434. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Кест-кеста дагаяийта шайна берриге а темийн (марзонийн) чаккхе – Iожалла» (ХIара хьадис далийнарш ат-Тирмизи: 2307, ан-Насаи: 1824. Ткъа ибн Хьиббана: 6/261 бакъ хьадис ду аьлла хIара).
435. Анаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Шух цхьанненна а хIуъа хилча а - шега кхаьчна болу (муьлхха а цхьа) бохам бахьанехь валар ма лоийла. Нагахь цунна вала лаар илла-билла цахилча йиш йоцуш делахь – хIета, цо олийла: «Я, АллахI! Со вахаве Ахьа - вахар суна пайдехьа доьдуш мел ду. Iожалла а ло Ахьа суна - нагахь валар суна дикаха делахь!» («АллахIумма ахьйини ма канатил хьайату хайран лии, ва таваффани ма канатил вафату хайран лии»)» (Бухари: 5671, Муслим: 2680).
436. Бурайдас (АллахI реза хуьлда цунна)
дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Муъма-стаг
– хьаьжана тIе тоьхна хьацар а долуш, ле» (ХIара хьадис далийнарш Абу Дауд,
ат-Тирмизи, ан-Насаи. Ткъа ибн Хьиббана бакъ хьадис ду аьлла хIара).
437. Абу СаIида а, Абу ХIурайрас а (АллахI реза хуьлда царна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Шайн леш болучарна дагадаийта: «Кхин дела вац, АллахI воцург» («Ла илахIа иллаллахI») (боху дешнаш) алар» (ХIара хьадис далийнарш Муслим: 916, Абу Дауд: 3117, ан-Насаи: 4/5, ат-Тирмизи: 976, ибн Мажа: 1445).
438. МаIкъил ибн Йасара (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Леш болучарна «Йасин» сурат деша» (ХIара хьадис далийнарш Абу Дауд: 3121, ан-Насаи: 6/265. Ткъа ибн Хьиббана: 3002 бакъ хьадис ду аьлла хIара).
439. Умму Салама (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хIетале кхелхина Iуьллуш волу Абу Салама волучу веара. Цуьнан бIаьргаш дара къаьрззина диллина. АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), цуьнан бIаьргаш дIа а къевлина, тIаккха элира: «Боккъалаъ, схьаэцначу синна тIехьабогIало бIаьрг». (И цо аьлларг хезча) веллачуьнан цIерачарех цхьаберш, цIогIа детташ, тийжамаш бан буьйлира. ХIета (АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)) элира: «Цхьа а вониг ма дехалаш шайна, хIунда аьлча малекаш ду шуна шун доIанашна тIаьхьа «Амин!» бохуш». Цул тIаьхьа элира цо: «Я, АллахI! Абу Саламна гечдехьа. Нийсачу новкъа нисбеллачарна юккъехь даржехь айъа а вехьа иза, каш паргIат а, сирла а дехьа цуьнан, цуьнан метта цо шена тIехьабитиначеран Iуналла а дехьа»» (Муслим: 920).
440. Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дIакхелхиначу хенахь, иза моханаш а, тIамарш а йолучу шаршуна юкъахьарчийра» (хIара хьадис далийнарш ал-Бухари: 5814, Муслим: 942).
441. Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Абу Бакар ас-Сиддикъа (АллахI реза хуьлда цунна) веллачул тIаьхьа пайхамарна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) барт баьккхира» (ал-Бухари).
442. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Бусалбан са - цуьнан декхар бахьанехь сацийна латтош ду, цунна тIера и дIатаккхалц» (ХIара хьадис далийнарш Ахьмад: 10221, ат-Тирмизи: 1079. Ткъа тIаьххьарачо дика «хьасан» даржехь ду аьлла хIара).
443. Ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина: «Пайхамарна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) уллохь дара тхо, ихьрам дихкина а волуш, эмкална тIера чу а воьжна, цхьа стаг веллачу хенахь. ХIетахь пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира: «Хица а, сидраца а лийчаве иза. (Цо ихьрамна дихкина хилла цунна тIера) ши чкъор марчонна а хьарчаде цунна. Ва амма хаза хьожа йогIург а ма хьакхаялийта цуьнах, корта а ма хьулбе цуьнан дIа»» (хIара хьадис далийнарш ал-Бухари: 1265, Муслим: 1206).
444. Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) лийчон аьлла, асхьабаш дIагулбеллачу хенахь, цара элира: «АллахIах чIагIо ма йо оха, хууш ма дац тхо: АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) верзина ваккха веза-те оха, кхин болу белларш ма баххара, я ца веза-те…»» (хIара – Ахьмада а: 6/276, Абу Дауда а: 3141 далийначу деххачу хьадисах цхьадерг ду).
445. Умм IатIыййас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Тхо пайхамаран (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) йоI лийчош долуш, тхо долучу чу а ваьлла, цо элира: «Кхузза я пхоьазза, нагахь шайна оьшу аьлла хIетахь, кхин сов а сидра тоьхначу хица лийчае иза. Ткъа шаьш иза тIаьххьара лийчочу хенахь - камфара а тухура аша». Тхаьш иза личийна девлча, хаам бира оха цуьнга. Ткъа цо, тхоьга шен изар схьа а кховдийна, элира: «Дуьххьара хIара хьарчае аша цунна тIе»» (ХIара хьадис далийнарш ал-Бухари: 167, 1253, 1263, Муслим: 939).
Оццу хьадисан кхечу ривайатехь дуьйцу, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Цуьнан аьтту агIонна а, ламаз оьцучу хенахь юьлуш йолучу меттигашна а тIера дIадолор аша иза лийчор».
Ал-Бухарин кхечу ривайатехь дуьйцу: «ХIета, оха цуьнан месех кхо кIажар а йира, уьш цуьнан букъана тIехьа дIа а нисйира».
446. Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элчанна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) Йеменара Сахьул олучу меттигера бамбин кIадих тегна долу кIайн кхо чкъор хьарчийра марчонна. Царна юккъехь я коч а, я чалба а йоцуш» (хIара хьадис далийнарш ал-Бухари: 1274, Муслим: 941).
447. Ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина: «IабдуллахI ибн Убайй дIакхелхиначу хенахь цуьнан кIанта, АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо ахуьлда цунна) волучу а веана, элира: «Хьайн коч лохьа суна - сан дена марчонна хьарчо». АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) шен коч дIаелира цунна (хIара хьадис далийнарш ал-Бухари: 1269, Муслим: 2400).
448. Ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Шайна тIехь кIайн духараш леладе, хIунда аьлча уьш массо духарел а дикаха долун дела. Шайн беллачарна марчонна а хьарчаде уьш» (ХIара хьадис далийнарш Ахьмад: 3927, Абу Дауд: 4061, ат-Тирмизи: 994, ибн Мажа: 3566. Ткъа ат-Тирмизис бакъ хьадис ду аьлла хIара).
449. Жабира (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Нагахь шух муьлхха а цхьаъ шен вешина марчо хьарчош велахь - хьакъ долучу кепара хьарчадойла цо иза» (Муслим: 943).
450. Жабира (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) омра дира: Ухьуд тIамехь байъиначарех шишша цхьана марчонна юкъахьарчаве аьлла. Цул тIаьхьа хоттура цо: «КъурIан гIолехь хууш муьлха вара цаьршиннах?». ХIета, лахьтина чу дуьххьара иза вуьллара цо. Лийча а ца бира уьш, докъан ламазаш а ца дира цо царна (хIара хьадис далийнарг ал-Бухари: 1343).
451. Iелас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) олуш хезна шена аьлла: «Марчо хоржучу хенахь исрап ма де, хIунда аьлча дукха сиха дахкалур долуш ду иза» (хIара хьадис далийнарг Абу Дауд: 3154).
452. Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) шега элира аьлла: «Нагахь сол а хьалха хьан ялар нислахь - аса айса лийчор ду хьан дакъа» (ХIара – Ахьмада а: 6/228, ибн Мажас а: 1465 далийначу деххачу хьадисах цхьа дакъа ду. Ткъа ибн Хьиббана: 14/551 бакъ хьадис ду аьлла хIара).
453. Асмаъ бинт Iумайса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «ПетIамата (АллахI реза хуьлда цунна) весет динера: ша еллачул тIаьхьа Iелега (АллахI реза хуьлда цунна) лийчае аьлла» (хIара хьадис далийнарг ад-ДаракъутIни: 2/79).
454. Абу Бурайда (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), зина дар бахьанехь, тIулгаш тоха цунна аьлла, омра дина йолучу ал-ГIамидех лаьцна долучу деххачу хьадисехь: «Цул тIаьхьа, кечъе аьлла, омра дира цо. ТIаккха докъан ламаз а дина, цул тIаьхьа дIайоьллира иза» (Муслим: 1695).
455. Жабир ибн Самурас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) волучу цхьана стеган дакъа деанера, шога вед йолучу пхераца ша-ше вийна хилла волучу. Ткъа цунна докъан ламаз ца дира цо» (Муслим: 978).
456. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина гуттар а маьждигна чу нуй хьоькхуш хилла йолучу зудчух лаьцначу дийцарехь: «Мухха а цкъа пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) цуьнах хIун хилла аьлла хаьттича, наха жоп делира: «Елла иза». (Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)) элира: «Ткъа, хаа стенна ца хаийтина аша суна цуьнах дерг?». Цара жоп дела: «Кхин башха ладаме адам а дацара иза, сел чIогIа терго ян оьшуш». ТIаккха цо аьлла: «Цуьнан кошана тIе вигал со». Цара ша цуьнан кошана тIе вигча, цо цунна докъан ламаз дира» (хIара хьадис далийнарш ал-Бухари, Муслим).
Ткъа Муслиман ривайатехь лакхахь дийциначунна тIе тоьхна, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Боккъалаъ, хIара кешнаш боданах дуьзна ду, царна чохь берш дIа а хьулбина. Амма аса ден ламаз бахьанехь АллахIа серла дохур ду уьш царна» (ал-Бухари: 458, Муслим: 456).
457. Хьузайфас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) стаг валар кхайкхор дихкира» (ХIара хьадис далийнарш Ахьмад: 22945, ат-Тирмизи: 986. ТIаьххьарачо дика «хьасан» хьадис ду а аьлла хIара).
458. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Нажаши кхелхиначу дийнахь пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) иза валар нахе кхайкха а дира, цаьрца цхьаьна ламаз дечу меттиге а вахана, моггIара нах дIа а хIиттийна, доьазза «Акбар» а далош, докъан ламаз а дира цо цунна» (хIара хьадис далийнарш ал-Бухари: 1245, Муслим: 951).
459. Ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) олуш хезна шена аьлла: «Нагахь муьлхха а веллачу бусалба стеган барамна тIе а хIиттина, шовзткъа стага, царех цхьа-цхьаъ АллахIца цхьа а хIума накъост нисвеш воцучу, докъан ламаз дахь, - АллахIа цунна шапаIатхой бийр бу уьш» (Муслим: 948).
460. Самура ибн Жундуба (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Пайхамарна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) тIаьхьа а хIоьттина, цхьана зудчунна докъан ламаз дира аса, бер диначул тIаьхьа, оьхучуьра цIий а ца сецна, елла хилла йолучу. Ткъа иза – цуьнан докъанна юккъе хIоьттира дIа» (хIара хьадис далийнарш ал-Бухари: 332, Муслим: 964).
46I. Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIах чIагIо ма йо аса: АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) маьждигна чохь Байдаан шина кIантана докъан ламаз ма дира» (Муслим: 973).
