143. IабдуллахI ибн Зайд ибн Iабд РаббихIис
(АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан
элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), керстанаша бетташ лелош
болун дела шена и цабеззашехь, горгали тоха сацам тIеэцначу хенахь, гIенаха
цхьа стаг веара суна, тIехь баьццара ши духар а долуш. Цуьнан карахь горгали
бара. ХIетахь аса хаьттира цуьнга: «ХIай, АллахIан лай! И горгали бухкур
бацара ахьа?». Цо хаьттира: «Ахьа хIун до цуьнах?». Аса жоп делира: «Нах
ламазе кхойкхур бу оха цуьнцанний». Цо элира: «Цул а гIолехь дерг
довзийта аса хьуна?». Аса элира: «Дера довзийта-кх». Цо элира: «(ХIара
дешнаш) ала ахьа: «АллахI массо хIуманал Воккха ву! АллахI массо хIуманал Воккха
ву! АллахI массо хIуманал Воккха ву! АллахI массо хIуманал Воккха ву! Аса
тоьшалла до: АллахI воцург кхин дела цахиларца! Аса тоьшалла до: АллахI воцург
кхин дела цахиларца! Аса тоьшалла до: Мухьаммад – АллахIан элча хиларца! Аса
тоьшалла до: Мухьаммад – АллахIан элча хиларца! Сихо е ламазе! Сихо е ламазе!
Сихо е декъала хиларе кхача! Сихо е декъала хиларе кхача! АллахI массо хIуманал
Воккха ву! АллахI массо хIуманал Воккха ву! Кхин цхьа а дела вац, АллахI
воцург!» («АллахIу акбар!
АллахIу акбар! АллахIу акбар! АллахIу акбар! АшхIаду ан ла илахIа иллаллахI!
АшхIаду ан ла илахIа иллаллахI! АшхIаду анна мухьаммадан расулуллахI! АшхIаду
анна мухьаммадан расулуллахI! Хьаййа Iалас салахI! Хьаййа Iалас салахI! Хьаййа Iалал
фалахь! Хьаййа Iалал фалахь! АллахIу акбар! АллахIу акбар! Ла илахIа иллаллахI!»). Цул тIаьхьа, Iуьйранга ма ваьлла, АллахIан
элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) волучу а веана, цуьнга
дийцира аса сайна гина хилла долу гIан. ТIаккха АллахIан элчано (АллахIера
къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира: «Боккъалаъ, хьуна гинарг – бакъ гIан
ду, АллахIна лаахь». Цул тIаьхьа, оццу дешнашца нах ламазе кхайкха болабе
аьлла, омра дира цо. Ткъа Билал цIе йолучу Абу Бакаран азатхочо оцу дешнашца
моллалла кхайкха долийра. АллахIан элча а (АллахIера къинхетам а, маршо а
хуьлда цунна) кхайкхара цо ламазе. Цкъа, ван а веана, Iуьйран ламазе кхайкхира
цо иза. Амма цуьнга элира: АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда
цунна) хIинца а вижина ву аьлла. ХIетахь Билала шен боллучу ницкъаца мохь туьйхира:
«Ламаз гIолехь ду набарал а!» («Ас-салату хайрун миннан навм!») аьлла. СаIид ибн ал-Мусаййиба аьлла: «И дешнаш Iуьйран
ламазна кхойкхучу моллаллех дакъа дина».
Ахьмадан ривайатехь дийцина: «Iуьйре ма хилла, АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) волучу а вена, аса цуьнга дийцира сайна гина долу гIан. ХIетахь цо элира: «Боккъалаъ, хьуна гинарг – бакъ гIан ду, АллахIна лаахь! Вало Билалаца, хьайна гина гIан дIадийца цуьнга, хIунда аьлча цуьнан аз хьайчул а чIогIаха ду». Билалаца цхьаьна хьала а гIаьттина, и дешнаш цунна хьалхара баха волавелира со. Ткъа иза оцу дешнашца нах ламазе кхайкха волавелира. Шен хIусамехь волучу Iумар ибн ал-ХаттIабна (АллахI реза хуьлда цунна) дIахезира и. Шена тIаьхьа шен тIекхуллург а текхош, шен хIусамера ара а ваьлла, цо элира: «Аса дуй ма буу бакъонца хьо ваийтиначух! Суна а ма гина изза гIан!». ТIаккха АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира: «Хастам бу-кха АллахIна!»».
Анаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина аьлла, ибн Хузайма далийначу хIокху хьадисехь аьлла: «Iуьйран ламазна моллалла кхойкхуш волучо, «Сихо е декъала хиларе кхача!» («Хьаййа Iалас салахI!») боху дешнаш ма элли, хIара дешнаш тIеалар суннат ду: «Ламаз гIолехь ду набарал а!» («Ас-салату хайрун миннан навм!)» (ХIара хьадис далийнарш Ахьмад: 4/43, Абу Дауд: 499. Ат-Тирмизис а: 189, ибн Хузайма а: 1/371 бакъ хьадис ду аьлла хIара. Цул сов хьадисан дIаяздар ат-Тирмизиниг ду).
