• Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Сайт тIехь лахар
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
Нохчийн Русский
 
 
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт

ХьажцIа вахар а, хьажцIа вахаран дозалла а, хьаж дан декхарийлахь берш а буьйцу дакъа

Опубликовано: 26 октября 2011

592. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Iумраташа шайна юккъехь летийначу къинойх дIацIанво. Ткъа, ала хIума доцуш, хаза дан ма-деззара, кхочуш диначу хьажна ялсамане а бен кхин бекхам бац» (ал-Бухари: 1197, Муслим: 827).

593. Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна), ша цкъа хаьттинера аьлла, дийцина: «ХIай, АллахIан элча! ЖихIад дан декхарийлахь буй зударий?». Цо жоп делира: «Бу, жихIад дан декхарийлахь бу уьш, амма тIом а боцуш долу (жихIад). Иза – хьаж а, Iумрат а ду» (ХIара хьадис далийнарш Ахьмад: 24158, ибн Мажа: 2901. Ткъа хьадисан дIаяздар тIаьххьарачуьнниг ду. ХIокху хьадисан бух иштта ал-Бухарис а балийна: 1520).

594. Жабир ибн IабдуллахIа (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина: «Цкъа цхьана Iаьрбочо, пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) волучу а веана, хаьттира: «ХIай, АллахIан элча! Дийцахьа сунна - Iумрат дар парз дуй?». Цо жоп делира: «ХIан-хIа. Делахь а, гIолехь-м хир ду хьуна Iумрат дар» (ХIара хьадис далийнарш Ахьмад: 13877, ат-Тирмизи: 931, ибн Iадий: 7/2507. Оцу хьокъехь уггаре а нийсах агIо - уьш Жабиран (АллахI реза хуьлда цунна) шен дешнаш хилар ю).

Жабира (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Хьаж дар а, Iумрат дар а парз ду» (хIара хьадис далийнарш ал-БайхIакъи: 8542, ибн Iадий: 4/1468).

595. Анаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, цкъа пайхамаре (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хаьттинера аьлла: «ХIай, АллахIан элча! ХIун маьIна ду-те - стаг Макка некъ бан таро йолуш хила веза бохучуьнан?». Цо жоп делира: «Юург а, тIехуу дийнат а хила деза цуьнан бохург ду» (ХIара хьадис далийнарг ад-ДаракъутIни: 2/216. Ткъа ал-Хьакима: 1613 бакъ хьадис ду а аьлла хIара. Амма оцу хьокъехь уггаре а нийсачу агIонна тIетевжина аьлча - хIара хьадис дарж «мурсал» долуш ду. Кхуьнах тера хьадис иштта ат-Тирмизис а: 813 далийна, ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина аьлла. Амма оцу хьадисан зIе гIийла ю).

596. IабдуллахI ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина: «Ар-Равхьаъ олучу меттахь пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дошлойн цхьана тобанна дуьхьал кхийтира. Ткъа цо хаьттира цаьрга: «Муьлш ду шу?». Цара жоп делира: «Бусалбанаш ду». Цара хаьттира: «Ткъа шу муьлш ду?». Цо жоп делира: «АллахIан элча ву». ХIета, цхьана зудчо, шен карара бер хьала а айдина, хаьттира: «Хьаж хир дуй, ткъа, кхуьнан?». Цо жоп делира: «ХIаъ, хьуна йолехь а хир ду» (Муслим: 1336).

597. IабдуллахI ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина: «Цкъа ал-Фадл ибн Iаббас АллахIан элчанна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) эмкалахь тIехьа хиъна вара. Оцу хенахь ХасIам тайпанах цхьа зуда еара тIе. Ткъа ал-Фадл хьежа хIоьттира цуьнга, иза а хIоьттира ал-Фадле хьежа. ТIаккха пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) ал-Фадлан юьхь вукху агIорхьа дIаерзийра. ТIаккха оцу зудчо хаьттира: «ХIай, АллахIан элча! АллахIа бусалба нах хьаж дан декхарийлахь бина долу парз тIедиллиначу хенахь сан да чIогIа воккха стаг вара, нуьйрахь а цасацалуш. ХIан, цунна тIера хьаж дан мегар дуй аса?». Цо жоп делира: «ХIаъ». Ткъа дийцинарг дIасакъастаран хьаж дечу хенахь нисделла дара» (хIара хьадис далийнарш ал-Бухари: 1513, Муслим: 1334, ткъа хьадисан дIаяздан ал-Бухариниг ду).

