• Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Сайт тIехь лахар
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
Нохчийн Русский
 
 
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт

Махлелор а, махлелоран бехкамаш а, цамагийна барташ а буьйцу дакъа

Опубликовано: 29 сентября 2011

660. РифаI ибн РафиIа (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамаре (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хаьттира аьлла: «Муьлхачу кепара рицкъа лахар ду техьа уггаре а беркатениг?». Цо жоп делира: «Стага шен куьйга болх а бина даьккхинарг а, массо бакъахьара барт а беш дина хилла долу йохка-эцар а»» (ХIара хьадис далийнарг ал-Баззара: 2/83. Ткъа ал-Хьакима: 2/10 бакъ хьадис ду аьлла хIара). 

661. Жабир ибн IабдуллахIа (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина, Макка йоккхучу шарахь АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) олуш хезна шена аьлла: «Боккъалаъ, АллахIа а, Цуьнан элчано а дохка-эца хьарам дина чагIар а, къеелла хIума а, хьакхин жижиг а, цIунаш а». Цуьнга хаьттира: «ХIай, АллахIан элча! Деллачу дийнатийн дуьмех (хьакхарх) дерг муха ду? ХIунда аьлча оха лелабо и хIордкеманашна хьокхуш а, цIокарчашна хьокхуш а, стогаршна дагон даьтта кечдеш а». Цо жоп делира: «ХIан-хIа, хьарам ду и!». Цул тIаьхьа АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) ша аьллачунна тIетуьйхира: «АллахIан неIалт хуьлда жуьгташна! Сийлахь-Везачу АллахIа шайна деллачу дийнатийн дума хьарам биначу хенахь, ткъа и лала а беш, цул тIаьхьа дIа а бухкуш, цуьнах даьккхина ахча дуура цара» (ал-Бухари: 2236, Муслим: 1581).

662. Ибн МасIуда (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) олуш хезна шена аьлла: «Нагахь йохка-эцарехь махбечу шина стеган барт ца хилахь, я оцу шиннах цхьаьнненнан а ша бакъ хилар гайта тоьшалла а дацахь, - тIаьххьара дош юхку хIума йолучунна кхачош ду. Нагахь иза а ца нислахь - барт бохон йиш ю цаьршиннан» (ХIара хьадис дийцинарш Ахьмад: 1/466, Абу Дауд: 3511, ат-Тирмизи: 1270, ан-Насаи: 7/302, ибн Мажа: 2186. Ткъа ал-Хьакима бакъ хьадис ду аьлла хIара).

663. Абу МасIуд ал-Ансарис (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дихкира - жIаьла дохкар а, нахаца лелачу зударшна мах балар а, хиндерг (къайленаш) хаьа бохучарна совгIат далар а» (ал-Бухари: 2237, Муслим: 1567).

664. Жабира (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина. Цкъа новкъа боьлхучу хенахь, дукха некъ а бина, гIора дайна хилла иза тIехь волучу цуьнан эмкалан, и бахьанехь хецна иза дIаяхийта ойла а кхоллалуш цуьнан. Цо дийцина: «Циггахь суна тIевеара пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна). Цо, доIа а дина, сан эмкална тIе хIума тоьхначу хенахь, дIахьаьдира сан эмкал, цул хьалха цкъа а цахьаьддачу кепара. Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира: «Цхьана укъих схьайохкахьа суна иза». Аса элира: «ХIан-хIа!». Юха а элира цо: «Цхьана укъих схьайохкахьа суна иза». ТIаккха дIайоьхкира аса иза цунна, цкъа хьалха цIа дIакхочур ву со цуьнца аьлла, бехкам а хIоттош. Даханачуьра цIакхаьчначу хенахь, эмкал а ялош, иза волучу схьавеара со, ткъа цо суна цуьнах бийцина хилла болу мах схьабелира. Со сайн цIа дIаваханачу хенахь, суна тIаьххье тIаьхьа стаг ваийтира цо. Цо элира: «Аса мах лахбина аьлла хеташ хила тарло хьо, хьан эмкал сайн дола ерзоран дуьхьа. ДIаэца хьайна хьайн эмкал а, дирхIамаш а дита ахьа хьайна Iадда. Хьан ду хьуна уьш»» (ал-Бухари: 2861, Муслим: 1221).

