565.
Абу Къатада ал-Ансарис (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элчане (АллахIера къинхетам а,
маршо а хуьлда цунна) хаьттира: «Iарафат дийнахь марха кхабарах дерг
алахьа». Ткъа цо жоп делира: «ДIадахначу шеран а, тIедогIучу шеран а
къинойх цIанво цо». Цуьнга хаьттира: «Iашураъ дийнахь марха кхабарах
дерг алахьа». Ткъа цо жоп делира: «ДIадахначу шеран къинойх цIанво цо». Цуьнга
хаьттира: «Оршотан дийнахь марха кхабарах дерг дийцахьа». Ткъа цо жоп
делира: «Иза – со вина де а ду, суна тIе пайхамараллин кост диллина де а ду,
соьга Делера хаам боьссина де а ду»» (Муслим: 1162).
566.
Абу Аййуб ал-Ансарис (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера
къинхетам а, маршо ахуьлда цунна) элира
аьлла: «Рамадан беттан марханаш а кхаьбна, цул тIаьхьа оцарна тIе Шаввал беттан ялх (де) кхаьбначу (стеган
марханаш) - абаделлац марханаш кхаьбча санна ду» (Муслим: 11624).
567. Абу СаIийда
(АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а,
маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «АллахIан
новкъахь (жихIадехь) цхьана дийнахь марха кхаьбна волучу муьлххачу а лайн юьхь
- и де бахьанехь АллахIа, билггал, жоьжагIатин цIарна гена йоккхур ю кхузткъе
итт шеран (некъан бохалла)» (Бухари: 2840, Муслим: 1153. Ткъа хьадисан дIаяздар
тIаьххьарачуьнниг ду).
568. Iайшата
(АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Цкъацкъа
АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) сел кест-кеста
марханаш кхобура, оха ала а олуш: «Ванах, цо-м даста а ма ца досту!». Ткъа
цкъацкъа, марха а доцуш, сел дукха денош догIура цуьнан, оха ала а олуш: «Ванах,
марханаш ма ца кхобу цо!». Суна цкъа а гина ма дац - АллахIан элчано
(АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), рамадан бутт боцург, кхин цхьа а
бутт буьззина кхобуш. Оцу кеппара суна цкъа а гина ма дац - цо шаIбан
баттахьчул а дукха марханаш кхобуш» (ХIара хьадис далийнарш ал-Бухари:
1969, Муслим: 1156. Ткъа хьадисан дIаяздар тIаьххьарачуьнниг ду).
569.
Абу Зарра (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера
къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хIора баттахь кхаа дийнахь марханаш кхаба
аьлла, омра дина тхоьга: кхойтталгIачохь а, дейтталгIачохь а, пхийтталгIачохь
а» (ХIара хьадис далийнарш ан-Насаи: 4/222, ат-Тирмизи: 761. Ткъа ибн
Хьиббана: 3647 бакъ хьадис ду аьлла хIара).
570.
Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера
къинхетам а, маршо а хулда цунна) элира аьлла: «Зудчунна, цIахь шен майра а
волуш, марха кхаба мегаш дац - цуьнан пурбанца а бен» (ХIара хьадис
далийнарш ал-Бухари: 5195, Муслим: 1026. Ткъа хьадисан дIаяздар ал-Бухариниг
ду).
Абу Даудан ривайатехь оцу
тIе аьлла: «…цхьана рамадан беттан марханаш доцурш» (Абу Дауд: 2457).
571.
Абу СаIид ал-Худрис (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера
къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) шарчохь шина дийнахь марха кхабар дихкира:
марханаш къобал дечу дийнахь а, гIурба дечу дийнахь а» (ал-Бухари: 1197,
Муслим: 827).
572.
Нубайша ал-ХIузалис (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера
къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Ташрикъ денош – юу а, молу
а, Сийлахь-Воккха, доллучунна ницкъ болу АллахI хьехон а денош ду» (Муслим:
1141).
