361. IабдуллахI
ибн Iумара а, Абу ХIурайрас а (АллахI реза хуьлда царна) дийцина, АллахIан
элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), шен минбаран уьнна тIехь
лаьтташ а волуш, элира аьлла: «Нагахь наха рузбанан ламазашца бала цахилар
дита ца дитахь - АллахIа церан дегнашна тIе дIа а къевлина мухIар тухур ма ду.
Ткъа цул тIаьхьа бендоцучарех а хилла дIахIуьттур ма бу уьш» (Муслим: 865).
362.
Салама ибн АкваIа (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элчанца
цхьаьна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) рузбанан ламаз дора оха.
Ткъа цул тIаьхьа, тхо дIасадоьлхучу хенахь, кIел хIитта пенойн IиндагI а ца
хуьлура» (ХIара хьадис далийнарш ал-Бухари: 4168, Муслим: 860. Ткъа
хьадисан дIаяздар ал-Бухариниг ду).
Муслиман ривайатехь аьлла:
«Оха цуьнца рузбанан ламаз дора - малх стигалан юккъера (зенитера)
дехьабаьлча. Цул тIаьхьа юхадерзара тхо - делкъал тIаьхьенан IиндагI каро а гIерташ».
Кхечу ривайатехь аьлла: «АллахIан
элчанан (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) заманчохь…».
364.
Жабира (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Цкъа пайхамар (АллахIера къинхетам
а, маршо а хуьлда цунна) рузбанехь хутIба деш лаьтташ а волуш, Шемара ковра
схьакхечира. Ткъа нах каде цунна дуьхьал дIахьаьлхира. ХIета маьждигна чохь виссинарг
шийтта стаг бен а вацара» (хIара хьадис далийнарг Муслим ву: 863).
364.
Ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина, АллахIан элчано
(АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Рузбанан ламазан,
я муьлхха а кхечу ламазан цхьана ракаIатна тIекхиъначо - шен диссина ракаIат
тIедойла. ТIаккха цуьнан ламаз кхоччуш дерзийна хир ду» (ХIара хьадис
далийнарш ан-Насаи: 757, ибн Мажа: 1123, ад-ДаракъутIни: 2/12. Хьадисан дIаяздар
тIаьххьарачуьнниг ду. Хьадис дийциначеран зIе бакъ «сахьихь» ю, ткъа Абу
Хьатима-м «мурсал» ю аьлла и).
366.
Жабир ибн Самурас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Пайхамара (АллахIера
къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хутIба ирахь дора. Цул тIаьхьа охьахуура
иза. Цул тIаьхьа, хьала а гIоттий, кхиндIа а ирахь дIадора цо шен хутIба.
Нагахь хьамма а цхьамма хьоьга алахь: цо хутIба хиъна Iаччохь дора аьлла - харц
луьйш ву хьуна иза» (хIара хьадис далийнарг Муслим ву: 862).
367. Жабир ибн IабдуллахIа (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина: «АллахIан элчанан (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хутIба дечу хенахь бIаьргаш цIийлора, аз айлора, дарлой а хьаьвзара иза, хIокху кепарачу дешнашца эскаре кхерам хиларан хаам беш волуш санна: «МостагI тIелеташ ву шуна Iуьйранна! МостагI тIелеташ ву шунна
суьйранна!». Цо олура:
«Делахь… Боккъалаъ, уггаре а дикаха хабар – АллахIан Жайна ду, уггаре а дикаха
куьйгалла – Мухьаммадан куьйгалла ду. Уггаре а вон гIуллакхаш – динехь керла
юкъадаьхнарш ду. Ткъа муьлхха а керла юкъадаьккхина гIуллакх – тилар ду»»
(ХIара хьадис далийнарг Муслим ву: 867).
Оцу хьадисан кхечу
ривайатехь аьлла: «Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) пIерасканан
дийнахь, АллахIна хастам а бой, И ваз а вой, цул тIаьхьа хутIба дора, аз а
айдина».
Кхечу ривайатехь дийцина,
цо элира аьлла: «АллахIа нийсачу новкъа нисвинарг - аддамо а тиларчу вуьгур
вац. Ткъа АллахIа нийсачу новкъах тилийнарг - аддамо а нийсачу новкъа нисвийр
вац».
Ан-Насаин ривайатехь
дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «…муьлххачу
а тиларо жоьжагIате вуьгу» (Ан-Насаи: 1578).
368. Iаммар
ибн Йасина (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера
къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) олуш хезна шена аьлла: «Нагахь стаг ламаз
дахдеш а, хутIба дацдеш а велахь - иза цуьнан динах болу кхетам кIорггера хилар
гойтуш тоьшалла ду-кха» (хIара хьадис далийнарг Муслим ву: 869).
