817. Ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Ирсах (веллачух диссиначух) догIу дакъош дIало - уьш догIучарна. Ткъа (ирс) дIасадекъначул тIаьхьа бухабиссина берриге бахам - веллачуьнан юххера гергарачу стагана кхача беза» (ал-Бухари: 6732, Муслим: 1615).
818. Усама ибн Зайда (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Гауран бахаман верас а хIоьттина - ирс кхача йиш йолуш бусалба а вац, я бусалбан бахаман верас а хIоьттина - ирс кхача йиш йолуш гаур а вац» (ал-Бухари: 6764, Муслим: 1614).
819. IабдуллахI ибн Iамра (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Тайп-тайпана дин лелош болу нах - вовшийн бахамах ирс эца (верасалла кхача) йиш йолуш бац» (ХIара хьадис Ахьмада: 2/178, Абу Дауда: 2911, «ал-Кабир» жайнахь ан-Насаис: 4/82, ибн Мажас: 2731 далийна. Ан-Насаис «ал-Кубра» жайнахь: 4/82 хIара хьадис, Усама ибн Зайда (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина аьлла, оццу дешнашца далийна. Ткъа ал-Хьакима: 2/240 Усама ибн Зайдан хьадис мелла а кхечу кепара далийна).
820. Шархьабила дийцина: «Абу Муса ал-АшIарега (АллахI реза хуьлда цунна) хаьттинера: (веллачух) диссинарг (ирс) муха декъа деза йоIанний, кIентан йоIанний, йишиний юккъехь аьлла. Цо жоп делла: «Диссиначух ах йоIана кхача деза, ткъа шолгIа ах – йишина. ДIадуьло, ибн МасIуд волучу гIо, цо а эра ду шуна шуьга изза». Амма наха IабдуллахI ибн МасIуде (АллахI реза хуьлда цунна) хаьттиначу хенахь, цо жоп делла: «Боккъалаъ, нийсачу некъах а воьхна, тиларе вахана-техьа со? Аса буьйцур бу шуна оцу хаттаран хьокъехь пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) тIеэцна хилла болу сацам. Диссиначух (ирсах) ах йоIанна кхача дезаш ду, ялхалгIа дакъа – кIентан йоIанна кхача дезаш ду. Ткъа и ший а дакъа цхьаьнатоьхча, берриге бахаман кхаа декъах шиъ нисло. Ткъа бухадиссина дакъа йишина кхача дезаш ду». Наха, Абу Муса волучу а баьхкина, ибн МасIуда мел аьлларг цуьнга дIадовзийтича, Абу Мусас аьлла: «Цхьа а хIума ма хоттийла аша соьга - и Iелим стаг шайна юккъехь мел ву» (ал-Бухари: 6736).
821. Iимран ибн Хьусайна (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина: «Цхьана стага, пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) волучу а веана, хаьттира: «КIентан кIант велла сан. Цуьнах диссиначу ирсах дакъа догIий суна?». Цо жоп делла: «Ялх дакъойх цхьаъ». И стаг дIаваха кечвеллачу хенахь пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), шена тIе а кхайкхина, аьлла: «Кхин а цхьаъ догIу хьуна ялхалгIа дакъа». Иза юха а дIаваха дагахь воллуш а волуш, юха тIе а кхайкхина, цо аьлла: «ШолгIа делла ялхалгIа дакъа – догIуш долучунна тIеделла ду» (ХIара хьадис Ахьмада: 4/428, Абу Дауда: 2896, ат-Тирмизис: 2099, «ал-Кубра» жайнахь ан-Насаис: 4/73, далийна. Оцу тIе ат-Тирмизис бакъ «сахьихь» хьадис ду а аьлла хIара. ХIара хьадис ал-Хьасан ал-Басарис а дийцина, Iимран ибн Хьусайна элира аьлла. Делахь а, цхьаболучара боху: тIаьххьарачунна хIара хьадис оцу сий долучу асхьабера шеггара хезна дац).
822. Ибн Бурайда (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина, шен дас элира аьлла: «Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) веллачуьнан денанна а, ненананна а (веллачух) диссиначу ирсах ворхIалгIа дакъа кхачийра, нагахь веллачуьнан нана дийна яцахь» (ХIара хьадис далийна Абу Дауда: 2895, «ал-Кубра» жайнахь ан-Насаис: 4/73. Ибн Хьузайма а, ибн Жаруда а: 960 бакъ (сахьихь) хьадис ду аьлла хIара, ткъа ибн Iадис: 4/1637 - чIогIа хьадис ду аьлла).
823. Ал-Микъдам ибн МаIдикариба (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Ненан вешина кхочуш ду верасалла - нагахь веллачуьнан кхин верасаш бацахь» (ХIара хьадис далийна Ахьмада: 4/131, Абу Дауда: 2899, ан-Насаис: 4/76, ибн Мажас: 2738. Абу ЗурIа ар-Разис дика «хьасан» даржехь хьадис ду аьлла хIара, ткъа ал-Хьакима а: 4/344, Ибн Хьиббана а: 1225 - бакъ «сахьихь» хьаадис ду аьлла).
