959. Ал-Мисвар ибн Махрама (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «СубайI ал-Асламис, шен майра веллачул тIаьхьа диъ де даьлча, бер динера. ТIаккха, пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) волучу а еана, маре яха бакъо йийхира цо цуьнга. Ткъа цо цунна бакъо елира, иза маре а яхара (ХIара хьадис ал-Бухарис далийна: 5320, 5318. Оццу хьадисан бух Муслиман «Сахьихь» жайнахь а бу болуш).
Оццу хьадисан кхечу ривайатехь иштта аьлла: «Шен майра веллачул тIаьхьа шовзткъа де-буьйса даьлча, бер дира цо» (ал-Бухари: 5320, 5318, Муслим: 1485).
Муслиман дIаяздарехь далийна, хьадис дийциначарех аз-ЗухIари цIе йолучу цхьамма элира аьлла: «Цхьа а вон хIума ца го суна - бер ма диннехь, цIий эхарх дIацIанъелла яьлла яцахь а, зуда маре яхарх. Цхьа хIума-м ду: цуьнца (майрачунний, зудчунний меттахь догIу) гIуллакх даийта йиш йолуш-м вац цуьнан майра, и (зуда) цIанъелла яллалц йолучу юкъанна» (Муслим: 2/1122).
960. Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Барире (АллахI реза хуьлда цунна) омра дира: кхузза цIано йохаран мур тIехтиллалц хьоьжуш Iе аьлла» (ХIара хьадис ибн Мажас далийна: 2077. Хьадис дийцинарш шайх теша хьакъ болуш белахь а, бусалба нехан динан Iилманчаш - оцу хьадисехь хьулдина кхачамбацарш хиларан жамIе баьхкина).
961. ШаIбис дийцина, Къайсан йоIа ПетIамата (АллахI реза хуьлда цунна) элира аьлла: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) майрачо кхоалгIа йитиначу зудчуьнан хьокъехь элира: «ХIусам ца йогIу цунна, я напха а ца догIу» (хIара хьадис Муслима далийна: 1480).
962. Умм IатIыййас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан эчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Зудчун бакъо яц кхаа буьйсанал сов веллачунна чIир кхаба - нагахь велларг цуьнан майра вацахь, ткъа цунна-м беа баттаххьий, итт дийнаххьий чIир кхаба еза цо. Оцу ханчохь тIе басар дина духар доха бакъо а яц цуьнан - нагахь иза (тегале хьалха) басар диначу уьйригах дина дацахь. Сурьма хьакха бакъо а яц цуьнан, хаза хьожа йохург тоха йиш а яц. Беттан цIано йохарах цIанъелча, цуьнан бакъо хуьлу - хаза хьожа йогIу га хьакха я азфар (4)» (ХIара хьадис ал-Бухарис а (313) Муслима а (2/1127) далийна, хьадисан дIаяздар тIаьхьарачуьнниг ду. Абу Дауда а (2302), ан-Насаис а (6/203) кхечу ривайатехь иштта оцунна тIе тоьхна: «Месашна басар дан бакъо а яц цуьнан». Ткъа ан-Насаин ривайатехь аьлла: «Месаш таян йиш а яц цуьнан»).
963. Умм Салама (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Абу Салама кхелхиначу хенахь сайн бIаьргех сарапан (алоэ ораматан) хьакхар хьаькхнера аса. АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира: «Юьхь къагайо (хазйо) цо. Цундела сарапан хьакхар буса бен ма хьакха, ткъа дийнахь дIадаккха иза. Иштта хаза хьожа йогIучуьнца я гIин дилларца месаш а ма шаръе хьайн, хIунда аьлча уьш – басарш лору». ТIаккха аса хаьттира: «ХIета, месаш стенца шаръе аса?». Цо жоп делира: «Сидр (диттан) гIашца» (хIара хьадис Абу Дауда а (2305), ан-Насаис а (6/204) далийна).
