657. Ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина: «АллахIан элчанна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) Макка боьду некъ къевлира. ХIета, цо шен корта а бешира, шен зударшца гIуллакх а даийтира, дийнатна урс а хьаькхира, юкъахдаьлла шен Iумрат тIедогIучу шарахь кхочуш а дира» (ал-Бухари: 1809).
658. Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Цкъа пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хьажа-хIотта шен шича ДубаIа бинт аз-Зубайр ибн Iабд ал-МуттIалиб (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) йолучу вахара. Цо элира: «ХIай, АллахIан элча! Хьаж дан дагахь кечам беш-м йоллура со, чIогIа лазарша хьийзош ю-кха со». Ткъа пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира:
«Хьаж дан гIо хьайн, амма цхьа бехкам хIоттабе: сан ихьрам досту меттиг - АллахIа со саццийначохь хир ю алий» (ал-Бухари: 5089, Муслим: 1207).
659. Iикрима ибн ал-Хьажжаж ибн Iамр ал-Ансарис (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Нагахь хьажочо шен меже кагйинехь я астагIа ваьллаьхь иза - цо шен ихьрам достуш ду, тIедогIучу шарахь шен хьаж меттахIоттон (доькхуш дан) дезаш а ву иза». Iикрима аьлла: «Аса цуьнах дерг ибн Iаббасе а, Абу ХIурайре а (АллахI реза хуьлда царна) хаьттиначу хенахь - цаьршима шиммо а бакъдина тIечIагIдира и» (ХIара хьадис далийнарш Ахьмад: 15172, Абу Дауд: 1862, ат-Тирмизи: 940, ан-Насаи: 5/198, ибн Мажа: 3077. Оцу тIе, ат-Тирмизис дика «хьасан» хьадис ду а аьлла хIара)