284. РабиIа ибн КаIб ал-Асламис (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Цкъа пайхамара
(АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) соьга элира: «Деха!». Аса элира: «Ялсамани
чохь хьан накъост хила лаьа суна». Цо хаьттира: «Кхин хIумма а доьхий ахьа и
доцург?». Аса жоп делира: «И доцург
кхин хIумма а ца оьшу суна». ТIаккха цо элира: «Оцу тIехь суна гIоде - дуккха а сужудаш дарца»» (хIара хьадис
далийнарг Муслим ву: 489).
285.
Ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина: «Аса дагахь латтийра – пайхамара (АллахIера
къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) тIедина хилла итт ракаIат: делкъан ламазал
хьалхара ши ракаIат, цул тIаьхьа ши ракаIат, маьркIажан ламазал тIаьхьа шен цIахь
ши ракаIат, пхьуьйран ламазал тIаьхьа шен цIахь ши ракаIат, иштта Iуьйренан
ламазал хьалхара ши ракаIат» (хIара хьадис далийнарш ал-Бухари: 937, 1180,
Муслим: 729).
Динан оццу шина Iилманчас
далийначу цхьана ривайатехь аьлла: «…иштта
рузбанан ламазал тIаьхьа шен цIахь ши ракаIат».
Муслиман ривайатехь аьлла:
«Сатесча, доцца ши ракаIат бен ца дора
цо» (Муслим: 723).
286. Iайшата
(АллахI реза уьлда цунна) дийцина: «Пайхамара
(АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) цкъа а данза дуьтуш дацара делкъан
ламазал хьалхьара ши ракаIат а, Iуьйренан ламазал хьалхара ши ракаIат а» (хIара
хьадис далийнарг ал-Бухари ву: 1182).
287. Iайшата
(АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Пайхамара
(АллахIера къинхетам а, маршо ахуьлда
цунна) цхьана а тIедечу ламазашна сел башха терго ца йора - Iуьйренан ламазал
хьалха дечу шина ракаIатана санна» (хIара хьадис далийнаш ал-Бухари: 1169,
Муслим: 724).
Муслиман ривайатехь иштта
аьлла: «Сахуьллуш деш долу ши ракаIат
(суннат-ламаз) гIолехь ду - дуьненан дахарал а, оцу чохь мел йолучу
исбаьхьаллел а» (725).
288.
Муъма-нехан нанас Умм Хьабиба (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан
элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) олуш хезна суна: «Дийнахь а, буса а шийтта ракаIат диначунна
- ялсаманехь цIа дугIур ду»» (хIара хьадис далийнарг Муслим ву: 727).
Кхечу ривайатехь аьлла: «…тIедеш долу шийтта ракаIат…».
Цуьнах тера хьадис
ат-Тирмизис а далийна. Цуьнгахь аьлла: «Делкъан
ламазал хьалхара ши ракаIат, цул тIаьхьа ши ракаIат, маьркIажан ламазал тIаьхьа
ши ракаIат, пхьуьйран ламазал тIаьхьа ши ракаIат, иштта Iуьйренан ламазал
хьалхара ши ракаIат» (хIара хьадис далийнарг ат-Тирмизи ву: 415).
Кхечу хьадисехь Iайшата
(АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а,
маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Виллина
делкъан ламазал хьалхара диъ ракаIат а, цунна тIаьхьара диъ ракаIат а дан гIиртинарг
- Сийлахь-Везачу АллахIа жоьжагIатех ларвийр ву» (хIара хьадис далийнарш
Ахьмад: 6/326, Абу Дауд: 1269, ат-Тирмизи: 427, ан-Насаи: 1816, ибн Мажа: 1160).
289. Ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цунна а,
цуьнан дена а) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам
а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «АллахIа къинхетам бойла-кх - малхбузан ламазал хьалхара диъ ракаIат (суннат) ламаз диначух!» (ХIара хьадис
далийнарш Ахьмад: 2/117, Абу Дауд: 1271, ат-Тирмизи: 430. ТIаьххьарачо дика
«хьасан» хьадис ду аьлла хIара, ткъа ибн Хузайма: 2/206 бакъ хьадис ду аьлла).
290. IабдуллахI
ибн МугIаффал ал-Музанис (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «МаьркIажан ламазал хьалха ламаз де! МаьркIажан
ламазал хьалха ламаз де!». КхоалгIа олучу хенахь оцунна тIетуьйхира цо: «Шена луучо». Наха (маьркIажал хьалха тIедеш
долу ламаз) даима а деш суннат дойла а ца лиъна» (хIара хьадис далийнарг
ал-Бухари ву: 1183).
Ибн Хьиббанан ривайатехь
дийцина: «Пайхамара (АллахIера къинхетам
а, маршо а хуьлда цунна) тIедеш долу ши ракаIат дира маьркIажан ламазал хьалха»
(ибн Хьиббан: 4/457).
