492. Ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цунна а,
цуьнан дена а) дийцина: «Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна),
ша МуIаз Йемене вохуьйтучу хенахь, цуьнга элира: «Жайнин охIланах долучу
къоме воьдуш ву хьо. Цундела дерригенал а хьалха ахьа уьш тIекхойкху дерг - АллахI
воцург кхин дела цахилар а, со Цуьнан элча хилар а хуьлийла. Нагахь оцу тIехь
уьш хьуна муьтIахь хилахь - дIадовзийта ахьа царна: АллахIа хIора дийнахь-буса
пхи ламаз дар парз дина тIедиллина хилар. Нагахь уьш хьуна оцу тIехь а муьтIахь
хилахь - дIахаийта ахьа царна: АллахIа закат далар парз дина тIедиллина хилар,
церан бехаш болучаьргара схьа а гулдеш, царна юккъерачу къечарна дIа а луш.
Нагахь уьш хьуна оцу тIехь а муьтIахь хилахь – варийлахь, чIогIа ларлолахь церан
тоьллачу бахамашна тIегIертарах а, иштта Iазапехь валлийначо (зулам хиллачо)
ден долучу доIанах а, хIунда аьлча цунний, АллахIний юккъехь цхьа а пардо дац хьуна»
(ХIара хьадис далийнарш ал-Бухари: 1395, Муслим: 19. Ткъа хьадисан дIаяздар
ал-Бухариниг ду).
493. Анас ибн Малика (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Абу Бакр ал-Сиддикъа (АллахI реза хуьлда цунна), ша Бахьрейне вохуьйтучу хенахь, лахахь догIу кехат яздира суна: «ХIан, хIара закатан хьокъехь долу тIедиллар ду, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) шен Делан омрица бусалба нахана, парз а дина, тIедиллина долу. Ткъе йиъ я царел а кIеззигчу эмкалшна тIера, уьстагIашца хьесап а дина, дIалур ду закат - хIора пхеа эмкална тIера цхьа уьстагI. Нагахь эмкалийн дукхалла ткъе пхеанна тIера ткъе пхийттанга кхочуш делахь – царна тIера шо кхаьчна стен цхьа эмкал лур ю, нагахь оцу тайпанниг яцахь - ши шо кхаьчна боьрша эмкал лур ю. Нагахь эмкалш ткъе ялхийттангара шовзткъе пхеанга кхочуш елахь – царна тIера ши шо кхаьчна стен эмкал лур ю. Нагахь уьш шовзткъе ялхангара кхузткъанга кхочуш елахь – царна тIера кхо шо кхаьчна стен эмкал яла езаш ю, оцале боьрша хIума тIеоьккхучу бараме яьлла йолу. Нагахь уьш кхузткъе цхьанна тIера кхузткъе пхийттанга кхаччалц елахь – царна тIера диъ шо кхаьчна стен эмкал яла еза. Нагахь уьш кхузткъе ялхийттанна тIера езткъе иттанга кхаччалц елахь – царна тIера шишша шо кхаьчна йолу шиъ стен эмкал яла езаш ю. Нагахь уьш езткъе цхьайттанна тIера цхьа бIе ткъанга кхаччалц елахь – царна тIера кхо шо кхаьчна шиъ стен эмкал яла езаш ю, оцале боьрша хIума тIеоьккхучу бараме яьлла йолу. Нагахь эмкалийн гIера цхьа бIе ткъаннал сов яьллехь – царех хIора шовзткъанна тIера ши шо кхаьчна стен эмкал йоккхур ю, ткъа хIора шовзткъе иттанна тIера – кхо шо кхаьчна эмкал йоккхур ю. Нагахь стеган эмкалийн гIеранехь еаннал а сов эмкал яцахь - царна тIера закат даккха догIуш дац, нагахь уьш долахь йолучу дена ца лаахь. Дишнехь дажош лелош долучу жанна