мурсал» ду).