212.
Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Цкъа АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)
маьждигна чувелира. Цул тIаьхьа цхьана стага, цига чу а веана, дIа а хIоьтитна,
ламаз дира. Цул тIаьхьа, тIе а веана, пайхамаре (АллахIера къинхетам а, маршо а
хуьлда цунна) салам делира цо. Цуьнгара салам схьа а эцна, цо элира цуьнга:
«Вало, вуха а верзий, хьайн ламаз юха де, хIунда аьлча ахьа ламаз дина а дац». Оцу
стага, юха а вахана, ша дуьххьара ма дарра юха а ламаз дира. ТIаккха, тIе а
веана, пайхамаре (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) салам делира цо.
Цул тIаьхьа а кхузза элира цо цуьнга: «Вало, вуха а верзий, хьайн ламаз юха
де, хIунда аьлча ахьа ламаз дина а дац». Оцу стага аьлла: «Бакъонца хьо
ваийтиначух дуй ма буу аса! Кхечу агIор дан ма ца хаьа суна ламаз. Iамадехьа
суна и!». Цо аьлла: «Хьо ламазе хIотта воллучу хенахь - эца ма деззара
ламаз эца. Цул тIаьхьа, къилбехьа а верзий, ала: «АллахI массо хIуманал Воккха
ву!» («АллахIу Акбар»).
Ткъа цул тIаьхьа КъурIан чуьра хьайна аттоха дерг деша. Цул тIаьхьа рукуIе
охьагIо. Оццу хьолехь цхьана ханна соцунгIа а хила. Цул тIаьхьа хьаланисло,
кхоччуш букъ а нисбеш хьаланисваллалц. Цул тIаьхьа, сужуде а гIой, оццу хьолехь
цхьана ханна соцунгIа хила. Цул тIаьхьа хьалагIо, хаа ма веззара охьахаъалц. Цул
тIаьхьа юха а сужуде гIо. Оццу хьолехь цхьана ханна соцунгIа а хила. Цул тIаьхьа
оцу кепехь нисде хьайн дерриге а ламаз»».
Муслиман хьадисаш
дийциначеран зIенехула далийначу ибн Мажан ривайатехь аьлла: «…цул тIаьхьа,
кхоччуш букъ а нисбеш, хьаланисло. Циггахь цхьана ханна соцунгIа а хила».
Цуьнах тера хьадис Ахьмада
а, ибн Хьиббана а далийна, РифаIа ибн РафиIа дийцина аьлла: «…цул тIаьхьа,
кхоччуш букъ а нисбеш, хьаланисло. Циггахь цхьана ханна соцунгIа а хила».
Цуьнах тера хьадис Ахьмада
а далийна, РифаIа ибн РафиIа дийцина аьлла: «…цул тIаьхьа хьайн букъ
хьаланисбе, даьIахкаш шайн-шайн дIаюьйлалучу меттиге дIанисъяллалц».
Ан-Насаис а, Абу Дауда а
далийна РифаIа ибн РафиIан хьадис. Оцу хьадисехь аьлла: «Шун ламаз нийса хир
дац - аша Сийлахь-Везачу АллахIа шайга омра ма дарра ламаз эццалц, цул тIаьхьа,
Сийлахь-Веза АллахI воккха а вина, Цунна хастам а бина, И хесттолц».
Оцу хьадисан кхечу
ривайатехь аьлла: «Нагахь ламаз дечунна
КъурIанах мел хиъна а хууш цхьаъ далахь - иза доьшийла цо. Ткъа нагахь хууш
дацахь - цо олийла: «Хастам бу АллахIна! АллахI массо хIуманал воккха ву!
АллахI воцург кхин дела вац! («Алхьамду
лиллахI! АллахIу акбар! ЛаилахIа иллаллахI!»)».
Абу Даудан ривайатехь
аьлла: «Цул тIаьхьа Жайнин нана а, тIаккха АллахIна лиънарг а деша».
Ибн Хьиббанан ривайатехь
аьлла: «… цул тIаьхьа хьайна луъург а» (Ал-Бухари: 757, Муслим: 397,
Ахьмад: 2/437, Абу Дауд: 856, ат-Тирмизи: 303, ан-Насаи: 884, ибн Мажа: 1060.
Хьадисан дIаяздар ал-Бухариниг ду).
213.
Абу Хьумайд ас-СаIидис (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Суна гира АллахIан
элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) «АллахI массо хIуманал
воккха ву» («АллахIу Акбар»)
олуш (ламаз дIадоьхкучу) хенахь - шина белшан локхалле а нисдеш, шен куьйгаш хьалаайдеш.
РукуI дечу хенахь - куьйгаш ши гола а буйнахь голех дIагIортадора, ткъа цул тIаьхьа
нисса букъ нисбора шен. Корта хьалаайбечу хенахь - шен букъ хьаланисбора цо,
ерриге а шен букъдаьIахкаш шайн-шайн меттигашка дIанисъяллалц. Ткъа сужуд дечу
хенахь - шен куьйгаш лаьттах дIагIортадора, шен ши пхьарс лаьтта тIе дIабаржийна
а боцуш, я шен дегIана тIе таIийна а боцуш. Оцу хенахь цо шен шина а коган пIелгийн
юьхьигаш къилбехьа ерзийна хуьлура. Ши ракаIат а дина, ша охьахуучу хенахь -
шен аьрру когана тIе хуура иза, аьтту коган кIажа хьала а айбеш, дIагIортабора
цо иза. ТIаьххьарачу ракаIатехь охьахиъча - аьтту коган кIажа хьалаайбора,
цунна бухахула аьрру ког чекх а боккхий, хенан маьIигашна тIе охьахуура» (хIара
хьадис далийнарг ал-Бухари ву: 728).
214.
