739. Абу Бакр ибн Iабд ар-Рахьмана дийцина: «Абу ХIурайрас
(АллахI реза хуьлда цунна) элира, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо
а хуьлда цунна) олуш хезира шена аьлла: «Нагахь муьлххачу а стагана
декхаршлахь виссиначу декхархочуьнгахь ша ма-барра, хIуммаъ эшаза, шен бахам
карабахь - хьанначул а хьалха цунна богIуш бу и» (ал-Бухари: 2402, Муслим: 1559).
Кхечу ривайатехь Абу Бакр
ибн Iабд ар-Рахьмана хIокху кепара аьлла: «Нагахь стага тIедиллина цхьа
хIума йоьхкинехь, и йоьхкиначо цуьнах шена богIучу мехах цхьа а дакъа схьаэцна
а дацахь, оцул тIаьхьа и хIума эцнарг декхаршлахь виссинехь, ткъа цул тIаьхьа
нагахь (хIума йоьхкиначунна) шен бахам хIуммаъ галдалаза дийна а карийнехь -
хьанначул а хьалха цунна богIуш бу иза. Нагахь хIума эцнарг валар нисделлехь -
кхин болучу декхаршделлачеран йоллу бакъо йолуш ву (хIума йоьхкинарг)» (ХIара
хьадис далийнарш Малик: 2/678, Абу Дауд: 3520-3523, цара «мурсал» ду а аьлла
хIара. Иштта Абу Дауда а, ал-Бухарис а далийна оццу хьадисан кхин ривайат,
юкъахь йиссина хьадис дийциначеран зIен чIагарш метта а хIиттийна. Делахь а,
цуьнга ца хьоьжуш, хIара хьадис гIийла лерина цара).
Iумар ибн Халида дийцина: «Мухха а цкъа Абу ХIурайра (АллахI реза хуьлда цунна) волучу даьхкира тхо, декхаршлахь виссиначу тхешан накъостах - йохка-эцархочух дерг хатта аьлла. Цо элира: «Аса шуна, билггал, дуьйцур ма ду АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) оцу хьокъехь биначу сацамах дерг. «Нагахь йохк-эцархо декхаршлахь виссинехь я веллехь, ткъа юхку хIума йолучу стагана хIуммаъ эшаза шен юхку хIума карийнехь - хьанначул а хьалха цунна йогIуш ю и»» (ХIара хьадис далийнарш Абу Дауд, ибн Мажа: 2360, ал-Хьаким: 2/50, ткъа ал-Хьакима бакъ хьадис ду аьлла хIара. ХIетте а, Абу Дауда гIийла лерина хIара, ткъа тIаьххьара хьахийна декхархо валарах дерг – гIийла «даIиф» ду).
740. Iамр
ибн аш-Шарида, шен дас дийцира аьлла, дийцина; «АллахIан элчано (АллахIера
къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира: «Хьал а долуш, декхар дIадала
хьедеш волу стаг - юьхьIаьржа хIоттон а, цунна таIзар дан а мегаш ду» (ХIара
хьадис далийнарш Абу Дауд: 3628, ан-Насаи: 7/316, ткъа ибн Хьиббана: 1164 бакъ
хьадис ду аьлла хIара. Иштта ал-Бухирис а: 5/62 далийна хIара хьадис, амма
дийциначеран зIе а йоцуш).
741.
Абу СаIид ал-Худрис (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элча (АллахIера
къинхетам а, маршо а хуьда цунна) дийна волучу хенахь асхьабех цхьамма стоьмаш
эцнера. Цул тIаьхьа уьш талхар а нисделла, декхарша вукъавинера иза. Цуьнах
хьаьрчина декхар дукха доккха дара. ТIаккха АллахIан элчано (АллахIера
къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира: «ГIоьнна сагIа тасийша цунна». ХIета,
наха гIоьнна сагIанаш тесира цунна. Делахь а, и сагIанаш тоьаш ца хилира цунна
тIера дерриге а декхарш дIатакха. ТIаккха АллахIан элчано (АллахIера къинхетам
а, маршо а хуьлда цунна) цо декхарш дIатакха дезаш болучу декхарийн дайшка
элира: «Долуш дерг дIаэца шайна, и доцург кхин хIуммаъ хила таро яц шуна
(кхуьнгара)» (Муслим: 1556).
