265. IабдуллахI
ибн Бухьайна (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Цкъа, делкъан ламаз дечу хенахь, пайхамар (АллахIера къинхетам а,
маршо а хуьлда цунна), ламазах ши ракаIат диначу хенахь, аттахьиййат деша охьа
а ца хууш, хьалагIаьттира. Цунна тIаьххье нах а гIевттира хьала. Ламаз дерзийна
а даьлла (салам дала герга дахча), цо, салам даларе хьоьжуш нах а болуш, ша
хиъна Iаччохь «АллахIу Акбар» олуш, АллахI воккха а вина, салам далале шозза
сужуде а вахана, цул тIаьхьа салам делира цо» (ХIара хьадис далийнарш
ал-Бухари, Муслим, Ахьмад, Абу Дауд, ат-Тирмизи, ан-Насаи, ибн Мажа. Ткъа
хьадисан дIаяздар ал-Бухариниг ду).
Муслиман ривайатехь аьлла:
«Ша хIора сужуд мосазза ди а, хиъна Iаччохь
«АллахIу Акбар» олий, АллахI воккхавора цо. Наха а дира цуьнцанний сужудаш -
цунна аттахьийат деша охьахаа дицдалар меттахIоттош».
266.
Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Цкъа, дийнахь деш долучарех
цхьа ламаз дечу хенахь, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна),
ши ракаIат а дина, тIаккха салам а делла, цул тIаьхьа хьала а гIаьттина,
маьждигна хьалххахь долучу уьнна тIе а вахана, оцу тIе шен куьг диллира. Ламаз
дечарна юккъехь Абу Бакар а, Iумар а вара (АллахI реза хуьлда цаьршинна). Делахь
а, и шиъ озавелира цуьнах дерг цуьнга дIахьахо. Нахах сихаберш маьждигера
арабевлира, вовшашка хетта а хоьттуш: «Ванах,
нах! Ламаз дацдина-те?». ТIаккха пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а
хуьлда цунна) шех Зул-Йадайн (деха куьйгаш дерг) олий, цIе йоккхуш хиллачу
стага цуьнга хаьттира: «ХIай, АллахIан
элча! Вицвелла ди-те ахьа и, я ламаз дацдина-те?». Пайхамара (АллахIера
къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) жоп делира: «Со я хIумманна а вицвелла а вац, я ламаз дацдина а дац».
Зул-Йадайна аьлла: «ХIан-хIа, вицвелла
хьо». ТIаккха оцо, кхин а ши ракаIат тIе а дина, тIаккха салам а делла, тIаккха,
«АллахIу Акбар» олуш, АллахI воккха а вина, ша гуттар а ма-дарра я кхин а деха
сужуд дира. Юха а сужудера шен корта хьала а айбина, «АллахIу Акбар» олуш,
АллахI воккха а вина, юха а сужуд дира цо ша гуттар а ма-дарра я кхин а деха. ТIаккха
сужудера шен корта хьала а айбина, юха а салам делира цо» (ХIара хьадис
далийнарш ал-Бухари: 1229, Муслим: 573. Ткъа хьадисан дIаяздар ал-Бухариниг
ду).
Муслиман ривайатехь аьлла:
«Цара динарг - малхбузан ламаз дара».
Абу Даудан ривайатехь, цо
нахе хаьттира аьлла, дийцина: ««Бакъ
дуй, ткъа, Зул-Йадайна дуьйцург?». Наха кортош таIийра – и бакъ хилар
билгало еш» (Абу Дауд: 1008, 1012).
Изза ал-Бухарин а,
Муслиман а шина а «Сахьихь» жайнахь а далийна. Амма оцу ривайатехь: «Наха жоп къамелехь делира» аьлла ду
пайхамарна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна).
Ткъа цхьана кхечу
ривайатехь аьлла: «Цо сужудаш а ца дира
- Сийлахь-Везачу АллахIа оцу тIехь ша тешаваллалц».
267. Iимран
ибн Хьусайна (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Цкъа, ламаз дечу хенахь виц а велла, гIалат диначу пайхамара (АллахIера
къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), шозза сужуд а дина, цул тIаьхьа аттахьиййат
а дешна, тIаккха салам делира» (ХIара хьадис далийнарш Абу Дауд: 1039,
ат-Тирмизи: 395. ТIаьххьарачо дика хьадис ду аьлла хIара, ткъа ал-Хьакима бакъ
хьадис ду аьлла: 1/323).
268.