665. Жабир ибн IабдуллахIа (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина: «Цхьана асхьаба шен лай, ша вала ма велли, лоллера паргIатваьккхи ша аьлла, дIакхайкхинера. Оцу тIе, иза воцург, кхин бахам болуш а вацара иза. ХIета, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), ша волучу дIа а кхайкхина, цуьнан лай дIавоьхкира» (ал-Бухари: 2141, Муслим: 997). 

666. Пайхамаран (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) зудчо Маймуна (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Мухха а цкъа дахка, даьттанна чу а боьжна, оцу чохь беллера. Ткъа цуьнах дерг пайхамаре (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хаьттиначу хенахь, цо элира: «Иза а, цунна юххехь дерг а оцу чуьра дIа а кхоссий, диснарг даа йиш ю шун» (ал-Бухари: 5540).

Ахьмада а: 7284, ан-Насаис а: 4I86 далийначу ривайтехь дийцина: «Даьтта гIорийна дара».

667. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Нагахь дахка гIорийначу даьттанна чу боьжнехь - иза а дIакхосса, иштта цунна юххераниг а. Нагахь иза кочачу даьттанна чу боьжнехь – тIаккха тIе а ма гIерталаш цунна» (ХIара хьадис далийнарш Ахьмад: 6880, Абу Дауд: 3742. Амма ал-Бухарис а, Абу Хьатима а хьадисехь гIалат ду аьлла дийцина).

668. Абу аз-Зубайра (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Аса цкъа Жабире (АллахI реза хуьлда цунна) хаьттинера: цицигаш а, жIаьлеш а духкуш-оьцуш махлелорах лаьцна. Цо жоп делира: «Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) ца магийра и» (ХIара хьадис далийнарш Муслим: 1569, ан-Насаи: 7/190).

Ан-Насаин ривайатехь оцунна тIетоьхна аьлла: «… таллархойн жIаьла доцург».

669. Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Цкъа со йолучу а еана, Барира элира: «Сайн эланашца барт бина аса - цара исс укъих со лоллера паргIатъюьтур йолуш. Ткъа хIинца хIора шарахь а цхьацца укъи дIатакха дезаш ю со. ГIодехьа суна!». Аса элира: «Нагахь хьан элий реза хилахь - хьоьх диссиначуьнан бакъонаш шайгара соьга схьаяла, ахьа бохург дан тIелоцу аса». Барирас, шен эланашна тIе а яхана, и гIуллакх цаьрга дIахьахийна, ткъа уьш реза ца хилла оцу кепара болу бехкамаш тIеэца. ТIаккха уьш болучуьра Iайшат (АллахI реза хуьлда цунна) йолучу юхаеанчу хенахь, цунна (Iайшатна) уллохь хиина Iаш АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хилла. ХIета, цо аьлла: «И бехкамаш тIеэцахьара аьлла, дехарца и некъ кховдийра аса цаьрга, амма реза-м ца хили уьш - сох диссиначуьнан бакъонаш шайна тIе чIагIйина юьссуш яцахь». Цуьнах дерг пайхамарна (АллахIера къинхетма а, маршо а хуьлда цунна) хезна. ХIета, Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) хилларг-лелларг дерриге а шена дIадовзийтича, цо аьлла: «Мах а лой, схьаэца иза. Диссиначуьнан бакъонаш хьайна тIе чIагIбен бехкам а хIоттабе, хIунда аьлча диссиначуьнан бакъонаш лай паргIатваьккхиначунна тIечIагIъеш ма яй». Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) кхочушдира АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дина хилла омра. Цул тIаьхьа, нахана юккъе а хIоьттина, хутIба дира цо. АллахIна хастам а бина, (АллахI) хеста а вина, цул тIаьхьа элира цо: «Делахь… цхьа болучу наха, цхьацца бехкамаш а хIиттош, лелориг хIун ду-те, Сийлахь-Везачу АллахIан Жайнахь доцу? Муьлхха а тайпана АллахIан Жайнахь боцуш болу бехкамаш - харц бу! Оцу тайпана бехкамаш бIе белахь а. АллахIан тIедиллар - сов нийсаха ду, АллахIан бехкамаш – лакхара а бу. Мухха делахь а, хаалаш, диссиначуьнан ирс эцаран бакъонаш лай паргIатвоккхучунна тIечIагIъеш юйла» (ХIара хьадис далийнарш ал-Бухари: 2168, Муслим: 1504).

