• Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Сайт тIехь лахар
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
Нохчийн Русский
 
 
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт

Хьаж даран а, макки чу вахаран а къепе

Опубликовано: 14 октября 2011

620. Жабир ибн IабдуллахIа (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина: «АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хьаж дан негатца аравелира. Цуьнца цхьаьна тхо а девлира новкъа. Тхо зул-Хьулайфе дIакхечира. Цигахь Асмаъ бинт Iумайса доьзалхо вира. (Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)) элира: «Лийча а лийчий, тIаккха дехха шуьйрра кIадин кийсакца цIий оьху меттиг дIаехка, цул тIаьхьа ихьрам дехка ахьа». АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) маьждигехь ши ракаIат ламаз дира, цул тIаьхьа шен эмкална ал-Къасванна тIе хиира иза. Цуьнан эмкал ал-Байда олучу меттиге кхаьчначу хенахь, чIоггIа АллахI цхьаъ хиларан тоьшалла а кхайкхийна, («лаббайк» баха вуьйлира иза): «ХIан, Хьуна хьалххахь ву со, я АллахI! ХIан, Хьуна хьалххахь ву со, я АллахI! ХIан, Хьуна хьалххахь ву со, я АллахI! Цхьа-цхьаъ накъост вац Хьоьца! ХIан, Хьуна хьалххахь ву со! Боккъалаъ, Хьуна хьакъ бу берриге хастам, Хьан ду ниIмат а, паччахьалла а! Цхьа-цхьаъ накъост вац Хьоьца! (ЛаббайкаллахIумма лаббайк! Ла шарика лака лаббайк! Иннал хьамда ванниIмата лака вал мулк, ла шарика лак!)». Тхо хьажцIенна тIе дIакхаьчначу хенахь (АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)) цуьнан маьIигах дIахьакхавелира. Цул тIаьхьа, чехка гIулчаш а йохуш, цунна гонаха кхо го тесира цо, ткъа биъ го - меллаша тесира. Цул тIаьхьа ИбрахIиман (АллахIера маьршо хуьлда цунна) меттигна тIекхечира иза, ткъа цигахь (ши ракаIат) ламаз дира цо. Цул тIаьхьа, хьажцIийнан маьIигна тIе а вахана, юха а цуьнах дIахьакхавелира иза. Цул тIаьхьа, цуьнан кевнех ара а ваьлла, ас-Сафа ломанна тIе вахара иза. Ас-Сафа ломанна улле ша дIакхаьчначу хенахь (хIара аят) дийшира цо: «Боккъалаъ, ас-Сафа а, ал-Марва а – АллахIан шаIаирех бу». Аса дIадоладо АллахIа доллийначуна тIера». Ас-Сафанна тIе хьалавелира иза, цигара дIахьаьжча хьажцIа а гуш. Цул тIаьхьа дIахIоьттина, шен юьхь хьажцIенна тIе а ерзийна, АллахI цхьаъ хиларан тоьшалла а далийна, АллахI ваз а вина, тIаккха хIара (доIа дийшира) цо: «Кхин дела вац, Ша цхьаъ волу, АллахI воцург! Цхьана а тайпана накъостий а бац Цуьнца! Цуьнан ду паччахьалла а, Цунна бу хастам а, доллучунна ницкъ кхочург а ву И! Кхин дела вац, АллахI воцург, Шен ваIда кхочушйина волу, Шен лайна гIодина волу, Ша цхьамма мостагIаллин бартахой хIаллакбина волу! (ЛаилахIа иллаллахIу вахьдахIу, ла шарика лахIу, лахIул мулку, ва лахIул хьамд, вахIума Iала кули шаъин къадир. ЛаилахIа иллаллахIу, анжаза ваIдахIу, ванасара IабдахIу, вахIазамал ахьзаба вахьдахIу)». Юх-юха кхузза а доьшуш, дийшира цо и. Цул тIаьхьа ал-Марва ломанна тIевахара иза. ТогIичу воьссича, хьаьдда вахара иза. Ал-Марванна тIе ша хьалаваьлча, меллаша гIулчаш яхарна тIевелира иза. Ал-Марванна тIе ша хаьалаваьлча, ас-Сафанна тIехь диннарг дира цо… (КхиндIа а дехха хIара хьадис дийцира цо): Ат-Тарвийа де тIедеъча (зул-Хьижжат беттан борхIалгIа де), Мина тогIенга дIабахара уьш. Пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) (шен эмкална) тIехиъна воьдуш вара. Ткъа оцу тогIичохь цо делкъан а, малхбузан а, маьркIажан а, пхьуьйра а, Iуьйра а ламазаш дира. Цул тIаьхьа цигахь малх схьакхетталц сецира иза. (Муздалифехь) саца а ца соцуш, цунна тIех а ваьлла, Iарп ломанна тIевахара иза. Ткъа цигахь Намира олучу ломанна тIехь оцале дIатоьхна тIергIан четар а дара цунна. Оцу чохь сецира иза. Ткъа делкъал тIаьхье ма хиллина, омра дира цо: шен ал-Къасва эмкал схьаялае аьлла. Шена иза схьаялийча, оцу тIехь Iарп ломан тогIенга велира иза. Цигахь цо нахана хутIба дира. Цул тIаьхьа моллалла кхайкхира, тIаккха къамат дира. Цигахь (АллахIан элчано (АллахIера къинхеттам а, маршо а хуьлда цунна)) делкъан ламаз дира. Цул тIаьхьа, юха а къамат а дина, малхбузан ламаз а дира цо. Оцу шина ламазна юккъехь цхьа а тIедеш долучу ламазех ламаз ца дира цо. Цул тIаьхьа, эмкална тIе а хиъна, лаьттачу метте дIавахара иза. Цул тIаьхьа тархашна тIе шен ал-Къасва охьахаийра цо, гIашлой-хьажой лела сокхамкх (некъ) шена хьалха нислучу кепара саца а соцуш. ТIаккха, къилбехьа (Маккехьа) а вирзина, цигахь сецна Iийра иза, малх дIабузехьа таIIалц. Кестта бIаьрг кхулу къегар а дайра, гучуьра малх дIа а белира. АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) чIоггIа шегахьа озийра ал-Къасванан архаш, цуьнан корта луьйтанна чохь а буьссуш. Шен аьтту куьг хьалхахьа а тосуш, цо элира: «ХIай, нах! Собарах ма доха! Собарах ма доха!». ГIамарийн оьланех цхьана оьлина тIе мосазза кхечи, озийна архаш жим-жима еш малйора цо, цигашхула чекхъяала а, хьалаяла а цунна атта хилийта дагахь. Муздалифе дIакхечира иза. Ткъа цигахь, цкъа моллалла а кхойкхуш, шозза къамат а деш, маьркIажан а, пхьуьйра а ламазаш дира цо. Цу шина ламазна юккъехь тасбихь а ца дира цо. Цул тIаьхьа сатассалц йолучу юкъанна дIатаьIира иза. Iуьйренан са къаьстташ гучудаьллачу хенахь, молла а кхайкхина, къамат а дина, Iуьйра ламаз дира цо. Цул тIаьхьа, ал-Къасванна тIе а хиъна, ал-МашIар ал-Хьараме кхечира иза. Ткъа цигахь, къилбехьа а вирзина, АллахIе доIа дира цо, ваз а вира цо И, И цхьаъ хиларан тоьшалла а далийра цо. Иштта лаьттира иза дикка сатассалц йолучу юккъанна. Малх схьакхетале хьалха дIановкъа велира иза. Иштта иза дIакхечира Мухьассир тогIенга. Шен дIавахар сихдира цо. Цул тIаьхьа коьртачу ураме велира иза, ал-Жамра ал-Кубра (боккха бIогIам) болучехьа араболуш болучу. Уллохь даьлла дитт долучу бIогIамна тIекхечира иза. Ткъа цигахь оцунна тIе кегийрачех ворхI тIулг кхоьссира цо, хIора тIулг мосазза кхуссу АллахI воккха а веш. Цул тIаьхьа гIурба дече дIавахара иза. Цигахь шен куьйга гIурба а дира цо. Цул тIаьхьа АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), шен эмкална тIе а хиъна, хьажцIа долучухьа а вахана, цигахь делкъан ламаз дира цо» (Муслим: 1218).   

