387.
Салихь ибн Хаввата (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина, Зат
ар-РикъаI дийнахь кхерам хIоьттича пайхамарца (АллахIера къинхетам а, маршо а
хуьлда цунна) кхераман ламаз диначо дийцира аьлла: «Асхьабех цхьа дакъа
пайхамарца (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) ламазе хIоьттира, ткъа
вуьйш оцу хенахь мостагIашна дуьхьал лаьттира. Цо оцу шена тIаьхьахIоьттиначу
бусалба нахаца цхьа ракаIат дира. Цул тIаьхьа, хьала а гIаьттина, ирахь
лаьттира иза - вукхара шаьш шайн ламаз дIадерзоллалц. Цул тIаьхьа уьш бахана,
шайн мостагIчунна дуьхьал латтархьамма, дIахIиттира. Бусалба нехан важа дакъа,
да а деана, тIехIоьттира пайхамарна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда
цунна). Ткъа цо, цаьрца шен диссина хилла долу цхьа ракаIат тIе а дина, цул
тIаьхьа охьа а хиъна, хиъна Iаччохь сецира иза - вукхара шайн диссина ламаз
шаьш чекхдаккхалц. Цул тIаьхьа массарел а хьалха салам делира цо» (ХIара
хьадис далийнарш ал-Бухари: 4129, Муслим: 842. Ткъа хьадисан дIаяздар тIаьххьарачуьнниг
ду. Ибн МадахIа шен «ал-МаIрифа» жайнахь далийна хIара хьадис).
388.
Ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина: «Шен хенахь
АллахIан элчанца цхьаьна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) Наждехьа
гIазотехь дакъалаьцначарех ву со. МостагIчуьнца юьхь-дуьххьал нисделла тхо,
царна дуьхьал могIаршкахь дIахIиттира. Оццу хенахь АллахIан элча (АллахIера
къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) тхоьца ламаз дан хIоьттира. БIаьхойн цхьа
дакъа ламазна дIахIоьттира цуьнца, ткъа важа дакъа - мостагIчунна гергахьа а
дахана, цунна дуьххьал дIахIоьттира. ХIетахь АллахIан элчано (АллахIера
къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) шеца ламазе хIиттиначаьрца рукуI а, ши сужуд
а дира. Цул тIаьхьа уьш, хIинца а ламаз данза болучаьрца хийца а белла, уьш
лаьттиначу тIеман
меттигашка дIахIиттира. Бахана вукхара АллахIан элчанца (АллахIера къинхетам а,
маршо а хуьлда цунна) рукуI а, ши сужуд а дира. Ткъа цо оцул тIаьхьа а бен
салам ца делира. Царех хIорамма а, хьала а гIаьттина, ша-ша кхин а тIе цхьацца
рукуI а, шишша сужуд а дира» (ХIара хьадис далийнарш
ал-Бухари: 942, Муслим: 839. Ткъа хьадисан дIаяздар ал-Бухариниг ду).
389. Жабир ибн IабдуллахI ал-Ансарис (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элчанца (АллахIера къхинхетам а, маршо а хуьлда цунна) цхьаьна вара со - цо кхераман ламаз дечу хенахь. Тхо цунна тIаьхьа дIахIиттира, шина могIаре а нисделла. Оцу хенахь мостагI тхуний, къилбанний (Маккиний) юккъехь лаьтташ вара. Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), «АллахIу Акбар» а аьлла, АллахI воккха вира. Цунна тIаьххье оха массара а дира цо диннарг. Цул тIаьхьа рукуI дира цо. Цунна тIаьххье оха массара а дира рукуI. Цул тIаьхьа рукуIера хьалавеара иза. Оха а дира изза. Цул тIаьхьа иза а, цуьнца цхьаьна хьалхара могIа а сужуде охьабахара. Ткъа шолгIачу могIарехь берш мостагIчунна юьхь-дуьхьал лаьттира. Пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) сужуд дина ваьллачу хенахь хьалхарачу могIарера бусалба нах сужудера хьалагIевттира. Цул тIаьхьа сужуде бахара шолгIачу могIарехь лаьттинарш. Уьш хьалабаьхкиначу хенахь хьалхарачу а, тIаьххьарачу а могIаршкахь берш шайн меттигашкахь хийцабелира. Цул тIаьхьа пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) рукуI дира. ТIаккха оха массара а дира рукуI. Цул тIаьхьа рукуIера хьаланисвелира иза. Оха а дира изза. Цул тIаьхьа сужуде вахара иза, цуьнца цхьаьна хьалхарачу могIарехь берш а. Ткъа уьш - хьалхара ракаIат дечу хенахь шолгIачу могIарехь хилларш бара. Ткъа шолгIачу могIарехь хилларш - мостагIчунна дуьххьал лаьтташ бара. Пайхамар а (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), хьалхарачу могIареранаш а сужуд дина бевлча, шолгIачу могIарехь лаьттачара а, охьа а бахана, сужудаш дира. Цул тIаьхьа пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) салам делира. Цунна тIаьххье оха а делира саламаш» (ХIара хьадис далийнарг Муслим ву: 840. Цуьнах тера хьадис Абу Дауда а далийна: 1236, Абу Iаййаш аз-Зуракъис дийцина аьлла. Ткъа оцу хьадисехь аьлла: «И гIуллакх Iасванехь лелла дара»).
Ан-Насаис кхин хьадис а далийна, Жабира (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина аьлла: «Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) шен асхьабех цхьана декъаца ши ракIат ламаз дира. Цул тIаьхьа салам делира цо. Юха а цкъа дира цо ши ракаIат лааз шолгIачу шен асхьабийн тобанца» (ХIара хьадис далийнарг ан-Насаи: 1552. Цуьнах тера хьадис, Абу Бакара (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина аьлла, Абу Дауда а далийна: 1248).
391. Хьузайфа (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) кхерам хIоьттиначу хенахь бусалба нехан шина тобанца, цхьацца ракаIат деш, кхераман ламаз дира. Цул тIаьхьа шаьш юкъахдитина хилла долу ракаIат метта а ца хIоттийра цара» (ХIара хьадис далийнарш Ахьмад: 22284, Абу Дауд: 1246. Ткъа ан-Насаис а: 1529, ибн Хьиббана а: 7/121 бакъ хьадис ду аьлла хIара. Кхуьнах тера хьадис Хузайма а: 1344 далийна, ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина аьлла).
392. Ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Кхерам хIоьттича деш долу ламаз – цхьа ракаIат ду, муьлххачу а кепехь дан мегаш» (ХIара хьадис, дийциначеран гIийла зIе а йолуш, «Кашф ал-астар» жайнахь ал-Баззара далийна: 678).
393. Ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Кхерам хIоьттича деш долучу ламазехь дийлина гIалаташ тергаме оьцуш а дац» (хIара хьадис далийнарг ад-ДаракъутIни ву: 2/58, гIийла зIе а йолуш).