Абу СаIид ал-Худрис (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера
къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Нагахь шух муьлхха а цхьаъ ламаз дечу хенахь шеконе валахь, ша динарг
маса ракаIат ду ца хууш: ванах, кхо (ракаIат) дина техьа ша, я диъ ду техьа ша
динарг бохуш? - ишттачу хьолехь, шен шеконаш дIа а таттий, шена билггал дагадогIуш
долучу ракаIаташна тIе товжан веза иза. Цул тIаьхьа шозза сужуд дан а деза цо,
ша салам далале хьалха. Нагахь санна цо динарг пхи ракаIат нисделлехь-м - оцу
шина сужудо цуьнан ламазан ракаIаташ шала терахье дохур ду. Нагахь санна цо шен
ламаз нийсса дина хиллехь - и шиъ шайтIанна сийсазло хир ю» (хIара хьадис
далийнарг Муслим ву: 57I).
269.
Ибн МасIуда (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Цкъа АллахIан элчано (АллахIера
къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) ламаз динера. Цо салам деллачул тIаьхьа наха
элира цуьнга: «ХIай, АллахIан элча!
Ламазехь хийцам бина-те?». Цо хаьттира: «ХIун хилла?». Цара жоп делла: «Иштта,
хIокху-оцу кепара ди-кха ахьа ламаз». ТIаккха цо, шен когаш чучча а
доьхкина, къилбехьа а вирзина, шозза сужуд а дина, тIаккха салам делира. Цул тIаьхьа,
тхуна тIе а вирзина, цо элира: «Нагахь
ламазехь муьлхха а цхьа хийцам бина хьал хилахь - аса билггал хаам бийр бу шуна
шуьга. ХIетте а, со а ду шуна шу санна адам. Вицлуш а ву шуна со, шу санна.
Цундела, со муьлхха а цхьана хIуманна тIехь вицлахь - дагадаийталаш суна. Нагахь
шух муьлхха а цхьаъ ламазехь шеконе валахь - кхиндIа шайна билггал дагадогIуш
долучунна тIера дIадойла цо (шен ламаз). ТIаккха шен ламаз кхочуш а дина, цул тIаьхьа
шозза сужуд дийр ду цо»» (хIара хьадис далийнарш ал-Бухари,
Муслим).
Ал-Бухарин ривайатехь
аьлла: «…шен ламаз дуьззина чекх а
даьккхина, тIаккха салам а делла, цул тIаьхьа шозза сужуд дийр ду».
Муслиман ривайатехь
дийцина: «Пайхамара (АллахIера къинхетам
а, маршо а хуьлда цунна), салам а делла, нахаца къамеле ваьллачул тIаьхьа виц а
велла гIалат дарна, шозза сужуд дира» (ал-Бухари: 401, Муслим: 572).
270. IабдуллахI
ибн ЖаIфара дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)
элира аьлла: «Нагахь шух муьлхха а цхьаъ
ламаз дечу хенахь шеконе валахь - ша салам деллачул тIаьхьа шозза сужуд дойла
цо» (ХIара хьадис далийнарш Ахьмад: 1/205, Абу Дауд: 1033, ан-Насаи: 1248.
Ткъа ибн Хьиббана: 2/109 бакъ хьадис ду аьлла хIара).
271.
Ал-МугIира ибн ШуIба (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера
къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Нагахь шух муьлхха а цхьаъ, гIалат а ваьлла, шолгIачу ракаIатал тIаьхьа
(деша дезаш долу аттахьиййат а дешанза) хьалагIаттахь, ткъа иза, шен букъ а нисбеш,
хьаланисвала а ларийнехь - хIета, цо шен ламаз кхиндIа дIахьойла, юханехьа,
иттахьиййат деша вогIу аьлла, юха а ца вогIуш. Цул тIаьхьа шозза сужуд дан деза
цо. Нагахь иза кхоччуш букъ а нисбеш, хьаланисвала ларийна вацахь - охьа а
хоийла иза, я гIалат а ма лорийла цо иза» (ХIара хьадис далийнарш Абу Дауд:
1036, ибн Мажа: 1208, ад-ДаракъутIни: 1/378. Ткъа хьадисан дIаяздар тIаьхьаррачуьнниг
ду. Делахь а, хьадис дийциначеран зIе гIийла ю).
272. Iумара
(АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда
цунна) элира аьлла: «Имамна тIаьхьа а хIоьттина
ламаз деш волучуьнгара дийлина гIалаташ тидаме оьцуш дац. Амма нагахь гIалат
ваьлларг ша имам велахь - иза сужудаш дан дезаш ву шена тIаьхьа хIиттина
болучаьрций цхьаьна» (хIара хьадис, гIийла зIе а йолуш, далийнарш ал-БайхIакъи:
2/352, ад-ДаракъутIни: 1/377).
