Майрачо шен зуда, нахаца лелла аьлла, бехке йича - шен зуда бехке хиларна тоьшаллина майрачой, ша бехке цахиларна тоьшаллина зудчой дуйнаш даар
950. Ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а), цхьана стага хаьттира аьлла, дийцина: «ХIай, АллахIан элча! Дийцахьа, нагахь тхоьх цхьаъ шен зуда зина деш (нахаца лелаш) йолуш тIенислахь, оха хIун дан деза? Нагахь иза цуьнах дерг дийцадаккха волахь - мел инзаре, ирча зулам ду-кха цо дуьйцун дерг. Нагахь иза оцу хьокъехь дерг хьул а дина, тийна Iахь - тIаккха а мел инзаре, ирча зулам хуьлу-кха цо къайлахьуриг!». Амма АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) жоп ца луш витира иза. Делахь а, цул тIаьхьа цхьа хан яьлча, юха а иза волучу а веана, оцу стага аьлла: «Суна тIехIоьттина хьал ду-кха - хьалха аса хьоьга хаьттинарг». ТIаккха АллахIа «ан-Нур» суратехь долу масех аят доссийра. ТIаккха пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) шега диссийна и аяташ оцу (стагана) дIадийшира. Цунна хьехам а бира цо. Цунна довза а довзийтира цо дуьненахь хиндолу таIзар эхартахь хиндолучу Iазапе диллича - (дукха) дайн Iазап хилар. Цо (шена биначу оцу хьехамна жоп луш), оцу стага аьлла: «ХIан-хIа! Бакъонца хьо ваийтиначух дуй ма буу аса: цунна тIехь доцург кхуллуш ма вац со». Цул тIаьхьа (оцу стеган зуда) схьа а ялийна, цунна а (оцу стагана ма-барра) хьехам бина цо. (Оцу хьехамна) дуьхьал оцу (зудчо) аьлла: «ХIан-хIа! Бакъонца хьо ваийтиначух дуй ма буу аса: сан хьокъехь харцдерг дуьйцуш ма ву иза». ТIаккха (пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)) стагана тIера дIаволавелира. Ткъа оцу (стага) доьазза АллахIах дуй биира: (шен зудчун хьокъехь ша дуьйцург цIена бакъдерг ма ду аьлла). Цул тIаьхьа, ша-шена АллахIан неIалт а кхайкхош, сардам боьллира цо: нагахь ша харц луьйш велахь - (оцу неIалтах кIелхьара ма волийла-кха ша аьлла). Цул тIаьхьа АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) цуьнан зудчуьнга а дийхира цо диннарг дар. (ТIаккха цо а биира доьазза АллахIах дуй: шен майра харц луьйш ма ву шен хьокъехь аьлла). Цул тIаьхьа, нагахь ша харцдерг дуьйцуш елахь, АллахIан оьгIазло гIойла шех аьлла, ша-шена АллахIан оьгIазло йоьхуш, доIа а дира цо). Ткъа цул тIаьхьа гуттаренна а вовшахкъастийра и шиъ АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) (Муслим: 1493).
951. Ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) шаьш-шайна неIалт кхайкхорца сардам боьллина долучу стаге а, зудчуьнга а элира: «Шуьшиннан хьесап АллахIехь ду. Шуьшиннах цхьаъ харцлуьйш ду. Ткъа (хIинца, и чIагIонаш йиначул тIаьхьа,) хьан бакъо яц - хьайн зуда а йина, иза юхаялон (я цунна дуьхьал даккха хIумма а дац хьан кхин)». Цул тIаьхьа (оцу стага) хаьттина: «ХIай, АллахIан элча! Сан бахамах хIун нисло-те тIаккха?». Цо жоп делла: «(Хьан бахам юхакхочуш бац хьуна). Нагахь оцуьнан хьокъехь (айхьа дийциначуьнгахь) хьо бакъ лийна хиллехь а - цунна бисса безаш бу и (бахам), хьан цуьнца (стеган а, зунчун а меттахь догIу) гIуллакх дар бахьана долуш. Нагахь (цуьнан хьокъехь долучунна) ахьа аьшпаш боьттинехь - тIаккха-м хьан оцу (зудчуьнга) йолучул а кIезиг ю оцу (бахаме) йолу бакъо» (хIара хьадис ал-Бухарис а (5350), Муслима а (1493) далийна).
952. Анаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «ХIилал ибн Умаййас, Шарик ибн Сахьмааца лелла аьлла, нахана гуш-хезехь шен зуда бехке йина. Иза - ал-Бараъ ибн Маликан нанас вина ваша хилла ву. Ислам-динан исторехь, шен зуда нахаца лелла аьлла, бехке йиначарех дуьххьараниг ву ХIилал. Цул тIаьхьа цаьршимма шиммо а, ша-ша бакъ хилар тIечIагIдеш, тоьшаллина дуйнаш диъна. ТIаккха АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «Тидам беш хилалаш цуьнан. Нагахь цо кIайн а долуш, шера охьа месаш а йолуш, цIийделла бIаьргаш а долуш бер дахь - иза цуьнан майрачух хилла бер ду шуна. Нагахь цо сурьма хьаькхча санна, Iаьржа бIаьргаш а долуш, хьийзина месаш а йолуш, юткъийра настарш а йолуш бер дахь - иза Шарик ибн Сахьман бер ду шуна». Цо дина хилла долу бер - сурьма хьаькхча санна, Iаьржа бIаьргаш а долуш, хьийзина месаш а йолуш, юткъийра настарш а йолуш дара аьлла, дийцира суна» (хIара хьадис ал-Бухарис а (4745), Муслима а (1496) далийна).
953. Ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) пхоьалгIа дуй буучу хенахь стаге, «Хьайн бетана дуьхьал куьг лаца» аьлла, омра дира. Ткъа (оцу хьокъехь) элира цо: «Къастамаллина коьрта маьIна доллу цуьнгахь*» (ХIара хьадис Абу Дауда а (2255), ан-Насаис а (6/175) далийна. Хьадис дийцинарш тешам хила хьакъ бу).
* И дуй биъначул тIаьхьа, кхин цкъа а вовшахкхета йиш а хир йоцуш, стаггий, зудий вовшахкъастон дезаш чулацам бу цуьнгахь. Я эхартахь чIогIа луьра Iазап ду цунна дуьхьал хир долуш - нагахь иза харц йина чIагIо елахь.
954. СахIл ибн СаIд ал-Ансарис (АллахI реза хуьлда цунна), майрачо шен зуда нахаца лелла аьлла, бехке ярна, ша-шена неIалт кхайкхош, чIагIо яр дийциначу деххачу дийцарехь аьлла: «Цаьршиннах хIора а, ша-ша бакъ хилар тIечIагIдеш, дуйнаш диъна даьлча, (Iуваймира) элира: «ХIай, АллахIан элча! ХIинца, аса иза сайгахь (дIа а ца йохуьйтуш) сацийча - цуьнан хьокъехь дийциначуьнгахь аьшпаш боьттича санна нисло-кха сан?!». И дешнаш ша аьллачул тIаьхьа - кхузза йитира цо иза, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) шега йита а алале (хIара хьадис ал-Бухарис а (5308), Муслима а (1492) далийна).
955. Ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина: «Цкъа пайхамарна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) тIе а веана, цхьана стага элира: «Сан зуда - цкъа а ша хьеста доьлла (хийрачу) стеган куьг дIатоттур долуш яц-кха?». Цо аьлла: «ДIаэккхае (генаяккха) иза». Оцу (стага) аьлла: «Ма кхоьру-кха со - иза йоцуш цаIаваларна, сайна иза чIогIа езарна». Цо аьлла: «ХIета, зовкх хьега хьайна цуьнца» (ХIара хьадис Абу Дауда а (2049), ал-Баззара а далийна. Хьадис дийцинарш тешам хила хьакъ бу).
Ан-Насаис (6/67) оцу хьадисан кхин ривайат далийна. Оцу ривайатехь дуьйцу, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Йита иза». Оцу стага аьлла: «Лалур дац соьга цуьнах къастар (тоха са хир дац сан - цуьнах а ваьлла Iен)». Цо аьлла: «ХIета, ма яхийта дIа».
956. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Майрачо шен зуда нахаца лелла аьлла, бехке ярна дуйнаш дааран хьокъехь долу аяташ диссиначу хенахь АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) олуш хезна суна: «Нагахь муьлххачу а цхьана зудчо доьзале царех доцу бер далийнехь - иза АллахIца цхьана кепара юкъаметтиг йолуш (зуда) яц, я АллахIа Шен ялсамани чу а йохуьйтур яц иза. Оцу кеппара, нагахь муьлххачу а цхьана стага шен бер тIе ца эцахь (шен хилар къобал ца деш, дIататтахь), шен бIаьргашца шега хьоьжуш долу, - и бахьана долуш, АллахI а хьуллур ву цуьнах дIа, массо а кхолламашна хьалхахь юьхьIаьржа а хIоттор ву Цо иза» (ХIара хьадис Абу Дауда а (2263), ан-Насаис а (6/179), ибн Мажас а (2743) далийна. Ткъа ибн Хьиббана (1335) бакъ «сахьихь» хьадис ду а аьлла кхунна).
957. Iумара (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла: «Нагахь стага бIаьрганегIар тухучу юкъанна бер шен хиларна мукIарло динехь - иза тIе ца эца бакъо йолуш вац иза» (ХIара хьадис ал-БайхIакъис (7/411 далийна). Хьадис дийциначеран зIе дика «хьасан» а ю).
958. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, цхьана асхьаба элира аьлла: «ХIай, АллахIан элча! Сан зудчо Iаьржа бер дина?!». Цо хаьттина: «Эмкалш юй хьан?». Стага жоп делла: «Ю». Цо хаьттина: «Муьлхачу басахь ю уьш?». Стага жоп делла: «Хьаьрса ю». Цо хаьттина: «Овкъаран басахь эмкалш юй хьан царна юккъехь?». Стага жоп делла: «Ю». Цо хаьттина: «Мичара евлла уьш оцу кепара?». Стага жоп делла: «Схьахетарехь, дайх йиссина хьу хир ю-кха Iаткъаме яьлларг». ТIаккха цо аьлла: «Иштта хила тарлуш хьан кIентан хьал а ду хьуна. Схьагарехь, цунна Iаткъам бинарг а хир долуш ду – дайх диссинарг» (ХIара хьадис ал-Бухарис а (5350), Муслима а (1500 далийна). Цул сов тIаьхьарачуьнан ривайатехь аьлла ду: «Цо къадон хьийзийнарг - ша оцу беран да цахилар ду». Кхечу ривайатехь аьлла ду: «Цо бакъо ца елира цунна - и бер (шен дац аьлла) тIе ца эца».