892. Анаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) Сафиййа лоллех мукъа а яьккхира, ша иза лоллех мукъаяккхар урдонна а лерира» (ал-Бухари: 5086, Муслим: 2/1045).
893. Абу Салам ибн Iабд ар-Рохьмана (АллахI реза хуьлда цунна), Iайшате (АллахI реза хуьлда цунна) хаьттира ша аьлла, дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хIоттош хилла долу урдо мел дара?». Цо жоп делла: «Цо шен зударшна луш хилла долу урдо - шийтта укъий* а, нашш** а дара». Цо хаьттира: «Ткъа нашш мел-хIун ю хаьий хьуна?». Цо жоп делира: «ХIан-хIа». Цо элира тIаккха: «Иза – ах укъий ю. Ткъа цо шен зударшна луш хиллачу дерриге урдон жамI дича - пхи бIе дирхIам нислора» (Муслим: 1426).
* Цхьа укъий – шовзткъа дирхIам ду, ткъа иза – 147 гарам нислуш детин ахча ду.
** Нашш – ах укъий ю, ткъа иза – ткъа дирхIам ду.
894. Ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина: «Iелас (АллахI реза хуьлда цунна) ПетIамат (АллахI реза хуьлда цунна) ялийначу хенахь АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира цуьнга: «Урдонна, хIуъа лой а, цхьаъ ло цунна». Цо жоп делира: «Ян-м яц сан цхьа а хIума». ТIаккха цо хаьттира цуьнга: «Хьан ХьутIамийн гIагIа мичахь ду, ткъа?» (хIара хьадис Абу Дауда: 2125, ан-Насаис: 6/130 далийна, ткъа ал-Хьакима бакъ хьадис ду аьлла хIара).
895. Iамр ибн ШуIайба дийцина, шен дас а, дендас а (АллахI реза хуьлда царна) дийцира, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Мах бале хьалха барт бина долу урдо а, там а, (майрачо зудчунна лур ю аьлла) ваIда дина муьлхха хIума а - нускална кхочуш ю. Массо а мах биначул тIаьхьа барт хилла долу хIума - яла лериначунна кхочуш ю. Ткъа стагана лоруш диначу совгIатех уггаре а маьIне дерг - цуьнан йоI я йиша бахьанехь динарг ду» (хIара хьадис Ахьмада: 2/182, Абу Дауда: 2129, ан-Насаис: 6/120, ибн Мажас: 1955 далийна).
896. Iалкъама ибн Къайса дийцина: «Цкъа ибн МасIуде (АллахI реза хуьлда цунна) хаьттира: «Урдо хIоттийна а доцуш, цуьнца шаваьлла Iийна а воцуш веллачу стагехь марехь хиллачу зудчо хIун дан деза?». Ибн МасIуда (АллахI реза хуьлда цунна) жоп делла: «Цунна урдо дала догIу - иза санна болучу кхечу зударшна луш доллу, я эша а ца деш, я сов а ца доккхуш. Ткъа иза – къастийначу ханчохь (веллачу майрачуьнан) чIир кхаба а, (маре яха йиш йоцуш ларбан беза) цIано йохаран мур ларбан а декхарийлахь ю. Шен веллачу майрачуьнан (буха диссиначу даьхнех) ирс эца бакъо йолуш а ю иза». МаIкъил ибн Синан ал-АшжаIис, хьала а гIаьттина, аьлла: «Ахьа ма-аллара, изза элира-кх АллахIан элчано а (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) тхан тайпанах БирваI бинт Вашикъ цIе йолучу цхьана зудчун хьокъехь». Ткъа и хезначу ибн МасIудан (АллахI реза хуьлда цунна) чIогIа самукъаделира (ХIара хьадис Ахьмада: 4/279, Абу Дауда: 2115, ат-Тирмизис: 1145, ан-Насаис: 6/121, ибн Мажас: 1891 далийна. Цул совнаха, ат-Тирмизис бакъ хьадис ду аьлла хIара, ткъа кхинболучу динан Iилманчаша – дика хьадис ду аьлла).
897. Жабир ибн IабдуллахIа (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Нагахь стага зудчунна урдон метта (даьттанний, кIолданний, хурманашний тIехь хьакхийна) дама я якъийна хурманаш ялар хиллехь - хьанал йина лору цо шена и» (ХIара хьадис Абу Дауда: 2110 далийна. Оццо хаам бина: хIара дешнаш шен Жабиран (АллахI реза хуьлда цунна) дешнаш ду аьлла).
898. IабдуллахI ибн Iамир ибн РабиIас (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а), шен дас элира аьлла, дийцина: «Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), ши тударг урдонна а елла, зуда ялон магийра» (ХIара хьадис ат-Тирмизис: 1113 далийна. Оццо хIара хьадис бакъ хьадис ду а аьлла. Делахь а, динан Iилманчашна юккъехь оцу хьокъехь ойланаш цхьаьнацаяр нисделла).
899. СахIл ибн СаIда (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) цхьана стагана, аьчкан мухIар урдонна а дуьллуш, зуда ялон магийра» (хIара хьадис ал-Хьакима далийна: 2/178).
900. Iелас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Урдо – итт дирхIамел кIезиг хила йиш йолуш дац» (хIара хьадис ад-ДаракъутIнис: 3/245 далийна, амма хьадисан зIенехь кхачамбацарш ду).
901. Iукъбат ибн Iамира (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Уггаре а диканиг - хало ца ен урдо ду» (хIара хьадис Абу Дауда: 2117 далийна, ткъа ал-Хьакима: 2/181 бакъ хьадис ду аьлла).
902. Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Ал-Жавнан йоIа Iамрата, ша АллахIан элчанан (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) цIачу ялийча, АллахIе дехна - цуьнах ша ларъяр. ТIаккха цо аьлла: «Ахьа хьо ларъяр дийхи - Шега ларвар деха хьакъ волучуьнга!». Цул тIаьхьа иза, йита а йитина, Iусаме омра дина цо: совгIатна кхо духар дIало цунна аьлла» (ХIара хьадис ибн Мажас: 2037 далийна. Амма хIара хьадис дийциначарех цхьаъ тIеэца мегар доцуш ву. Делахь а, оцу хьадисан бух ал-Бухарис: 5255 балийна, Абу Усайда (АллахI реза хуьлда цунна) дийциначух ду аьлла).