162. Iали ибн ТIалкъа (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Нагахь шух муьлххачу а цхьаьннан, ламазехь а волуш, дегIан цхьана меттехула мох дIабодахь - шен ламаз юкъах а даккхий, тIаккха ламаз а эций, юхадойла цо и» (хIара хьадис далийнарш Ахьмад: 1/86, Абу Дауд: 205, ат-Тирмизи: 1166, ан-Насаи: 137, ибн Хьиббан: 2237).
163. Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «АллахIа гIеметтаяханчу йоьIан ламаз къобалдеш дац - нагахь цо иза (корта а, накха а, ворта а дIахьулдеш йолу) тIекхуллург а йоцуш динехь» (хIара хьадис далийнарш Ахьмад: 6/150, Абу Дауд: 641, ат-Тирмизи: 377, ибн Мажа: 655, ибн Хузайма: 775).
164. Жабира (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) шега элира аьлла: «Нагахь хьан цхьаъ бен доцу духар шуьйра делахь - цунна юккъе а хьарчий, цуьнан тIемаш белшашна тIе таса. Амма нагахь (хьан духар) готта делахь - цуьнца хьайн (Iоврат лоруш йолу) юкъ къевличахьанна тоьаш ду хьуна» (хIара хьадис далийнарш ал-Бухари: 361, Муслим: 3010).
Цаьршимма далийна кхин хьадис. Оцу
хьадисехь дийцина, Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) элира, Пайхамара
(АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Шух цхьаммо а
цхьана духарахь ламаз ма дойла - цуьнца къайлаяькхина белш а йоцуш» (хIара
хьадис далийнарш ал-Бухари: 359, Муслим: 516).
165. Умм Салама (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, ша Пайхамаре (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хаьттира аьлла: «Ламаз дан мегар дуй зудчо цхьана кучахь, коьрта тиллина (накха а, ворта а хьулдеш) кхоллар а йолуш, амма тIехь изар (дегIан лахарачу декъана, кучана чухула тIеюхуш йолу бедар) а йоцуш?». Цо жоп делира: «Мегар ду, нагахь цуьнан и коч шуьйра а елахь, когийн баккъаш къайла дохуш а елахь» (ХIара хьадис далийнарг Абу Дауд ву: 640. Амма бусалба динан Iилманчаша асхьаба дийицина ду аьлла хIара).
166. Iамир ибн РабиIа (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Цкъа цхьана Iаьржачу буса Пайхамарна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) уллохь нисделлера тхо. Къилба муьлхачу агIор ду къаста ца делира тхоьга. ХIетахь оха ламаз дира, ткъа малх схьакхетначу хенахь тхуна билгалделира тхаьш ламазехь Маккехьа дирзина цахиллийла. Циггахь хIара аят доьссира: «Муьлххачу а агIор шу дIадерзарах бен а дац - АллахIан юьхьана тIе доьрзуш ду шу» [2:115]» (ХIара хьадис далийнарг ат-Тирмизи ву: 345. Оццо гIийла «даIиф» хьадис ду а аьлла хIара).
167. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Къилба – малхбаленний, малхбузенний юккъехь ду» (ХIара хьадис далийнарг ат-Тирмизи ву: 344. Ткъа ал-Бухарис чIогIа хьадис ду аьлла хIара).
168. Iамир ибн РабиIа (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) эмкалахь ламаз деш гира суна - эмкал йирз-йирзиначу агIор дIа а воьрзуш» (хIара хьадис далийнарш ал-Бухари: 1093, 1097, Муслим: 701).
Ал-Бухарин ривайатехь аьлла: «Шен коьртаца ишарш а еш, дора цо, амма и тайпа хIума парз ламазехь цкъа а ца дора цо».