742.
Ибн КаIб ибн Малика, шен дас дийцира аьлла, дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера
къинхетам а, маршо а хьулда цунна) МуIазан
бахам лаьцнера. Цунна тIера декхарш дIатакхаран дуьхьа дIа а боьхкира цо и» (ХIара
хьадис далийнарш Абу Дауд: 1/162, ад-ДаракъутIни: 4/230, ал-Хьаким: 2348.
Цхьабакъду, Абу Дауда «мурсал» долуш далийна х1ара, ткъа ал-Хьакима – бакъ
хьадис ду аьлла далийна).
743.
Ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина: «Пайхамарна
(АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) тIевалийнера со Ухьудахь тIом
болучу дийнахь. Оцу хенахь сан дейтта шо дара. ХIетахь цо суна бакъо ца елира оцу
тIамехь дакъалаца. Цул тIаьхьа Саьнгар (Хандакъ) тIом болучу дийнахь валийра со
цунна тIе. Оцу хенахь сан пхийтта шо дара. ХIетахь бакъо елира цо суна тIамехь дакъалаца» (ал-Бухари:
2664, Муслим: 1868). Ткъа ал-Бухарин ривайатехь аьлла: «… гIеметтахIоьттина
а ца гина, ца магийра цо суна тIамехь дакъалаца» (ибн Хузайма тIаьххьара
ривайат бакъ «сахьихь» ривайат ду аьлла).
744. IатIыййа
ал-Къуразис (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Къурайш тайпанца тIом
хиллачу дийнахь пайхамарна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)
тIедалийнера тхо. (Оцу хенахь) Iовратна гонаха чо баьлларш - байъира, хIинца а
чо баланза берш - паргIатбитира (дIахийцира). ХIан, оцу кеппара со а вара чо баланзачарна
юккъехь нисвелла, и бахьанехь паргIатвитира (дIахийцира) со» (ХIара хьадис
далийнарш Абу Дауд: 4404, ат-Тирмизи: 1584, ан-Насаи: 5/185, ибн Мажа: 2541,
Ахьмад: 4/310, ткъа ибн Хьиббана а: 4760, ал-Хьакима а: 2/123 бакъ хьадис ду
аьлла хIара).
745. Iамр
ибн ШуIайба дийцина, шен дас а, дендас а (АллахI реза хуьлда царна) дийцира,
АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда царна) элира аьлла: «Цхьана
а зудчуьнан бакъо яц - шен майрачуьнан пурба а доцуш, совгIат дан» (хIара
хьадис далийнарш Ахьмад, Абу Дауд, ан-Насаи, ибн Мажа, ткъа ал-Хьакима бакъ
хьадис ду аьлла хIара).
Оцу хьадисан цхьана
ривайатехь дуьйцу: «Шен даьхнехь шен Iуналла латтон бакъо яц зудчуьнан - цуьнах
жоп даларан мукъ цуьнан майрачуьнан карабахча».
746.
Къабиса ибн Мухарикъа (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «(Нахе) гIо дехар
кхаа киртигехь бен мегаш дац: нагахь стага нахана техь долу декхарш дIатекхнехь
- цунна а мегаш ду хIума еха, шен харжаш меттахIиттолц, цул тIаьхьа йоьхучуьра
саца а веза иза; нагахь цхьанна тIе, цуьнан берриге бахам хIаллак а беш, бала
беанехь - цунна а магош ду хIума еха, цуьнан гIуллакхаш цхьана новкъа довллалц;
нагахь стаге, таро а йоьхна, къоьлла еанехь, нагахь цуьнан къомах кхетамечу
кхаа векало шайн тоьшаллица цуьнгара хьал иштта хилар бакъдина делахь - цунна а
магош ду хIума еха». (Муслим: 827).