• Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Сайт тIехь лахар
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
Нохчийн Русский
 
 
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт

Марха

Опубликовано: 14 ноября 2011

539. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Шух цхьаммо а Рамадан (бутт) тIекхачале хьалхара цхьа де я ши де марханаш ма кхобийла, нагахь стаг ша гуттар а кхобучу марханийн раж ларъеш вогIуш вацахь. Ишттачу хьолехь мегаш ду и денош кхабан» (Бухари: 1914, Муслим: 1082).

540. Iаммар ибн Ясира (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина: «Рамадан бутт болабаларах шеконехь а волуш марха кхаьбнарг - Абу ал-Къасимна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) Iеса хилла ву» (ХIара хьадис далийнарг ал-Бухари: 4/119. Амма хьадис дийциначеран зIе юкъах а юьтуш, далийна цо хIара. Амма Ахьмада а: 8919, Абу Дауда а: 2334, ат-Тирмизис а: 686, ан-Насаис а: 2189, ибн Мажас а 1645, дийциначеран зIе а юьйцуш, далийна хIара. Ткъа ибн Хузайма а: 1914, ибн Хьиббана а: 3577 бакъ «сахьихь» хьадис ду аьлла хIара).

541. Ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Марханаш кхаба ма дуьйлало - шайна цIена бутт галлалц, даста а ма даста - шайна юха а и галлалц» (ал-Бухари: 1900, 1907, Муслим: 1080).

Муслиман ривайатехь иштта аьлла: «Нагахь мархаш хилахь - хIета, ткъе итт де дIалара».

Бухарин кхечу ривайатехь дийцина: «…хьалхарачу беттан ткъе итт де дIалара».

Оццо далийна кхин цхьа ривайат, Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) элира аьлла: «Марханаш кхаба дIадуьйлало - шайна цIена бутт гича, даста а даста - юха а шайна и гича. Нагахь и (бутт) мархашна тIехьа  къайлабаьлла хилахь - шаIбан беттан ткъе итт де дIалара» (ал-Бухари: 1909).

542. Ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина: «Нах шайн ма-хуьллу цIена бутт ган гIиртира. Ткъа аса пайхамаре (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хаам бира - сайна и гина аьлла. ХIета, ша а долийра цо марханаш кхаба, нахе омра а дира цо - марханаш кхаба доладе аьлла» (ХIара хьадис далйинарш Абу Дауд: 2342, ал-Хьаким: 1541. Ткъа ибн Хьиббана: 3437 бакъ хькадис ду аьлла хIара).

543. Ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Цхьана Iаьрбочо, пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) волучу а веана, цIена бутт гина шена аьлла, хаам бира. Цо хаьттира цуьнга: «АллахI воцург кхин дела цахилар тоьшалла дина вуй хьо?». Iаьрбочо жоп делира: «Ву». Цо хаьттира: «Мухьаммад АллахIан элча хилар тоьшалла дина вуй хьо?». Iаьрбочо жоп делира: «Ву». ТIаккха элира цо: «Во, Билал! Кхана дуьйнна марханаш кхаба доладе алий, омра де ахьа нахе»» (ХIара хьадис далийнарш Ахьмад: 188, Абу Дауд: 2340, ат-Тирмизи: 691, ан-Насаи: 2112, ибн Мажа: 1652. Ткъа ибн Хьузайма а: 1923, ибн Хьиббана а: 3445 бакъ хьадис ду аьлла хIара. Ан-Насаэх дерг аьлча, ткъа цо-м хIара хьадис «мурсал» лерина).

544. Муъма нехан нанас Хьафсата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Нагахь стага сатасале хьалха шен дагчохь марха кхаба ойла (негат) хилар чIагI ца динехь - цуьнниг марха дац» (ХIара хьадис далийнарш Ахьмад: 25252, Абу Дауд: 2454, ат-Тирмизи: 730, ан-Насаи: 2331, ибн Мажа: 1700. Амма ат-Тирмизис а, ан-Насаис а: 1923, хаьдда (асхьабна тIехь сецна) ду боху агIо толийна. Ткъа ибн Хузайма а: 1933, ибн Хьиббана а хIокху хьадисан бакъ ривайат дийцина, пайхамаран (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) цIарах дийцина а долуш).

