347. Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Юьхьанца
бусалба нахана шишша ракаIатехь дан дезаш тIедехкина дара ламазаш. Цул тIаьхьа
иштта долу ламазаш некъахошна тIедехкира, ткъа гуттаренна а бехаш болучу
меттигашкахь болучарна ламазаш тIедуьйзира» (хIара хьадис далийнарш
ал-Бухари: 1090, 3935, Муслим: 685).
Оцу
тIе ал-Бухарин ривайатехь аьлла: «Цул тIаьхьа цо хIижрат дира. ХIетахь парз
ламаз диъ ракIат дина тIедиллира. Ткъа некъан ламаз, хийцам а боцуш, хьалха
санна дитира».
Имам
Ахьмадан ривайатехь оцу тIе аьлла: «…маьркIажан ламаз доцург, ткъа иза - шалза
ракаIаташ а нисдина, дийнахь дан дезаш долучу ламазех ду. Iуьйранан ламаз
доцург а, ткъа иза - дехха КъурIан а доьшуш, дан дезаш ду» (Ахьмад: 25511).
348. Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Пайхамара
(АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) наггахь ламаз дацдора новкъахь,
ткъа наггахь дуьззина а дора. Цкъацкъа марханаш кхобура цо, ткъа цкъацкъа
марханаш ца кхобуш а Iара» (ХIара хьадис далийнарг ад-ДаракъутIни ву:
2/189. Хьадис дийцинарш теша хьакъ бу. Делахь а, хIара хьадис къайлах сакхт
долуш ду. Дика хууш дерг - изза ша Iайшата а (АллахI реза хуьлда цунна) деш
хилла хилар ду. Цо ала а аьлла: «Суна хала хилац и». ХIара хьадис далийнарг
ал-БайхIакъи ву: 3/141, 143).
349. Ибн
Iумара (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина, АллахIан элчано
(АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Боккъалаъ, Сийлахь-Везачу
АллахIна дукха деза - шайна магийначух наха пайда эцар, уьш Шена Iеса хилар
цадезаре терра» (ХIара хьадис далийнарг Ахьмад ву: 5832 Ткъа ибн Хузайма а:
3/259, ибн Хьиббана а: 2/69 бакъ хьадис аьлла хIара).
Кхечу ривайатехь аьлла: «…цара
шайна парз а дина тIедехкинарш кхочушдар дезаре терра».
350.
Анаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера
къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) ша кхаа милал (1) я фарсахал гена
новкъа ваьлча - ламаз дац а дой, ши ракаIат дора» (хIара хьадис далийнарг
Муслим ву: 691).
(1)
Цхьа мил – 1600 метар нислуш ю. Ткъа хIокху
хьадисехь «милал я фарсахал» аьлла. Шина кепара аларан бахьана - хьадис
дийциначуьнан шеко хилар ду: билггал муьлха дара ца хууш цигахь аьлларг. Оцу
шина а юккъехь дацдан харжам бу бохург а дац иза.
351.
Анаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элчанца (АллахIера
къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) цхьаьна Маккара дIа Медана даханера тхо. ХIетахь
цо ламазаш, шишша ракаIат а деш, дора - тхо Меданара юхадерззалц» (ХIара
хьадис далийнарш ал-Бухари: 1081, Муслим: 693. Ткъа хьадисан дIаяздар
ал-Бухариниг ду).
352.
Ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина: «Макка
йоккхучу шарахь пайхамаран (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) ткъесна
де даккха дийзира цигахь. Оцу ханна чохь шен ламаз дацдира цо».
Кхечу ривайатехь аьлла: «Маккахь
ткъесна де дьккхира цо».
Абу Даудан ривайатехь
аьлла: «ВуьрхIийтта де даьккхира».
Абу Даудан вукху
ривайатехь аьлла: «Пхийтта де» (ал-Бухари: 1080, Абу Дауд: 1230, 1231).
Абу Дауда иштта кхин а
цхьа хьадис далийна, Iимран ибн Хьусайна (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан
дена а) дийцина аьлла: «БерхIийтта де даьккхира цо цигахь» (1229).
353.
Оццо далийна Жабиран хьадис (АллахI реза хуьлда цунна). Цуьнгахь аьлла: «АллахIан
элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) Табукехь ткъа дийнахь сецира,
шен ламазаш дац а деш» (ХIара хьадис дийцина берш теша хьакъ бу. Амма
цуьнан схьадалар кегаделла ду. Абу Дауд: 1235).