Абу ТIалибан кIанта Iелас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элчано
(АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) ша ламазе хIоьттиначу хенахь олура:
«Сайн юьхь ерзий аса стигланаш а, латта а Кхоьллиначуьнга. Цхьана АллахIах
тешна ву со, бусалба а ву со, мушрикех а вац со. Боккъалаъ, сан ламаз а, сан Iибадат
а, сан дахар а, сан валар а АллахIна хьажийна ду аса, Iаламийн Дела волучу,
Шеца цхьана а кепара накъост воцуш волучу. Иза – суна тIедиллинарг ду,
бусалбанех цхьаъ а ву со. Я, АллахI! Хьо
ву-кха – Паччахь, Хьо воцург кхин дела а вац-кха. Хьо – сан Дела ву, ткъа со –
Хьан лай ву. Айса-сайна зуламе хили со, сайн къиношна къера а ву-кха со. Гечдехьа
суна сан дерриге а къиношна - хIунда аьлча Хьо воцург кхин цхьа а вац-кха
къиношна гечдеш! Некъ гайтахьа суна уггаре а оьздачу гIиллакхашка - хIунда
аьлча Хьо воцург кхин цхьа а вац-кха царна тIехьажон! Вочу амалех хьалха а ваккхахьа
со - хIунда аьлча со царех хьалхаваккха кхин цхьа а вац-кха Хьо воцург! ХIан,
Хьуна хьалха ву-кха со - Хьуна гIуллакх дан а, Хьо резаван а. Дерриге а дика - Хьан
керахь ду-кха, ткъа вониг - Хьоьгара дац-кха. Хьан гIо лоьху аса. Хьоьга ду сан
товжар а. Хьоьга доIа а до аса. Хьо ву-кха – Беркатениг а, Сийлахь-Воккханиг а.
Гечдар доьху аса Хьоьга! Тоба а до аса Хьоьга (ВажжахIту)» (ХIара
хьадис далийнарг Муслим ву: 771).
215. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), ламаз дIадоьхкучу хенахь АллахI воккхаваран дешнаш ма-элли, КъурIан деша дIаволавалале хьалха йоццачу ханна соцунгIа хуьлура. Цул
тIаьхьа КъурIан деша дIаволалора иза. Аса цуьнга хаьттира оцу хьокъехь дерг. Цо
суна дийцира оцу хенахь ша доьшуш дерг: «Я АллахI! Гена ваккхахьа со сайн
къинойх - Айхьа малхбале малхбузенна гена ма яккхара. Я АллахI! Сайн къинойх дIацIанвехьа
со - кIайн бедар мIоданех дIамацIанъярра. Я АллахI! Вилахьа со сайн къинойх лайца
а, хица а, къоранца а» («АллахIумма
баIид байни ва байна хатIайайа кама баIадта байнал-машрикъи вал-магIриби. АллахIумма
наккъини мин хатIайайа кама йунаккъас-савбул абйаду минад-данаси. АллахIуммагI-силни
мин хатIайайа бис-салжи, вал-маи, вал-баради»)»
(хьадис далийнарш ал-Бухари: 744, Муслим: 598).
216. Iумара
(АллахI реза хуьлда цунна) ламазан юьххьехь олуш хилла: «Я АллахI! ЦIена ву
Хьо массо а эшамех. Хастам а бу Хьуна! Беркате хили Хьан цIе а! Массо хIуманал
лакхара ду Хьан сийлалла а! Кхин дела а вац Хьо воцург!» («СубхьанакаллахIумма ва бихьамдика, ва
табаракасмука, ва таIала жаддука, ва лаилахIа илла гIайрука») (ХIара
хьадис далийнарш Муслим: 399, ад-ДаракъутIни: 1/299. Ткъа цо далийна хьадис
дийциначеран зIенехь цхьа чIуг йоцуш ю).
Ахьмада а, Абу Дауда а,
ат-Тирсмимзис а, ан-Насаис а, ибн Мажас а далийна Абу СаIид ал-Худрин (АллахI реза
хуьлда цунна) хьадис. Цунна хезна АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо
а хуьлда цунна) ламаз доьхкуш, АллахI воккхаваран дешнаш аьллачул, тIаьхьа
олуш: «Со ларвар доьху аса дерриге хезаш а, дерриге хууш а волучу АллахIе -
Шен къинхетамах Ша генадаьккхиначу шайтIанах, цуьнан хIуьмалгех; цо хьераволучу
тIеваккхарах а, цо кураллин новкъа вигарах а, цуьнан бозбуунчаллех а» («АIузу биллахIис-самиIил Iалими минаш-шайтIанир
ражими, мин хIамзихIи, ва нафхихIи, ва нафсихIи») (хIара хьадис
далийнарш Ахьмад: 3/50, Абу Дауд: 775, ат-Тирсмимзи: 242, ан-Насаи: 2/132, ибн
Мажа: 804)
217. Iайшата
(АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а,
маршо а хуьлда цунна) ламаз дIадоладора юьххьехь АллахI воккха а вой, тIаккха хIара
сурат а доьшуш: «Хастам бу АллахIна,
Iаламийн Дела волучу!». Ша рукуIе вахначу хенахь шен корта я
ирхцабохуьйтура цо, я охьа а ца оллабора цо. Оцу шина куьцанна юккъехь у тоьхча
санна нисбора. РукуIера хьалавогIучу хенахь сужуде охьацавоьдура иза, кхоччуш
хьаланисвелла валлалц. Дуьххьара диначу сужудера шен корта хьалаайбечу хенахь
шолгIа сужуде ца воьдура иза хаа ма-веззара ша охьахаъалц. Шишша ракаIаташ мосазза
ди а «Аттахьиййат…» доьшура цо. Ткъа циггахь аьрру когана тIе
охьахуура иза, аьтту коган пIелгаш дIа а гIортош, кIажа хьала а айбой. Охьахаа
цамагадора цо - шайтIа ма-хаъара. Иштта цамагадора цо пхьаьрсаш лаьтта
охьадахкар а - акхароша ма-дахккара. Салам а лой, шен ламаз а дерзадора цо»
(ХIара хьадис далийнарг Муслим ву: 498. Делахь а, хIокху хьадисехь хьулдина
сакхт ду).
218.
Ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина: «Пайхамара (АллахIера
къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), шен шина белшан локхалле а нисдеш, шен ши
куьг хьалаайдора ламаз дIадоьхкучу хенахь а, рукуIе вахале АллахI воккхавечу
хенахь а, иштта рукуIера шен корта хьалаайбечу хенахь а» (хIара хьадис
далийнарш ал-Бухари: 735, Муслим: 390).
Абу Дауда далийначу Абу
Хьумайдан хьадисехь дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо
а хуьлда цунна) шен шина белшан локхалле (дуьхьал) нисдеш шен ши куьг
хьалаайдора. Цул тIаьхьа АллахI воккхаваран дешнаш олура» (хIара хьадис
далийнарг Абу Дауд ву: 730).