Абу Дауда далийна Анаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина хьадис: «(Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)) ша новкъахь волуш, шена тIедеш долу суннат ламаз дан лиъча, - шен эмкал къилбехьа а ерзайой, ламаз дIадоьхкучу хенахь олуш долу «АллахI массо хIуманал Воккха ву!» («АллахIу Акбар») дешнаш а олий, цул тIаьхьа шен эмкал йирззиначу агIор а воьрзуш, кхиндIа дора шен ламаз» (хIара хьадис далийнарг Абу Дауд ву: 1225. ХIокху хьадисан зIе дика «хьасан» ю).
169. Абу СаIид ал-Худрис (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Ша мел долу латта Дална Iибадат дан мегаш (цIена лоруш) ду, кешнаш а, бани а йоцург» (ХIара хьадис далийнарг ат-Тирмизи ву: 317. Амма хьулдина сакхташ ду кхуьнгахь).
170. Ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина, Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) ворхI меттигехь ламаз дан ца магийра: нехийн оьланна тIехь, даьхний дойийлехь, кешнашкахь, ураман юккъехь, бани чохь, эмкалийн химолийлехь, КаIбин тхевнна тIехь» (ХIара хьадис далийнарг ат-Тирмизи ву: 346. Оццо гIийла «даIиф» хьадис ду а аьлла хIара).
171. Абу Марсад ал-ГIанавис (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) олуш хезна шена аьлла: «Кешнашна тIе а дерзий ламаз ма де, царна тIе охьа а ма ховша» (хIара хьадис далийнарг Муслим ву: 972).
172. Абу СаIида (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Шаьш маьждигна чудоьлхучу хенахь шайн мачашка хьовса. Нагахь шайна шайн мачашна тIехь боьхалла я тамбоцург гахь - лаьттах а хьакхий, тIаккха уьш а когахь шайн ламаз де» (ХIара хьадис далийнарг Абу Дауд ву: 650. Ткъа ибн Хузаймас: 786 бакъ хьадис ду аьлла хIара).
173. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Нагахь маьхьсеш а когахь шух цхьамма боьхаллина (нажжазна) тIе ког баьккхинехь - лаьттаца цIанйичахьанна йовлу уьш» (ХIара хьадис далийнарг Абу Дауд ву: 386. Ткъа ибн Хьиббана: 4/250 бакъ хьадис ду аьлла хIара).
174. МуIави ибн ал-Хьакам ас-Сулмис (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Цкъа тхо АллахIан элчанца (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) цхьаьна ламаз деш а долуш, ламаз дечарех цхьаьннан хьоршам тохар нисделча. Аса элира цуьнга: «АллахIа къинхетам бойла хьоьх!». Ткъа нах соьгахьа схьахьежа буьйлира! ХIетахь аса мохь туьйхира: «ХIара хIун ду?! Стенна хьоьжу шу соьга?!» аьлла. ТIаккха шайн варешна тIе куьйгаш детта буьйлабелира нах! Царна лууш хилларг - сайга къамел ма де бохург дуйла со кхетча, вист а ца хуьлуш, дIасецира со. Цул тIаьхьа АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) ламаз дерзийна велира. Суна, сан нана а, сан да а санна, хьоме вара иза! Цул хьалха а, я цул тIаьхьа а цул дика хьехархо гина ма вацара суна. АллахIах дуй ма буу аса: цо халахетар ма ца дина суна, я тоха а ма ца тоьхна цо суна, я бага а ма ца лейина цо соьга. Цо элира: «Ламаз дечу хенахь адамашца къамел дан мегаш дац: хIунда аьлча ламазехь хила дезарг – АллахIна тасбихь дар а, АллахI воккхавар а, КъурIан дешар а ду». Я кхин цхьа цуьнах теро хIума элира цо. ТIаккха аса хаьттира цуьнга: «ХIай, АллахIан элча! Дукха хан йоццуш жехIала стаг ма варий со. АллахIа Ислам-дин даийтина вайна. Тхуна юккъехь цхьацца нах бу-кха - хиндерг дуьйцучарна тIеоьхуш». Цо жоп делира: «Хьо ма эхалахь царна тIе». ТIаккха аса хаьттира цуьнга: «Тхуна юккъехь цхьацца нах бу-кха - шайн лелориг вон билгалонех дазош». Цо жоп делира: «Иза – синхьехам бу, церан дегнашкахь чIагбелла болу. Амма цо царна дан цхьа-цхьаъ гIо дац (шайн дегнаш цуьнах дIацIандан деза цара)»» (хIара хьадис далийнарг Муслим ву: 537).
