• Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Сайт тIехь лахар
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
Нохчийн Русский
 
 
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт

Малх лацаран ламаз

Опубликовано: 05 января 2012

410. ал-МугIира ибн ШуIба (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дийна волучу хенахь малх лаьцнера. Ткъа иза ИбрахIим веллачу дийнахь нисделлера. ХIетахь нах дийца буьйлабелира: малх ИбрахIим валар бахьанехь лаьцна бу бохуш. ТIаккха АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира: «Боккъалаъ, малх а, бутт а АллахIан билгалонех билгалонаш ю. Я цхьа-цхьаъ валарна а, я цхьа-цхьаъ дуьненчу валарна а лоцуш бац и шиъ. Цундела, шайна лаьцна малх я бутт гича - АллахIе доIанаш а де, лаьцначуьра малх дIахеццалц ламазаш а де»» (ХIара хьадис далийнарш ал-Бухари: 1043, Муслим: 915. Цул сов, ал-Бухарин ривайатехь аьлла: «…боданаш дIа а девлла, екхна дIахIотталц»).

Имам ал-Бухарис, Абу Бакра дийцина аьлла, далийначу хьадисехь аьлла: «… ламаз а де, АллахIе доIанаш а де - шайна хилларг дIадерззалц» (ал-Бухари: 1040).

411. Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) малх лацаран ламаз дечу хенахь КъурIан хозуьйтуш дийшира. Диъ рукуI а, диъ сужуд а долуш, ши ракаIат ламаз дира цо» (ХIара хьадис далийнарш ал-Бухари: 1065, Муслим: 901. Ткъа хьадисан дIаяздар Муслимниг ду). 

Муслима далийначу ривайатехь а дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) нах ламазе кхайкха аьлла, омра дира хIокху дешнашца: «Тобанехь дечу ламазе кхача сихо е!» («Ас-салату жамиIа!»).

412. Ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина: «АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дийна волучу хенахь малх лаьцнера. ХIетахь цо ламаз дира. (Ламаз дихкича) дукха веха ирахь лаьттира иза, «ал-Бакъарат» сурат деша а ларон волучу ханна. Цул тIаьхьа, дукха деха а деш, рукуI дира цо. Цул тIаьхьа, (рукуIера) хьала а нисвелла, тIаккха а дикка лаьттира иза, делахь а дуьххьарачул а кIеззиг. Цул тIаьхьа юха а дехха рукуI дира цо, иза а иштта доцаха дира цо дуьххьара диначу рукуIал а. Цул тIаьхьа сужуде вахара иза. Цул тIаьхьа, (сужудера) хьала а вахана, вехха ирахь лаьттира иза, амма дуьххьарачул а кIеззиг. Цул тIаьхьа дехха рукуI дира цо. Цул тIаьхьа, хьала а нисвелла, юха а вехха лаьттира иза, амма дуьххьарачул а кIеззиг. Цул тIаьхьа, юха а дехха рукуI дира, иза а дара иштта хьалхарачул а доцаха. Цул тIаьхьа, хьала а нисвелла, тIаккха сужуде вахара иза. Ткъа иза ламаз дерзийна ваьллачу хенахь къеггина кхетта малх бара. ТIаккха, нахана хьалха а хIоьттина, хутIба дира цо» (ХIара хьадис далийнарг ал-Бухари: 1052, Муслим: 907. Ткъа хьадисан дIаяздар ал-Бухириниг ду).

Муслиман ривайатехь дуьйцу: «Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) малх лаьцначу хенахь бархI рукуI дира деа сужудца».

Оццо цуьнах тера кхин хьадис а ду далийна, Iелас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина аьлла (Муслим: 908).

Оццо далийна, Жабира (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина аьлла: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) ялх рукуI дира деа сужудца» (Ахьмад: 1/143).

Убай ибн КаIба (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина аьлла, Абу Дауда далийначу ривайатехь дийцина: «Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) диъ рукуI дира, шиъ сужуд а дира. Ткъа цул тIаьхьа изза шолгIачу ракIатехь а дира» (Муслим: 904).

413. Ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина: «Цкъа-цкъа а мох ма ца хьокхура, оцу сохьта гора а хIуттий, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хIара дешнаш олуш бен: «Я, АллахI! Хьайн къинхетам хилийта Ахьа хIара, Iазап ма хилийта Ахьа!» («АллахIуммажIалхIа рохьматан, вала таж-IалхIа Iазабан») (ХIара хьадис далийнарш аш-ШафиIи: 1/175, «Умм» жайнахь: 1/253, ат-ТIабарани: 11/213).

414. Ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина: «Мохк бегийначу хенахь пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) ялх рукуI а, диъ сужуд а долуш ламаз а дина, цул тIаьхьа элира: «Билгалонийн хаамаш хиллачу хенахь иштта дан дезаш ду ламазаш!» (ХIара хьадис далийнарг ал-БайхIакъи: 3/343. Цуьнах тера хьадис, Iали ибн Абу ТIалиба (АллахI реза хуьлда цунна) дийцира аьлла, аш-ШафиIис а далийна. Амма цуьнгахь хьахош дац тIаьххьара хилла долу пайхамаран (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) къамел).

Тхан белхаш

Дешна девла жайнаш

© Исламан Нур - Свет Ислама 2022, Все права защищены. При копировании материалов ссылка на ресурс обязательна. Supported by 24soft