тIера закат даккхарах дерг дийцича… Нагахь жа шовзткъангара цхьа бIе ткъа уьстагIе кхочуш делахь – царна тIера цхьа уьстагI боккхуш бу. Нагахь жа цхьа бIе ткъе цхьана уьстагIна тIера шина бIаьнга кхаччалц делахь – царна тIера ши уьстагI боккхуш бу. Нагахь жа ши бIе цхьанна тIера кхаа бIенга кхаччалц делахь – кхо уьстагI боккхуш бу. Нагахь жен барам кхаа бIаьннал хьалабалахь – хIора цхьа бIе уьстагIна тIера цхьацца уьстагI баккха безаш бу. Нагахь стага дишнехь дажош лелочу жена юккъехь шовзткъа устагIал, цхьаъ нисбелла а, кIеззиг нислахь - царна тIера закат далар тIедожийна дац, нагахь уьш долахь долучу дена шенна ца лаахь. Тайп-тайпана ши даьхний вовшахтоха а ца деза, цхьаьнадерш вовшахдаха а ца деза - закат дIацадалархьамма. Нагахь ши стаг муьлххачу а цхьана даьхнин декъашхо хIоьттинехь - закат лучу хенахь цхьабосса дIадаладезаш ву и шиъ. Закатна къена дийнаташ схьаоьцуш дац, иштта муьлхха а сакхташ дерш а, я гезарий а – нагахь закат гулдийриг реза ца хилахь. Ткъа детех дерг аьлча, ши бIе дирхIамна тIера – оцу ахчанан итталгIачу декъах доьалгIа дакъа дала догIу. Нагахь иза цхьа бе дезткъе иттаннал кIеззиг делахь - оцу тIера закатна цхьа а хIума дала догIуш дац, нагахь и долучу дена шенна лууш дацахь. Нагахь диъ шо кхаьчна стен эмкал закатна дIаяла езаш волучу стеган дIаяла ишттаниг яцахь, амма цуьнан кхо шо кхаьчнарг елахь, - иза къобалъян езаш ю цуьнгара, оцу тIе цо кхин а ши уьстагI тухур болуш. Нагахь цуьнан и дан аьтто бацахь - ткъа дирхIам тIелур долуш. Нагахь иза кхо шо кхаьчна стен эмкал дIаяла езаш хилахь, ткъа цуьнгахь диъ шо кхаьчнарг бен ян а яцахь, - цуьнгара иза къобалъян езаш ю, амма ишттачу хьолехь закат схьагулдийриг декхарийлахь ву цунна ши уьстагI я ткъа дирхIам юхадала» (ал-Бухари: 1448, Муслим: 1454).
494. МуIаз ибн Жабала (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) Йемене вахийтира со. Омра а дира цо соьга: хIора ткъе итт аттана тIера шо кхаьчна старгIа я шо кхаьчна стен эса схьаэца деза, ткъа хIора шовзткъанна тIера – ши шо кхаьчна етт бала беза. Иштта хIора гIеметта ваханчу керстанна тIера цхьа динар я оцу мехе нислуш долу Йеменахь дина духар дала деза» (ХIара хьадис далийнарш Ахьмад: 1027, Абу Дауд: 1576, ат-Тирмизи: 623, ан-Насаи: 2450, ибн Мажа: 1803. Ткъа хьадисан дIаяздар Ахьмадниг ду. Ибн Хьиббана а: 4886, ал-Хьакима а: 1449 бакъ хьадис ду аьлла хIара, ткъа ат-Тирмизис дика хьадис ду аьлла. Делахь а, цо билгалдоккхуш хьахийна - хIара хьадис дийциначеран зIе хадаза юй-те бохучу хьокъехь динан Iилманчашна юккъехь хетарш декъаделла хилар).
495. Шен дас а, дендас а элира аьлла, Iамр ибн ШуоIипа (АллахI реза хуьлда царна) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира: «Бусалба нахера закаташ - церан хин хьосташкахь схьагулдан дезаш ду» (Ахьмад: 6442).
