• Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Сайт тIехь лахар
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
Нохчийн Русский
 
 
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт

Маьждигехь иIтикаф дар дуьйцу дакъа

Опубликовано: 02 ноября 2011

582. Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Рамадан беттан тIаьххьара итт де, маьждигера ара а ца волуш, (иIтикафехь) доккхура пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна). Сийлахь-Везачу АллахIа шена Iожалла яллалц (иштта и деш вара иза), ткъа цул тIаьхьа цуьнан зударша а дора иIтикаф» (Бухари: 2026, Муслим: 1172).

584. Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), шен иIтикаф дан ойла хилча - Iуьйра ламаз а дой, цул тIаьхьа воьдура ша иIтикаф ден йолучу меттигна чу» (ал-Бухари: 2033, Муслим: 173).

585. Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) (маьждигна чохь иIтикаф деш а волуш) шен корта со йолучехьа чу къадабора, ткъа аса ехк хьокхура цуьнан коьртах. Ша иIтикаф дан волавелча - цаваьллачу хьаштана а бен цIа а ца вогIура иза» (ХIара хьадис далийнарш ал-Бухари: 2029, Муслим: 297. Ткъа хьадисан дIаяздар ал-Бухариниг ду).

586. Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «ИIтикаф дечу хенахь суннатехь мегаш дац – цомгушчуьнга хьажа вахар, тезетахь хилар, зудчух дIахьакхавалар а я иза хьестар а, цаваьлча йиш йоцучу башхачу хьаштана а бен маьждигера арацавалар. Марха хилча а бен, иштта (жамIатехь ламаз дан) цхьаьнакхетачу маьждигехь дича а бен иIтикаф дац» (ХIара хьадис, зIе кхин башха вон йоцуш а, Абу Дауда: 2473 далийна. Делахь а, динан Iилманчаша хьадис юкъахдаьлла ду аьлла).

587. Ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «ИIтикаф дийриг марха кхаба декхарийлахь вац, нагахь цо ша-шена тIелаьцна дацахь» (ХIара хьадис далийнарш ад-ДаракъутIни: 2/199, ал-Хьаким: 1603. Делахь а, хIокху хьадисан хьокъехь хетачех уггаре а нийсах долучунна тIетевжича - и дешнаш шен ибн Iаббасан (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дешнаш ду). 

588. Ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина: «Пайхамаран (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) масех асхьабна гIенах гинера - лайлатул-къадр буьйса рамадан беттан тIаьххьарачу ворхI буьйсанах цхьаъ ю аьлла. ХIета, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «Шун гIенаш тIаьххьарачу ворхI буйсанехь цхьаьнадаьхкина го суна. И буьйса каро гIерташ верг милла а велахь а - тIаьххьарачу ворхI буьсанна чохь лоьхийла цо и» (ал-Бухари: 2015, Муслим: 1165).

589. МуIавийа ибн Абу Суфйана (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина: «Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира: «Лайлатул-къадр буьйса – ткъе ворхIалгIаниг ю» (ХIара хьадис далийнарг Абу Дауд: 1386. Делахь а, оцу хьадисан хьокъехь хетачех уггаре а нийсах долучунна тIетевжича - и дешнаш шен МуIавин (АллахI реза хуьлда цунна) дешнаш ду).

Оцу хьокъехь шовзткъа гергга хетарг ду, ткъа и хетарш аса, цхьаьна а тоьхна, схьадалийна сайн «Фатхь ал-Бари» («Кхоьллиначуьнгара хаам») цIе йолучу жайнахь.

590. Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Аса цкъа хаьттира: «ХIай, АллахIан элча! ХIун аьлла хета хьуна: суна лайлатул-къадр буьйса муьлхарг ю хаар нисделча, хIун ала деза аса оцу буса?». Цо жоп делла: «Ала: «Я, АллахI! Гечдеш ву-кха Хьо! Гечдар дезаш ву-кха Хьо! Гечдехьа суна!» («АллахIумма иннака Iафуввун тухьиббул Iафва фаIфу Iанни»)» (ХIара хьадис далийнарш Ахьмад: 2421, ат-Тирмизи: 3531, ан-Насаис: 7712, ибн Мажа: 3850. Оцу тIе ат-Тирмизис а, ал-Хьакима а: I942 бакъ хьадис ду а аьлла хIара).

591. Абу СаIийд ал-Худрис (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Дийнаташ дIадожа мегаш дац - кхаа маьждиге вахан новкъа волуш а бен: дихкиначу маьждиге, сан маьждиге, ал-Акъса маьждиге» (ал-Бухари: 1197, Муслим: 827).

Тхан белхаш

Дешна девла жайнаш

© Исламан Нур - Свет Ислама 2022, Все права защищены. При копировании материалов ссылка на ресурс обязательна. Supported by 24soft