354.
Анаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера
къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) малх гIушлакхенгара дехьабалале хьалха ша
новкъа волуш нисделча - делкъан ламаз малхбузан ламазан хене дIатоттура.
ТIаккха, саца а соций, ший а ламаз цхьаьна а тухий, дора цо. Нагахь ша (новкъа
валале) малх гIушлакхенгара дехьабаьлла белахь - дуьххьара шен делкъан ламаз а
дой, цул тIаьхьа дIановкъа волура иза» (хIара хьадис далийнарш ал-Бухари: 1111,
Муслим: 704).
«ал-АрбаIийн» олучу
гуларахь ал-Хьакима далийначу ривайатехь аьлла: «…делкъан а, малхбузан а
ламазаш а дой, тIаккха дIановкъа волура иза».
Абу НуIайма «Мустахраж
Муслим» гуларахь кхин ривайат далийна. Оцу ривайатехь аьлла: «Ша новкъахь а
волуш, малх гIушлакхенгара дехьабаьлча - тIеттIаузий делкъан а, малхбузан а
ламазаш а дой, цул тIаьхьа дIановкъа волура иза».
355.
МуIаз ибн Жабала (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Пайхамарца цхьаьна (АллахIера
къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) Табук гIазоте даха девллера тхо. ХIетахь цо
делкъан а, малхбузан а ламазаш тIеттIаоьзна дира. Иштта маьркIажан а, пхьуьйран
а ламазаш а дира цо тIеттIаоьзна» (хIара хьадис далийнарг Муслим ву: 706).
356.
Ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина, АллахIан
элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Ламаз дац
ма де - нагахь шаьш кхаа бурдал а боцачу новкъа даха девллехь, Маккара дIа Iусфане
кхаччалц болучу некъан боахалле нислуш йолучу» (ХIара хьадис, гIийла зIе а
йолуш, далийнарг ад-ДаракъутIни ву: 1/387. Оцу хьокъехь уггаре а нийсаха
аьлларг - и дешнаш шен ибн Iаббасан (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а)
хилар ду. И агIо тIечIагIйо ибн Хузайма далийначу ривайато а).
357.
Жабира (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам
а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Сан умматера диканаш - шаьш
къалатийча, гечдар доьхуш берш бу, ткъа шаьш новкъа баха бевлча – ламазаш
дацдеш а, марханаш кхабар сацош дерш а бу» (ХIара хьадис, гIийла зIе а
йолуш, «ал-АвсатI» жайнахь ат-ТIабаранис далийна: 6/332. Ткъа ал-БайхIакъис а
далийна иза яцйинчу кепехь. СаIид ибн ал-Мусаййиба хьадис «мурсал» ду аьлла).
358. Iимран
ибн Хьусайна (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Гоьта-лазар долуш, бала хьоьгуш вара со. Аса пайхамаре (АллахIера
къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), айса ламаз муха дан денза аьлла, хаьттира.
Цо жоп делира: «Хьайн ламаз ирахь де ахьа. Нагахь хьоьга иза далуш дацахь -
охьахиъна Iаччохь де ахьа. Нагахь иза а хьоьга далуш дацахь - агIонна тIе дIа а
вижий де ахьа»» (ал-Бухари: 1117).
359.
Жабира (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Пайхамарна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) цомгаш цхьа
стаг гира, гIайбанна тIехь ламаз деш. И гIайба юьстах а кхоьссина, тIаккха элира цо:
«Лаьтта тIехь де хьайн ламаз - нагахь хьайга иза далахь, ткъа ца далахь - ишарш
е. Сужуд дечу хенахь алсамо а таьIаш, охьа а таIа, рукуI дечу хенахьчул а»»
(ХIара хьадис ал-БайхIакъис далийна: 2/306. Ткъа Хьатима тIечIагIдина и дешнаш Жабиран (АллахI реза
хуьлда цунна) дешнаш хилар).
360. Iайшата
(АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо
а хуьлда цунна), когаш чучча а дахийтина, ламаз деш гира суна» (хIара
хьадис далийнарг ан-Насаи ву: 1661. Ткъа ал-Хьакима: 3891 бакъ хьадис ду аьлла
хIара).