Малик ибн Хьувайриса
(АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а,
маршо а хуьлда цунна) шен куьйгаш хьалаайдира, лергийн тIилдигашка нислучу барамехь»
(Муслим: 391).
219.
Ваил ибн Хьажара (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Пайхамарца цхьаьна (АллахIера
къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) ламаз динера аса. Ткъа цо куьйгаш, аьттуниг
аьрручунна тIе а диллина, шен некхана тIедехкира» (хIара хьадис далийнарг ибн
Хузайма ву: 1/243).
220. Iубада
ибн Самита (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера
къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «КъурIанан нана цадешначо -
ламаз ца дина» (хIара хьадис далийнарш ал-Бухари: 756, Муслим: 394).
Ибн Хьиббанан а,
ад-ДаракъутIнин а ривайатехь аьлла: ««Ал-Фатихьат» сурат ца доьшуш дина
ламаз - ламаз лоруш дац».
Ахьмадан, Абу Даудан,
ат-Тирмизин, ибн Хьиббанан а ривайатехь аьлла: «Шайн имамна тIаьхьа цхьаъ
доьшуш хила магара шу?». Наха жоп
делира: «ХIаъ». Цо элира: «ХIумма а ма дешалаш, «ал-Фатихьат» сурат
доцург, хIунда аьлча иза а ца доьшуш диначуьнан ламаз къобалдеш дац»
(хIара хьадис далийнарш Ахьмад: 5/321, Абу Дауд: 823, ат-Тирмизи: 311, ибн
Хьиббан: 1785, 1789, ад-ДаракъутIни: 1/321).
221.
Анаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Пайхамара а (АллахIера къинхетам
а, маршо а хуьлда цунна) Абу Бакара а, Iумара а шайн ламаз «Хастам бу АллахIна,
Iаламийн Дела волучу!» («Алхьамду
лиллахIи роббил Iаламийн!») бохучу суратна тIера дIадоладора» (хIара
хьадис далийнарш ал-Бухари: 743, Муслим: 399).
Муслиман ривайатехь аьлла:
«Сан ламазаш дар нисделла пайхамарца а (АллахIера къинхетам а, маршо а
хуьлда цунна) Абу Бакарца а, Iумарца а, Iусманца а. Цара шайн ламазаш «Хастам
бу АллахIна, Iаламийн Дела волучу!» («Алхьамду
лиллахIи роббил Iаламийн!») бохучу суратна тIера дIадоладора, я
«Фатихьат» суратна хьалха а, я цунна тIаьхьа а «Къинхетамечу, Къинхетам бечу
АллахIан цIарца» («БисмиллахIир-рахьманир рахьим»)
аьлла, бисмалла а ца доккхуш».
Ахьмадан а, ан-Насаин а, ибн
Хузайман а ривайатехь дийцина: «Хозуьйтуш ца олура цара: «Къинхетамечу, Къинхетам
бечу АллахIан цIарца» («БисмиллахIир
рохьманир рохьим»).
Ибн Хузайман кхечу
ривайатехь аьлла: «Дагахь олура цара: «Къинхетамечу, Къинхетам бечу АллахIан
цIарца» («БисмиллахIир-рахьманир
рахьим»).
Муслиман ривайат оцу
кепара кхетон дезаш ду, цуьнгахь хьулдина сакхт ду бохуш дуьйцург а дитина (Ахьмад:
3/275, ан-Насаи: 907, ибн Хузайма: 1/250).
222.
НуIайм ал-Мужмира (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Цкъа, Абу ХIурайрина (АллахI реза хуьлда цунна) тIаьхьа а хIоьттина,
ламаз дира аса. Цо «Къинхетамечу, Къинхетам бечу АллахIан цIарца» («БисмиллахIир рохьманир рохьим») аьлла, бисмалла а даьккхина, цул тIаьхьа
КъурIанан нана дийшира. Ша (хIокху аятна) «…тилла боцучеран новкъа» тIемакхаьччи,
цо элира: «Амин!». Ша сужуд мосазза ди а, охьахиъначуьра когашна тIе ира
мосазза хIутту а, цо олура: «Массо хIуманал воккха ву АллахI!» («АллахIу Акбар!»). Ткъа ша салам делча, цо элира: «Сайн са
Шен керахь долучух дуй ма буу аса! Сан ламаз АллахIан элчанан (АллахIера къинхетам
а, маршо а хуьлда цунна) ламазех сов тера ма ду шух муьлххачуьнан ламазал а»»
(хIара хьадис далийнарш ан-Насаи: 905, ибн Хузайм: 1/251).
223.
Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера
къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Шаьш «ал-Фатихьат» сурат
доьшучу хенахь, «Къинхетамечу, Къинхетам бечу АллахIан цIарца» («БисмиллахIир рохьманир рохьим») алий,
бисмалла даккха, хIунда аьлча иза – оцу суратан аятех цхьаъ ду» (ХIара
хьадис далийнарг ад-ДаракъутIни ву: 1/312. Оццо хIара хьадис дийциначеран зIе
юкъахяьлла ю аьлла).
224.
Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера
къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), Жайнин нана дешна ваьлча, чIогIа аз а айдеш,
«Амин!» олура» (хIара хьадис далийнарш ад-ДаракъутIни: 1/335, ал-Хьаким: 1/223.
Хьалхарачо дика хьадис ду аьлла хIара, ткъа тIаьххьарачо – бакъ хьадис ду
аьлла).
225.
Цуьнах тера хьадис Абу Дауда а, ат-Тирмизис а далийна, Ваил ибн Хьужрас дийцина
аьлла (Абу Дауд: 932, ат-Тирмизи: 248).
226. IабдуллахI
ибн Абу Авфас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Цхьана стага, пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)
волучу а веана, аьлла: «КъурIан тIера цхьа а хIума дагахь Iамалуш вац-кха
со. И меттахIоттон кхиниг цхьаъ Iамадехьа суна». Цо аьлла: «Ала:
«Сийлахь-ЦIена ву АллахI! Хастам бу АллахIна! Кхин дела вац, АллахI воцург!