824. Абу Умама ибн СахIла (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Iумара (АллахI реза хуьлда цунна) Абу Iубайде дахьийта кехат яздечехь нисвеллера со. (Оцу кехатахь цо яздира), АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо ахуьлда цунна) элира аьлла: «Кхин цхьа а верас воцучуьнан верас - АллахI а, Цуьнан элча а ву*. Ткъа ненан ваша верас хIутту - нагахь веллачуьнан кхин верасаш бацахь» (ХIара хьадис далийна Ахьмада: 1/28, ат-Тирмизис: 2103, ан-Насаис: 4/76, ибн Мажас: 2737. Ат-Тирмизис дика «хьасан» дарж долуш хьадис ду аьлла хIара, ткъа ибн Хьиббана: 1227 – бакъ «сахьихь» ду аьлла).
* Кхин цхьа а верас воцучуьнан верас АллахI а, Цуьнан элча а ву бохург - шен бахамах ирс кхача тIаьхьа виссина кхин верас а воцуш, веллачуьнан верас хIуттуш верг АллахI а, Цуьнан элча а ву бохург ду. Ткъа цуьнан чулацам - оцу тайпаначу стагах биссина бахам бусалба нехан юкъарачу байтамал (хазни) чу оьхьабуьллур бу бохург ду.
825. Жабира (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Нагахь керла диначу беран мохь баьллехь (делхар иккхинехь) – хIета, иза верас хIуттуш ду» (ХIара хьадис далийна Абу Дауда: 2920. Ткъа Ибн Хьиббана: 7/609 бакъ «сахьихь» хьадис ду аьлла хIара).
826. Шен дас а, дендас а дийцира аьлла, Iамр ибн ШуIайба дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира: «Стаг вийнарг - ша вийначух биссиначу бахамах ирсан дакъа кхача бакъо йолуш вац» (ХIадис далийнарш: ан-Насаи: 6737, ад-ДаракъутIни: 4/96. Ибн Iабд ал-Баррас чIогIа хьадис ду аьлла хIара, ткъа ан-Насаис - гуш доцу (хьулдина) сакхташ ду кхуьнгахь аьлла. Оцу хьокъехь уггаре нийсах дерг - и дешнаш сийлахьчу асхьабан Iамр ибн ал-Iасан (АллахI реза хуьлда цунна) дешнаш хилар ду).
827. Iамр ибн ШуIайба дийцина, шен дас, дендас дийцира аьлла: «Риаб ибн Хьузайфас Умму Ваил бинт МаIмар ялийнера. Цо цунна кхо кIант вира. Ткъа шайн нана елча, цуьнан латтанаш дийкъира цара, цо маьршабаьхначу лайшна кхочу ирсан бакъо а. Iамр ибн ал-Iас (АллахI реза хуьлда цунна) цаьрца цхьаьна Шема вахара. Цигарачу Iамс олучу меттигехь даьржина Iаьржа ун бахьанехь, церан Iожалла хилира. Ткъа Iамр ибн ал-Iас дегахьара церан гергара стаг вара. Иштта церан биссиначу бахамах ирс кхечира цунна. Ша ваханачуьра иза вухавирзиначу хенахь, МаIмара ибн Хьабибан кIентарша шайн оцу лайн (шайн йишас лоллех мукъабаьхна хилла болучу) биссиначу бахаман ирс кхача бакъо хилар дIахьедира. ТIаккха цара Iумар ибн ал-ХаттIабе (АллахI реза хуьлда цунна) дехар дахьийтира. Дехар шега дIакхаьчначу хенахь Iумара аьлла: «Сан сацам - суна АллахIан элчанера (АлахIера къинхетам а, маршо ахуьлда цунна) хезначунна тIедоьгIна хир бу». Цо элира: «Ден я кIентан бахам дегахьарачу гергарачарна кхочуш бу». Цо омра дира: лайх биссиначу бахаман верасалла Умму Ваилан вежаршна кхочуш ду. Кехат а дахьийтира цо, Iабд ар-Рахьман ибн Iавфан а, Зайд ибн Сабитан а тоьшаллаш тIехь а долуш (ХIара хьадис далийнарш: Абу Дауд: 2917, ан-Насаи: 4/75, ибн Мажа: 2732. Ибн ал-Мадинис а, ибн Iабд ал-Барра а бакъ «сахьихь» хьадис ду аьлла хIара).
828. IабдуллахI ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Хьалхавитиначу лайх бухадиссиначуьнан бакъонаш – тайпанан гергарло санна лоруш ю: я йохка йиш йолуш а яц уьш, я совгIатна яла йиш йолуш а яц» (ХIара хьадис аш-ШафиIис далийна: 1232. Ибн Хьиббана а: 4929, ал-Хьакима а: 4/231 бакъ (сахьихь) хьадис ду аьлла хIара, ткъал-БайхIакъис: 10/292 - гуш доцу (хьулдина) сакхташ ду аьлла кхуьнгахь).
829. Абу Къилаба аьлла: «Анаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцира, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Шуна юккъехь веллачух биссина бахам дIасабекъаран (Iилма) уггаре а дика хуург – Зайд ибн Сабит ву» (Хьадис далийнарш: Ахьмад: 3/184, ат-Тирмизи: 3790, ан-Насаи: 155, ибн Мажа: 154. Оцу тIе ат-Тирмизис а, ибн Хьиббана а: 7131, ал-Хьакима а бакъ «сахьихь» хьадис ду аьлла хIара. Делахь а, дуккхаъчу динан Iилманчаша «мурсал» ду аьлла дийцина хIара хьадис).