• Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Сайт тIехь лахар
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
Нохчийн Русский
 
 
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт

ЖамаIат ламаз а, имамалла а дуьйцу дакъа

Опубликовано: 30 января 2012

320. IабдуллахI ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «ЖамаIатехь дина ламаз ткъе ворхIазза дезаха ду цхьаммо, ша а хIоьттина, диначу ламазал а» (хIара хьадис далийнарш ал-Бухари: 625, Муслим: 650).

Оццу шимма далийна, Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «…ткъе пхоьазза…» (хIара хьадис далийнарш ал-Бухари: 648, Муслим: 649).

Ал-Бухарис цуьнах тера хьадис кхин а далийна, Абу СаIийда (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина аьлла (ал-Бухари: 646).

321. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Сайн са Шен карахь долучух дуй ма буу аса! Дечиг даккха аьлла, омра дан лууш ма хиллера со. Дечиг гул а дайтина, нах ламазе кхайкха аьлла, омра а дина, уьш ламазе а кхайкхина. ТIаккха цхьана стаге, нахана хьалха а валий, имамалла де аьлла, омра а дина. Цул тIаьхьа ламазе цабаьхкинарш болучу а вахана, буха хIума а ца дуьтуш, церан цIенош дагийна дIадаха! Сайн са Шен карахь долучух дуй ма буу аса! Царех муьлххачунна а хиъча: шена кхузахь дерстина жижиг тIехь долу юьхк хир юйла, я дикачу шина жинан пIендаршкара (я шина пIендарна юккъера) жижиг хир дуйла, - цхьа а шеко йоцуш, кхуза пхьуьйран ламазе а вогIур ма вара иза» (ХIара хьадис далийнарш ал-Бухари: 644, Муслим: 651. Ткъа хьадисан дIаяздар ал-Бухариниг ду).

322. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьда цунна) элира аьлла: «Мунепакъашна уггаре а хала хуьлуш долу ламаз – пхьуьйран ламаз а, Iуьйран ламаз а ду. Амма царна хиъча оцу шина ламазе (баьхкича шайна хуьлуш йолу ял) – билггал, богIур ма бара уьш цига, текхаш баьхкина а» (Бухари: 657, Муслим: 651).

Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьда цунна) элира аьлла: «Цкъа пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлдда цунна) волучу а веана, цхьана бIаьрзечу стага аьлла: «ХIай, АллахIан элча! Со маьждиге а валош лелон аддам а вац сан». Ткъа пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) ламаз шен цIахь дан бакъо елла цунна. Амма и стаг, дIа а вирзина, дIаваха ма вуьйлли, цо хаьттина цуьнга: «Моллалла кхойкхуш хезий хьуна?». Цо жоп делла: «ХIаъ». Т1аккха цо аьлла: «Кхайкхиначу моллина, маьждиге а гIой, жоп ло ахьа». 

323. Ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цунна а, цьунан дена а) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Нагахь моллалла кхойкхуш хезнарг, бехказа бахьана а доцуш, жамаIатан ламазе ца ваханехь - цуьнан ламаз къобалдийр долуш дац» (ХIара хьадис далийнарш ибн Мажа: 793, ад-ДаракъутIни: 1/420, ибн Хьиббан: 5/450, ал-Хьаким: 1/245. Цул сов, хьадис дийциначеран зIе Муслиман бехкамашца йогIуш а ю. ХIетте а, цхьацца болучу динан Iилманчаша хIара хьадис, зIе юкъара яьлла (асхьабана тIехь сецна) ду, аьлла дийцина).

324. Йазид ибн ал-Асвада (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Ша цкъа Iуьйран ламаз дира АллахIан элчанца (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна). АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) ламаз дерзийна ма велли, цхьа ши стаг гира цунна, тхоьца цхьаьна ламаз а ца деш Iийна хилла волу. Цо тIекхайкхира цаьршинга. Цунна тIевеъначу хенахь, кхеравелла, вегош вара и шиъ. Цо хаьттира цаьршинга: «ХIун дара, ткъа, тхоьца ламаз а ца, деш, Iан шуьшинна новкъарло йинарг?». Цаьршимма жоп делира: «ЦIахь динера охашимма ламаз». Цо элира: «Кхин ма делаш ишттаниг. Нагахь шаьш шайн цIахь ламаз а динехь, цул тIаьхьа шаьш даханачохь шайна ламаз данза Iаш имам а карийнехь - цуьнцанний цхьаьна дIа а хIоттий, жамаIатехь ламаз де, хIунда аьлча - иза тIедина суннат ламаз лорур ду шуна»» (ХIара хьадис далийнарш Ахьмад: 4/160, Абу Дауд: 575, ат-Тирмизи: 219, ан-Насаи: 858. Ткъа хьадисан дIаяздар Ахьмадниг ду. Ат-Тирмизис а, ибн Хьиббана а: 6/155 бакъ хьадис ду аьлла хIара).

325. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Имам хIоттош ву – ламазехь нах цунна тIаьхьабазийтархьамма. Цундела цо, «АллахIу Акбар» а аьлла, АллахI воккха вича - аша а ве И, «АллахIу Акбар» а алий, воккха. Амма цо чул а хьалха ма делаша иза. Цо рукуI дича – аша а де рукуI. Амма цо чул а хьалха ма делаша иза. Цо аьлча: «АллахIна хезаш ву Шена хастам бийриг!» («СамиIаллахIу лиман хьамидахI») - аша а ала: «Я, АллахI! Тхан Дела! Хастам бу Хьуна!» («АллахIумма роббана лакал хьамд»). Цо сужуд дича - шу а гIо сужуде. Амма цо чул а хьалха ма делаша иза. Нагахь иза, ирахь а волуш, ламаз деш велахь - аша а дан деза цо санна ирахь ламаз. Нагахь иза, охьахиъна а волуш, ламаз деш велахь – шу а ду дерриге а, иза санна охьа а хевшина, ламаз дан дезаш» (ХIара хьадис далийнарг Абу Дауд ву: 603. Ткъа оцу хьадисан бух ал-Бухарис а: 734, Муслима а: 417 балийна).

326. Абу СаIид ал-Худрис (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Шен асхьабашкахь тIехьагIертаран амалан тидо йиначу АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира: «Хьалхьа а довлий, шайн ламаз де - аса дийрриг а деш. Шуна тIехьа хIиттина болучара а де шайн ламаз - аша дийрриг а деш»» (хIара хьадис далийнарг Муслим ву: 438).

327. Зайд ибн Сабита (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), чертаца шена чоь а йина, нахах дIа а къаьстина, оцу чохь ламазаш дан вуьйлира. Иза лаха а лехна, цунна тIаьхьа а хIиттина, цуьнца ламазаш дан буьйлира стегарий…» (хIара – деххачу хьадисан дакъа ду, ал-Бухарис а, Муслима а далийначу).

Оцу хьадисехь аьлла: «…уггаре а деза ламаз - стага шен цIахь дийриг ду, парз (ламаз) доцург» (хIара хьадис далийнарш ал-Бухари: 731, Муслим: 781).

328. Жабир ибн IабдуллахIа (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина: «МуIаза, имамалла а деш, пхьуьйран ламаз динера шен накъосташца. ЧIогIа дахдеш дина хиллера цо иза. ХIета, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьллера: «ХIай, МуIаз! Нах зуьйш волу зиэрхо хила-м ца гIерта хьо? Айхьа нахана имамалла дечу хенахь хIара сураташ деша: «Хастае Сийлахь-Везачу хьайн Делан цIе», «ДIадеша хьайн Делан цIарца, дерриге а кхоьллина волучу!», «Аса дуй буу дийнах, цуьнан серло яьржачу хенахь!»»» (ХIара хьадис далийнарш ал-Бухари: 705, Муслим: 465. Ткъа хьадисан дIаяздар тIаьххьарачуьнниг ду).

329. Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна), АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) ша цомгаш волуш нахаца диначу ламазах дерг дуьйцучу дийцарехь, дийцина: «Ван а веана, Абу Бакарна аьрру агIор охьа а хиъна, нахана имамалла дан вуьйлира иза. Оцу хенахь Абу Бакар ирахь ламаз деш вара. ХIетахь Абу Бакар, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) диннарг а деш, деш вара ламаз. Ткъа нах, Абу Бакара дийрриг а деш, деш бара шайн ламазаш» (хIара хьадис далийнарш ал-Бухари: 713, Муслим: 418).

330. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Нагахь шух муьлхха а цхьаъ жамаIатан ламазехь нахана имам хIоттахь – дацдина дойла цо и, хIунда аьлча царна юккъехь кегийранаш а бу, хенара нах а бу, гIийланаш а бу, хьашт дерш а бу. Нагахь иза ламаз ша цхьаъ а хIоьттина деш велахь - шена ма луъура дойла цо иза» (хIара хьадис далийнарг ал-Бухари: 703, Муслим: 467).

331. Iамр ибн Салама (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, шен дас элира аьлла: «Со шу долучу бакъ пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) волучуьра вогIу. Ламазан хан хилча - шух цхьаммо моллалла кхайкха, шух КъурIан уггаре а дика хуург имам а хIотта». Нах хьаьвсира (КъурIан гIолехь хуург мила ву-те аьлла). Царна цхьа а ца карийра сол а дикаха КъурIан хууш. ХIета, цара со хьалхатеттира. Оцу хенахь сан хан ялх я ворхI шо бен а дацара» (ХIара хьадис далийнарш ал-Бухари: 4302, Абу Дауд: 585, ан-Насаи: 2/80).

332. Абу МасIуда (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «ЖамаIатан ламазехь нахана хьалха имам хIотта веза - Сийлахь-Везачу АллахIан жайна КъурIан массарначул а дикаха хууш верг. Нагахь уьш (КъурIан) цхьатерра хууш белахь - ламазехь хьалхавала веза массараначул а дикаха суннат девзаш верг. Нагахь уьш суннат а цхьатерра девзаш белахь - ламазехь хьалхавала веза хьалха хIижрат динарг. Нагахь цара хIижрат а цхьана хеннахь динехь - ламазехь хьалхаваларан бакъо Ислам-дин дуьххьара тIелаьцначунна кхочу. Шух цхьа а ламазехь хьалха ма волийла - кхечу стеган хIусамехь, я цуьнан хIусамехь сийлахьчу меттиге охьа а ма хоийла, цуьнан пурба а доцуш» (хIара хьадис далийнарг Муслим ву: 673).

Кхечу ривайатехь аьлла: «…ткъа хьалхавала бакъо ханна воккхаха волучунна кхачош ю».

333. Жабира (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «ЖамаIатан ламаз дечу хенахь зуда янне а имам хIотта йиш йолуш яц - стегаршна хьалха. Я акха (гIум-аренгара) Iаьрбо а вац жамаIатан ламазехь имам хIотта йиш йолуш – мухIажаршна. Я хьарам (Iеса) стаг а вац жамаIатан ламазехь имам хIотта йиш йолуш – муъма нахана» (хIара хьадис, гIийла зIе а йолуш, ибн Мажас: 1081 далийна).

334. Анаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Шайн могIарш тIетта а таIадай, царна юккъехь еса яккъаш а ма йита, шайн вортанаш (тай тоьхча санна) цхьатерра дIа а нисъе» (ХIара хьадис далийнарш Абу Дауд: 667, ан-Насаи: 815. Ткъа ибн Хьиббана: 14/51 бакъ хьадис ду аьлла хIара).

335. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Стегаршна уггаре а дика могIа – хьалхараниг бу, ткъа уггаре а вониг – тIаьххьараниг бу. Зударшна уггаре а дика могIа – тIаьххьараниг бу, ткъа уггаре а вониг – хьалхараниг бу» (хIара хьадис далийнарг Муслим ву: 440).

336. Ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина: «Цкъа цхьана буса ламаз динера аса АллахIан элчанца цхьаьна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна). Со, ваха а вахана, цунна аьрру агIор дIахIоьттира. Цо, сан ворта а лаьцна, шена аьтту агIор а ваьккхина, дIахIоттийра со» (хIара хьадис далийнарг ал-Бухари: 726, Муслим: 763).

337. Анаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элчанца (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) ламаз дечу хенахь, со а, бобер а цунна тIехьа хIоьттира, ткъа Умм Сулайм тхуна тIехьа хIоьттира» (хIара хьадис далийнарш ал-Бухари: 727, Муслим: 658. Ткъа хьадисан дIаяздар ал-Бухариниг ду).