175. Зайд ибн Аркъама (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элчанан (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) заманчохь ламазехь къамелаш дора оха, вовшашка шен-шен хьашташ а хьехадора, хIара аят доссолац: «Хаддаза ларде шайн ламазаш, къаьсттина юккъера (малхбузан) ламаз. Эсала (къамелаш а ца деш) латта а латта АллахIна хьалха» (2:238). И доьссиначул тIаьхьа - ламаз дечу хенахь тийналла Iалашъйе аьлла, омра дира тхоьга, къамелаш дар а дихкира тхуна (ХIара хьадис далийнарш ал-Бухари: 1200, Муслим: 539. Ткъа хьадисан дIаяздар Муслимниг ду).
176. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «(«СубхьаналлахI» дешнаш аларца) тасбихь дар – стегаршна бакъо елла ду, ткъа зударшна – аьтту куьйган кераюкъ аьрру куьйган букъана тIе тохар ду» (хIара хьадис далийнарш ал-Бухари: 1203, Муслим: 422).
Муслиман ривайатехь оцу тIе аьлла ду: «Ламаз дечу хенахь…».
177. МутIарриф ибн IабдуллахI ибн аш-Шиххира, шен дас элира аьлла, дийцина: «Цкъа ламаз деш вара АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна). ХIетахь суна воьлхуш хезира иза. Ена чохь кхехкаш долучу хих тера кийрара аз дуьйлура цуьнан» (ХIара хьадис далийнарш Ахьмад: 4/25, Абу Дауд: 904, ат-Тирмизи: 315, ан-Насаи: 1214. Ткъа ибн Хьиббана: 2/439 бакъ хьадис ду аьлла хIара).
178. Iелас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) ша волучу шозза хьажа-хIотта ван пурба деллера суна. Сан иза волучу кхачар иза ламазехь волучу хенахь нисделча - цо йовхарш тухура (суна ша ламазехь вуйла хаийтархьамма)» (хIара хьадис далийнарш ан-Насаи: 1212, ибн Мажа: 3710).
179. Ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина: «Аса Билале (АллахI реза хуьлда цунна) хаьттира: «Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), цара шега ламазехь а волуш салам делча, схьа муха оьцура цаьргара салам?». Цо жоп делира: «Иштта хIокху кепара» аьлла, даржжийна шен куьг дIалецира (я шен куьйга ишар йира)»» (хIара хьадис далийнарш Абу Дауд: 927, ат-Тирмизи: 368. Ткъа тIаьххьарачо бакъ хьадис ду а аьлла хIара).
180. Абу Къатадас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Цкъа АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) ламаз деш вара, карахь Зайнабан йоI Умама а йолуш. Ша сужуд дечу хенахь - лаьтта охьаюьллура цо иза, хьалагIоттучу хенахь - юха а кара эцара цо иза» (хIара хьадис далийнарш ал-Бухари: 516, Муслим: 543).
Муслиман ривайатехь аьлла: «Маьждигехь, нахана хьалха а хIоьттина, имамалла деш а волуш».
181. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Ламазехь долуш Iаьржа ши хIума ен йиш йолуш ду шу: текхарг а, сту лоцу гезиг а» (ХIара хьадис далийнарш Абу Дауд: 921, ат-Тирмизи: 390, ан-Насаи: 1202, ибн Мажа: 1245. Ткъа ибн Хьиббана: 2352 бакъ хьадис ду а аьлла хIара).