Кхечу хьадисехь Анаса (АллахI
реза хуьлда цунна) дийцина: «Малх дIабуьзначул
тIаьхьа тIедеш долу ши ракаIат дора оха, ткъа пайхамарна (АллахIера къинхетам
а, маршо а хуьлда цунна) гора тхо. Цо тхоьга тIейогIучу ханна делаш а ца элира,
я ма делаш аьлла дехка а ца дихкира» (хIара хьадис далийнарг Муслим ву:
836).
291. Iайшата
(АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Пайхамара
(АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) Iуьйренан ламазал хьалхара ши
ракаIат сел дацдора, со сайлахь бохуш а Iаш: ванах, Жайнин нана деша мукъане а дийширий-те
цо?» (хIара хьадис далийнарш ал-Бухари: 117I, Муслим: 724).
292.
Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) сахуьллуш тIедеш
долучу шина ракаIатехь «ал-Кафирун» а, «ал-Ихлас» а ши сурат доьшура» (хIара
хьадис далийнарг Муслим ву: 726).
293.
Iайшата
(АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Пайхамар
(АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) сахуьллуш деш долу ши ракаIат
диначул тIаьхьа - аьтту агIонна тIе дIавуьжура (дIатаьIара)» (хIара хьадис
далийнарг ал-Бухари ву: 1160).
294.
Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера
къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Шух муьлххачу а цхьамма Iуьйренан ламазал хьалхара тIедеш долу ши ракаIат
динехь - шен аьтту агIонна тIе дIавуьжийла иза» (ХIара хьадис далийнарш
Ахьмад: 2/415, Абу Дауд: 261, ат-Тирмизи: 420. ТIаьххьарачо бакъ хьадис ду
аьлла хIара).
295.
Ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера
къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Буса тIедеш долу ламазаш шишша ракаIаташ дан дезаш ду. Нагахь шух
цхьаъ сатасарна кхералахь - цо кхин а цхьа ракаIат тIедойла, ша хьалха дина
ламазаш шалза терахье а нисдеш» (хIара хьадис далийнарш ал-Бухари: 990,
Муслим: 749).
Ибн Хьиббанан ривайатехь
аьлла: «Буса а, дийнахь а тIедеш долу
ламазаш шишша ракаIаташ дан дезаш ду» (Ибн Хьиббана бакъ хьадис лерина хIара.
Амма ан-Насаис гIалат лерина иза).
296.
Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера
къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Парз-ламазал а тIаьхьа уггаре а деза ламаз – буса деш долу ламаз ду»
(хIара хьадис далийнарг Муслим ву: 1163).
297.
Абу Аййуб ал-Ансарис (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера
къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Буса тIедеш долу шалза (витар) ламазаш дар – хIора бусалалбанна тIехь
декхар ду. Шена луучо пхи ракаIат дойла иза. Шена луучо кхо ракаIат дойла иза.
Ткъа шена луучо цхьа ракаIат а дойла иза» (ХIара хьадис далийнарш Абу Дауд:
1422, ан-Насаи: 1710, ибн Мажа: 1190. Ткъа ибн Хьиббана: 6/167 бакъ хьадис ду
аьлла хIара. Мухха делахь а, ан-Насаис зIе юкъахъяьлла «мавкъуф» лерина хIара).
298.
Абу ТIалибан кIанта Iелас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Буса тIедеш долу шалза (витар) ламаз - тIедоьжна
дац, парз а дина тIедиллина пхи ламаз санна. Иза - суннат ду, АллахIан элчано (АллахIера
къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) шена тIаьхьа дитина» (ХIара хьадис
далийнарш ан-Насаи: 1676, ат-Тирмизи: 453. ТIаьххьарачо дика хьадис ду аьлла хIара,
ткъа ал-Хьакима: 1/300 бакъ хьадис ду аьлла).
299.
Жабира (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера
къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) рамадан баттахь буса тIедеш долу ламаз дира.
Ткъа шолгIачу буса нах, иза араволу ларвеш, хьоьжуш Iийра цуьнга маьждигехь. Амма
иза арацавелира. Цул тIаьхьа цо элира: «Буса
тIедеш долу шалза (витар) ламаз шуна парз а дина тIедилларна кхоьрура со»»
(хIара хьадис далийнарг ибн Хьиббан ву: 6/169).
300.
Харижа ибн Хьузафас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера
къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: ««АллахIа тIедеш долу ламаз делла шуна, хьаьрсачу эмкалал а шуна тоьлуш
а долуш». Наха хаьттира: «ХIай,
АллахIан элча! И хIун ламаз ду?». Цо жоп делира: «Иза – буса тIедеш долу шалза (витар) ламаз ду-кха, пхьуьйран ламазний,
сатасарний юккъехь деш долу»» (ХIара хьадис далийнарш Ахьмад: 2/208, Абу
Дауд: 1418, ат-Тирмизи: 452, ибн Мажа: 1168. Ткъа ал-Хьакима: 1/306 бакъ хьадис
ду аьлла хIара).
