197. Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) омра дина: хIора куьпахь маьждигаш дотта, цIена а латтаде уьш, хаза хьожа йогIург а тоха царна чу» (хIара хьадис далийнарш Ахьмад: 6/279, Абу Дауд: 455, ат-Тирмизи: 594. Ткъа тIаьххьарачо «мурсал» ду аьлла хIара).
198. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «АллахIа хIаллакбойла-кха жуьгтий - цара шайн пайхамарийн кешнех маьждигаш дар бахьанехь» (хIара хьадис далийнарш ал-Бухари: 437, Муслим: 530).
Муслиман ривайатехь аьлла: «…(жIарийн динера) керстанаш а».
Цаьршиммо а далийна Iайшатан (АллахI реза хуьлда цунна) хьадис: «Умм Саламас АллахIан элчане (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дийцира Эфиопехь шена гина хиллачу килсах а, оцу чохь хиллачу цIойх (цIунашха) а лаьцна. ХIетахь цо элира: «Шайна юккъера цхьа дика стаг я дика лай велча, цуьнан кошана тIехь кашков (зихIарт, маьждиг) дугIу цара. Оцу чохь церан суьрташ а дохку цара. Ткъа уьш – АллахIан кхолламех уггаре а вониш бу» (хIара хьадис далийнарш ал-Бухари: 427, Муслим: 528).
199. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна)
дийцина: «Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дошлойн
цхьа тоба тIеман гIуллакхе (экспедице) яхийтинера. Уьш
юхабаьхкира, шайца цхьаьна (йийсар вина) цхьа стаг а валош. Цара иза маьждиган
цхьана бIогIамах дIавихкира» (хIара хьадис далийнарш ал-Бухари: 4372,
Муслим: 1764).
200. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Маьждигна чохь байташ бохуш воллучу Хьассанна уллох волуш волу Iумар кIоршаме дIахьажавелира цуьнга. ХIетахь Хьассана элира: «ХIокху чохь хьол а диканиг волучу хенахь а ешна-кха аса кхузахь байташ» (Вуьшта аьлча, пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) ву цо вуьйцург)» (хIара хьадис далийнарш ал-Бухари: 3212, Муслим: 2485).
201. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Нагахь шайна маьждигехь яйна хIума кхайкхош стаг хазахь - цуьнга олийла аша: «АллахIа юхамаерзайойла хьуна хьан яйнарг!», хIунда аьлча оцу гIуллакхна дугIуш дац маьждигаш» (хIара хьадис далийнарг Муслим ву: 568).
202. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Нагахь шайна маьждигехь хIуъа а цхьаъ юхкуш я оьцуш стаг гахь - цуьнга олийла аша: «АллахIа са ма-йойла хьуна айхьа лелочу мехехь!»» (хIара хьадис далийнарш ан-Насаи: 6/52, ат-Тирмизи: 1321. Ткъа тIаьххьарачо дика хьадис ду а аьлла хIара).
203. Хьаким ибн Хьизама (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Маьждигашна чохь - зуламашна догIу таIзар кхочуш дан мегаш дац, я чIир эца мегаш а дац царна чохь» (хIара хьадис далийнарг Ахьмад: 15151, гIийла зIе ялош, Абу Дауд а: 4490).
204. Iайшата (АллахI реа хуьлда цунна) дийцина: «Хандакъ гIазотехь СаIда ибн МуIазна чов йинера. АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) четар дуьйгIира цунна маьждигна чохь - шена иза волучу хьажа-хIотта ван атта (уллохь) хилийтархьамма» (хIара хьадис далийнарш ал-Бухари: 463, Муслим: 1769).
205. Iайшата (АллахI реа хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) шен букъана тIехьа къайлайохура со - маьждигна чохь ловзуш болучу эфиопашка со хьежа хIоьттиначу хенахь. Ткъа Iумар дов дан вуьйлира царна. Амма пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира: «Битахь уьш! Ловза шу шайна, парггIата, хIай Арфидин кIентий!» (хIара хьадис далийнарш ал-Бухари: 454, Муслим: 896).
206. Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Маьждигна чохь цхьана Iаьржачу гIарбаш-йоьIан четар дара доьгIна. Ткъа иза – кест-кеста со йолучу йогIура. ХIетахь тхойшиъ цуьнцанний цхьаьна сан хIусамехь къамелаш деш Iара» (ХIара – дехха хьадисах цхьа ах ю. Далийнарг ал-Бухари ву: 439).
207. Анаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Маьждигна чохь туй кхоссар – къилахь ду, ткъа цуьнан бехках цIанвалар - туй лаьттах доллар ду» (хIара хьадис далийнарш ал-Бухари: 415, Муслим: 552).
208. Анаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Къематде хIуттур долуш ма дац - нах маьждигашна тIехула вовшашна хьалха дозаллаш дан буьйлабаллалц» (ХIара хьадис далийнарш Ахьмад: 3/134, Абу Дауд: 449, ан-Насаи: 689, ибн Мажа: 739. Ткъа ибн Хузаймас: 2/282 бакъ хьадис ду а аьлла хIара).
209. Ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина, АлахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Соьга омра дина дац: хаздай (кечдай) маьждигаш догIа аьлла» (хIара хьадис далийнарг Абу Дауд ву: 448. Ткъа ибн Хьиббана: 1615 бакъ хьадис ду аьлла хIара).
210. Анаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АлахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Сан умматера суна тIаьхьабаьзначарна кечбина мел-ял гайтира суна. Ткъа царна юккъехь - стага маьждигна чуьра арайоккхуш йолучу нехана дуьхьал хин йолу ял а цхьаьна яра» (ХIара хьадис далийнарш Абу Дауд: 461, ат-Тирмизи: 2916. Ткъа тIаьххьарачо гIарадалаза хьадис ду аьлла хIара. Амма ибн Хузайма: 2/271 бакъ хьадис ду аьлла).
211. Абу Къатадас (АллахI реза хуьлда цунна)
дийцина, АлахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира
аьлла: «Нагахь шух муьлхха а цхьаъ маьждигна чу валахь - охьамахоийла иза ши
ракаIат ламаз даллалц» (хIара хьадис далийнарш ал-Бухари: 1163, Муслим: 714).