369.
Умм ХIишам бинт Хьарис ибн ан-НуIмана (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: ««Къаф.
Аса дуй буу сийлахьчу КъурIанах…» (боху) сурат дагахь ма Iамийра аса - АллахIан
элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хIора пIерасканан дийнахь,
рузбанехь, шен минбарна тIехь дIа а хIуттий, нахана хутIба дечу хенахь иза доьшуш
хилла хилар бахьанехь» (хIара хьадис далийнарг Муслим ву: 873).
370.
Ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина, АллахIан
элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «ПIерасканан
дийнахь имам хутIба деш волучу хенахь къамел деш верг - жайнех йоьттиначу вирах
тера ву. Нагахь муьлххачу а цхьамма цуьнга къамел сацаде (къамел ма де) алахь -
иза рузбанан ламазан йолах волу» (хIара хьадис вон йоцучу зIеца далийнарг
Ахьмад ву: 2034).
Абу ХIурайрас (АллахI реза
хуьлда цунна) дийцина долу рогIера хьадис кхетош, Имам Ахьмада дийцина,
АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Нагахь
ахьа хьайн накъосте, имам хутIба деш а волуш, къамел ма де алахь - ахьа деса
хабар дийцина лору» (хIара хьадис далийнарш ал-Бухари: 934, Муслим: 851).
371.
Жабира (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Цкъа пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) пIерасканан
дийнахь рузбанехь хутIба деш а волуш, цхьа стаг маьждигна чувелира. Пайхамара
(АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хаьттира цуьнга: «Ахьа ламаз
диний?». Цо жоп делира: «ХIан-хIа!». ТIаккха цо элира: «Хьала а гIаттий,
ши ракаIат ламаз де»» (хIара хьадис далийнарш ал-Бухари: 931,
Муслим: 875).
372.
Ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина: «Пайхамара
(АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) пIерасканан дийнахь рузбанан
ламазехь «ал-ЖумуIа» а, «ал-Мунафикъун» а ши сурат доьшура» (хIара хьадис
далийнарг Муслим ву: 879).
373.
Ан-НуIман ибн Башира (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина:
«АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) шина Iийданехь
а, рузбанан ламазашкахь а хIара сураташ доьшура: «Хастае Сийлахь-Везачу хьайн Делан цIе», «Хабар кхаьчний хьоьга [хIай, Мухьаммад] -
дIахьулдечух [къематдийнах]?»» (хIара хьадис далийнарг Муслим ву:
878).
374.
Зайд ибн Аркъама (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) Iийдан ламаз
дира. Цул тIаьхьа рузбанан ламаз ца деш дита бакъо а елира. Цо элира: «Шена
луучо де аша и ламаз»» (ХIара хьадис далийнарш Ахьмад: 18831, Абу
Дауд: 1070, ан-Насаи: 1591, ибн Мажа: 1310. Ткъа ибн Хузайма: 2/359 бакъ хьадис
ду аьлла хIара).
375.
Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера
къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Нагахь шух муьлххачо а цхьамма рузбанан ламаз
дахь – цунна тIаьхьара тIедеш долу кхин а диъ ракаIат (суннат) дойла»
(хIара хьадис далийнарг Муслим ву: 881).
376.
Ас-Саиб ибн Йазида (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, МуIавис (АллахI реза
хуьлда цунна) элира шега аьлла: «Нагахь айхьа рузбанан ламаз динехь – хьо-о
къамеле валлалц я маьждигна чуьра араваллалц йолучу юккъехь, цуьнах а хоттий, тIедеш
долу ламаз дан ма доладойла ахьа, хIунда аьлча АллахIан элчано (АллахIера
къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), цхьа ламаз дерзийча рогIера ламаз ма доладе
я къамеле довллалц, я маьждигна чуьра арадовллалц аьлла, омра дина тхоьга»
(хIара хьадис далийнарг Муслим ву: 883).
377.
Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, цкъа АллахIан элчано (АллахIера
къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Нагахь (стаг), лийча а
лийчина, тIаккха рузбанан ламазе а веана, шена тIедехкина ламазаш а дина, цул тIаьхьа
имам хутIба дина валлалц вист а ца хуьлуш, тапъаьлла Iадда а Iийна, цул тIаьхьа
цо цаьрца цхьаьна жамаIатехь ламаз динехь - оцу пIерасканан денний, тIедогIучу
пIерасканан денний юккъехь а, оцу тIе кхин а кхаа дийнахь летон долучу къиношна
а гечдо цунна» (хIара хьадис далийнарг Муслим ву: 857).