АллахI Воккха ву! ГIора а, ницкъ а бац - ТIех-лекха а, Сийлахь-Воккха а волучу
АллахIехь бен!»» («СубхьаналлахI!
Валхьамду лиллахI! ВаллахIу акбар! Вала хьавла вала къуввата илла биллахIил Iалиййил
Iазим») (ХIара – хьадисан цхьа дакъа ду. Ткъа и далийнарш Ахьмад: 4/353,
Абу Дауд: 832, ан-Насаи: 924. Ибн Хьиббана а: 1808, ад-ДаракъутIнис а: 1/313,
ал-Хьакима а: 1/241 бакъ хьадис ду аьлла хIара).
227.
Абу КъатIадата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элча (АллахIера
къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), ламазехь хьалха а ваьлла, тхуна имамалла
деш вара. Делкъан ламазехь а, малхбузан ламазехь а хьалхарачу шина ракаIатехь Жайна
схьадоьллург а, кхин а ши сурат а доьшура цо. Цкъацкъа тхуна ша доьшучух аят а
хозуьйтура цо - тхуна ша хIун доьшуш ву хаийтархьамма. Гуттар а хьалхара ракаIат
дахдора цо, ткъа тIаьххьарачу шина ракаIатехь – деккъа «ал-Фатихьат» сурат
доьшура цо» (хIара хьадис далийнарш ал-Бухари: 759, Муслим: 451).
228.
Абу СаIид ал-Худрис (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элчано (АлахIера
къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) делкъан а, малхбузан а ламазаш дечу хенахь
КъурIан мел деха доьшу билгалдаккха гIиртира тхо. Ткъа тхо хьаьвсича тхуна
билгалдаьлларг - делкъан ламазан хьалхарачу шина ракаIатехь «ас-Сажда» сурат
деша ларор воллучу ханчохь ирахь лаьттара иза. Оццу ламазан тIаьххьарачу шина
ракаIатехь оцу хенан эха ханчохь лаьттара иза. Малхбузан ламазан хьалхарачу
шина ракаIатехь - делкъан ламазан тIаьххьарачу шина ракаIатехь лаьттиначу
барамехь лаьттара иза. Ткъа оццу (малхбузан) ламазан тIаьххьарачу шина ракаIатехь
– оцу хенан эха ханчохь лаьттара» (хIара хьадис далийнарг Муслим ву: 452).
229. Сулайман
ибн Йасара (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Бусалба нахах цхьана стага делкъан ламазан хьалхара ши ракаIат дехха
дахдеш дора, ткъа малхбузан ламаз доцо дора. МаьркIажан ламазехь «Къисар ал-Муффассал» сураташ доьшура цо, пхьуьйран ламазехь – «АвсатI ал-Муфассал» сураташ доьшура, Iуьйран ламазехь – «ТIивал ал-Муфассал» сураташ доьшура. ХIетахь Абу ХIурайрас (АллахI
реза хуьлда цунна) элира: «Аддамна а тIаьхьа хIоьттина ламаз дина ма дац аса
- хIокху стеган ламаз санна, шен ламаз пахамарчух (АллахIера къинхетам а, маршо
а хуьлда цунна) тера нисдина волучу»» (хIара хьадис, бакъ зIе а
йолуш, далийнарг ан-Насаи ву: 982).
230.
Жубайр ибн МутIIима (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера
къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) маьркIажан ламазехь «ат-ТIур» сурат доьушуш
хезна суна» (хIара хьадис далийнарш ал-Бухари: 765, Муслим: 463).
231.
Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера
къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) пIерасканан дийнахь Iуьйренан ламазехь
«ас-Сажда» сурат а, «ал-Инсан» сурат а доьшура» (хIара хьадис далийнарш
ал-Бухари: 891, Муслим: 880).
Ат-ТIабаранис далийначу ибн
МасIудан ривайатехь дийцина: «Даима деш дара цо и оцу кепара» (хIара
хьадис ат-ТIабаранис далийна шен «ас-СагIир» жайнахь, цуьнан лоьмар: 2/178).
231.
Хьузайфа (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Пайхамарца (АллахIера
къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) ламаз динера аса. ХIетахь аса тидам бира: ша
къинхетамах лаьцна долу аяташ доьшучу хенахь - циггахь соцунгIа а хуьлий, АллахIе
къинхетам боьхура цо. Ткъа ша Iазапах лаьцна долу аяташ доьшучу хенахь - АллахIе
ша Iазапах ларвар доьхура цо» (ХIара хьадис далийнарш Ахьмад: 5/327, Абу
Дауд: 871, ат-Тирмизи: 262, ан-Насаи: 1008, ибн Мажа: 1351. Ткъа ат-Тирмизис
дика хьадис ду аьлла хIара).
233.
Ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина, АллахIан
элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «КъурIан
дешар дихкина суна рукуIашкахь а, сужудашкахь а. Цундела шаьш рукуIе дахча –
Дела вазве, ткъа сужуде дахча – даггара доIанаш де Цуьнга. ХIунда аьлча оцу
кепара диначу шун доIанашна жоп дала хьакъ хир ду» (хIара хьадис далийнарг
Муслим ву: 479).
234. Iайшата
(АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан
элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) шен рукуIашкахь а, сужудашкахь
а олура: «Ала хIума доцуш, цIена ву Хьо, Я АллахI! Тхан Дела, хастам а бу
Хьуна! Я АллахI, гечдехьа суна!» («Субхьанак аллахIумма ва бихьамдик! АллахIуммагIфирли!») (хIара
хьадис далийнарш ал-Бухари: 717, Муслим: 484).
235.
Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхем а, маршо а хуьлда цунна) ша ламазе хIуттучу
хенахь, юьххьехь олура: «Массо хIуманал воккха ву АллахI!» («АллахIу Акбар»). Иштта ша рукуI дечу хенахь а олура: «Массо
хIуманал воккха ву АллахI!» («АллахIу
Акбар»). РукуI дина а
ваьлла, букъ хьаланисбечу хенахь олура цо: «АллахIна хезаш ву Шена хастам
бийриг!» («СамиIаллахIу
лиман хьамидахI!»). Ткъа
рукуIера хьала а веана, кхоччуш хьаланисвеллачул тIаьхьа олура: «Тхан Дела,
хастам бу Хьуна!» («Роббана,
лакал хьамд!»). Цул тIаьхьа:
«Массо хIуманал воккха ву АллахI!» олура цо - ша сужуде воьдуш а, цул тIаьхьа
цигара корта хьалаайбеш а, шозлагIа ша сужуд дечу хенахь а, иштта цигара корта
хьалаайбечу хенахь а. Оцу кеппара чекхвалара иза шен дерриге ламазехь а. Иштта «Массо
хIуманал воккха ву АллахI!» олура цо - ши ракаIат дина а ваьлла, хиъна
волучуьра ша хьалагIоттучу хенахь а» (хIара хьадис далийнарш ал-Бухари:
789, Муслим: 392).