621. Хузайма ибн Сабита (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хьаж я Iумрат дечу хенахь, ша «лаббайк» баьхна ваьлча, АллахIе шена резахилар а, ялсамане а йоьхуш, доIа дора. Иштта АллахIан къинхетамца жоьжагIатах ларвар а доьхура цо» (хIара хьадис, гIийла зIе а йолуш, аш-ШафиIис: 1/307 далийна).

622. Жабира (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Аса кхуззигехь гIурба дина, ва амма Мина тогIе ерриге а ю шуна гIурба ден магийна меттиг ларош. Цундела шаьш дол-доллучохь шайн гIурба де. Кхузахь лаьттина со, амма Iарафат тогIе ерриге а ю шуна латта магийна меттиг ларош. Кхузахь а лаьттина со, амма Муздалифа тогIе ерриге а ю шуна латта магийна меттиг ларош» (Муслим: 1218).

623. Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) Макки чу гIалин лакхенгахула вогIура, ткъа ара – лахенгахула волура» (ал-Бухари: 1577, Муслим: 1258).

624. Ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина: «Макка вогIучу хенахь гуттар а, Зу ТIува олучу меттигехь буьйса яккха саца а соций, цигахь лийча а луьйчий, Iуьйранна бен ца водуьра иза гIалина чу. Кест-кеста хьаха а дора цо - пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дора и иштта олий» (ал-Бухари: 1553, Муслим: 1259).

625. IабдуллахI ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина: «Iаьржачу тIулгана барт боккхура, оцу тIе сужда а дора» (ХIара хьадис далийнарг ал-Хьаким: 1/455 ву, пайхамарера (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) ду аьлла. Ал-БайхIакъис а: 5/75 далийна, IабдуллахIера (АллахI реза хуьлда цунна) ду аьлла).