Имам Ахьмада а далийна цуьнах
тера АллахIан элчанан (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хьадис, Iамр
ибн ШуIайба шен дас а, дендас а (АллахI реза хуьлда царна) элира аьлла, дийцина
долу (Ахьмад: 2/208)
301.
Шен дас элира аьлла, IабдуллахI ибн Бурайда (АллахI реза хуьлда царна) дийцина,
АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Шалза терахьехь буса тIедеш долу (витар)
ламаз дар - хIора бусалбанна тIехь декхар ду, ткъа и деш воцург – тхоьх вац»
(ХIара хьадис, гIийла зIе а йолуш, Абу Дауда: 1419 далийна. Амма ал-Хьакима: 1/305
бакъ хьадис ду аьлла хIара. ХIуъа делахь а, хIара хьадис тIечIагIло кхин а
цхьана гIийлачу хьадисца, Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина а,
Ахьмада: 2/443 далийна а долу).
302. Iайшата
(АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Я рамадан баттахь а, я кхечу беттанашкахь
а АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) буса тIедеш
долу ламазаш цхьайтта ракаIатал а сов дохий ца дора. Цкъа дуьххьара диъ ракаIат
дора цо. Хетта а-м дера ца оьшура - уьш мел хаза дара а, мел деха дара а. Цул тIаьхьа
кхин а диъ ракаIат дора цо. Хетта а-м дера ца оьшура - уьш мел хаза дара а, мел
деха дара а. Ткъа цул тIаьхьа кхин а кхо ракаIат дора цо. Мухха а цкъа аса
хаьттира цуьнга: «ХIай, АллахIан элча!
Айхьа шалза терахьехь тIедеш долу (витар) ламазаш дале хьалха дIавижа а вуьжий
хьо?». Цо жоп делира: «ХIай, Iайшат!
Сан бIаьргаш набъеш ду, амма сан дог дижина Iуьллуш дац»» (хIара хьадис
далийнарш ал-Бухари: 114, 1147, муслим: 738).
Цаьршиммо а далийна кхин а
цхьа хьадис ду, Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина долу: «Бус-буса тIедеш долучу ламазех итт ракаIат
дора цо. Цул тIахьа цхьа ракаIат дора цо. Цул тIаьхьа сахуьллуш (Iуьйренан
ламазал хьалхара) тIедеш долу ши ракаIат дора цо. Ткъа коьртачу хьесапехь аьлча
- кхойтта ракаIат хуьлура уьш».
303. Iайшата
(АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан
элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) буса тIедеш долу ламазаш кхойтта
ракаIатехь дора. Цул сов тIаьххьара пхи ракаIат тIекIел деш витар дира цо. Аттахьаййат
деша тIаьххьарачу ракаIатехь бен охьа а ца хиира иза» (хIара хьадис
далийнарг Муслим: 737).
304. Iайшата
(АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан
элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) буса муьлххачу а хенахь
шалза терахьехь деш долу (витар) ламаз дора, сатасале хьалхарачу хене тIаьхьа а
тоттуш» (хIара хьадис далийнарш ал-Бухари: 996, Муслим: 745).
305. IабдуллахI
ибн Iамр ибн ал-Iаса (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина, АллахIан элчано
(АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) шега элира аьлла: «ХIай, IабдуллахI! Цкъа буса тIеден ламазаш
дан а волавелла, цул тIаьхьа уьш дитина волучу хьенехах тера ма хилахь» (хIара
хьадис далийнарш ал-Бухари: 1152, Муслим: 1159).
306.
Абу ТIалибан кIанта Iелас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано
(АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «ХIай, КъурIанан нах! Буса шалза терахьехь деш долу (витар) ламаз де!
Боккъалаъ, АллахI – Цхьаъ ву, шалзаниг (витар) дезаш а ву» (ХIара хьадис
далийнарш Ахьмад: 1/148, Абу Дауд: 1416, ат-Тирмизи: 453, ан-Насаи: 1675, ибн
Мажа: 1169. Ткъа ибн Хузайма: 2/136 бакъ хьадис ду а аьлла хIара).
307.
Ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина, пайхамара
(АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Буса деш долу шайн ламазаш дерзаде шалза терахьехь деш долучу (витар)
ламазца» (хIара хьадис далийнарш ал-Бухари: 998, Муслим: 751).
