944. Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), шена хьарам а бина, шен зударех дIакъаьстина. Оцу бахьаница шена хьарам дина цо шена хьанал дерг. Амма тIаьхьа оцу ша йиначу чIагIонах вуха а ваьлла иза, шегара даьллачух каппарат а текхна цо» (ХIара хьадис ат-Тирмизис: 1201 далийна. Хьадис дийцинарш шайх теша хьакъ бу).
945. Ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) аьлла: «Шен зудчух (кхетар ма вац ша аьлла, дуйнаца чIагIо а йина) дIакъаьстина волу стаг - биъ бутт дIабаьлча я вухаверза веза цуьнга, я йита еза цо иза. Цул совнаха, цо иза йитталц йитина а лорур яц иза» (хIара хьадис ал-Бухарис далийна: 5291).
946. Сулайман ибн Йасара (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Иттех сов АллахIан элчанан (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) асхьаб гар нисделла сан - царех хIора а, шен зудчух дIакъаьстина волу стаг, йиллина хан дIаяларца я цуьнга вухаверза веза я, цо йита еза иза аьлла, лоруш а волуш» (хIара хьадис аш-ШафиIис далийна: 2/42).
947. Ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цуна) дийцина: «ЖехIалаллин заманашкахь стаг шен зудчух цхьана шарна а, шина шарна а дIакъаста йиш йолуш хилла, амма АллахIа биъ бутт хан къастийна цунна. Нагахь биъ бутт тIех ца баьллехь - цуьнах (дуй биъна) дIакъастар ду аьлла, ала йиш йолуш дац» (хIара хьадис ал-БайхIакъис далийна: 5291).