626. IабдуллахI ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина: «Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хьажошка омра дира: хьажцIенна гонаха тосуш болу дуьххьарлера кхо го – чехкачу боларехь таса, ткъа тIаьхьабогIу биъ го – шайн гуттарчу боларехь таса. Иштта (омра дира цо): шина маьIигах дехьа а шайн гуттарчу боларехь довла аьлла» (ал-Бухари: 1602, Муслим: 1264).

627. IабдуллахI ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина: «АллахIан элча (АллахIера къихетам а, маршо а хуьлда цунна) хьажцIийнах Йеменан ши са боцучу цхьана а меттигах хьакхалуш ца вайра суна» (Муслим: 1269).

628. Iумара (АллахI реза хуьлда цунна), Iаьржачу тIулганна тIе а вахана, цунна барт а баьккхина, тIаккха элира: «Бакъдолуш, суна хаа ма хаьа, хьо тIулг бен боцийла - дан я зен а доцуш, бан я пайда а боцуш. Сайна АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хьуна барт боккхуш ца гинехьара, со а хIуттур ма вацара хьуна барт баккха» (ал-Бухари: 1597, Муслим: 1270).

629. Абу ТIуфайла (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) тIаваф дечу хенахь, шен саттийна тIам болу Iаса хьажцIийнан сонах а хьакхаялийтина, цул тIаьхьа оцу Iасанна тIе барт баьккхуш гира суна» (Муслим: 1275).

630. ЙаIла ибн Умаййас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) тIаваф дира, баьццара оба а хьарчийна, аьтту белш ерзина а яьккхина» (ХIара хьадис далийнарш Ахьмад: 17273, Абу Дауд: 1883, ат-Тирмизи: 859, ибн Мажа: 2954. Оцу тIе ат-Тирмизис бакъ хьадис ду а аьлла хIара).

631. Анаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Тхох цхьа берш - чIоггIа «лаббайк» олуш бара, ткъа вуьш - чIоггIа АллахI воккхавеш бара. Ткъа оцу балхана резавоцуш (инкарло еш) цхьа а вацара» (ал-Бухари: 1659, Муслим: 1285).

632. IабдуллахI ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена) дийцина: «Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) буса Муздалиф тогIенгара гIаддайначу (зударшца а, бераш-керашца а, гIорасиз къаношца а, лазархошца а) бахийтиначарех цхьаъ вара со» (ал-Бухари: 1856, Муслим: 1293).

633. Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Совдас (АллахI реза хуьлда цунна) Муздалифехь буьйса йоккхучу хенахь АллахIан элчане (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), ша хьалххе дIаяхийта аьлла, пурба дийхира. Деза дегI долуш яра иза, вуьшта аьлча - тоелла яра. Ткъа цо бакъо елира цунна - буса дIановкъа яла» (ал-Бухари: 1680, Муслим: 1290).

634. IабдуллахI ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) шайга элира аьлла: «БIогIамна тIулгаш кхийсар доламаделаш - малх схьакхетталц» (ХIара хьадис далийнарш Ахьмад: 19778, Абу Дауд: 1940, ат-Тирмизи: 893, ибн Мажа: 3025, ан-Насаи: 5/270. Амма и дийциначеран зIен юккъехь цхьа чIуг йоцуш ю). 

635. Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) кхана гIурбанан Iийд ду аьллачу буса Умм Саламанна дIаяха пурба делира. Ткъа цо сатасале хьалха бIогIамна тIулгаш кхийсира. Цул тIаьхьа, Макка дIа а яхана, ифада тIаваф дира цо» (ХIара хьадис далийнарг Абу Дауд: 1942. Хьадис дийциначеран зIе, Муслиман бехкамашка хьаьжжина, бакъ зIе ю).

636. Iурва ибн Мударриса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «ХIокху оха Муздалифехь диначу тхан ламазехь хиллачо, тхо дIа новкъа довла дуьйладаллалц тхоьца цхьаьна латта а лаьттиначо, ткъа цул а хьалха Iарафат тогIичохь дийнахь я буса латта а лаьттиначо - кхачам боллуш хьаж а дина, цуьнан декхарш кхочуш а дина» (ХIара хьадис далйинарш Ахьмад: 15619, Абу Дауд: 1950, ат-Тирмизи: 891, ан-Насаи: 5/263, ибн Мажа: 30I6. Оцу тIе ат-Тирмизис а, ибн Хузайма а: 2820 бакъ хьадис ду аьлла а ду хIара).

637. Iумара (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Мушрик-нах малх схьакхетталц Муздалифера Мина юхацабоьрзура. Цара олуш дара: «Сабир, серлабалахьа!». Пайхамарах (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дерг дийцича, ткъа цо оцу церан Iадатна нисса дуьхьал дерг дора. Цундела иза малх схьакхетале дIавоьдура Мина» (ал-Бухари: 1684).

Тхан белхаш

Дешна девла жайнаш

© Исламан Нур - Свет Ислама 2022, Все права защищены. При копировании материалов ссылка на ресурс обязательна. Supported by 24soft