Муслиман ривайатехь аьлла: «Юхаэца иза, цул тIаьхьа лоллера паргIат а яккха. Оцу кеппара цуьнан диссиначуьнан бакъонаш хьайна тIе а чIагIъе».

670. Ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина: «Iумара ца магийра - шаьш долахь болучу дайшна бераш дина болу гIарбашаш бохкар. Цо элира: «Бохка а ца мега уьш, совгIатна бала а ца мега, ирсанна а ца кхачабо. Уьш долахь болу церан дай царех пайда эца бакъо йолуш бу - шаьш дийна мел бу, ткъа уьш беллачул тIаьхьа - лоллех маьрша бовлуш бу» (ХIара хьадис далийнарш ал-БайхIакъи: 10/342, Малик: 2/776. Оцу тIе тIаьххьарачо аьлла: хIара дешнаш цхьаболучу хьадисаш дийцархоша АллахIан элчанна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) тIеяздина ду, ткъа иза тилар ду). 

671. Жабира (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дийна а волуш, шаьш долахь болучу дайшна бераш дина болу тхешан гIарбашаш бухкура оха, ткъа цо и бахьанехь бехк а ца боккхура» (ХIара хьадис далийнарш ан-Насаи: 3/199, ибн Мажа: 2517, ад-ДаракъутIни: 4/135. Ткъа ибн Хьиббана: 1215 бакъ хьадис ду аьлла хIара).

672. Жабир ибн IабдуллахIа (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) совдаьлла хи дохкар дихкира» (Муслим: 1516).

Кхечу ривайатехь аьлла: «Иштта доьхкуш ду мах эцар - боьршачу эмкале стениг бугIелацийтарна тIера».

673. Ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дихкира - боьршачу хIуманан оралла йохкар» (ал-Бухари: 2284).

674. Ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) стечу хIуманан кийрара кIорни йохкар дихкира. Ислам-дин даржале хьалха лаьттиначу жехIалаллин заманашкахь деланийхоша лелош хилла оцу тайпана хIуманаш. Стага эмкал оьцуш хилла - цхьана стечу эмкало кхиниг стен эмкал яллалц, цул тIаьхьа шен хенахь цуьнан кийрарачо а иштта эмкалан бекъа яллалц» (ХIара хьадис далийнарш ал-Бухари: 2143, Муслим: 1514. Ткъа хьадисан дIаяздар ал-Бухариниг ду).

675. Ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) лоллех мукъабаьхначу лайх диссиначуьнан бакъонаш кхечунна йохкар а, совгIатна ялар а дихкира» (ал-Бухари: 6756, Муслим: 1506). 

676. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) тIулг а кхоьссина ден йохка-эцар а, иштта билггал доцу (Iехавалар хила тарлун) йохка-эцаран барт бар а дихкира» (Муслим: 1513).

677. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Нагахь цхьамма кхачанан сурсаташ эцнехь - уьш (терзанахь) оззалц дIадохка бакъо яц цуьнан» (Муслим: 1527). 

678. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) цхьана йохкарехь ши барт бар дихкина» (ХIара хьадис далийнарш Ахьмад: 9764, ан-Насаи: 7/295, ат-Тирмизи: 1231, Абу Дауд: 3460. Ткъа ибн Хьиббана: 1109 бакъ хьадис ду аьлла хIара). 

Абу Даудан ривайатехь аьлла: «Цхьана йохкарехь ши барт бинарг - лахарачу механа реза хила веза, риба ца хилийтархьамма».

679. Iамр ибн ШоIипа дийцина, шен дас, дендас дийцира, АллахIан элчано (АллахIера къинетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Декхарийн тIелацам а, мах баран барт а цхьаьна базон магош дац, иштта йохка-эцаран цхьана бартехь ши бехкам а, ша да воцучу хIуманна тIера са яккхар а, хьо да воцу хIума дохкар а» (ХIара хьадис далийнарш Ахьмад: 2/174, Абу Дауд: 3504, ат-Тирмизи: 1234, ан-Насаи: 7/288, ибн Мажа: 2188, ат-ТIабарани: 4361. Оцу тIе ат-Тирмизис а, ибн Хузайма а, ал-Хьакима а: 2/17 бакъ хьадис ду аьлла хIара).

ТIаьххьарачо «Iулум ал-Хьадис» жайнахь далийна хьадис: Абу Хьанифана Iамр ибн ШоIипа олуш хезна АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна): «Бехкамца цхьана йохка-эцаран мах бар дихкира». 

