724. Зайд ибн Сабита (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан
элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) (дитташна тIера) схьалахьонза
керла хурманаш якъийначаьрца хийца магийра, якъийначу хурманийн бараме а
нисйина» (хIара хьадис далийнарш ал-Бухаври: 2192, Муслим: 1539).
Муслиман
ривайатехь аьлла: «Беш долахь йолуш берш - хийцина якъийна хурманаш схьаэца бакъо
йолуш бу, шаьш цара юуш ерш керла хурманаш елахь а».
725.
Абу ХIурайра (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера
къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) схьагулъянза керла хурманаш якъийначу
хурманех хийца магийра - барамехь якъийначу харманашка нислуш хилчахьана, оцу тIе
нагахь церан йозалла пхи вускъал сов йолуш а яцахь» (ал-Бухари: 2190,
Муслим: 1541).