189. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), хаьнтIе (гIодаюккъе) куьйгаш а дехкина, ламаз дар дихкира» (хIара хьадис далийнарш ал-Бухари: 1219, Муслим: 545, ткъа дIаяздар Муслимниг ду).
Иштта ал-Бухарис далийна, Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина аьлла: «И хIума жуьгташа леладо шайн ламазашкахь» (ал-Бухари: 3458).
190. Анаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Нагахь пхьор хьалхадиллина даьлла делахь - пхьор даа, маьркIажан ламаз дале хьалха» (хIара хьадис далийнарш ал-Бухари: 672, Муслим: 557).
191. Абу Заррас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Нагахь шух муьлхха а цхьаъ ламазе хIоьттина велахь - (куьг а хьаькхна) охьа ма дегадойла цо кегийра тIулгаш, хIунда аьлча оцу ханчохь Делан къинхетам бу цунна юьхь-дуьхьал тIеоьхуш».
Ахьмадан ривайатехь аьлла: «Цкъа охьадегаде уьш, я куьг дIа а ма тоха царех» (хIара хьадис, бакъ зIе а ялош, далийна Ахьмада: 5/150-163, Абу Дауда: 945, ат-Тирмизис: 379, ан-Насаис: 3/6, ибн Мажас: 1027).
МуIайкъиба (АллахI реза хуьлда цунна)
дийцина: «Ша сужуд дечу хенахь (куьг а хьокхуш, сужуд дечу меттера) латта дIанисдеш
хиллачу стеган хьокъехь АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда
цунна) элира: «Нагахь и данза хьо Iаш вацахь - цкъа бен ма хьакха цунна тIехула
куьг» (хIара хьадис далийнарш ал-Бухари: 1207, Муслим: 546).
192. Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Аса АллахIан элчане (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хаьттира: «Ламазехь волуш агIонашка дIасахьоьжуш волучух дерг хIун ду?». Цо жоп делира: «Иза – шайтIано каде деш къола ду-кха, лайн ламазех цхьаъ лачкъош долу» (хIара хьадис далийнарг ал-Бухари ву: 75I).
Анаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) шега элира аьлла: «ХIуъа хилча а ламаз дечу хенахь агIонашка дIаса ма хьежалахь, хIунда аьлча ламазехь дIасахьежар - хIаллакьхиларан бух бу хьуна. Нагахь хьажанза ца волуш хьал делахь - хьайн лаамехь тIедеш долу (нафила) ламаз дечу хенахь (хьажа), ва амма парз-ламазехь ма (хьажа)» (хIара хьадис далийнарг ат-Тирмизи ву: 589).
193. Анаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Ламазехь долуш - шайн Делаца къамелехь ду шу. Цундела кхоссане а туй ма кхуссийла аша шайна хьалха а, я шайна аьтту агIор а, кхоссахь а - шайна аьрру агIор, шайн когашна кIел таса» (хIара хьадис далийнарш ал-Бухари: 374, 1214, Муслим: 551).
Кхечу ривайатехь аьлла: «…я шайн когашна кIел».
194. Анаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Iайшатан (АллахI реза хуьлда цунна), бес-бесара беснаш а долуш, дуткъачу кIадин кирхьа дара. Цо иза шен чоьнан цхьа агIо дIахьулъеш дуьхьал уллуш лелош дара. Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) цуьнга аьлла: «ДIадаккхахьа и дIа, вайн кирхьа. Оцу суьрташа даима а дуьхьалхIуьттуш новкъарло йо-кха суна ламазехь» (хIара хьадис далийнарг ал-Бухари: 374).
Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Цкъа пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) тIехь дехкиначу бес-бесарачу суьрташца хаздиначу, ховхачу духарехь ламаз дира. ХIетахь цуьнан бIаьрахьажар оцу тIамаршна (суьрташна) тIедогIаделла хиллера. Ша ламаз дина ваьлча, цо элира: «ХIара духар Абу ЖахIманна юха а хьой, цунна дуьхьал амбижани (тIехь суьрташ а, тIамарш доцуш, цхьана бесара а долуш, тIергIан морса духар) да суна, хIунда аьлча сан ойла ламазна тIера яьккхира цо» (хIара хьадис далийнарш ал-Бухари: 373, Муслим: 556).
195. Жабир инб Самура (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Ламазаш дечу хенахь шайн бIаьрахьажарш стигала хьалахьежош болучу наха - и хIума леладар дуьтийла, ца дитахь - церан бIаьрса цкъа а юхадогIур дац царна» (хIара хьадис далийнарг Муслим ву: 428).
Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) олуш хезна шена аьлла: «Ламаз деш дац – нагахь юург стоьла тIе охьайиллина кийча елахь а, иштта нагахь ламаз дан воллуш верг араваха жима я доккха гIуллакх сецош велахь а» (хIара хьадис далийнарг Муслим ву: 560).
195. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «БагагIеттор – шайтIанера ду. Цундела шайн ницкъ ма-кхоччу эшадойла аша багагIеттор» (хIара хьадис далийнарш Муслим: 2994, ат-Тирмизи: 370).
Ат-Тирмизин ривайатехь оца дийциначунна тIе
аьлла: «Ламаз дечу хенахь багагIеттор – шайтIанера ду. Цундела шайн ницкъ
ма-кхоччу эшадойла аша багагIеттор».