Изза хьадис ат-ТIабаранис а далийна «ал-АвсатI» жайнахь, амма динан Iилманчаша гIарадалаза «гIариб» хьадис ду аьлла и.

680. Iамр ибн ШоIипа дийцина, шен дас, дендас дийцира, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Йохка-эцаран барт бечу хенахь закъалтана кара хIума ялар дихкира» (Мулик: 2/609).

681. Ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина: «Цкъа базарахь даьтта эцнера аса. Тхойшиннан, хадам боллуш, механа тIехь барт хилла ма белли, оцу минотана цхьа стаг веара суна тIе - шена схьадохкахьара и даьтта аьлла. Суна хаза сай ен йолу мах а бара цо хьехориг. Ткъа со оцу стагаца куьг куьйгах тоха дагахь воллуш а волуш, цхьамма тIехьара катоьхна схьалецира сан куьг. Ткъа со тIехьа дIахьажавелча - Зайд ибн Сабит (АллахI реза хуьлда цунна) хиллера иза. Цо элира: «Айхьа хIинцца эцначохь мадохка и - айхьа хьайн цIа и дIакхачадаллалц, хIунда аьлча АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) махлелорхошна дихкина - шаьш эццачу меттехь хIума дIайохкар, цара и шаьш дай болучу метте (шайн хIусамашка) дIакхачаяллалц»» (ХIара хьадис далийнарш Ахьмад: 5/191, Абу Дауд: 3499. Ткъа хьадисан дIаяздар тIаьххьарачуьнниг ду. Ибн Хьиббана а: 1120, ал-Хьакима а: 2/40 бакъ хьадис ду аьлла хIара).

682. Ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина: «Аса элира: «ХIай, АллахIан элча! Ал-БакъиI олучу меттехь эмкалш дIаюхку аса. Цкъац-цкъа динарех дIаюхку аса уьш, амма эцархошкара дирхIамаш оьцу аса схьа. Ткъа цхьайолчуу хенахь дирхIамех дIаюхку аса уьш, амма эцархошкара динараш оьцу аса схьа. Цхьа ахча схаьоьцу аса вукхуьнан метта, цхьа ахча дIа а ло аса кхечуьнан метта». ХIета, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира: «Цхьа а вон хIума дац - хьайн ахча хийцарах, карарчу хенан мехаца схьаоьцуш хилчахьана. Амма цхьа бехкам-ма бу - шуьшиъ вовшашка дIасадаладезарг дIасадаллац дIасацакъастичахьана» (ХIара хьадис далийнарш Ахьмад: 2/33, Абу Дауд: 3354, ат-Тирмизи: 1242, ан-Насаи: 7/81, ибн Мажа: 2262. Ткъа ал-Хьакима: 2/44 бакъ хьадис ду аьлла хIара).

683. Ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) мах лакхабаккхаран Iалашонца муьлхха а хIилла лелор дихкира» (ал-Бухари: 2142, Муслим: 1516).

684. Жабира (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дихкира - чудерзонза (баттара даккханза) долу буьртиг-ялта оцале чудерзийначух (баттара даьккхиначух) хийцар а, (схьалахьонза дитташ тIехь йолучу) керлачу хурманех якъийна хурманаш хийцар а, кха тIера билгалйиначу лаьттан-коржамна тIехь кхуьуш долу ялта духьал лур долуш латталелон латталелорхой лацар а, муьлхха а билгалданза долучу юкъарадаьккхиначунна тIехь барт бар а, хIунда аьлча муьлхха а юкъарадаккхар цIенна билгалдина хила дезаш ду» (ХIара хьадис далийнарш Ахьмад: 14393, Абу Дауд: 3405, ат-Тирмизи: 1290, ан-Насаи: 7/37. Оцу тIе, ат-Тирмизис бакъ хьадис ду а аьлла хIара).

685. Анаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дихкира - чудерзонза (баттара даккханза) долу буьртиг-ялта оцале чудерзийначух (баттара даьккхиначух) хийцар а, кхианза ялта дохкар а, дуьххьара дIамахьакхавелли, кхин хьажа а ца хьожуш, хIума эцар а, бIаьргаш а хьабдина, вовшашца хIума хийцар а, чуберзонза стом хийцар а оцале чуберзийначух» (ал-Бухари: 2207).

