• Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Сайт тIехь лахар
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
Нохчийн Русский
 
 
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт

ТIулгаш кхийсар дуьйцу дакъа

Опубликовано: 13 октября 2011

638. Ибн Iаббаса а, Усама ибн Зайда а (АллахI реза хуьлда царна) дийцина: «Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) Жамра ал-Iакъаба тIулгаш кхийссалц йолучу юккъехь хаддаза «лаббайк» бехира» (ал-Бухари: 1686).

639. IабдуллахI ибн МасIуда (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина: «ХьажцIа - шена аьрру агIор а, Мина тогIи – шена аьтту агIор а нислучу кепара дIа а хIоьттина, цул тIаьхьа бIогIамна тIе ворхI тIулг а кхоьссина, тIаккха элира цо: «Иштта кхийсира-кх уьш шега «ал-Бакъарат» сурат доссийначо (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)» (ал-Бухари: 1749, Муслим: 1296).

640. Жабира (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) гIурба дечу дийнахь делккъалц кхийсира тIулгаш, ткъа диссиначу деношкахь – делкъал тIаьхьа» (Муслим: 1299).

641. Ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) гуттар а герггарачу бIогIамна кхуссура ворхI тIулг аьлла дийцина, хIора тIулг мосазза кхуссу АллахI а вазвеш. ТIаккха лахенгахьа кхаччалц хьалхахьа а таьIий, шен юьхь къилбехьа а ерзош дIа а хIуттий, вехха АллахIе доIа деш лаьттара иза, стигала хьала шен ши куьг а айдой. Цул тIаьхьа юккъерачу бIогIамна тIулгаш кхуьйсура цо. ТIаккха, аьрру агIор а воьрзий, лахенгахьа кхаччалц хьалхахьа а таьIий, юха а къилбехьа а воьрзий, стигала хьала шен ши куьг а лоций, вехха АллахIе доIа деш а лаьттий, цул тIаьхьа лахенгахьара дIа тIулгаш кхуьйсура цо тIаьххьарачу бIогIамна, цунна уллохь саца а ца соцуш. Цул тIаьхьа и меттиг дIатосура цо, ала а олуш: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) оцу кепара деш гина ву-кха со» (ал-Бухари: 1751). 

642. Ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Я, АллахI! Къинхетам бехьа кортош бошучарех!». Наха элира: «Месаш яцъечарех, хIай, АллахIан элча!». Цо юха а элира: «Я, АллахI! Къинхетам бехьа кортош бошучарех!». Наха юха а элира: «Месаш яцъечарех, хIай, АллахIан элча!». КхоалгIа элира цо: «Месаш яцъечарех а» (ал-Бухари: 1727, Муслим: 1301).

643. Ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Зударшна тIехь дац - кортош башар, зударшна тIехь дерг – месаш яцъяр (хадор) ду» (хIара хьадис Абу Дауда: 1985, далийна, дика «хьасан» иснад а йолуш).

644. IабдуллахI ибн Iамр ибн ал-Iаса (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина: «ДIасакъаьста хьаж дечу хенахь АллахIан элчане (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дуккха а хаттарш дира. Цхьана стага хаьттира: «Суна ца хаьара, ткъа гIурба деле хьалха корта баьшна аса?». Цо жоп делира: «Кхераме хIуммаъ дац! ХIинца юха де ахьа гIурба». Веана кхечу стага хаьттира: «Суна ца хаьара, ткъа тIулгаш кхийсале хьалха гIурба дина аса?». Цо жоп делира: «Кхераме хIуммаъ дац! ХIинца юха кхийса ахьа хьайн тIулгаш». Муьлххачо а, хьажан тIедахкарех муьлхха а цхьа тIедиллар хьалха-тIаьхьа даьккхина дар нисделла шен аьлла, хаьтича, цхьа жоп лора цо: «Кхераме хIуммаъ дац! КхиндIа де ахьа»» (ал-Бухари: 83, Муслим: 1306).

645. Ал-Мисвар ибн Махрама (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) шен корта а башале хьалха гIурба а дира, изза де аьлла шен асхьабашка омра а дира цо» (ал-Бухари: 1811).

646. Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Нагахь аша тIулгаш кхийсинехь, кортош а даьшнехь - шуна магош ду хаза хьожа йогIург хьакхар (тохар) а, иштта дерриге а бухадиссинарг а, зударий боцург» (хIара хьадис далийнарш Ахьмад а: 2395, дийициначеран гIийла зIе а йолуш, Абу Дауд а: 1978).

647. Ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина: «Ал-Iаббас ибн Iабд ал-МуттIалиба АллахIан элчане (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), Минахь а ца йоккхуш, буьйса Маккахь яккха бакъо ялар дийхира, хIунда аьлча цунна тIехь хьажошна хи мийлорна декхар Iуьллура. Ткъа АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) и дан бакъо елира цунна» (ал-Бухари: 1634, Муслим: 1315).

648. Iасим ибн Iадис (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) эмкалийн Iуйшна Мина тогIехь буьйса цаяккха бакъо елира. Амма цо цаьрга омра-м дира: гIурбанан дийнахь тIулгаш кхийса, тIаьхьадогIучу дийнахь шина денна догIу тIулгаш цхьаьний а кхийса, Мина тогIера дIадоьлхучу дийнахь а кхийса тIулгаш» (ХIара хьадис далийнарш Ахьмад: 4/450, Абу Дауд: 1975, ат-Тирмизи: 955, ан-Насаи: 5/273, ибн Мажа: 3037. Оцу тIе ат-Тирмизис а, ибн Хьиббана а бакъ хьадис ду а аьлла хIара).

649. Абу Бакара (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) гIурба дечу дийнахь хутIба дира тхуна» (Аа-Бухари: 1741, Муслим: 1679).

650. Сарраъ бинт НабхIана (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «ГIурба диначу дийнал тIаьхьарачу дийнахь АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хутIба дира тхуна. Цигахь элира цо: «Ташрикъ денойх юккъера де дац, ткъа, хIара?..» (ХIара Абу Дауда: 1953, дика зIе а йолуш, далийна деххачу хьадисан дакъа ду).

651. Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) шега элира аьлла: «ХьажцIенна гонаш дахар (тIаваф дар) а, ас-Сафанний, ал-Марванний юккъехь дIасаидар а кхачам болуш ду хьуна хьаж дан а, Iумрат дан а» (Муслим: 1211).

652. Ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина: «Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) тIаваф ал-ифада ворхI го тосучу хенахь, цкъа а чехка гIулчаш йохуш (йорт эцна) ца вахара» (ХIара хьадис далийнарш Ахьмад: 14133, Абу Дауд: 2001, ан-Насаи: 2/460, ибн Мажа: 3060. Ткъа ал-Хьакима: 1/475 бакъ хьадис ду аьлла хIара).

653. Анаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Хьаж дечу хенахь пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) ал-Мухьассаб олучу меттехь делкъан, малхбузан, маьркIажан, пхьуьйра ламазаш а дина, цул тIаьхьа кIеззиг дIавижира. Цул тIаьхьа (говрана я эмкална) тIе а хиъна, КаIба йолучухьа а вахана, цунна гонаха тIаваф дира цо» (ал-Бухари: 1764).

654. Салима (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Абу Бакар а, Iумар а (АллахI реза хуьлда цаьршинна) ал-АбтIахь олучу меттахь сецира (хIара хьадис далийарг Муслим ву).

Иштта Iурвас дийцина: «Iайшат (АллахI реза хуьлда цунна) ал-АбтIахь олучохь саца а ца соцура. Цо олура: «АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) цигахь сецнера, хIунда аьлча цигара кхиндIа новкъа вала аьтту болуш долун дела» (ал-Бухари: 1765, Муслим: 1311).

655. Ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина: «ЦIано йоьхна зударий боцучу массо а нахе дина омра дара: хьажцIенна тIаваф дай бен дIамагIо аьлла» (ал-Бухари: 1755, Муслим: 1328).

656. IабдуллахI ибн аз-Зубайра (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «ХIокху сан маьждигехь дина ламаз - муьлхха а кхечу маьждигехь диначул а эзарза дезах ду, ал-Масжид ал-хьарам (дихкина маьждигехь) доцург. Ткъа дихкиначу маьждигехь дина ламаз - сан маьждигехь диначул а бIозза дезах ду» (ХIара хьадис далийнарг Ахьмад: 4/5. Ткъа ибн Хьиббана: 1620 бакъ хьадис ду а аьлла хIара).

Тхан белхаш

Дешна девла жайнаш

© Исламан Нур - Свет Ислама 2022, Все права защищены. При копировании материалов ссылка на ресурс обязательна. Supported by 24soft