Ад-ДаракъутIнин ривайатехь аьлла: «Нагахь стага сатасале хьалха шен дагчохь марха кхаба ойла (негат) хилар чIагI ца динехь - цуьнан марха къобалдеш дац» (ад-ДаракъутIни: 2/172).

454. Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Цкъа цхьана дийнахь, со йолучу чу а веана, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хаьттира: «Кхалла хIуммаъ юй шуьгахь?». Оха жоп делира: «ХIан-хIа». Цо элира: «ХIета, марха кхобу аса». Цул тIаьхьа цхьа хан яьлча, кхечу дийнахь, юха а веара иза тхо долучу чу. ХIета, оха элира: «Жимма хьайс (1) еана вайна». Цо элира: «Iуьйррехь дуьйна марха долуш ву со. Делахь а, схьагайтахьа суна и». ХIетте а, жимма хьайсах кхийтира иза» (Муслим: 1154).

(1) Хьайс – хурма а, кIалд а, даьтта а вовшах а тухий, хьакха а дой, кечбеш кхача бу.

546. СахIл ибн СаIда (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Нах хаддаза диканехь бехар бу - марха дастарна сихо еш мел бу» (ал-Бухари: 1957, Муслим: 1098).

547. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Доллучунна ницкъ кхочуш а, Сийлахь-Воккха а волучу АллахIа аьлла: «Суна уггаре а дукхаха безаш болу Сан лайш - марха дастарна сихо йийраш бу»» (ат-Тирмизи: 700).

548. Анас ибн Малика (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Сатасале хьалха Iуьйкъе е, хIунда аьлча Iуьйкъе ярехь – беркат ду» (ал-Бухари: 1923, Муслим: 1095).

549. Салман ибн Iамир ад-Диббийс (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Шух муьлххачу а цхьаммо марха достучу хенахь – якъийначу хурманашна тIехь достуьйла. Нагахь шена уьш ца караяхь - хина тIехь достуьйла, хIунда аьлча иза – цIена а, цIанвеш а ду» (ХIара хьадис далийнарш Ахьмад: 15637, Абу Дауд: 2355, ат-Тирмизи: 658, ан-Насаи: 2/254, ибн Мажа: 1699. Ткъа ибн Хузайма а: 3/278, ибн Хьиббана а: 3514, ал-Хьакима а: 1575 бакъ «сахьихь» ду аьлла хIара).

550. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), (сарахь а цхьаьна даста а ца достуш) хаддаза марханаш кхабар дихкира. ТIаккха бусалба нахах цхьана стага хаьттира: «ХIай, АллахIан элча! Айхьа-м ма кхобу ахьа хаддаза марханаш?». Жоп луш элира цо: «Ткъа соьх тера мила ву шух?! Боккъалаъ, сан Дала буьйсанца хIума а яайо суна, хи а маладо суна!». ХIетте а, царех цхьаберш буьйсанца марха ца достуш, хаддаза марханаш кхобучуьра ца севцира. ТIаккха иза а велира юучунна тIекховдарах юха - дуьххьара цхьана дийнахь, цул тIаьхьа кхин а цхьана дийнахь а. Ткъа кхоалгIачу дийнахь цIена бутт гира царна. ТIаккха элира (АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)): «Бутт схьацакхеташ кхин а тIаьхьа биссинехьара а - оцу кеппара кхиндIа а марханаш кхаба аьлла, омра дийр ма дара аса шуьга». Иза царна таIзаран метта деш дара цо - уьш шена муьтIахь ца хиллан дела (ал-Бухари: 1965, Муслим: 1103).

551. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Нагахь стаг аьшпаш боттар а, муьлхха а ша лелориг харцонца лелор а дуьтуш вацахь - АллахIна а дац оьшуш цо яар а, малар а дитар» (ХIара хьадис далийнарш ал-Бухари: 6057, Абу Дауд: 2362. Ткъа хьадисан дIаяздар тIаьххьарачуьнниг ду).

552. Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Марха долучу хенахь пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) шен зударшна барт а боккхура, хьаста а хьостура. Амма шух муьлххачул а дикоха шен (лаамийн дола) Iуналла далуш вара иза» (ХIара хьадис далийнарш ал-Бухари: 1927, Муслим: 1106. Ткъа хьадисан дIаяздар тIаьххьарачуьнниг ду).

Муслиман цхьана кхечу ривайатехь хIокху кепара аьлла а ду: «Рамадан баттахь марха а долуш…».

553. Ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина: «Пайхамарна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) цIий даьккхира - иза ихьрамехь волучу хенахь а, цуьнан марха долучу хенахь а» (ал-Бухари: 1938).

554. Шаддад ибн Авса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Ал-БакъиIе вахана пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) Рамадан баттахь, цIий доккхуьйтуш волучу стагана тIехволуш, цо аьлла: «ЦIий доккхучуьнан а, цIий доккхуьйтучуьнан а доьхна марха»» (ХIара хьадис далийнарг Ахьмад: 16489, Абу Дауд: 2369, ан-Насаи: 3144, ибн Мажа: 1681. Оцу тIе, Ахьмада а, ибн Хузайма а: 1964, ибн Хьиббана а: 3533 бакъ хьадис ду а аьлла хIара).

555. Анас ибн Малика (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Марха долучунна цIий даккхийтар дуьххьара дика лоруш дацара. Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), багахь марха а долуш, ша цIий доккхуьйтуш воллучу ЖаIпар ибн Абу ТIалибна тIех волучу хенахь, элира: «Оцу шиммо а тхаьшшинан марха дохийна». Делахь а, цул тIаьхьа пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) багахь марха долучунна цIий даккхийтар магийра. Цундела Анаса, багахь марха а долуш, цIий доккхуьйтура шена» (ХIара хьадис далийнарг ад-ДаракъутIни: 2/182. Оццо чIогIа хьадис ду а аьлла хIара).

556. Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) рамадан баттахь, багахь марха а долуш, сурьма хьаькхира» (хIара хьадис далийнарг ибн Мажа: 1678).

557. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Нагахь (цхьамма, багахь марха а долуш) вицвалар бахьанехь (цхьа хIума) яахь я малахь - шен марха кхиндIа дуьззина дIакхобийла цо, хIунда аьлча, боккъалаъ, цунна яийнарг а, цунна малийнарг а АллахI ву» (Бухари: 1933, Муслим: 1155).

Ал-Хьакиман ривайатехь аьлла: «Нагахь стага вицваларна рамадан беттан марха дохадахь - иза дехкрийлахь вац я и меттахIоттон а (доькхуш кхаба а), я капарат даккха а» (ал-Хьаким: 1569. Бусалба нехан динан Iилманчаша бакъ хьадис ду аьлла хIара).

558. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Нагахь стаг шен лаамаза Iеттийнехь - иза декхарийлахь вац и марха меттахIоттон (доькхуш кхаба). Нагахь стага шен лаамехь ша-ша Iеттавайтинехь - иза декхарийлахь ву и марха меттахIоттон (доькхуш кхаба)» (ХIара хьадис далийнарш Ахьмад: 10058, Абу Дауд: 2380, ат-Тирмизи: 720, ан-Насаи: 2/215, ибн Мажа: 1676. Оцу тIе Ахьмада хIара хьадис къайладина сакхташ долуш лерина. Делахь а, ад-ДаракъутIнис: 2/184 чIогIа хьадис ду аьлла хIара).

559. Жабир ибн IабдуллахIа (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина: «Макка яьккхинчу шарахь АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) рамадан баттахь новкъа велира. Цо марханаш кхебира КураI ал-ГIамим олучу меттиге кхаччалц. Цуьнца цхьаьна нах а бара марханаш кхобуш. Цул тIаьхьа, схьая шена хи чохь куршка аьлла, омра а дина, (схьаеана куршка) шен коьртана тIехула хьала а аййина, ткъа нах цуьнга хьежа хIиттиначу хенахь, дIамелира цо и. Цхьа хан яьлча, цуьнга элира - цхьаберш хIинца а марханаш кхобуш бу аьлла. ХIета, жоп луш цо элира: «Iеса нах бу уьш! Iеса нах бу уьш!»» (Муслим: 1114).