338. Абу Бакра (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Со пайхамарна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) тIекхиънера, иза рукуIе вахана а волуш. Цо а динера рукуI, амма ша могIарна юккъе дIа а кхачале. Цо иза пайхамаре (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дийциначу хенахь, цо аьлла: «АллахIа совдоккхийла хьан дикане гIертар! Амма юхахула ма де ахьа ишттаниг»» (хIара хьадис далийнарш ал-Бухари: 783, Абу Дауд: 684).

Ат-ТIабаранин ривайатехь дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Ша могIарна юккъе дIа а кхачале рукуI а дина, цул тIаьхьа волавелла юкъавахара иза могIарна».

339. Вабиса ибн МаIбада (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элчанца (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) ламаз деш болучарна тIехьа, ша цхьаъ а хIоьттина, ламаз деш цхьа стаг гира. Цо цуьнга омра дира: ламаз юхаде аьлла» (ХIара хьадис далийнарш Ахьмад: 17541, Абу Дауд: 682, ат-Тирмизи: 230. Ткъа тIаьххьарачо дика «хьасан» даржехь ду а аьлла хIара, ткъа ибн Хьаббана: 5/576 бакъ хьадис ду аьлла).

Ат-ТIабарнин ривайатехь аьлла, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Церан могIаре хIунда ца хIоьттира хьо дIа, я церан (могIарера) цхьаъ  юха хIунда ца озийра ахьа?!» (хIара хьадис «ал-Кабир» жайнахь ат-ТIабаранис далийна: 22/145).

340. Ибн Хьиббана далийна, ТIалкъ ибн Iалис (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина хьадис. Оцу хьадисехь аьлла: «МогIарна тIехьа, ша цхьаъ а хIоьттина, диначуьнан ламаз къобалдеш дац» (Ахьмад: 15862, ибн Хьиббан: 2202).

341. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Шайна къамат деш хезча - ламазе гIо боларехь, собарах а ца духуш, сих а ца луш. Цул тIаьхьа шаьш имаманна тIекхиъна дакъа - цуьнцанний де, ткъа шаьш тIекхиале чекхдаьлларг – шаьш меттахIоттаде» (хIара хьадис далийнарш ал-Бухари: 636, Муслим: 602. Ткъа хьадисан дIаяздар ал-Бухариниг ду).

342. Абай ибн КаIба (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Шина стага, цхьаьна а хIоьтина, дина ламаз цIенаха ду – цхьамма, ша а хIоьттина, диначу ламазал а. Кхаа стага, цхьаьна а хIоьттина дина ламаз, цIенаха ду – шимма, цхьаьна а хIоьттина, диначу ламазал а. Ламаз деш болучеран терахь дукха мел хили а - Сийлахь-Воккхачу а, Нуьцкъалачу а АллахIна дукха деза» (ХIара хьадис далийнарш Абу Дауд: 554, ан-Насаи: 843. Ткъа ибн Хьиббана: 5/405 бакъ хьадис ду аьлла хIара).

343. Умм Варакъас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) соьга омра дира: хьайн цIахь болучу (зударшна) хьалха а йолуш, жамаIатехь ламаз де аьлла» (ХIара хьадис далийнарг Абу Дауд ву: 592. Ткъа ибн Хузаймас: 3/89 бакъ хьадис ду аьлла хIара).

344. Анаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) жамаIатехь ламаз деш нахана хьалха вала (имамалла дан) ибн Умм Мактум витира, иза бIерзе хиллашехь а» (ХIара хьадис далийнарш Ахьмад: 12588, Абу Дауд: 595. Цуьнах тера хьадис ибн Хьиббана а: 5/507 далийна, Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина аьлла).

345. Ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Докъан ламаз де - «Кхин дела вац, АллахI воцург» мел аьллачунна а. Иштта ламаз де - «Кхин дела вац, АллахI воцург» мел аьллачунна тIаьхьа хIиттий а» (хIара хьадис, гIийла зIе а йолуш, далийнарг ад-ДаракъутIни ву: 2/56).

346. Iали ибн Абу ТIалиба (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Нагахь шух муьлхха а ламазе веаначу цхьанна имам цхьана хьолехь каравахь – хIета, цо а дойла-кха оцу имама деш дерриг» (хIара хьадис, гIийла зIе а йолуш, далийнарг ат-Тирмизи ву: 591).

Тхан белхаш

Дешна девла жайнаш

© Исламан Нур - Свет Ислама 2023, Все права защищены. При копировании материалов ссылка на ресурс обязательна. Supported by 24soft