236.
Абу СаIид ал-Худрис (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера
къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) рукуI диначул тIаьхьа хьаланисвелча олура: «Я
АллахI, тхан Дела, хастам бу Хьуна! Стигланаш а, латта а, царна юккъехь мел
дерг а, Хьуна лиъна долу массо хIума а дуьззина, хестон а, вазван а хьакъ верг
ву Хьо. ХIара дешнаш лайна ала тарлучарех уггаре а нийсаниг ду, ткъа дерриге а
ма дай тхо – Хьан лайш. Я, АллахI! Ахьа луш долучух ваккха а вац-кха цхьа а,
Ахьа цаделларг дала а вац-кха цхьа а, пайденна а дац-кха Хьуна хьалхахь
нуьцкъалчуьнан нуьцкъалалла («АллахIумма,
роббана лакал хьамд, милъас самавати ва милъал ард, ва милъа ма шиъта мин
шайъин баIд. АхIлас санаи вал мажд, ахьаккъу ма къолал Iабду, ва куллуна лака Iабд.
АллахIумма ла маниIа лима аIтIайта, вала мутIийа лима манаIта, вала йанфаIу
залжадди минкал жадду») (хIара хьадис далийнарг Муслим ву: 477).
237.
Ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера
къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Сужуд - ворхI даьIахканна
(меженна) тIе де аьлла, омра дина соьга: хьаьжана тIе (цигахь, шен куьйг тIе а хьажийна, шен мара
гайтира цо), шина куьйганна а, шина гоьлана а, шина а коган пIелгийн юьхьигашна
а» (хIара хьадис далийнарш ал-Бухари: 812, Муслим: 490).
238.
Ибн Бухьайна (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Пайхамара (АллахIера
къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) ша ламазехь сужуд дечу хенахь - шуьйрра дIасадогIуьйтура
шен пхьаьрсаш, пхьаьрсийн кIеллара кIайллаш а цхьаьна гуш» (хIара хьадис
далийнарш ал-Бухари: 807, Муслим: 495).
239.
Ал-Бараъ ибн Iазиба (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера
къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Айхьа сужуд дечу хенахь -
хьайн куьйгаш лаьтта тIе охьадахка, хьайн шина пхьаьрсан голаш (лаьттара) хьала
а айъе» (хIара хьадис далийнарг Муслим ву: 494).
240.
Ваил ибн Хьужра (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Пайхамара (АллахIера
къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) ша рукуIе вахча - шен куьйган пIелгаш
шуьйрра дIасадаржадора, ткъа сужуде вахча - тIеттатадохуьйтура» (хIара хьадис
далийнарг ал-Хьаким ву: 1/224).
241. Iайшата
(АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элча (АллахIера къинхетам а,
маршо а хуьлда цунна) гира суна - когаш чучча а доьхкина, ламаз деш» (хIара
хьадис далийнарг ан-Насаи ву: 661. Ткъа ибн Хьиббана: 2/89 бакъ хьадис ду а аьлла
хIара).
242.
Ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина, пайхамара
(АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) шина сужудана юккъехь охьахиъначу
хенахь олура: «Я, АллахI! Гечдехьа суна, къинхетам а бехьа соьх, нийсачу
новкъа а нисвехьа со, (динехь а, могашаллехь а) товехьа со, рицкъа а лохьа
суна» (ХIара хьадис далийнарш Абу Дауд: 850, ат-Тирмизи: 284, ибн Мажа:
898. Ткъа хьадисан дIаяздар Абу Даудниг ду. Ал-Хьакима: 1/262 бакъ хьадис ду
аьлла хIара).
243.
Малик ибн ал-Хьувайриса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Пайхамар (АллахIера
къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) гира суна: ламазехь шалза ракаIаташ дича -
когашна тIе хьалацагIоттура иза, хаа ма-веззара охьахаъалц» (хIара хьадис
далийнарг ал-Бухари ву: 823).
244.
Анаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Пайхамара (АллахIера къинхетам а,
маршо а хуьлда цунна) цхьана баттахь, рукуI диначул тIаьхьа, къунут доIа
дийшира - цхьацца Iарьбойн тайпанашна неIалт а кхайкхош, ткъа цул тIаьхьа
дитира (сацийра) цо иза» (хIара хьадис далийнарш ал-Бухари: 4089, Муслим:
677).
Ахьмада а, ад-ДаракъутIнис
а далийна цуьнах тера хьадис. Оцу хьадисехь дийцина: «Ткъа Iуьйренан
ламазехь-м доьшучура къунут доIа сацийна а дацара цо, ша хIокху дуьненах дIакъастталц»
(Ахьмад: 12246, ад-ДаракъутIни: 2/39).
245.
Анаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Пайхамара (АллахIера къинхетам а,
маршо а хуьлда цунна) цхьана нахана (диканца) доIа дан лиъча а, я царна неIалт
кхайкхон лиъча а бен къунут доIа ца доьшура» (ибн Хузайма бакъ хьадис ду
аьлла хIара: 1/314).
246.
СаIд ибн ТIарикъ ал-АшжаIис (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а), ша шен
дега хаьттира аьлла, дийцина: «Дада, ахьа ламаз ма динай АллахIан элчанна а
(АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) Абу Бакарна а, Iусманна а, Iелина
а тIаьхьа а хIоьттина. Ткъа Iуьйренан ламазехь къунат доIа дешарий-те цара?». Цо жоп делира: «Сан кIант, иза –
керлаюкъадаьккхинарг ду» (хIара хьадис далийнарш Ахьмад: 3/472, ат-Тирмизи:
402, ан-Насаи: 1080, ибн Мажа: 1241).