686. ТIавуса дийцина, ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцира, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Коврашна дуьхьал ма эха гIалал арахьа, я гIалахочо йохка а ма йохка гIум-аренгарачу вахархочунна». ТIавуса хаьттина ибн Iаббасе (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а): ««ГIалахочо йохка а ма йохка гIум-аренгарачу вахархочунна» бохург хIун маьIна долуш ду?». Цо жоп делла: «Юкъалела йиш йолуш вац иза» (ХIара хьадис далийнарш ал-Бухари: 2108, Муслим: 1521. Ткъа хьадисан дIаяздар ал-Бухариниг ду).

687. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Кхечу махкара йохка хIума йохьуш йогIучу коврашна дуьхьал ма эха гIалал арахьа. Нагахь хIума юхкучу дена гIалал арахьа дуьхьал а бахана, цуьнгара цхьаъ эцахь – хIума йоьхкинарг ша базара схьамакхеччи ша бина барт бохон бакъо йолуш ву» (Муслим: 1519).

688. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) гIалахочунна дихкира гIум-аренгарачу вахархочунна йохкар, мах лакхабаккха хIилла лелор а, юкъа а иккхина, йохка-эцаран барт беш воллучу шен вешин барт бохор а, шен вашас, захало дIа а хьахийна, ехна йолучу зудчуьнга дIа захало хьахор а. Иштта зудчунна дихкира цо - стаге шен йиша йита аьлла дехар дар, иза да йолуш долучух яккхархьамма» (ал-Бухари: 2140, Муслим: 1515).

Муслиман ривайатехь аьлла: «Бусалба стаг лакхара мах хадон йиш йолуш вац - шен вешин йохка-эцар барт бохорхьамма».

689. Абу Аййуб ал-Ансарис (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) олуш хезна шена аьлла: «Наний, беррий вовшехкъастийнарг - къематдийнахь АллахIа шена безначарех къастор ву» (ХIара хьадис далийнарш Ахьмад: 22413, ат-Тирмизи: 1283. Ткъа ал-Хьакима: 2/55 бакъ хьадис ду аьлла хIара. ХIара хьадис дийицначеран зIенехь эшарш делахь а, цуьнах терачу хьадисех дIатоьхча чIагIло хIара).

690. Iали ибн Абу ТIалиба (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) омра дира соьга: сайн къона ши лай дIавохка аьлла, ткъа и шиъ ши ваша вара. И шиъ, вовшах а къастийна, тайп-тайпанарачу шина дена дIа а воьхкина, цуьнах дерг пайхамаре (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дIахаийтира аса. Амма цо элира: «Хьада, вало, катоххий схьа а лахий, юхавалаве и шиъ. Вовшахцавоккхуш цхьанний бен вохка а ма вохкалахь и шиъ кхул тIаьхьа»» (ХIара хьадис далийнарг Ахьма: 721. Хьадис дийцинарш теша хьакъ бу. Ибн Хузайма а, ибн ал-Жаруда а: 575, ибн Хьиббана а, ал-Хьакима а: 2/125, ат-ТIабаранис а, ибн КъаттIана а бакъ хьадис ду аьлла хIара).

691. Анас ибн Малика (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дийна волу заманчохь Меднахь юхкучу хIуманийн мехаш дазделлера, ткъа наха элира: «ХIай, АллахIан элча! Юхкучу хIуманийн мехаш дукха дазделла-кха. Хьедан йиш йоцу мехаш хIиттадехьа тхуна». АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «Боккъалаъ, юхкучу хIуманийн мехаш сацориг АллахI ву. Цхьаболучарна къен дахар ло Цо, ткъа кхечарна – чот йоцу хьелаш ло. Шен лаьшна рицкъа луш верг ву И. Сийлахь-Везачу АллахIна хьалха хIоттаре сатуьйсуш ву со, шух цхьа а цIийна тIехь я бахамна тIехь соьгара хилла цхьа а зулам дуьхьалдетташ, дIадоьхуш а воцуш» (ХIара хьадис далийнарш Ахьмад: 13545, Абу Дауд: 3451, ат-Тирмизи: 1314, ибн Мажа: 2200. Ткъа ибн Хьиббана: 4914 бакъ хьадис ду аьлла хIара).

692. МаIмар ибн IабдуллахIа (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Цхьана галваьллачо а бен латтор яц язъяллалц сацийна (дIайиллина) юхку хIума» (Муслим: 1605).

693. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Стечу эмкалан а, жийнан а шин дIамабоьхкийла аша (эцархочунна дуккхаъ шура луш ю моттийта шура гулъялийта дагахь). Нагахь цул тIаьхьа муьлххачу а цхьамма, уьш эца а эцна, оза а оьзна, ма-дарра дерг цунна гучудалахь - иза шина сацамах шена луъург цхьаъ тIеэца бакъо йолуш ву. Нагахь шена лаахь - уьш шена дIаIаддита а йиш ю цуьнан, ткъа ца лаахь - юхадерзон бакъо а ю цуьнан, цаьрцанний цхьаьна кхин а тIе цхьа сахь якъийна хурманаш а луш» (ХIара хьадис далийнарш ал-Бухари: 2148, Муслим: 1524).

Муслиман ривайатехь иштта аьлла: «… кхаа денна чохь барт бохон бакъо йолуш ву иза».

Цуьнан кхечу ривайатехь иштта аьлла: «… оцуьнцанний кхин а тIе цхьа сахь (1) буьртиг-ялта а луш, кIа доцург (2)».

(1) ХIокху заманан терзанан барамашца аьлча, пайхамаран цхьа сахь – дикачу кIех 3 эзар гарам (3 кила) нисло.

(2) Кхузахь дуьйцург - ша тайпана, тоьлла кIа ду, цуьнга хьаьжжина лакхара мах а болуш. Шемара кIа ду и. Оцу тайпана кIа ма ло аларан маьIна - кхиндолучу Хьижазерачу кIел а, иштта хурманел а цхьаьна и деза хилар ду.

694. Ибн МасIуда (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Нагахь цхьамма шин бихкина хилла болу жий эцнехь, ткъа цул тIаьхьа иза юхабалан цуьнан сацам а хиллехь - цуьнцанний цхьаьна тIе цхьа сахь хурманаш а лойла цо» (ХIара хьадис далийнарг ал-Бухари: 2149).

Ткъа ал-ИсмаIилин ривайатехь аьлла: «… цхьа сахь якъийна хурманаш».

695. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Цкъа АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) буьртиг-ялтин оьлина тIех волуш хилла. Ткъа цо шен куьг юккъе дахийтича, тIуналла хааеллачу цо аьлла: «ХIей, хIокху ялтин да! ХIара хIун ду?». Цо жоп делла: «ДогIанна кIел нисделла и, хIай, АллахIан элча!». Цо аьлла: «ХIета, тIунделларг тIехула хIунда ца даьккхина ахьа, нахана гуччехь хилийта? ХIилла лелош верг (нах Iехош верг) соьх вац»» (Муслим: 102).

696. IабдуллахI ибн Бурайда (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина, шен дас элира, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Ялта чудерзочу хенахь кемсаш (чуерзор) сацийна верг, цул тIаьхьа чагIардоккхучарна уьш дIайохкархьамма - шена хуъушехь хьаьдда жоьжагIатина чу кхоссалуш ву» (ХIара хьадис далийнарг шен «ал-АвсатI» жайнахь ат-ТIабарани ву: 5356, дика иснад а йолуш).

697. Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Пайда – жоьпаллехь волучунна кхачош бу (3)» (ХIара хьадис далийнарш Ахьмад, Абу Дауд, ат-Тирмизи, ан-Насаи, ибн Мажа. Амма ал-Бухарис а, ат-Тирмизис а гIийла «даIиф» хьадис ду аьлла хIара. Делахь а, ат-Тирмизис а, ибн Хузайма а, ибн ал-Жаруда а, ибн Хьиббана а, ал-Хьакима а, ибн ал-КъаттIана а бакъ хьадис ду аьлла хIара).

(3) Вуьшта аьлча, нагахь стага ша эцна долу латта лелон даьккхинехь, я ша эцначу хьелийн шуьрех я церан тIаьхьенах пайда эцнехь - машен а эцна, и лелийнехь, говр а эцна, цунна тIехь леллехь, цул тIаьхьа цунна оцу ша эцначу муьлххачу а хIуманехь шех хьулдина сакхт гучудалахь - и ша эцна хIума шена йоьхкиначунна юхаерзон бакъо йолуш ву иза. Амма ша эцначу пайданах цхьа а хIума юхадерзон декхарийлахь вац иза. ХIунда аьлча мах бохон йиш йолучу юккъехь цо эцна йолу хIума хIаллакъхиллехьара - тIаккха а ма вара иза и такха декхарийлахь. Цундела цо эцна пайда а бу цунна кхачош.