Цо далийначу цхьана кхечу ривайатехь дийцина: «АллахIан элчане (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дIадовзийтира: «Нахана чIогIа дазделла марханаш кхабаран гIуллакх. Цундела ахьа дечуьнга ладоьгIна (хьоьгара бакъоне хьоьжуш) Iаш бу-кха уьш». ТIаккха, малхбузан ламаз диначул тIаьхьа, хи чохь куршка схьая шена аьлла, омра а дина, дIамелира цо и».

560. Хьамзат ибн Iамр ал-Асламис (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Аса цкъа хаьттира: «ХIай, АллахIан элча! Новкъахь марха кхаба а ницкъ го суна сайгахь. Къилахь-м хир дац и суна?». АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) жоп делира: «Иза – АллахIа елла бакъо ю, ткъа оцу бакъонах пайда оьцуш волучо дийриг - диканиг ду. Амма нагахь марха кхаба луург велахь - цо дийриг а дац къилахь лоруш» (ХIара хьадис далийнарг Муслим: 1841. Оццу хиламан бухан хьокъехь иштта цо а, ал-Бухарис а: 1121 далийна, Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина аьлла).

56I. Ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина: «Къеначу стагана магийна дара марха ца кхаба. И юкъахдитинарг доькхуш кхабар а дацара цунна тIедиллина. Амма дина омра дара - хIора юкъахдиссиначу мархина тIера цхьацца къен стаг вузаве аьлла» (ХIара хьадис далийнарш ад-ДаракъутIни: 2/205, ал-Хьаким: 1607. Цаьршимма шиммо а бакъ хьадис ду а аьлла хIара).

562. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Цкъа цхьана стага, пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) волучу а веана, элира: «ХIай, АллахIан элча! ХIаллакьхили-кха со!». Цо хаьттира: «Сте вина хьо хIаллак?». Стага жоп делира: «Рамадан баттахь, марха а долуш, сайн зудчуьнца меттахь гIуллакх деана сан». Цо хаьттира: «Цхьа стаг лоллера паргIатваккхалур вуй хьоьга?». Стага жоп делира: «ХIан-хIа». Цо хаьттира: «ТIекIел ши бутт марханаш кхабалур дуй хьоьга?». Стага жоп делира: «ХIан-хIа». Цо юха а хаьттира: «Кхузткъе итт къен стаг вузавалур вуй хьоьга?». Цо юха а жоп делира: «ХIан-хIа». Цул тIаьхьа охьахиира иза. Ткъа цхьа хан яьлча пайхамарна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хурманаш чохь доккха тускар деара. ХIета, элира цо: «ДIаэца хIара, сагIина дIаекъа хIорш». Стага элира: «Сайл а къечунна яла езаш юй аса хIорш? Шина ломанна юккъехь ма бац сайчул а къен доьзал». Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), пхьарцергаш гучу а йовлуш, вела а къежна, тIаккха элира: «ДIавало хьайна, хьайн доьзална яае уьш» (ХIара хьадис далийнарш ал-Бухари: 1936, Муслим: 1111, Ахьмад: 6989, Абу Дауд: 2390, ат-Тирмизи: 724, ан-Насаи: 2/212, ибн Мажа: 1671. Ткъа хьадисан дIаяздар Муслимниг ду). 

563. Iайшата а, Умм Салама а (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина: «Пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) шен зударшца (меттахь) деъначу гIуллакхна лийчар тIедоьжна а волуш, Iуьйренга волура. Цул тIаьхьа, лийча а луьйчий, кхиндIа шен марха дIакхобура цо» (хIара хьадис далийнарш ал-Бухари: 1925, Муслим: 1109).

Ткъа Муслима далийначу ривайатехь Умм Салама (АллахI реза хуьлда цунна) иштта элира: «… я и шен марха доькхуш а ца кхобура цо».

564. Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Кхаба дезаш марха а долуш, веллачунна тIера марха цуьнан гергарачо кхаба деза» (Бухари: 1965, Муслим: 1147).

Тхан белхаш

Дешна девла жайнаш

© Исламан Нур - Свет Ислама 2022, Все права защищены. При копировании материалов ссылка на ресурс обязательна. Supported by 24soft