247.
Ал-Хьасан ибн Iалис (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина: «АллахIан
элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) витар ламазехь къунут доIа
деша Iамийра суна хIокху тайпана: «Я, АллахI! Нийсачу новкъа нисвехьа со -
Айхьа нийсачу новкъа нисбиначеран могIарехь. (Дуьненахь а, эхартахь а эшам
бохьуболучу сакхтех а) товехьа со - Айхьа (дуьненахь а, эхартахь а эшам
бохьуболучу сакхтех) тобиначеран могIарехь. Iуналла а дехьа сан - Айхьа Iуналладиначеран
могIарехь. Беркат а дехьа суна - Айхьа суна деллачуьнгахь. Хьалха а ваккхахьа
со - Айхьа доьгIначу вонах. ХIунда аьлча Хьо ву-кха сацам бийриг, ткъа хьан
хьокъехь сацамаш беш бац-кха. Боккъалаъ, сийсаза хир вац-кха - Ахьа Iуналле
эцнарг. Тхан Дела, Беркате а, Сийлахь-Веза а ву-кха Хьо» («АллаахIуммахIдини фиман хIадайта, ваIафини
фиман Iафайта, ватаваллани фиман таваллайта, ва барик ли фима аIтIайта, вакъини
шарро ма къадайта, фаиннака такъды вала йукъда Iалайка, иннахIу ла йазиллу ман
валайта, табаракта роббана ва таIалайта») (хIара хьадис далийнарш Ахьмад:
1/200, Абу Дауд: 1425, ат-Тирмизи: 464, ан-Насаи: 3/248, ибн Маджа: 1178).
Ат-ТIабаранин а, ал-БайхIакъин
а ривайатехь лакхахь дийциначунна тIе аьлла: «Боккъалаъ, сийлахь хир волуш а
вац-кха - Ахьа шеца мостагIалла лелон воьлларг» («Вала йаIиззу ман Iадайта») (хIара хьадис «ал-Кабир»
жайнахь ат-ТIабаранис а: 3/73, БайхIакъис а: 2/209 далийна).
Иштта ан-Насаин ривайатехь
оцу тIе аьлла: «Сийлахь-Везачу АллахIера салават хуьлда Пайхамарна» («Ва саллаллахIу таIа Iалан-набиййи»)
(хIара хьадис далийнарг ан-Насаи ву: 3/248).
Ал-БайхIакъин ривайатехь
ду, ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина аьлла: «АллахIан
элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) къунут доIа Iамийра тхуна,
оха Iуьйранан ламазехь деша дезаш долу» (ХIара хьадис далийнарг ал-БайхIакъи
ву: 210. ХIара дийциначеран зIенехь гIийла «даIиф» хьадисан билгалонаш ю).
248.
Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера
къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Шаьш сужуде доьлхучу хенахь
- гоьлашна тIе охьамагIо, эмкалш ма-яххара. Шен голаш лаьтта тIе охьаяхкале
хьалха шен куьйгаш дахка охьа» (хIара хьадис далийнарш Абу Дауд: 840,
ат-Тирмизи: 269, ан-Насаи: 1091).
И хьадис чIогIоха лоуш ду
- Абу Дауда а, ат-Тирмизис а, ан-Насаис а, ибн Мажас а далийна долучу, Ваил ибн
Хьужрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийциначу хьадисал а: «Пайхамара (АллахIера
къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) сужуде охьавоьдучу хенахь шен голаш лаьтта тIе
охьайохкуш гира суна, шен куьйгаш охьадахкале хьалха» (хIара хьадис
далийнарш Абу Дауд: 838, ат-Тирмизи: 268, ан-Насаи: 1089, ибн Мажа: 882).
Абу ХIурайрин хьадис кхин
а чIагIлуш ду цуьнах терачу ибн Iумаран (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан
дена а) хьадисаца. Ткъа ибн Хузайма бакъ хьадис ду а аьлла и. Ал-Бухарис а
далийна и хьадис, ибн Iумара дийцина аьлла, амма дийциначеран зIе а ца хьахош
(ибн Хузайма: 1/318).
249.
Ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина: «АллахIан
элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) ша аттахьиййат деша охьахиъначу
хенахь - шен аьрру куьг аьрру гоьлана тIедиллара, ткъа аьтту куьг – аьтту гоьлана
тIедиллара, нана-пIелг хьажон пIелг болучу агIорхула куьйгакеран юкъанна тIетаIабора,
шен хьажон пIелг хьала а айбора, ткъа диссина дерриге пIелгаш буйна къовлура»
(хIара хьадис далийнарг Муслим ву).
Оцу хьадисан кхечу
ривайатехь аьлла: «Дерриге пIелгаш буйна къовлура цо, хьажон пIелг
хьалаайбора» (Муслим: 580).
250. IабдуллахI
ибн МасIуда (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера
къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) цкъа, тхоьгахьа схьа а хьаьжна, элира: «Шух
муьлхха а цхьамма ламаз дечу хенахь олийла: «Уггаре а лараме дешнаш а, ламазаш
а, дика Iамалш а - АллахIан хьакъ ду! Маршо хуьлда хьуна, хIай, пайхамар, АллахIера
къинхетам а, Цуьнан беркаташ а! Маршо хуьлда вайна а, АллахIан массо а дикачу
лайшна а! Аса тоьшалла до кхин дела цахиларца, АллахI воцург. Аса юха а тоьшалла
до Мухьаммад – Цуьнан лай а, элча а хиларца» («Ат-тахьиййату лиллахIи вассалавату ваттIаййибату, ассаламу Iалайка
аййухIан-набиййу ва рахьматуллаахIи вабаракатухIу, ассаламу Iалайна ва Iала IибадиллахIис-салихьийна,
ашхIаду анла илахIа иллаллахIу ва ашхIаду анна мухьаммадан IабдухIу ва расулухIу»).
Цул тIаьхьа шена уггаре а хазахетташ долу доIа дан йиш йолуш ву иза АллахIе»
(ХIара хьадис далийнарш ал-Бухари, Муслим. Ткъа хьадисан дIаяздар
ал-Бухариниг ду).