Абу Дауда далийначу ривайатехь аьлла: «Нахера закаташ - уьш бехачу церан керташкахь схьагулдан дезаш ду» (Абу Дауд: 1591).
496. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда царна) элира аьлла: «Бусалба стагана тIехь дац шен лайнна а, говранна а тIера закат далар» (ал-Бухари: 1464).
Муслима далийначу ривайатехь аьлла: «Лай долахь волучу дена тIедиллина дац шен лайнна тIера закат далар, мархин сахь доцург» (Муслим: 982).
497. Шен дас, дендас элира аьлла, БахIз ибн Хьакима (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира: «Яжош лелочу шовзткъа эмкална тIера ши шо кхаьчна стен эмкал яла езаш ю закатна. Даьхнин дас, хьесап дечу хенахь, эмкалийн гIера дIасаекъа а ца еза. Нагахь муьлххачо а, АллахIера ял хиларе сатуьйсуш, закат дIалахь - цунна ша лехна ял хир ю. Нагахь цхьамма дIацалуш сацадахь - оха оцу тайпаначуьнгара закат а, цуьнца цхьаьна цуьнан ах бахам а боккхур бу схьа. Иштта ду вайн Делан тIедиллар. Ткъа Мухьммадан доьзалах дерг аьлча, царна дакъа дац гулдиначу закатехь» (ХIара хьадис далийнарш Ахьмад: 20030, Абу Дауд: 1575, ан-Насаи: 2445. Ткъа ал-Хьакима: 1448 бакъ хьадис ду аьлла хIара. Имам аш-ШафиIис аьлла: «Закат дIацадаларна гIуда, нагахь хIара хьадис бакъ хьадис делахь, тухуш ду»).
498. Iелас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Нагахь хьан детин ахча ши бIе дирхIам делахь, хьан долахь дийнна шаре а даьллаьхь иза - оцу тIера закатна пхи дирхIам даладезаш ду. Закат дала декхарийлахь ца хуьлу хьо - нагахь хьан дешин ахча ткъа динарал а кIеззиг делахь. Нагахь хьан ткъа динар дешин ахча а делахь, хьан долахь дийнна шаре а даьллаьхь иза - оцу тIера ах динар даладезаш ву хьо. Нагахь ахча цул а сов далахь - оццу хьесапца дIадала дезаш ду. Бахамна тIера закат дала ца догIу - стеган долахь дийнна шаре баллалц» (ХIара хьадис далийнарг Абу Дауд: 1573. Амма хIара хьадис Iелас АллахIан элчанера (АллахIера къинхетам а, маршо ахуьлда цунна) схьадийцина дуй-те бохучу хьокъехь хетарш декъаделла динан Iилманчийн).
Иштта дийцина, ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) элира аьлла: «Бахаман да закат дала декхарийлахь вац - нагахь иза дийнна шарахь цуьнан долахь лаьттина бацахь» (ХIара хьадис далийнарг ат-Тирмизи: 631. Ткъа динан Iилманчаша зIе юкъараяьлла ду аьлла хIара).
500. Iелас (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла: «Белхан хьелийн (бежнашна) тIера закат дала дезаш дац» (ХIара хьадис далийнарш Абу Дауд: 1573, ад-ДаракъутIни: 2/103. Ткъа динан Iилманчаша зIе юкъараяьлла ду аьлла хIара).
501. Шен дас, дендас IабдуллахI ибн Iамра а дийцира аьлла Iамр ибн ШуIайба (АллахI реза хуьлда царна) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира: «Нагахь цхьаъ долахь бахам болучу байшна верасалла деш валахь - цуьнан бахам цунна маслаIатна махлелон юкъабуьллийла цо, оцу тIера закаташ а даьхна, дIабаларе а ца хьоьжуш» (ХIара хьадис, гIийла зIе а йолуш, далйинарш ат-Тирмизи: 641, ад-ДаркъутIни: 2/109. Цуьнах тера хьадис иштта аш-ШафиIис а: 1/92 далйина. Динан Iилманчаша «мурсал» леринехь а, цуьнах терачу хьадисо чIагдо и).