598. IабдуллахI ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина: «ЖухIайна тайпанах цхьана зудчо, пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) волучу а еана, хаьттира: «Сан нана хьаж дан аьлла нузар дина яра. Делахь а, хьаж дар а нисдалале ялар хили цуьнан. Цунна тIера хьаж дан мегар дарий аса?». Цо жоп делла: «Дара дера-кх, хьаж де ахьа цунна тIера. Хьажал хьо, хьайн нанна тIехь нехан декхар хиллехьара - дIатокхур дарий ахьа цунна тIера и? АллахIан хьакъ кхочушде, хIунда аьлча АллахIан хьакъ ма дай – массо а хьаькънел а хьалха дIатакха хьакъ дерг»» (ал-Бухари: 1852).

599. IабдуллахI ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Нагахь стага бер долучу хенахь хьаж динехь – ша гIеметта хIоьттича юха а цкъа хьаж дан декхарийлахь ву иза. Нагахь стага лоллехь волуш хьаж динехь - ша оцу лоллера мукъаваьлча юха а цкъа хьаж дан декхарийлахь ву иза» (ХIара хьадис далийнарш ибн Абу Шайба, ал-БайхIакъи. Хьадис дийцинарш теша хьакъ бу. Делахь а, динан Iилманчийн ойланаш екъаелла - уьш шен пайхамаран (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дешнаш хиларан я цахиларан хьокъехь. Оцу хьокъехь уггаре а нийсах дерг - уьш шен IабдуллахIан (АллахI реза хуьлда цунна) дешнаш ду бохург ду).

600. Ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина, (цкъа) пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) олуш хезна шена аьлла: «ХIуъа хилча а, стаг (хийрачу) зудчуьнца ша ма вуьссийла - нагахь цуьнца цхьаьна цуьнан юххера гергараниг (махьрам) вацахь. Зуда новкъа а ма йолийла - шеца цхьаьна шен юххера гергараниг (махьрам) а воцуш!». (И аьлларг хезначу) цхьана стага элира (цуьнга): «ХIай, АллахIан элча! Сан зуда хьаж дан (кечлуш ю), ткъа со хIоккху-эцца гIазотехь (дакъалаца эскарна юккъе) дIаязвина ву». (Оцу хьокъехь пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)) элира: «ДIавало, хьайн зудчуьнца цхьаьна хьаж де»» (Бухари: 1862, Муслим: 1341, ткъа хьадисан дIаяздар тIаьххьарачуьнниг ду).

601. IабдуллахI ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина: «Пайхамарна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) цхьана стага олуш хезира: «ХIан, Хьуна хьалха ву-кха со Шубруман цIарах!». Цо хаьттира: «Ткъа, Шубрума мила ву?». Оцу стага жоп делира: «Сан ваша ву». Я иштта элира цо: «Сан гергара стаг ву». ТIаккха пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хаьттира: «Хьайна тIера дина вуй хьо хьаж?». Стага жоп делира: «Вац». ТIакха элира цо: «ХIета, цкъа хьалха хьайна тIера даккха хьаж, ткъа цул тIаьхьа де Шубрумана тIера а» (ХIара хьадис далийнарш Абу Дауд: 1811, ибн Мажа: 2903. Ткъа ибн Хьиббана: 962 бакъ хьадис ду аьлла хIара. Амма имам Ахьмад - и дешнаш шен IабдуллахIан (АллахI реза хуьлда цунна) дешнаш ду бохучу жамIе кхаьчна).

602. IабдуллахI ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина: «Цхьана хутIбанахь АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира: «АллахIа, парз а дина, хьажцIа дахар тIедиллина шуна». Ткъа циггахь, хьала а гIаьттина, ал-АкъраI ибн Хьабиса хаьттина: «ХIай, АллахIан элча! ХIора шарчохь дан дезаш дуй тхо иза?». Цо жоп делла: «Аса, (хIора шарахь) дан дезаш ду аьлла, тIечIагIдеш жоп делча - парз а хила, тIедужур ма дара и шуна. Хьаж - дахарехь цкъа дан дезаш ду, ткъа цул сов а даьхна аша дина хьажаллаш – шайн лаамехь тIедина (Iибадатан новкъа) лорур ду» (ХIара хьадис далийнарш Ахьмад: 2510, Абу Дауд: 1721, ан-Насаи: 2573, ибн Мажа: 2886. Цуьнан бух Муслима а: 1337 балийна, Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина аьлла).

Тхан белхаш

Дешна девла жайнаш

© Исламан Нур - Свет Ислама 2022, Все права защищены. При копировании материалов ссылка на ресурс обязательна. Supported by 24soft