Ан-Насаин ривайатехь
аьлла: «Тхайга ташаххIуд деша аьлла, омра дале хьалха оха олура:
«Маршо - АллахIна! Маршо - Жабраилна а, Микаилна а…»».
Ахьмадан ривайатехь
дийцина: «Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) ибн Iаббасна
ташаххIуд Iама а дира, нахана дIахьеха иза аьлла, цуьнга омра а дира» (хIара
хьадис далийнарш ал-Бухари: 831, Муслим: 402, ан-Насаи: 1/378, Ахьмад: 3562).
Муслима а далийна хьадис.
Цуьнгахь дийцина, ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) элира
аьлла: «АллахIан элчано (АллахIера
къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) ташаххIуд деша Iамийра тхуна. Цо элира:
«Уггаре а лераме дешнаш, беркате гIуллакхаш, ламазаш, дика Iамалш – АллахIна
хьакъ ду! Маршо хуьлда хьуна, хIай, Пайхамар, АллахIера къинхетам а, Цуьнан
беркаташ а! Маршо хуьлда вайна а, АллахIан массо а дикачу лайшна а! Аса тоьшалла
до кхин дела цахиларца, АллахI воцург. Аса юха а тоьшалла до Мухьаммад – Цуьнан
лай а, элча а хиларца» («Аттахьиййатул мубаракатус салаватут тIаййибату
лиллахIи, ассаламу Iалайка аййухIан-набиййу ва рахьматуллахIи вабаракатухIу,
ассаламу Iалайна ва Iала IибадиллахIис-салихьийна, ашхIаду анла илахIа иллаллахIу
ва ашхIаду анна мухьаммадан IабдухIу ва расулухIу») (хIара хьадис далийнарг
Муслим ву: 403).
251.
Фадала ибн Iубайда (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Цхьана стага ламаз дечу хенахь, АллахIна хастам а ца беш, пайхамарна (АллахIера
къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) салават а ца дуьллуш, АллахIе доIа дира. И хезначу АллахIан элчано (АллахIера
къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира: «И стаг сихвели». Цул тIаьхьа,
и стаг шена тIе схьа а кхайкхийна, цуьнга элира цо: «Шух муьлххачо а цхьамма
ламаз дечу хенахь - дуьххьара шен Дална хастам барний, И вазварний тIера дIаволалойла иза. Цул тIаьхьа пайхамарна (АллахIера
къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) салават а дуьллийла цо. ТIаккха шен луъу доIа
дойла цо»» (ХIара хьадис далийнарш Ахьмад: 6/18, Абу Дауд: 1481, ат-Тирмизи:
3477, ан-Насаи: 3/44. Ткъа ат-Тирмизис а, ибн Хьиббана а: 1960, ал-Хьакима а: 1/230
бакъ хьадис ду аьлла хIара).
252.
Абу МасIуда (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, Башир ибн СаIда (АллахI реза
хуьлда цунна) элира аьлла: «ХIай, АллахIан элча! АллахIа омра дина тхоьга:
хьуна салават дилла аьлла. Ткъа муха дилла деза оха хьуна салават?». Цхьана ханна
вист ца хуьлуш а Iийна, тIаккха элира цо: «ХIокху кепара дилла аша:
«Я, АллахI! Салават дилла Ахьа Мухьаммадна а, Мухьаммадан доьзална а - Айхьа
ИбрахIиман доьзална салават диллар санна. Беркат а де Ахьа Мухьаммадна а,
цуьнан доьзална а - Айхьа ИбрахIиман доьзална беркат дар санна дерриге а Iаламашлахь.
Бакъдолуш, Хьо – Хастамениг, Сийлахьниг ву» («АллахIумма салли Iала
Мухьаммадин, ва Iала али Мухьаммадин, кама саллайта Iала али ИбрахIима, ва
барик Iала Мухьаммадин, ва Iала али Мухьаммадин, кама баракта Iала али ИбрахIима
фил Iаламийн. Иннака хьамидун, мажид») (хIара хьадис далийнарг Муслим ву: 405).
Ибн Хузайман ривайатехь хIокху
кепара аьлла: «Тхаьш ламазехь дуьллуш хилча муха дилла деза оха хьуна
салават?» (ибн Хузайма: 1/351).
253.
Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера
къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Шух муьлххачу а цхьамма
ташаххIуд дешча - АллахIе ша деа хIуманах ларвар доьхийла цо хIокху кепара: «Я,
АллахI! ЖоьжагIатин Iазапах ларве Ахьа со, иштта кошан Iазапах а, дахаран а, Iожаллин
а питанах а, ал-Масихь ад-Дажжалан питанан вонах а» («АллаахIумма инни аIузу бика мин Iазаби жахIаннама,
вамин Iазабил къабри, вамин фитнатил махьйа вал мамати, вамин шарри фитнатил
масихьид дажжали») (хIара хьадис далийнарш ал-Бухари: 1377, Муслим:
588).
Муслиман ривайатехь аьлла:
«Шух муьлхха а тIаьххьара доьшу ташаххIуд дешна ваьлча…».
254.
Абу Бакр ас-Сиддикъа (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, ша АллахIан элчане
(АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дийхира аьлла: «Сайн ламазехь
деша доIа Iамадехьа суна». Цо
элира: «ХIокху кепара ала: «Я, АллахI! Айса-сайна дукха зуламе хилла со. Къиношна
гечдийриг вац-кха Хьо воцург - лохьа суна хьайн гечдар. Къинхетам а бехьа соьх,
хIунда аьлча Хьо ву-кха – Гечдийриг, Къинхетамениг» («АллахIумма инни заламту нафси зулман касиран
вала йагIфируз зунуба илла анта, фагIфир ли магIфиратан мин Iиндика вархьамни,
иннака антал гIафурур рахьим») (хIара хьадис далийнарш ал-Бухари: 834,
Муслим: 2705).
255.
Ваил ибн Хьужра (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Пайхамарца (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) ламаз дира аса.
ХIетахь цо, ша салам лучу хенахь, шен корта аьтту агIорхьа дIа а хьовзийна,
элира: «Маршалла хуьлда шуна, АллахIера къинхетам а, Цуьнан беркаташ а!» («Ассаламу
Iалайкум варахьматуллахIи вабарокатухI!»). ТIаккха шен корта аьрру агIорхьа дIа
а хьовзийна, юха а элира цо: «Маршалла хуьлда шуна, АллахIера къинхетам а,
Цуьнан беркаташ а!» («Ассаламу Iалайкум варахьматуллахIи вабарокатухI!») (хIара
хьадис, бакъ зIе а ялош, далийнарг Абу Дауд ву: 997).