502. IабдуллахI ибн Абу Авфас (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) ша волучу, шайн закаташ а дохьуш, нах баьхкича, олура: «Я, АллахI! Къинхетам бехьа царех!» (ал-Бухари: 1497, Муслим: 1078).
503. Iелас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Iаббаса (АллахI реза хуьлда цунна) пайхамаре (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) парз-закат хенал хьалха дIадала бакъо йийхира шена. Ткъа цо и дан бакъо елира цунна» (хIара хьадис далийнарш ат-Тирмизи: 678, ал-Хьаким: 5431).
504. Жабира (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Детина тIера закат далар тIехь дац - нагахь иза пхеа укъил (1) а кIеззиг делахь. Эмкалшна тIера закат далар тIедожош дац - нагахь уьш пхеа коьртал а кIеззиг елахь. Хурманашна тIера закат далар а дац тIедожош - нагахь уьш пхеа васкъал (2) а кIеззиг елахь» (Муслим: 980).
(1) Хьадисан а, фикъхIан
а, меттан а охIланан цхьабарт болуш ду: ШарIо лоруш йолу цхьа укъи - шовткъа
дирхIам хилар, ткъа пхи укъи - ши бIе дирхIам нисло тIаккха. Ткъа детин хIокху
заманан барамашца аьлча, детин цхьа укъи – 595 гараме нислуш ду.
(2) ХIокху заманан барамашца аьлча, цхьа васкъ – кхузткъа сахь лоруш ду. ХIета, буьртиг-ялтин а, стоьмийн а закат дала деза барам – кхо бIе сахь нисло. ХIокху заманан терзанан барамашца цхьа сахь – кхаа кийлане нисло, ткъа иза – ледарло йоццург а аьлла, герггарачу хьесапехь баьккхина барам бу. ХIета, кхо бIе сахь – 900 кийлане нисло.
505. Абу СаIид ал-Худрис (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Хурмашна а, буьртиг-ялташна а тIера закат дала догIуш дац - нагахь уьш пхеа васкъал а кIеззиг делахь» (ал-Бухари: 1447, Муслим: 979).
506. Шен дас элира аьлла, Салим ибн IабдуллахIа (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина: «Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира: «Нагахь ораматийн кхиар шашаха, догIанан хих, хьосташкарчу хих я лаьттан бухарчу хих делахь, - оцу ялаташна тIера закатна дIадаладезарг иттаннах цхьа дакъа ду. Нагахь царна хиш белхан эмкалийн гIоьнца я муьлххачу а кхечу некъаца дохкуш делахь, - царна тIера закатна дIадаладезарг итталгIачу декъах ах ду» (ал-Бухари: 1483).
Абу Даудан ривайатехь аьлла: «… Нагахь уьш шашаха, лаьтта бухара хиш а муьйлуш кхиънехь, - оцу ялташна тIера закатна иттаннах цхьа дакъа дала дезаш ду. Нагахь царна хиш белхан эмкалийн гIоьнца я кхечу некъашца дохкуш делахь, - оцу ялташна тIера закатна итталгIачу декъах ах дакъа дала дезаш ду» (Абу Дауд: 1596).
507. Абу Муса ал-АшIарис а, МуIаза а (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) шаьшшинга элира аьлла: «Закатна хIокху деа тайпана буьртиг-ялтанний, стоьмашний тIера бен схьа ма эца: мукх, кIа, кишмаш, хурманаш» (хIара хьадис далийнарш ат-ТIабарани, ал-Хьаким: 1459).
508. Ад-ДаракъутIнин ривайатехь дийцина: «МуIаза (АллахI реза хуьлда цунна) элира: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) закат ца даккха магийна - наьрсашна тIера а, нарашна тIера а, пастанашна тIера а, шекаран эрзана тIера а» (ХIара хьадис дийциначеран зIе гIийла «даIиф» ю. Хьадис далийнарг ад-ДаракъутIни ву: 2/97).