573.
Iайшата а, ибн Iумара а (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина: «Ташрикъ
деношкахь марха кхабан бакъо луш яцара - гIурба дан йиш йоцучунна а бен» (ал-Бухари:
1859).
574. Абу ХIурайрас (АллахI
реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда
цунна) элира аьлла: «Ламазаш дан
кхинйолучу буьйсанашна юккъера пIерасканан буьйса а ма къастае, марха кхабан
кхиндолучу деношна юккъера пIерасканан де а ма къастаде, нагахь шух муьлххачу а
цхьаьннан гуттар (Iадатехь) кхобу марха пIерасканан дийнахь ца нисделлехь» (Муслим: 1144).
575. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина,
АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Шух цхьаммо хIуъа а хилча а пIерасканан дийнахь марха
ма кхобийла, нагахь цул хьалхара (еарин) де а я цунна тIаьхьадогIу (шоьтан) де
(а кхаба дагахь вацахь)» (Бухари:
1985, Муслим: 1144).
576. Абу ХIурайрас
(АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а,
маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «ШаIбан бутт юккъе баьлча - марханаш ма
кхаба» (ХIара хьадис далийнарш Ахьмад: 9333, Абу Дауд: 2337, ат-Тирмизи:
738, ан-Насаи: 2/172, ибн Мажа: 1651. Делахь а, Ахьмада, тIеэца йиш йоцуш ду,
аьлла цуьнан хьокъехь).
577.
Ас-саммаъ бинт Бусра (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а,
маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Шоьтан деношкахь марханаш ма кхобийла
аша - парз дина тIедиллина доцурш. Нагахь шайна кемсийн чкъор я диттан га бен
ца карадахь а - бен а дац шуна, и Iевшина а Iовшийла аша» (ХIара хьадис
далийнарш Ахьмад: 25828, Абу Дауд: 2421, ат-Тирмизи: 744, ан-Насаи: 2/143, ибн
Мажа: 1726. Ткъа хьадис дийцинарш теша хьакъ бу. Делахь а, хьадис дийциначеран
зIенна юккъехь кегарий бу. Цундела Малика, тIеэца йиш йоцуш ду, аьлла хIара
хьадис. Иштта доллушехь а, Абу Дауда дIадаьккхина (кхечу хьадисо хийцина) ду
аьлла).
578.
Умму Салама (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера
къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) шоьтан деношкахь а, кIиранан деношкахь а кест-кеста
марханаш кхобура. Цо олура: «Деланихойн (мушрик нехан) деза денош ду уьш,
ткъа суна царех къаьсташ хуьлийла лаьа» (ХIара хьадис далийнарг ан-Насаи:
2/146. Ткъа ибн Хузайма бакъ хьадис ду аьлла хIара. Хьадисан дIаяздар а ду
цуьнниг).
579.
Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) Iарафат
дийнахь Iарафатан тогIийчохь марха
кхабар дихкира» (ХIара хьадис далийнарш Ахьмад: 1773, Абу Дауд: 2440,
ан-Насаи: 3/252, ибн Мажа: 1732. Ткъа ибн Хузайма а: 2101, ал-Хьакима а: 1587
бакъ хьадис ду аьлла хIара. ХIетте а, ал-Iукъайла: 1/298 тIеэца йиш йолуш
хьадис дац аьлла хIара).
580. IабдуллахI
ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина, АллахIан элчано
(АллахIера къинхетам а, маршо ахуьлда
цунна) элира аьлла: «Дерриге а дахарехь марханаш кхаьбначо - цкъа а марханаш
кхаьбна дац» (ал-Бухари: 1977, Муслим: 1159).
Муслима далийначу цуьнах терачу хьадесехь Абу Къатада (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «…цо цкъа а я марха кхаьбна а дац, я даьстина а дац» (Муслим: 1162).