256.
Ал-МугIира ибн ШуIба (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Пайхамара (АллахIера
къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), хIора парз ламаз дина мосазза вели а, олура:
«Кхин дела вац, АллахI воцург. Ша цхьаъ ву И, Шеца цхьа-цхьаъ накъост а воцуш.
Цуьнан ду паччахьалла а. Цунна хьакъ бу хастам а. Доллучунна ницкъ кхочуш а ву
И. Я, АллахI! Цхьаммо а воккхур вац-кха - Ахьа деллачух. Я дала а вац-кха цхьа
а - Ахьа цаделларг. Цхьана а хIуманна пайдехь а бац-кха хьуна хьалха
нуьцкъалачеран ницкъ» («Ла илахIа
иллаллахIу вахьдахIу ла шарика лахIу, лахIул мулку ва лахIул хьамду ва хIува Iала
кулли шайъин къадирун. АллахIумма ла маниIа лима аIтIайта вала муIтIыйа лима
манаIта вала йанфаIу зал жадди минкал жадду») (хIара хьадис далийнарш
ал-Бухари: 844, Муслим: 593).
257.
СаIд ибн Абу Ваккъаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элчано
(АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хIора парз ламазна тIехь АллахIе
ша ларвар доьхура: «Я, АллахI! БIаьрмецигаллах ларвехьа со! Осалаллах
ларвехьа со! Къаналлех а, гIорасизаллах а ларвехьа со! Кошан Iазапах ларвехьа
со!» («АллахIумма инни аIузу бика минал бухли ва аIузу
бика минал жубни ва аIузу бика мин ан урадда ила арзалил Iумри ва аIузу бика
мин Iазабил къабри») (хIара хьадис далийнарг ал-Бухари ву: 2822).
258.
Савбана (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) ша (салам а
делла) ламаз дерзийча, АллахIе кхузза гечдар а доьхий, тIаккха олура: «Я,
АллахI! Хьо ю-кха маршо, Хьоьгара схьайогIуш а ю-кха маршо! Беркате ву Хьо, ХIай
Сийлаллин а, Дикаллин а да!» («АллахIумма антас саламу ва минкас саламу табаракта йа зал жалали вал
икрами») (хIара хьадис далийнарг Муслим ву: 591).
259. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан
элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а
хуьлда цунна) элира аьлла: ХIора ламазал тIаьхьа ткъе кхойтта-кхойттазза
(хIара) дешнаш а аьлла: «ЦIена ву, Лекха ву АллахI!», «Хастам бу АллахIна!», «Массо хIуманал Воккха ву АллахI!» (уьш дерриге а цхьаьна
дезткъе ткъесна хуьлу), цул тIаьхьа бIе дузуш тIе аьлча: «АллахI воцург, кхин Дела вац! Ша
Цхьаъ ву И! Цуьнца накъост а вац! Паччахьалла Цуьнан ду! Хастам а Цунна бу!
Массо хIуманна
а тIехь
ницкъ болуш а ву И» («Ла илахIа иллаллохIу вахьдахIу ла шарика лахI, лахIулмулку ва лахIулхьамду ва хIува Iала кулли шайъин къадир») - цуьнан
къиношна гечдийр ду, хIордан чопанал дукха уьш делахь а
(хIара хьадис далийнарг Муслим ву:597).
Муслиман кхечу ривайатехь
аьлла: ««АллахIу Акбар» – ткъе дейттазза ала деза» (Муслим: 596).
260.
МуIаз ибн Жабала (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера
къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «МуIаз! Аса цхьа хьехар до
хьуна. Цкъа а виц ма лолахь хIора ламазна тIехь ала: «Я, АллахI! ГIо дехьа суна
- Хьо хьехон а, Хьайна шукар дан а, хьакъ долучу кепара Хьайна лолла дан а!» («АллахIумма аIинни Iала зикрика ва шукрика ва хьусни Iибадатика»)
(хIара хьадис далийнарш Ахьмад: 6/244, Абу Дауд: 1522, дийциначеран чIогIа зIе
а ялош, ан-Насаи а: 3/53).
261.
Абу Умамас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера
къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Нагахь муъма-стаг хIора
парз ламазал тIаьхьа «Айатул курси» доьшуш велахь - иза ялсаманех а къастийна
латториг Iожалла бен яц» (хIара хьадис далийнарг ан-Насаи: 100. Ткъа ибн
Хьиббана бакъ хьадис ду аьлла хIара).
Ткъа ат-ТIабаранин
ривайатехь «Айатул курсица» цхьаьна «Ихлас» сурат а доьшура аьлла, хьахийна ду
(ат-ТIабарани: 7/134).
262.
Малик ибн ал-Хьувайриса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано
(АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Шайна аса деш
ма-гарра де ламаз» (хIара хьадис далийнарг ал-Бухари ву: 631).
263. Iимран
ибн Хьусайна (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина, пайхамара
(АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) шега элира аьлла: «Ирахь де
хьайн ламаз. Нагахь (хьо ирахь) дечу хьолехь вацахь - хиъна а волуш де. Нагахь (хьо хиъна а) дечу хьолехь вацахь – агIонна
тIе дIа а вижий де и» (хIара хьадис далийнарг ал-Бухари ву: 1117).
264.
Жабира (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Пайхамара (АллахIера къинхетам а,
маршо а хуьлда цунна), гIайбанна тIехь ламаз деш воллу цомгаш цхьа стаг гиначу
хенахь, цуьнан иза ласттийна, агIонна тIе дIа а бахийтина, элира: «Лаьтта тIехь
де хьайн ламаз - нагахь хьайга далахь. Ткъа нагахь ца далахь - ишаршца де. Сужуд
дечу хенахь - лохаха охьатаIа, айхьа рукуI дечу хенахь таьIначул а» (ХIара
хьадис, чIогIа зIе а йолуш, ал-БайхIакис: 2/306 далийна. Амма Абу Хьатима: 1/113
иснад юкъахъяьлла хьадис ду аьлла хIара).