378.
Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера
къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) пIерасканан де хьахош элира: «Оцу денна
чохь цхьа сахьт ду… Нагахь бусалба стага, оцу ханна чохь ламазе а хIоьттина,
доллучунна ницкъ кхочуш а, Сийлахь-Воккха а волучу АллахIе муьлхха а хIума дехахь
- билггал, даланза дуьтур дац Цо цунна и». Циггахь шен куьйгаца гатйира цо - и сахьт чIогIа кIеззиг хан хилар
(хIара хьадис далийнарш ал-Бухари: 935, Муслим: 852).
Муслиман ривайатехь аьлла:
«И – хенан йоцца юкъ ю».
379.
Абу Бурда (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, шен дена хезна, АллахIан элчано
(АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) олуш аьлла: «И юьйцу хан -
имам охьахиъначу тIера ламаз дерзийна даллалц йолу юкъ ю» (ХIара хьадис далийнарг
Муслим ву: 853. Амма ад-ДаракъутIнис и дешнаш шен Абу Бурдан дешнаш ду аьлла).
IабдуллахI ибн Саламан
(АллахI реза хуьлда цунна) хьадисехь дийцина: «Юьйцуш йолу хан – малхбузан
ламазний, малх чубузарний юккъехь ерг ю» (ХIара хьадис далийнарг ибн Мажа
ву: 1139. Цуьнах тера хьадис Абу Дауда а: 1048, ан-Насаис а: 3/99 далийна,
Жабира дийцина аьлла).
Оцу хаттаран хьокъехь
дуккха а хетарш ду. Царех шовзткъа сов схьадагардира аса сайн ал-Бухарин
хьадисийн гуламна кхетам луш яздиначу жайнахь.
380. Жабира
(АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Суннатехь рузбанан ламаз деш ду - шовзткъа
а, цул сов а ламаз дан нах гулбелча» (хIара хьадис, гIийла зIе а йолуш,
далийнарг ад-ДаракъутIни ву: 2/3).
381.
Самурат ибн Жундуба (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Пайхамара (АллахIера
къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хIора пIерасканан дийнахь гечдар доьхура
бакъ динерачу (муъма) стегаршна а, зударшна а» (хIара хьадис, гIийла зIе а
йолуш, далийнарг ад-Баззар ву: 1/307).
382.
Жабир ибн Самура (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Пайхамара (АллахIера
къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) рузбанехь хутIба дечу хенахь КъурIанан аяташ
доьшура, цаьрца нахана хьехам а беш» (хIара хьадис даийнарг Абу Дауд ву:
1101. Кхуьнан бух Муслима а: 866 балийна).
383. ТIарикъ
ибн ШихIаба (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера
къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Рузбанан ламаз парз хилла
тIедоьжна ду массо а бусалба нахана, виъ воцучарна: лайшна а, зударшна а,
берашна а, цомгашчарна а» (ХIара хьадис далийнарг Абу Дауд ву: 1067. Цо
аьлла: ТIарикъна цкъацкъа а хезна дац пайхамарера (АллахIера къинхетам а, маршо
а хуьлда цунна) шеггара къамелаш. Делахь а, ал-Хьакима а: 1/288 далийна оццу
хьадисан кхин а цхьа ривайат. Оцу ривайатехь билгалдоккху - ТIарикъа дийцинарг
шена Абу Муса ал-АшIарера (АллахI реза хуьлда цунна) хезнарг хилар).
384.
Ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина, АллахIан элчано
(АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Рузбанан ламаз
некъахочунна тIехь дац» (хIара хьадис, гIийла зIе а йолуш, далийнарг ат-ТIабарани
ву: 1/249).
385. IабдуллахI
ибн МасIуда (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элча (АллахIера къинхетам
а, маршо а хуьлда цунна) минбарна тIе хьалаваьллачу хенахь - тхайн яххьаш
цуьнгахьа а ерзош, цунна тIедерзара тхо» (ХIара хьадис, гIийла зIе а йолуш,
ат-Тирмизис: 509 далийна. Делахь а, иза чIагIло АллахIан элчанан (АллахIера
къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хьадисах тоьхча, ал-Бараъ ибн Малика дийцина
а, ибн Хузайма: 3/198 схьадалийна а долучу).
386. Ал-Хьакм ибн Хьазна (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Пайхамарца (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) рузбанехь цхьаьна дара тхо. Иза ирахь лаьтташ вара, Iасанна я пхьой-Iодана тIе а тевжина» (хIара хьадис далийнарг Абу Дауд ву: 1096).