509. СахIл ибн Абу Хьасма (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) омра дира: «Закат схьаэца - шаьш ялтин мах хадийча, долучу дена цуьнах кхоалгIа дакъа а дита. Нагахь шайна кхоалгIа дакъа дита ца лаахь - доьалгIа дакъа дита» (ХIара хьадис далийнарш Ахьмад: 15511, Абу Дауд: 1605, ат-Тирмизи: 643, ан-Насаи: 2491. Ткъа ибн Хьиббана а: 3280, ал-Хьакима а: 1464 бакъ хьадис ду аьлла хIара).
510. Iаттаб ибн Асида (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) омра дира тхоьга: «Кемсийн бошмийн мах хадабе - хурманийн диттийн мах ма хаддора. Оцу тIера закат кишмашкахь а эца схьа»» (ХIара хьадис далийнарш Ахьмад: 20985, Абу Дауд: 1603, ат-Тирмизи: 644, ан-Насаи: 2618, ибн Мажа: 1819. Амма хIара хьадис дийциначеран зIе юккъера цхьа чIуг йоцуш ю).
511. Шен дас, дендас дийцира аьлла, Iамр ибн ШуIайба дийцина: «Пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) волучу шен йоIаца цхьаьна цхьа зуда еара. Ткъа оцу зудчун йоьIан куьйгахь дешин ши хIоз хиллера. Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хаьттина цуьнга: «Царна тIера закат доккхуш юй хьо?». Цо жоп делла: «ХIан-хIа». Цо хаьттина цуьнга: «Реза хир юй хьо, нагахь АллахIа къематдийнахь (хьайн куьйгех) цаьршиннан метта цIеран ши хIоз боллахь?». (И хезча) оцу зудчо охьатийсира и хIазарш» (ХIара хьадис далийнарш Абу Дауд: 1563, ат-Тирмизи: 637, ан-Насаи: 2479. Ткъа хьадисан зIе чIогIа ю. Цуьнах тера хьадис ал-Хьакима а: 1/389 далийна, Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина ду аьлла. Оццо бакъ хьадис ду а аьлла и).
512. Умму Салама (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Дешин хIазарш лелош йолучу аса цкъа хаьттира: «ХIай, АллахIан элча! Хазнина юкъадоьлхий-те хIорш?». Жоп делира цо: «Нагахь хьо царна тIера закат доккхуш елахь - хазна яц и» (ХIара хьадис далийнарш Абу Дауд: 1564, ад-ДаракъутIни: 2/105. Ткъа ал-Хьакима: 1438 бакъ хьадис ду аьлла хIара).
513. Самура ибн Жундуба (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), закат дIало олий, омра дора тхоьга - тхо дохка дагахь мел долучунна тIера» (хIара хьадис, гIийла зIе а йолуш, Абу Дауда: 1562 далийна).
514. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Хазнина тIера – пхоьалгIа дакъа даладеза» (ал-Бухари: 1499, Муслим: 1710).
515. Шен дас дийцира аьлла, Iамр ибн ШуIайба (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Цхьана стагана дIатесначу цIачохь карийна хиллачу хазнин хьокъехь АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира цуьнга: «Нагахь хьуна иза нах бехачу юьртахь карийнехь - декхарийлахь ву хьо цуьнах дерг нахе дIакхайкхон. Нагахь хьуна иза, вехаш стаг а воцуш, дIатесначу юьртахь карийнехь - оцу тIера, массо а карийначу хазнашна тIера санна, пхоьалгIа дакъа (закатна) дIадала дезаш ду» (хIара хьадис далийнарш ан-Насаи: 2494, Абу Дауд: 1710).
516. Билал ибн Хьариса (АллахI реза хуьлда
цунна) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда
цунна) ал-Къабалиййерачу маьIданашкара закат схьаийцира» (Абу Дауд: 3061).