964. Умм Салама (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Цхьана зудчо, АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) волучу а еана, элира: «ХIай, АллахIан элча! Сан йоьIан майра дIакхелхина, ткъа бIаьргаш ду цуьнан лозуш. Сурьма а хьаькхна, басар дан мегар дуй цо царна?». Цо жоп делира: «Дац» (ал-Бухари: 5336. Муслим: 1488).
965. Жабира (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Сан ненайиша цуьнан майрачо йитинера. Цунна шен хурманаш лахьон (хIусамера араяла) лиъначу хенахь, асхьабех цхьана стага, «Хьайн хIусамера араяла йиш яц хьан» аьлла, сацийнера иза. ТIаккха пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) волучу а еана, «Бакъо юй-техьа сан - и (гIуллакх) дан (хIусамера араяла)» аьлла, цуьнга хаьттича, цо жоп делла: «Дера ю. Яло хьайн хурманаш лахьае ахьа. СагIа дала а ма тарло ахьа я цхьа дика гIуллакх дан а» (Муслим: 1483).
966. Маликан йоIа ФурайIа (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Сан майрачуьнан лайш бевддера. Ткъа иза уьш лаха тIаьхьавахча, цара иза вийра. ТIаккха аса АллахIан элчане (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), «Сайн доьзале юхаерза бакъо юй сан» аьлла, хаьттира: хIунда аьлча сан майрачо суна буха я ша да волуш хIусам а ца йитина, я напха а ца дитина. АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), «Мегар ду» аьлла бакъо а елла, дIаяхайоьлча, тIаьхьа мохь а тоьхна, элира: «Хьо йолучу хьайн хIусамехь саца - (и мур тIехтиллалц (маре дан йиш йоцу хан чекхъяллалц)) йолучу юкъанна». Оцу чохь, и хан ца текхча, маре яха бакъо йоцуш къастийна болу кхин биъ буттий, итт дей токхуш Iийра со. Урхаллин мур Iусман ибн Iаффанан кара бирзиначу заманахь со йолучу нах бахкийтира цо - и бакъ хиларх теша, ткъа аса ша ма-хиллара дIадовзийтира царна оцу хьокъехь дерг. ТIаккха цо нахе «Аша а изза де» аьлла, омра дира» (ХIара хьадис Ахьмада а (6/370), Абу Дауда а (2300), ат-Тирмизис а (1204), ан-Насаис а (6/199), ибн Мажас а (2031) далийна. Цул сов ат-Тимизис а, аз-ЗухIлис а, ибн Хьиббана а (1331), ал-Хьакима а (2/208), иштта кхинболучу динан Iилманчаша а бакъ хьадис ду аьлла хIара).
967. Къайсан йоIа ПетIамата (АллахI реза хуьлда цунна), ша элира аьлла, дийцина: «ХIай, АллахIан элча! Сан майрачо кхузза йитина со, ткъа хIинца хийра нах сайн хIусаме чулелхарна кхоьру со». ТIаккха цо омра дира цуьнга: «(Кхерам болучу хIусамера) кхечу хIусаме дехьаяла». Ткъа иза (цо шега омра ма-дарра) дехьа а елира» (Муслим: 1482).
968. Iамр ибн ал-Iаса (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла: «Кхетамах ма тиладайша тхо! Вайн пайхамаран (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) Суннатца догIуш дерг - цуьнах доьзалхо хилла волу шен эла веллачу гIарбаша ларъян езаш къастийна йолу хан биъ буттий, итт дей дар-кха» (ХIара хьадис Ахьмада а (4/203), Абу Дауда а (2308), ибн Мажас а (2083) далийна, ткъа ал-Хьакима (2/208) бакъ хьадис ду аьлла. Делахь а, ад-ДаракъутIнис (3/309) оцу хьадисан хьулдина сакхт ду аьлла дийцина, ткъа и хьулдина сакхт – и хьадис дийциначеран зIена юккъера цхьа чуг йоцуш хилар ду).
969. Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла: «ЦIано йохар бохучуьнан чулацам – шина цIано йохарна юккъехь цIанлой богIу мур бохург ду» (хIара – дацдина, бакъ зIе а йолуш, Малика (2/576) далийна хьадис ду).
970. Ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цунна а, цунан дена а) аьлла: «ГIарбашца дIасакъаста - шозза йитар тоьаш ду. Цул тIаьхьа и (гIарбаш), маре дан йиш йоцуш, хьоьжуш Iан еза хан – шозза цIано йохаран мур тIехтиллалц ерг ю» (ХIара хьадис ад-ДаракъутIнис далийна: 4/37. Оццо хIара дешнаш пайхамаран (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) цIарах а дийцина, амма гIийла ду и аьлла, билгалдаьккхина цо. Цуьнах тера хьадис, Iайшатера (АллахI реза хуьлда цунна) ду аьлла, Абу Дауда а (2189), ат-Тирмизис а (1182), ибн Мажас а (2080) далийна. Ткъа ал-Хьакима а (2/205) аьлла, бакъ «сахьихь» хьадис ду хIара аьлла. Делахь а, дукхаха болу динан Iилманчаш - цо и бакъ хьадис ду аьлла аларна реза ца хилла. Цундела церан сацам - хIара хьадис гIийла ду аьллачунна тIехь сецна).
971. РувайфиI ибн Сабита (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «АллахIах а, эхартан дийнах а тешаш волу стаг - кхечо дийначу (кха) тIе шен кочалла (оралла) йотта бакъо йолуш вац» (ХIара хьадис Абу Дауда а (2158), ат-Тирмизис а (1131) далийна. Ибна Хьиббана бакъ «сахьихь» хьадис ду аьлла хIара (4830), ткъа ал-Баззара – дика «хьасан» хьадис ду аьлла).
972. Iумара (АллахI реза хуьлда цунна) доь доцуш майра вайначу зудчун хьокъехь омра деш аьлла: «Деа шарахь цуьнга хьоьжуш Iан еза иза. Оцул тIаьхьа (маре дан бакъо йоцуш къастийначу) кхин биъ баттаххьий, итт дийнаххьий хьоьжуш Iан а еза иза» (ХIара хьадис «МуваттIаъ» жайнахь Малика далийна (1195), «Муснад» жайнахь аш-ШафиIис а далийна (1/303)).
973. Ал-МугIира ибн ШуIбас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Доь доцуш майра вайна йолу зуда - цуьнан хIусамнана ларош ю, цуьнах хиллачу хьокъехь бакъ болу хаам кхаччалц» (хIара хьадис, гIийла зIе а йолуш, ад-ДаракъутIнис далийна: 3/312).
974. Жабира (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Стага зудчун хIусамехь яккханне а буьйса ма йоккхийла - нагахь и (стаг) оцу (зудчун) хIусамда вацахь я махьрам вацахь» (Муслим: 2171).
975. Ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Стаг зудчуьнца валлане а ша ма волийла - нагахь цунна уллохь цуьнан махьрам вацахь» (ал-Бухари: 5233).
976. Абу СаIида (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) АвтIасехь карабалийначу йийсархойн хьокъехь элира: «Берах йолучу зудчух кхета йиш яц – (иза) берах паргIатъяллалц, иштта берах йоцучух кхета а – цкъа цIано йохаран мур тIехбаллалц йолучу юкъанна» (хIара хьадис Абу Дауда далийна: 2157, ткъа ал-Хьакима бакъ хьадис ду аьлла: 2/195).
977. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Бер ша дьуненчу даьллачехь - (зуда долахь йоллучунна) дуьсуш ду, ткъа зина диначунна – тIулгаш тохаран таIзар дан догIу» (хIара хьадис ал-Бухарис а (6818), Муслима а (1458) далийна).
---------------------------------------------
(1) Iидда - майрачо шен зуда йитича я зудчун майра велча ларбан безаш болу хенан мур.
(2) Ихьдад - цхьаъ кхелхича ларбан безаш болу хенан мур
(3) Истибра - лай долаверзийча ларбан безаш болу хенан мур.
(4) Азфар - хаза хьожа йогIу Iаьржачу басахь хIума ю, мIарех тера а йолуш.