• Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Сайт тIехь лахар
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
Нохчийн Русский
 
 
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт

Мархин сахь

Опубликовано: 07 декабря 2011

517. Ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) омра дира берриге а бусалба нахана: лайшна а, маьршачарна а, стегаршна а, зударшна а, баккхийчарна а, берашна а тIера якъийначу хурманийн цхьа сахь я мекхан цхьа сахь мархин саьхьана даккха аьлла. Цо иштта омра дира: саьхьаш нах Iийдан ламазе баха арабовлале даха аьлла» (ал-Бухари: 1503, Муслим: 984).

Ибн Iадин а, ад-ДаракъутIнин а ривайатехь аьлла: «Оцу дийнахь нахе йоьхуш лелабезарах хьалхабаха уьш - тоъал гIо а дай» (ХIара хьадис «ал-Камил» жайнахь ибн Iадис далийна: 7/2519, иштта ад-ДаракъутIнис а: 2/152. ХIара хьадис дийциначеран зIе гIийла ю).

518. Абу СаIид ал-Худрис (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) волучу хенахь саьхьаш дохура оха - кхачанан сурсатех цхьа сахь, я якъийначу хурманех цхьа сахь, я мекхах цхьа сахь, я кишмашех цхьа сахь» (хIара хьадис далийнарш ал-Бухари: 1508, Муслим: 985).

Ал-Бухарин ривайатехь аьлла: «…я нехчанах» (ал-Бухари: 1506).         

Цул тIаьхьа Абу СаIида (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла: «Ткъа со-м хIинца а, айса пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) волучу хенахь ма даккхара, доккхуш ву закат» (ал-Бухари: 985). 

Абу Даудан ривайатехь аьлла: «Гуттар а цхьа сахь бен доккхур дац аса» (Абу Дауд: 1618).

519. Ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) мархин сахь даккхар тIедиллира - марханаш кхаьбнарш цара дийциначу мукъачу хабарех а, сийдоцучу къамелех а дIацIанбалийта а, иштта мисканаш бузон а. Нагахь марханаш кхаьбначара саьхьаш ламаз дале хьалха дIасадекъахь - уьш къобалдина саьхьаш хир ду. Нагахь цара уьш ламаз диначул тIаьхьа дIалахь - кхин долу сагIанаш санна, сагIа а бен хир дац уьш» (ХIара хьадис далийнарш Абу Дауд: 1609, ибн Мажа: 1827. Ткъа ал-Хьакима: 1488 бакъ хьадис ду аьлла хIара).

Тхан белхаш

Дешна девла жайнаш

© Исламан Нур - Свет Ислама 2022, Все права защищены. При копировании материалов ссылка на ресурс обязательна. Supported by 24soft