273.
Савбана (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а,
маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «ХIора
гIалатна шозза сужуд дан догIу, салам деллачул тIаьхьа» (хIара хьадис
далийнарш Абу Дауд: 1308, гIийза зIе а йолуш, ибн Мажа: 1219).
274.
Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Оха АллахIан элчанца цхьаьна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда
цунна) сужудаш дира хIара сураташ доьшучу хенахь: «Стигал яьттIа, дIасаяхча…», «ДIадеша хьайн Делан цIарца, дерриге а
кхоьллина волучу…»» (хIара хьадис далийнарг Муслим ву: 578).
275.
Ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина: ««Сад» суратехь сужуд де аьлла дина омра
дацара. Амма АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)
деш-м гира суна и» (хIара хьадис далийнарг ал-Бухари ву: 1071).
276.
Ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина: «Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а
хуьлда цунна) «ан-Нажм» сурат доьшучу хенахь сужуд дира» (хIара хьадис
далийнарг ал-Бухари ву: 1069).
277.
Зайд ибн Сабита (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Пайхамарна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) «ан-Нажм»
сурат дийшира аса, ткъа цо сужуд а ца дира» (хIара хьадис далийнарш
ал-Бухари: 1073, Муслим: 577).
278.
Халид ибн МаIдана (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: ««ал-Хьаж» сурат шина сужудца билгало йина ду» (ХIара хьадис
далийнарг Абу Дауд ву: 113. Ткъа цо «мурсал» ду а аьлла хIара).
Делахь а, цуьнах тера Iукъба
ибн Iамиран хьадис а ду. Цуьнгахь аьлла: «Ткъа
и ши сужуд деш воцучо деша а ма доьшийла иза» (ХIара хьдис далийнарш
Ахьмад: 4/151, дийциначеран гIийла зIе а йолуш, ат-Тирмизи а: 578).
279. Iумара
(АллахI реза хуьлда цунна) дийцина «ХIай,
нах! Аяташ доьшу вай, шайна тIаьхьа сужудаш дан дезаш долу. Цигахь сужудаш дечо
- нийса до, ткъа сужудаш цадечо - латош къа а дац» (хIара хьадис далийнарг
ал-Бухари ву: 1077).
Маликан ривайатехь аьлла: «Сийлахь-Везачу АллахIа парз ца дина вайна -
(КъурIан доьшучу хенахь) сужуд дар, амма шена луучо - дан йиш йолуш ду иза» (Имам
Маликан «ал-МуваттIаъ» жайнахь: 482).
280.
Ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина: «Пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а
хуьлда цунна) КъурIан доьшуш вара тхуна. Ткъа ша сужуд дан дезаш йолучу меттиге
кхаьчначу хенахь - «АллахIу Акбар» олуш, АллахI воккха а вина, сужуде вахара
иза. Изза оха а дира цунна тIаьххье» (ХIара хьадис далийнарг Абу Дауд ву: 1413.
Делахь а, цуьнгахь гIийлачу хьадисан билгалонаш ю).
281.
Абу Бакара (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Пайхамаре (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) самукъане
хабар кхаьчча - Дална сужуде воьдура иза» (хIара хьадис далийнарш Ахьмад:
5/45, Абу Дауд: 2774, ат-Тирмизи: 1578, ибн Мажа: 1394).
282. Iабд
ар-Рахьман ибн Iавфа (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Сужуде а вахана,
вехха сужудехь Iийра Пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна). ТIаккха
шен корта сужудера хьала а айбина, элира цо: «Боккъалаъ, Жабраил-малек деънера суна кхаъ бохьуш. Цундела АллахIна
шукар деш сужуде вахара со»» (ХIара хьадис далийнарг Ахьмад ву: 1/191. Ткъа
ал-Хьакима: 1/550 бакъ хьадис ду а аьлла хIара).
283.
Ал-Бараъ ибн Iазиба (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина: «Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а
хуьлда цунна) Iела вахийтинера Йемене. Цхьа хан яьлча, Iелас кехат даийтира
цуьнга - Йеменара бахархой Ислам-дине бирзина аьлла. И кехат дешча, АллахIна
шукарна сужуде вахара АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда
цунна)» (ХIара – дацдина дийцина хьадис ду, ал-БайхIакъис: 2/369 далийна
долу. Цуьнан бух иштта ал-Бухарис а балийна).