• Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Сайт тIехь лахар
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
Нохчийн Русский
 
 
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт

Зуда ялийна той

Опубликовано: 03 мая 2011

903. Анас ибн Малика (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Цкъа Iабд ар-Рохьман ибн Iовфан тIехь можачу басаран лараш гиначу пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хаьттина цуьнга: «ХIара хIун ду?». Цо жоп делла: «ХIай, АллахIан элча! Сайн зудчунна, хурмин лаг санна деза, деши урдонна а луш, зуда ялийна аса». Цо аьлла: «АллахIа беркат дойла хьуна! Той хIоттаде ахьа, цхьана уьстагIна урс хьакхий а» (хIара хьадис ал-Бухарис: 5155, Муслима: 1427 далийна, ткъа хьадисан дIаяздар тIаьхарачуьнан ду).

 904. Ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Нагахь шух муьлхха а цхьаъ тойне кхайкхинехь - цига ваха веза». 

Муслиман ривайатехь аьлла: «Нагахь шух цхьаъ цуьнан вашас я тойне, я цуьнах терачу меттиге кхайкхахь - цига ваха везаш ву» (хIара хьадис ал-Бухарис: 5173, Муслима: 1429 далийна).

 

905. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Уггаре вон даар – тойн даар ду, цига вогIург чу ца вуьтуш, цига ван цалуург кхойкхуш долучу. Муьлхха а кхайкхиначе цавахнарг – АллахIна а, Цуьнан элчанна а Iеса хуьлуш ву»(Муслим: 1432, Бухарис: 5177 дийцина и).

 

906. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Нагахь шух муьлхха а цхьаъ шуьне кхайкхинехь - кхайкхиначе ваха декхарийлахь ву иза. Нагахь марха делахь – хIусамдена тIера доIа дойла цо. Нагахь марха дацахь – юучух кхетийла иза» (Муслим: 1431).

 

Цуьнах тера хьадис кхин а далийна цо, Жабира (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина аьлла: «Нагахь шух муьлхха а цхьаъ шуьне кхайкхинехь - кхайкхиначе ваха декхарийлахь ву иза. Нагахь шена лаахь - хIума юур ю цо, ткъа ца лаахь - ца юуш Iан йиш йолуш а ву иза» (Муслим: 1430).

 

907. Ибн МасIуда (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Дуьххьарачу дийнахь тойнехь шун хIоттор - декхар ду, шолгIачу дийнахь шун хIоттор – суннат ду, ткъа кхоалгIачу дийнахь шун хIоттор – риIа ду (моттаргIа ю). Ткъа риIа лелош верг - АллахIа Iоравоккхур ву».

 

ХIара хьадис ат-Тирмизис: 1097 далийна. Ша аьлла цо оцу хьадисан хьокъехь: гIарадалаза «гIариб» ду аьлла. Амма цхьа хIума ду: оцу хьадисан зIенехь болу берриге а и дийцинарш - Имам Бухарина гергахь тешам хилларш бу. Цуьнах тера хьадис, Анас ибн Малика (Аллах реза хуьлда цунна) дийцина аьлла, ибн Мажас а далйина: 1915. ХIара хьадис ибн Мажас, Анасан хьадис ду аьлла, дийцина дац, ибн Мажас дийцинарг – Абу ХIурайриниг ду.

 

908. Сафийа бинт Шайбас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) шен зударех цхьанна той хIоттийра - дерриге ши мудд* мекхах» (Ал-Бухари: 5172).

 

* Кху заманан серса хIуманаш узучу терзанахь барам баьккхича, ши мудд - 1500 гарам (цхьаъ ах кила) нисло.

 

909. Анаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) Хайбарна а, Меднина а юккъехь, Сафиййа (АлахI реза хуьда цунна) (ялорна) ша а ваьлла, кхо буьйса хан яьккхира. Ткъа оцу хенахь цуьнан тойнан шуьне бусалба нах кхайкхира аса. Цигахь я бепиг ма дацара, я жижиг ма дацара. Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) тIаьрсиган аьхкаш дIатийса аьлла, омра а дина, уьш дIатийсича - яржжош оцу тIе охьатийсира якъийна хурманаш а, нехча а, даьтта а» (хIара хьадис ал-Бухарис: 5085, Муслима: 1365 далийна, ткъа хьадисан дIаяздар тIаьхьарачуьнан ду).

 

910. Пайхамаран (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) асхьабех цхьана стага аьлла: «Нагахь цхьана хеннахь шина адамо хьо шуьне кхайкхахь - цаьршиннах хьайн цIенна гергахьа верг воллучу гIо. Нагахь цаьршиннах цхьамма хьалхе яккхахь - хьо хьалха кхайкхинарг воллучу гIо» (хIара хьадис гIийла «даIиф» йолучу зIеца Абу Дауда далийна: 3756).

 

911. Абу Жухьайфа (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Хенан маьIигашна тIе а тевжина, хIума ца юу аса» (ал-Бухари: 5398).

 

912. Абу Саламатан кIанта Iумара дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «ХIай, кIант! АллахI хьахаве. Аьтту куьйга а яа, хьайна гергахьа Iуьллуш ерг а яа»(Бухари: 5376, Муслим: 2022).

 

913. Ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина: «Цкъа пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) пхьор чохь доккху шун даар схьа а деана, элира: «Йистошкара яа, юккъехь ерг ма яа - хIунда аьлча беркат кхачанна юккъе дуссу» (ХIара хьадис Абу Дауда: 3772, ат-Тирмизис: 1805, «ал-Кубра» жайнахь ан-Насаис: 4/175, ибн Мажас: 3277 далийна. Ткъа хьадисан дIаяздар ан-Насаиниг ду. Хьадис дийициначеран зIе бакъ «сахьихь» ю).

 

914. Абу-ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) цкъа а цхьана а тайпана юург вон ю ца олура: нагахь шена езахь - юура, ца езахь – куьг ца тухура» (Бухари: 5409, Муслим: 2064).

 

915. Жабира (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Харцахьа куьйга (хIума) ма яа - хIунда аьлча шайтIанан амал ю харцахьа куьйга хIума яар» (Муслим: 2019).

 

916. Абу Къатадас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Шаьш хи молучу хенахь - (багара) са пхьегIана чу ма хеца» (хIара хьадис ал-Бухарис: 153, Муслима: 267 далийна).

 

Цуьнах тера хьадис Абу Дауда а далийна, ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцира аьлла: «…хIуп ма баха оцу чу» (хIара хьадис Абу Дауда: 3728, ат-Тирмизис далийна, ткъа тIаьхьарачо бакъ «сахьихь» хьадис ду аьлла хIара).

 

Тхан белхаш

Дешна девла жайнаш

© Исламан Нур - Свет Ислама 2023, Все права защищены. При копировании материалов ссылка на ресурс обязательна. Supported by 24soft