462. Iабдуррахьман ибн Абу Лайла дийцина: «Зайд ибн Аркъама (АллахI реза хуьлда цунна) ша докъан ламаз дечу хенахь гуттар а доьазза «Акбар» («АллахIу Акбар») олура. Мухха а цкъа пхоьазза алар нисделира цуьнан и. ХIета, аса цуьнга хаьттира: оцу кепара хIунда дира ахьа аьлла. Цо жоп делира: «АллахIан элчано а (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьда цунна) дора иштта»» (хIара хьадис далийнарш Муслим: 957, Абу Дауд: 3I97, ат-Тирмизи: 1023, ан-Насаи: 1982, ибн Мажа: 1505).
Iелас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, ша СахIл ибн Хьанифна ялхазза «Акбар» («АллахIу Акбар») олуш докъан ламаз дира аьлла. Цул тIаьхьа элира цо: «Бадрахь тIом бина вара иза» (ХIара хьадис далийнарг СаIид ибн Мансур. Ткъа цуьнан бух иштта ал-Бухарис а: 4004 балийна).
463. Жабира (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) тхох беллачарна докъан ламазаш дечу хенахь доьазза «Акбар» («АллахIу Акбар») олура. Ткъа дуьххьара «Акбар» аьлча «Фатихьа» сурат доьшура» (хIара хьадис аш-ШафиIис: 2/358 далийна, гIийла «даIиф» зIе а йолуш).
464. ТIалхьа ибн IабдуллахI ибн Iавфа (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Ибн Iаббасна тIаьхьа а хIоьттина, докъан ламаз дира аса. ХIетахь, «Фатихьа» сурат а дешна, цо элира: «Шуна и суннат дуйла хаийтархьамма дийшира ас иза»» (хIара хьадис далийнарг ал-Бухари: 1335).
465. Iавф ибн Малика (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Цкъа АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) докъан ламаз дира. Ткъа аса дагахь латтийра цо дина хилла доIа: «Я, АллахI! Гечдехьа цунна, къинхетам бехьа цуьнах! Дика лохьа цунна, бехках хьалха а витахьа иза! ТIеоьцийла сийлахь дехьа цуьнан, каш а дехьа цуьнан паргIат! ЦIанвехьа иза хица а, лайца а, къоранца а! Къинойх дIацIанвехьа иза - кIайн бедар мIоданах дIамацIанъярра! ХIусам лохьа цунна - цуьнан хьалха хиллачу хIусамал а гIолехь хин йолу, доьзал а лохьа цунна – цуьнан хьалха хиллачу доьзалал а гIолехь хин болу! Ялсамане вахийтахьа иза! Кошан вонах а, жоьжагIатин Iазапах а ларвехьа иза!» («АллахIуммагIфир лахIу, вархьамхIу, ва IафихIи ваIфу IанхIу, ва акрим нузулахIу, ва вассиI мудхалахIу, вагIсилхIу бил маи вас салжи вал баради, ва наккъихIи минал хатIайа, кама йунаккъас савбул абйаду минад данаси, ва абдилхIу даран хайран мин дарихIи, ва ахIлан хайран мин ахIлихIи ва къихIи фитнатал къабри, ва Iазабан нари»)» (Муслим: 963).
466. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) ша докъан ламаз дечу хенахь олура: «Я, АллахI! Гечдехьа тхан дийна болучарна а, беллачарна а, кхузахь болучарна а, боцучарна а, кегийчарна а, къеначарна а, стегаршна а, зударшна а! Я, АллахI! Айхьа тхоьх ваха яздиначунна - Ислам-динан Iедалца вахар нисде Ахьа! Айхьа тхоьх Iожалла йиначунна - валар иманехь а де Ахьа! Я, АллахI! Цуьнан (валар бахьанехь тхуна хиллачу бохаман) йолах а ма даха Ахьа тхо! Цул тIаьхьа тиларан новкъа а ма даха Ахьа тхо» («АллахIуммагIфир ли хьаййина, ва маййитина, ва шахIидина, ва гIаибина, ва сагIирина, ва кабирина, ва закарина, ва унсана! АллахIумма ман ахьйайтахIу минна, фа ахьйихIи Iалал ислами, ва ман таваффайтахIу минна, фатаваффахIу Iалал имани! АллахIумма ла тахьримна аджрахIу, ва ла тудыллана баIдахIу»)» (хIара хьадис далийнарш Абу Дауд: 3201, ат-Тирмизи: 1024, ан-Насаи: 1986, ибн Мажа: 1498).
467. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Шаьш веллачунна докъан ламаз дечу хенахь - даггара доIа де цунна» (ХIара хьадис далийнарг Абу Дауд: 3199. Ткъа Ибн Хьиббана: 7/326 бакъ хьадис ду аьлла хIара).
468. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Ницкъ ма-кхоччу сихха велларг дIахьо. ХIунда аьлча нагахь велла стаг дика адам хиллехь – цунна гIолехь хир ду чехкка оцу аша дIавига лериначу меттиге дIакхачор. Нагахь иза иштта ца хиллехь - (чехкка) шайн вортанашна тIера вон охьадуьллу аша» (Бухари: 47, 13I5, Муслим: 944).
469. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Докъан ламаз даллалц тезетахь сецначунна - цхъа къиратI ял хир ю, (велларг) дIаволлалц Iийначунна – ши къиратI ял хир ю». Цуьнга хаьттира: «Ши къиратI хIун ю?». (Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)) жоп делира: «И шиъ - тIехбоккхачу шина ломах терра ю»» (Бухари: 1325, Муслим: 945).
Муслиман риваатехь аьлла: «… лахьти чу виллалц».
Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийциначу Бухарин ривайатехь аьлла: «Боккъалаъ, АллахIах тешна а волуш, АллахIера йоле сатуьйсуш а волуш, бусалба стеган тезетахь цунна докъан ламаз даллалц а, иза дIаволлалц а дакъа лаьцнарг – ши къиратI ял а яьккхина, цIавоьрзур ву, цаьршиннах хIора а Ухьуд лам санна а йолуш» (Бухари: 47).
470. Салим ибн IабдуллахIа (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а), шен дас элира аьлла, дийцина: «Пайхамар а (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) Абу Бакар а, Iумар а, барамна хьалха а бовлий, боьлхура (кешнашка)» (ХIара хьадис далийнарш Ахьмад: 4525, Абу Дауд: 3179, ат-Тирмизи: 1007, ан-Насаи: 1944, ибн Мажа: 1482. Ткъа ибн Хьиббана: 766 бакъ хьадис ду аьлла хIара. Амма ан-Насаис, кхин цхьаболучу динан Iилманчаша а «мурсал» лерина хIара хьадис).
471. Умму IатIыййас (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла: «Тхуна (зударшна) дихкина дара докъан барамаш новкъа дахар (я барамашна тIаьхьахIиттина дахар). Амма чIогIа чIагIдина дацара и» (хIара хьадис далийнарш ал-Бухари: 1278, Муслим: 938).
472. Абу СаIида (АллахI реза уьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Нагахь шайна велларг тIехь хьуш барам гахь - хьалагIовтта шу. Ткъа цунна тIаьхьахIотта сацам хиларг - барам лаьтта охьабиллалц йолучу юкъанна охьа а ма хоуьйла» (хIара хьадис далийнарш ал-Бухари: 1310, Муслим: 959).
473. Абу Исхьакъа (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «IабдуллахI ибн Йазида (АллахI реза хуьлда цунна), велларг кошахь когаш хин долучу агIорхула (корта хьалха а болуш) коша а озийна, тIаккха элира: Суннатца догIуш ду хIара»» (Абу Дауд: 3211).
474. Ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Шаьш белларш коша бохкучу хенахь ала: «АллахIан цIарца, АллахIан элчанан динаца догIуш!» («БисмиллахIи, ва Iала миллати расулиллахIи»)» (ХIара хьадис далийнарш Ахьмад: 4797, Абу Дауд: 3213, ан-Насаи: 6/191. Ибн Хьиббана: 7/375 бакъ хьадис ду аьлла хIара, ткъа ад-ДаракъутIнис - зIе юкъахяьлла ду аьлла).
475. Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Веллачу стеган даьIахк кагъяр – дийначу адаман даьIахк кагъяр санна ду» (ХIара хьадис, Муслима хьадис къобалдеш хIиттийначу бехкамашца йогIуш йолучу зIеца, Абу Дауда далийна: 3207. Цуьнах терра хьадис ибн Мажас а далийна: 1617, Умм Салама (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина аьлла. Амма оцунна тIе аьлла цо: «Веллачу стеган даьIахк кагъяр - дийначу адаман даьIахк кагъяр санна къилахь ду»).
476. СаIд ибн Абу Ваккъаса (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла: «Сан кошахь лахьта даккха суна. Яттанзачу кибарчигашца сан лахьта дIакъовла - АллахIан элчанна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) ма дарра» (Муслим: 966).
Цуьнах тера хьадис, Жабира (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина аьлла, ал-БайхIакъис а далийна. Хıокху хьадисехь лакхахь дийицначунна тIе тоьхна аьлла: «Цуьнан кошанна цхьа ше барамехь барз бира» (ибн Хьиббана: 8/218 бакъ хьадис ду аьлла хIара).
477. Жабира (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) ца магийра - каш хьахар а, цунна тIе охьахаар а, цунна тIе муьлхха а тайпа гIишло йогIар а» (Муслим: 970).
478. Iамир ибн РабиIа (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) Iусман ибн МазIунна докъан ламаз дира. Цул тIаьхьа, цуьнан кошана тIе а веана, ирахь лаьтташехь кхо кана латта тесира цо оцунна тIе» (ад-ДаракъутIни: 2/76).
479. Iусмана (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), велларг дIавоьллина ваьлча, цуьнан кошана тIе а хIоьттина, элира: «Гечдар деха шайн вешина, чIагIвар а деха цунна. ХIунда аьлча хIинца барт бу цуьнга хоттуш»» (ХIара хьадис далийнарш Абу Дауд: 3221. Ткъа ал-Хьакима: 1/370 бакъ хьадис ду аьлла хIара).
480. Асхьабийн мутIелима (табиIичо) Дамр ибн Хьабиба дийцина: «Каш латтанца дIа а нисдина, нах дIасабаха боьлча, кошана тIе а хIоьттина, хIара дешнаш алар бакъахьа гIуллакх лоруш бара асхьабаш: «ХIай, хьенех-минех! Ала: кхин дела вац, АллахI воцург. Ала: кхин дела вац, АллахI воцург. Ала: кхин дела вац, АллахI воцург. ХIай, хьенех-минех! Ала: хьайн дела – АллахI ву, хьайн дин – Ислам ду, хьайн пайхамар – Мухьаммад ву (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)» (ХIара хьадис далийнарг СаIид ибн Мансур ву. Оццо зIе юкъахяьлла «мавкъуф» хьадис ду а аьлла хIара. Ва амма, Абу Умама (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина аьлла, цуьнах тера а долуш, дехха хьадис ат-ТIабаранис а далийна: 8/249. Оцу хьадисехь а дийцина: иштта долу гIуллакх АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) динера аьлла).
481. Бурайда ибн ал-Хьусайб ал-Асламис (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Кхул хьалха кешнашка дахар дихкинера аса шуна, ткъа хIинца дуьйнна гIо шу цига» (хIара хьадис далийнарг Муслим: 977). Ат-Тирмизин: 1054 ривайатехь оцунна тIе тоьхна аьлла: «…хIунда аьлча цара шуна эхарт дагадоуьйту».
Ибн Мажас а далийна цуьнах тера хьадис, ибн МасIуда (АллахI реза хуьлда цунна) дийцира аьлла: «…хIунда аьлча цара дуьненан темех юхаозавала гIо до» (ибн Мажа: 1571).
482. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) неIалт аьлла-кха кешнашка лелачу зударшна» (ХIара хьадис далийнарг ат-Тирмизи: 1056. Ткъа ибн Хьиббана: 5/72 бакъ хьадис ду аьлла хIара).
483. Абу СаIид ал-Худрис (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) неIалт аьлла - веллачунна тIаьхьа тийжамаш бечу зударшна а, оцу тийжамашка ладоьгIучу зударшна а» (хIара хьадис далийнарг Абу Дауд: 3128).
484. Умм IатIыййас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Оха АллахIан элчанна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) тешаме хиларна дуйнаш диъначу хенахь (байIат диначу хенахь), цо тхоьгара ваIда ийцира – беллачарна тIаьхьа тийжамаш ца бан» (хIара хьадис далийнарш ал-Бухари: 1306, Муслим: 936).
485. Ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Веллачунна кошахь луш Iазап ду - цуьнан гергаранаш цуьнна тIаьхьа тийжар бахьанехь» (хIара хьадис далийнарш ал-Бухари: 1291, Муслим: 927).
Оццу шимма цуьнах тера кхин хьадис а ду далийна, ал-МугIира ибн ШуIба (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина аьлла (ал-Бухари: 1292, Муслим: 933).
486. Анаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Пайхамаран (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) йоI дIаюллучохь дакъалоцуш хилла ву со. АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) цуьнан кошана уллохь охьахиъна вара, цуьнан бIаьргех оьхуш хиш дара» (хIара хьадис далийнарг ал-Бухари: 1291).
487. Жабира (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Шайн белларш буса дIамабохка, дIабохканза ца бовлуш хьал дацахь» (хIара хьадис далийнарг ибн Мажа: 1521).
Оццу хьадисан бух Муслима а балийна. Амма цо далийначу ривайатехь хIокху кепара аьлла: «(Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)) велларг буса дIаволлар ца магийра, цунна докъан ламаз даллалц» (Муслим: 943).
488. IабдуллахI ибн ЖаIпара (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Бусалба нахе ЖаIпар кхалхар хаам кхаьчначу хенахь, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира: «ЖаIпаран доьзална кхача кечбе, хIунда аьлча сингаттамехь бу уьш»» (хIара хьадис далийнарш Ахьмад: 1/205, Абу Дауд: 3132, ат-Тирмизи: 998, ибн Мажа: 1610).
489. Сулайман ибн Бурайда, шен дас (АллахI реза хуьлда цунна) элира аьлла, дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) кешнашка дахча ала дезарг Iамадора тхуна: «Салам-маршалла а хуьлда шуна, хIай, кхузахь делла Iохку муъманаш а, бусалбанаш а! Бакъдолуш, нагахь АллахIна лаахь, тхо а ду-кха шух дIакхетар долуш. АллахIе доьху оха хьалхадахар шуна а, тхайна а» («Ас-саламу Iала ахIлид дийари минал муъминийна вал муслимийна, ва инна инша АллахIу бикул лахьикъуна, насъалуллахIа лана ва лакумул Iафийа»)» (Муслим: 975).
490. Ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина: «Цкъа АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) Меднахь кешнашна тIехволучу хенахь, шен юьхьаца царна тIе а вирзина, элира: «Салам-маршалла а хуьлда шуна, хIай, хIокху кешнийн охIла! АллахIа гечдойла-кха тхуна а, шуна а! Шу тхол хьалха дIадахана, ткъа тхо - шуна тIаьхьа дIадогIур долуш ду» (ХIара хьадис далийнарг ат-Тирмизи: 1393. Оццо дика хьадис ду а аьлла хIара).
491. Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Беллачарна ма лоьйла шу, хIунда аьлча шайна хьакъ дерг хилла (карийна) царна» (Бухари: 1393).
Цуьнах тера хьадис ат-Тирмизис а далийна, ал-МугIира ибн ШуIба (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина аьлла: «…хIунда аьлча дийна болучарна вас йо аша» (ат-Тирмизи: 1982).