• Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Сайт тIехь лахар
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
Нохчийн Русский
 
 
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт

Шен лаамехь луш долу сагIанаш

Опубликовано: 03 декабря 2011

520. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «ВорхI адам ду АллахIа, Шениг бен IиндагI доцучу дийнахь, Шен IиндагIехь латтор долуш: нийса имам; АллахIна гIуллакх деш кхиъна волу жима стаг;  маьждигашка марзо йолу стаг; АллахIан дуьхьа вовшийн дезна ши адам, оцу тIехь цхьаьна а детталуш, оцу тIехь къаста а къаьстина долу; цIеяхханачарех а йолуш, хазачу зудчо шега дIакхайкхича - цо бохург а ца деш, хIара аьлла волу стаг: «АллахIах кхоьру со!»; шен аьтту куьйго делларг аьрру куьйгана а хуур доцучу кепара хьул а дина, сагIина хIума делла волу стаг;  ша а ваьлла, АллахI хьехош, бIаьргех хиш дийлина волу стаг» (ал-Бухари: 660, Муслим: 1031).

521. Iукъба ибн Iамира (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «ХIора адам шен сагIин IиндагIна кIеллахь хир ду - нахана юккъехь кхиэл йина яллалц» (ХIара хьадис далийнарш ибн Хьиббан: 3310, ал-Хьаким: 1517).

522. Абу СаIид ал-Худрис (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо  а хуьлда цунна) элира аьлла: «Нагахь муьлххачу а цхьана бусалбано тIедуха хIума доцуш волучу кхечу бусалбанна тIе хIума дохахь - АллахIа цунна тIе а духур ду ялсаманин баьццара духарш. Нагахь муьлххачу а бусалбано меца бусалба вузавахь - АллахIа иза а вузор ву ялсаманин стоьмех. Нагахь муьлххачу а цхьана бусалбано хьогахчу бусалбанна хи маладахь - АллахIа цунна а малор ду, мухIар а тоьхна, дIакъевлина долу ялсаманин чагIар» (хIара хьадис, гIийла зIе а йолуш, Абу Дауда далийна: 1682).

523. Хьаким ибн Хьизама (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «ТIехулара куьг гIолехь ду бухарачу куьйгал а. Айхьа кхобуш, хьайн Iуналлехь болучарна тIера дIаволало хьалха. Дикаха сагIа - вехаш волучу стага доккхуш дерг ду. СагIа дехарах ларвеллачунна АллахIа гIо дийр ду оьздда, (ехарах) ларлуш чеккхвала. АллахIа шена деллачух, тоам а бина, реза хилларг - АллахIа хьал долуш вийр ву» (ХIара хьадис далийнарш ал-Бухари: 1427, Муслим: 1034. Ткъа хьадисан дIаяздар ал-Бухариниг ду). 

524. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элчане (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хаьттира: «ХIай, АллахIан элча! Уггаре а дезаха сагIа муьлхарг ду?». Цо жоп делира: «Аьтто боцучо луш долу сагIа ду. Делахь а, айхьа кхобуш, хьайн Iуналлехь болучарна тIера дIаволало хьалха» (ХIара хьадис далийнарш Ахьмад: 8348, Абу Дауд: 1677. Ткъа ибн Хузайма а: 2444, ибн Хьиббан а: 3346, ал-Хьакима а: 1509 бакъ хьадис ду аьлла хIара). 

525. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «СагIанаш даха!». Цхьана стага элира цуьнга: «ХIай, АллахIан элча! Соьгахь цхьа динар ду». Цо элира: «Хьайн гIуллакхна хьажаде и». Оцу стага элира: «Кхин а цхьаъ ду соьгахь». Цо элира: «Хьайн доьзалхочунна хьажаде и». Оцу стага элира: «Кхин а цхьаъ ду соьгахь». Цо элира: «Хьайн ялхочунна хьажаде и». Оцу стага элира: «Кхин а цхьаъ ду соьгахь». Цо элира: «Цуьнах дан дезарг хьуна хьайнна дикаха хаьа» (ХIара хьадис далийнарш Абу Дауд: 1691, ан-Насаи: 2535. Ткъа ибн Хьиббана а: 4235, ал-Хьакима а: 1514 бакъ хьадис ду аьлла хIара). 

526. Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Нагахь зудчо, кхоамаза а доцуш, шен хIусамехь йолучух яахIума сагIина лахь - цунна ша дIаделлачу сагIина дуьхьал ял хир ю. Цуьнан майрачунна а хир ю ял - болх а бина, цо и даккхарна. Оццул ял чIоьнхочунна (ялхочунна) а хир ю - чIоьн-цIийнах жоьпаллехь волучу. Царех цхьанненна а кхочун йолу ял оьшур а яц - вукхарна цуьнах ял кхочуш яра аьлла» (хIара хьадис далийнарш ал-Бухари: 1425, Муслим: 1024). 

527. Абу СаIид ал-Худрис (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Ибн МасIудан зудчо Зайнаба, (пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)) волучу а еана, элира: «ХIай, АллахIан элча! СагIанаш даха аьлла, омра дира ахьа тахана. Сан сайн долахь хаздергаш ю, ткъа уьш оьшучарна сагIина дIаяла сацам хиллера сан. Амма ибн МасIуда боху: ша а, шен бераш а ахьа сагIа дала массарел а хьалхара ду». Цо аьлларг хезначу пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира: «Бакъ луьйш ву ибн МасIуд, хIунда аьлча хьан майра а, хьан бераш а хьалхара ду ахьа сагIа лучу массарел а!» (ал-Бухари: 1462). 

528. Ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Цхьаболу нах кхечу нахе хаддаза йоьхучуьра ца совцуш хир бу - къематде деъначу хенахь церан яххьашна тIехь йиссина дилханах цIинцIолаг а хир яц» (хIара хьадис далийнарш ал-Бухари: 1474, Муслим: 1040). 

529. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Шен хьал-бахам гулбалийтархьамма нахера церан бахамаш боьхуш лелачо боьхуш берг – богуш кIора бу. Ткъа хIинца дуьйнна шена лаахь - (нахе сагIанаш) дехар кIеззиг де, шена лаахь - дуккха де!» (Муслим: 1041). 

530. Аз-Зубайр ибн ал-Iаввама (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Боккъалаъ, шух муьлххачунна а, шен чуханаш схьа а эцна, шен букъана тIехь дечиган цIов а беана, и дIа а боьхкина, оцу бахьаница шен сий лардар гIолехь ма ду - нахе йоьхучул а, цара лур ю а, лур яц а ца хууш» (Бухари: 1471). 

531. Самура ибн Жундуба (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо  ахуьлда цунна) элира аьлла: «СагIа дехар - кховрах тера ду, адамин юьхь эрчайоккхуш долучу: нагахь стага иза шен урхалче доьхуш дацахь, я гIоцадехча ца волуш, халачу хьолехь а нисвелла, доьхуш дацахь» (ХIара хьадис ат-Тирмизис: 681 далийна. Оццо бакъ хьадис ду а аьлла хIара).

Тхан белхаш

Дешна девла жайнаш

© Исламан Нур - Свет Ислама 2022, Все права защищены. При копировании материалов ссылка на ресурс обязательна. Supported by 24soft