• Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Сайт тIехь лахар
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
Нохчийн Русский
 
 
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт

Ламаз дечо шена дуьхьал хIума хIоттор

Опубликовано: 26 февраля 2012

182. Абу ал-ЖухIайм ибн ал-Хьариса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Ламаз деш волучунна хьалхашхула дехьаволуш волучунна ша латориг муха (къа) ду хиъча - цунна хьалхашхула волучул шен меттехь шовзткъа … латтар гIоле хетар ма дара цунна!». ХIара хьадис дийциначарех волучу Абу ан-Надра аьлла: «Хууш вац со: цо аьлларг, билггал, шовзткъа де дара, шовзткъа бутт бара я шовзткъа шо дара» (хIара хьадис далийнарш ал-Бухари: 510, Муслим: 507, ал-Баззар: 9/239).

183. Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Табук гIазот долуш АллахIан элчане (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хаьттира ламаз дечо шена хьалха йилла езачу сутрах лаьцна. Цо жоп делира: «Нуьйран букъах тера хIума хила еза и» (хIара хьадис далийнарг Муслим ву: 500).

184. Сабура ибн МаIбад ал-ЖухIанис (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Шух хIораммо а, ша ламаз дечу хенахь, шена хьалха хIума юьллийла, (Iодан) пха биллина а» (хIара хьадис далийнарг ал-Хьаким ву: 1/252).

185. Абу Зарр ал-ГIифарис (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Стеган ламаз дохадо - нагахь цунна хьашхула дехьадалахь: зуда а, вир а, Iаьржа жIаьла а…». Оццу хьадисехь аьлла: «Iаьржа жIаьла – шайтIа ду» (хIара хьадис далинарг Муслим ву: 510).

Муслима кхин а далийна цуьнах тера хьадис, амма «жIаьла» хьахийна а доцуш (Муслим: 511).

Абу Дауда а, ан-Насаис а далийна ибн Iаббасан хьадис (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а). Оцу хьадисехь къамел цIано йоьхна йолучу зудчух лаьцна деш ду.  

186. Абу СаIид ал-Худрис (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Нагахь шух муьлхха а ламаз деш велахь, шена хьалха нахах дIакъастош йиллина хIума а йолуш, нагахь цул тIаьхьа цхьаъ шуна хьалхашхула вала гIортахь - сацавойла аша иза. Нагахь иза къар а ца луш дIагIортахь - лотийла шу цуьнах, хIунда аьлча иза – шайтIа ду». 

Кхечу ривайатехь аьлла: «…хIунда аьлча цунна уллохь накъост ву (вуьшта аьлча: йилбаз ду)» (хIара хьадис далийнарш ал-Бухари: 509, Муслим: 505, 506). 

187. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Шух хIораммо а ша ламаз дечу хенахь шена хьалха цхьаъ юьллийла. Нагахь мегаш хIума карацаяхь - Iасалг дIаюгIийла цо шена хьалха. Нагахь цунна Iасалг а ца караяхь - сиз хьокхийла цо шена хьалхашхула. ТIаккха цунна хьалхашхула волучо ян цхьа а новкъарло яц цунна» (ХIара хьадис далийнарш Ахьмад: 2/249, ибн Мажа: 943. Ткъа ибн Хьиббана: 2361 бакъ хьадис ду аьлла хIара. ХIара – дика «хьасан» хьадис ду, ткъа иза кегаделла хьадис леринарг гIалатаваьлла ву).

188. Абу СаIид ал-Худрис (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Ламаз цхьана а хIумано дохош дац. Амма шайн ницкъ ма-кхоччу вухатоха - (шаьш ламазна тIехь а долуш, шайна хьалхашхула волуш верг)» (хIара хьадис, гIийла зIе а йолуш, далийнарг Абу Дауд ву: 719).

Тхан белхаш

Дешна девла жайнаш

© Исламан Нур - Свет Ислама 2023, Все права защищены. При копировании материалов ссылка на ресурс обязательна. Supported by 24soft