308. ТIалкъ
ибн Iалис (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а,
маршо а хуьлда цунна) олуш хезира шена аьлла: «Цхьана буса шозза ма де шалза терахьехь деш долу (витар) ламазаш»
(ХIара хьадис далийнарш Ахьмад: 4/23, Абу Дауд: 1439, ат-Тирмизи: 470,
ан-Насаи: 1679. Ткъа ибн Хьиббана: 6/201 бакъ хьадис ду а аьлла хIара).
309.
Убай ибн КаIба (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина: «Шалза терахьехь буса деш долу (витар)
ламаз дечу хенахь АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)
хIара кхо сурат доьшура: «ал-АIла», «ал-Кафирун», «ал-Ихлас» (хIара хьадис
далийнарш Ахьмад: 3/406, Абу Дауд: 1423, ан-Насаи: 1730).
Ан-Насаин ривайатехь хIокху
кепара аьлла: «КхолгIачу ракаIатехь бен
салам а ца луш».
Цуьнах тера хьадис Абу
Дауда а, ат-Тирмизис а далийна, Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина
долу. Делахь а, оцу хьадисехь хIокху кепара аьлла: «Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хIора ракаIатехь
а цхьацца сурат дийшира, ткъа тIаьххьарачу ракатехь – «ал-Ихлас» а, «ал-Фалакъ»
а, «ан-Нас» а дийшира» (Абу Дауд: 1424, ат-Тирмизи: 463).
310.
Абу СаIид ал-Худрис (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера
къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Буса шалза терахьехь деш долу (витар) ламаз серлаялале де» (хIара
хьадис далийнарг Муслим ву: 754).
Ибн Хьиббанан ривайатехь
аьлла: «Буса шалза терахьехь деш долу
(витар) ламаз сатасале цадиначунна - цунна дуьхьал ял хир яц» (хIара хьадис
далийнарг ибн Хьиббан ву: 2408).
311.
Абу СаIид ал-Худрис (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера
къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Буса шалза терахьехь деш долу (витар) ламаз дан сама ца волуш, наб а кхетта
виссиначо а, я иза дан виц а велла виссиначо а - сатесначул тIаьхьа дойла и, я
шена дага ма деъана а дойла» (хIара хьадис далийнарш Ахьмад: 3/44, Абу
Дауд: 1431, ат-Тирмизи: 465, ибн Мажа: 1188).
312.
Жабира (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам
а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Шалза
терахьехь деш долу витар ламаз дан буьйса чаккхенга гIоьртича ша самацаваларна
кхоьручо - буьйсанан юьххьехь дойла и. Ткъа буьйса чаккхенга гIоьртича дан ойла
йолучо - буьйса чаккхенга гIоьртича дойла шалза терахьехь деш долу (витар)
ламаз. (Цунна хоийла) буьйса чаккхенга гIоьртича деш долучу ламазна терго еш
тешаш буйла а, иштта и дар дезаха дуйла а» (хIара хьадис далийнарг Муслим
ву: 755).
313.
Ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина, пайхамара
(АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Сатесча дIайолу - буса деш мел долучу ламазан хан а, шалза терахьехь
деш долучу (витар) ламазан хан а. Цундела витар ламаз сатаса доладалале де» (хIара
хьадис далийнарг ат-Тирмизи ву: 469).
314. Iайшата
(АллахI реза хуьлда цунна) дийцина:
«АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) тIедеш долу Iуьйренан
(духьа) ламаз диъ ракаIат дора, цул сов а доккхура - АллахIна лиъначул» (хIара
хьадис далийнарг Муслим ву: 719).
315. Iайшате
(АллахI реза хуьлда цунна) хаьттинера: «АллахIан
элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) Iуьйранна тIедеш долу
(духьа) ламаз дорий?». Цо жоп делира: «ХIан-хIа,
ша новкъа ваьлла ваханачуьра вухавирзича а бен» (хIара хьадис далийнарг
Муслим ву: 717).
316. Iайшата
(АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Суна
цкъа а ца гина АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) Iуьйранна
тIедеш долу (духьа) ламаз деш, амма аса-м до иза» (хIара хьадис далийнарг
Муслим ву: 718).
317.
Зайд ибн Аркъама (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера
къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «ДогцIеначу дикачу наха ламаз до - шайн нанойх къастийна йолу къона
эмкалш тов хьийзочу маьлхан бурконехь ягочу хенахь» (хIара хьадис далийнарг
Муслим ву: 748).
318.
Анаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам
а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Шийтта
ракаIат тIедеш долу Iуьйренан (духьа) ламаз диначунна - АллахIа ялсаманехь гIала
югIур ю» (ХIара хьадис далийнарг ат-Тирмизи ву: 473. Оццо гIарадалаза
хьадис ду а аьлла хIара).
319. Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) сан хIусаме чу а веара, бархI ракаIат тIедеш долу (духьа) ламаз а дира цо» (хIара хьадис далийнарг ибн Хьиббан ву: 3/459).