948. Ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина: «Цкъа цхьана Асхьаба шен зуда шен ненах тарйинера. Цул тIаьхьа (майрачун, зудчун меттахь догIу) гIуллакх даийтина цо (шен зудчуьнца). ТIаккха пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) волучу а веана, цо аьлла: «Сан гIуллакх деана цуьнца, айса аьллачунна тIера каппарат а даккхале (бехк а такхале) хьалха». Цо жоп делла: «Герга ма гIолахь цунна, Сийлахь-Везачу АллахIа хьайга омра динарг кхочуш даллац» (ХIара хьадис Абу Дауда: 2223, ат-Тирмизис: 1199, ан-Насаис: 6/167, ибн Мажас: 2065 далийна. Цул совнаха, ат-Тирмизис хIара бакъ хьадис ду аьлла, ткъа ан-Насаина хIара «мурсал» хьадис хилар бакъахьа хетта).
Цуьнах тера хьадис ал-Баззара а далийна, ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийциначух ду аьлла: «Айхьа диначух бехк такха (каппарат даккха). Хьайгара ишттаниг кхин дала а ма далийта».
949. Саламат ибн Сахра (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Цкъа Рамадан баттахь сайн зудчуьнца гIуллакх даийтарна кхеравеллачу аса - (иза) сайн ненах а тарйина, цуьнах дIакъаьстира со. Ткъа цхьана буса, цуьнан ерзина яьлла цхьа меже а гина, цуьнца сайн гIуллакх даийтар нисделира сан. ТIаккха АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) соьга элира: «Цхьа лай маьршаваккха». Аса жоп делира: «Дера, бан-м бац сан лаьш». Цо элира: «ХIета, шина баттахь тIеттIа марханаш кхаба». Аса жоп делира: «И соьгара даьлларг ма даций, ткъа, марха кхабар бахьана долуш бен даьлла а!». Цо аьлла: «ХIета, доккха тускар якъийна хурманаш а яаяй, кхузткъа миска вузаве» (ХIара хьадис Ахьмада: 4/37, Абу Дауда: 2213, ат-Тирмизис: 1198, ибн Мажас: 2062 далийна. Ткъа ибн Хьузайма а, ибн ал-Жаруда а: 744 бакъ хьадис ду аьлла хIара).