698. Iурва ал-Бакъира (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина. Цкъа АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) цуьнга (Iурвага) цхьа динар ахча деллера - гIурба дан хьайба я газа (уьстагI) эца цуьнах аьлла. Ткъа цо (оцу динарах) ши газа а эцна, цул тIаьхьа цаьршиннах цхьаъ цхьана динарах дIайоьхкина. Цул тIаьхьа пайхамарна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) цхьа газа схьа а ялийна, цхьа динар цунна духа а дерзийна цо. Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) цунна (махлелорехь) беркат дар доьхуш доIа дира. Iурвас олура: хIета дуьйна ша (когашна бухара схьаэцна) лаьтта тIехь мах лелийча а са ера ма яра шена олий (ХIара хьадис далийнарш Ахьмад: 18549, Абу Дауд: 3384, ат-Тирмизи: 1258, ибн Мажа: 2402. Ал-Бухарис ца далийна хIара хьадис, ткъа цо далийнарг - деххачу кхечу хьадисехь оцу хьадисан бух бу: 3642. Цуьнах тера хьадис иштта ат-Тирмизис а далийна: 1257, Хьаким ибн Хьизама (АллахI реза хуьлда цунна) дийцира аьлла).

699. Абу СаIид ал-Худрис (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дихкина – хьайбанийн кийрара хIинца а дуьненчу йовлаза кIорнеш эцар а; хIинца а церан шаннаш чохь йолу шура эцар а; ведда волу лай эцар а; тIемалошна юккъехь дIаса а екъале хьалха тIеман хIонсаш эцар а; шена хьажийначуьнан кара дIакхачанза долу сагIийна делла хIума эцар а; хибухахьлелачунна тIаьхьа карон йолу хIума эцар а» (ХIара хьадис далийнарг ибн Мажа: 2196. Ал-Баззара а, ад-ДаракъутIнис а: 3/44 далийна хIара, гIийла зIе а йолуш).

700. Ибн МасIуда (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «ХIорданна чохь болу чIара ма эца, хIунда аьлча оцу кепарчу бартехь билгазалла ю (4)» (Ахьмад: 3494).

(4) ХIунда аьлча чIара оьцучунна хууш дац - цуьнга чIара лацалур бу я бац, цуьнан и лаца гIора кхочур ду я дац, я лацалой а ца хаьа цуьнга иза. И дерриге шеконехь а, шен карахь доцург дохкар а, шегахь Iехавалар долучу а декъана юкъадоьдуш ду.

701. Ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хIинца а хилла доцу стоьмаш дохкар дихкира, иштта хIинца а хьайбанан букъа тIехь болу тIаргIа бохкар а, шинна чохь йолу шура йохкар а» (ХIара хьадис далийнарш ад-ДаракъутIни: 3/14, ат-ТIабарани ву «ал-АвсатI» цIе йолучу гуларахь: 3708. Абу Дауда а: 183 далийна хIара хьадис, Iикримера (АллахI реза хуьлда цунна) ду аьлла «ал-Марасийл» цIе йолучу гуларахь. Оццо, ибн Iаббасера (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) ду аьлла далийна, чIогIа зIе а ялош. Ва амма асхьабна тIехь сецна ду, оцу тIехь берта вахана ал-БайхIакъи а: 5/340).

702. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хIинца а боьршачу хIуманан букъехь йолу оралла йохкар дихкира, иштта хIинца а кийрахь йолу хьайбанан кIорни йохкар а» (хIара хьадис, гIийла зIе а йолуш, ал-Баззара далйина: 1267).

703. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Нагахь стага ша бусалба стагана йоьхкина хIума юханехьа схьаэцахь - АллахIа цуьнан къиношна (хатIешна) гечдийр ду» (ХIара хьадис далийнарш Абу Дауд: 3460, ибн Мажа: 2199. Ткъа ибн Хьиббана а: 7/243, ал-Хьакима а: 2/45 бакъ хьадис ду аьлла хIара).

Тхан белхаш

Дешна девла жайнаш

© Исламан Нур - Свет Ислама 2022, Все права защищены. При копировании материалов ссылка на ресурс обязательна. Supported by 24soft