144. Абу Махьзура (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) моллалла кхайкха Iамийра суна хIокху тайпанара: «АллахI массо хIуманал Воккха ву! АллахI массо хIуманал Воккха ву! Аса тоьшалла до: АллахI воцург кхин дела цахиларца! Аса тоьшалла до: АллахI воцург кхин дела цахиларца! Аса тоьшалла до: Мухьаммад – АллахIан элча хиларца! Аса тоьшалла до: Мухьаммад – АллахIан элча хиларца!» («АллахIу акбар! АллахIу акбар! АшхIаду ан ла илахIа иллаллахI! АшхIаду ан ла илахIа иллаллахI! АшхIаду анна мухьаммадан расулуллахI! АшхIаду анна мухьаммадан расулуллахI»). Цул тIаьхьа юха а ала деза: «Аса тоьшалла до: АллахI воцург кхин дела цахиларца! Аса тоьшалла до: АллахI воцург кхин дела цахиларца! Аса тоьшалла до: Мухьаммад – АллахIан элча хиларца! Аса тоьшалла до: Мухьаммад – АллахIан элча хиларца! Сихо е ламазе! Сихо е ламазе! Сихо е декъала хиларе кхача! Сихо е декъала хиларе кхача! АллахI массо хIуманал Воккха ву! АллахI массо хIуманал Воккха ву! Кхин цхьа а дела вац, АллахI воцург!» («АшхIаду ан ла илахIа иллаллахI! АшхIаду ан ла илахIа иллаллахI! АшхIаду анна мухьаммадан расулуллахI! АшхIаду анна мухьаммадан расулуллахI! Хьаййа Iалас салахI! Хьаййа Iалас салахI! Хьаййа Iалал фалахь! Хьаййа Iалал фалахь! АллаахIу акбар! АллахIу акбар! Ла илахIа иллаллахI»)» (хIара хьадис далийнарш Муслим: 6, Ахьмад: 409, Абу Дауд: 506, ат-Тирмизи: 192, ан-Насаи, ибн Мажа: 709).
Муслиман ривайатехь дийцина: «АллахI массо хIуманал Воккха ву» («АллахIу акбар») боху дешнаш моллалла кхайкха долийначу юьххьехь шозза олуш ду аьлла, ткъа кхин долучу ривайаташкахь доьазза олуш ду аьлла хьахийна.
145. Анаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Билале омра динера: моллалла - шала терахьехь кхайкха, ткъа къамат – шалза терахьехь де, «Ламаз дIадоьхкуш ду шуна!» («Къад къаматис салат») боху дешнаш доцурш» (ХIара хьадис далийнарш ал-Бухари: 605, Муслим: 378. Амма Муслима хьахийна а дац юкъарадаккхар).
Оцу хьадисан ан-Насаис далийначу ривайатехь аьлла: «Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) Билале омра дира…» (ан-Насаи: 2/3).
146. Абу Жухьайфа (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Билал моллалла кхойкхучу хенахь леррина хьоьжуш Iийра со цуьнга. Цо шен корта цкъа цхьана агIор, тIаккха вукху агIор дIасахьийзабора, шен ши пIелг шина лергахь латтабора» (ХIара хьадис далийнарш Ахьмад: 4/308, ат-Тирмизи: 520. ТIаьххьарачо бакъ хьадис ду а аьлла хIара).
Ибн Мажан ривайатехь аьлла: «…шен ши пIелг шина лерга а буллура» (ибн Мажа: 711).
Абу Даудан ривайатехь аьлла: «Ша хIокху «Сихо е ламазе!» («Хьаййа Iалас салат») боху дешнашна тIекхаьчначу хенахь шен ворта аьтту агIор а, аьрру агIор а дIасахьовзайора цо, амма гIадаюкъ (дегI) ша ма-дарра (къилбехьа дерззийначохь, дIаса а ца хьийзош) латтадора» (оцу хьадисан бух ал-Бухарис а: 634, Муслима а: 503 балийна).
147. Абу Махьзура (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Шен аз а тайна, ламазашна моллалла кхайкха Iамийра шена Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда) цунна» (хIара хьадис далийнарг ибн Хузайма: 377).
148. Жабир ибн Самура (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Шина Iийдан ламазаш дина аса Пайхамарца (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), цкъа дина а, я шозза дина а ца Iаш. Ткъа оха я моллалла а ца кхойкхура, я къамат а ца дора» (хIара хьадис далийнарг Муслим ву: 887).
Цуьнах тера хьадис ал-Бухарис а: 960, Муслима а: 886 далийна, ибн Iаббаса а (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а), иштта кхин болучу асхьабаша а дийцина аьлла.
149. Абу Къатадас (АллахI реза хуьлда цунна) наб а кхетта бисарах лаьцна дийциначу деххачу хьадисехь аьлла: «Цул тIаьхьа Билала моллалла кхайкхира. Ткъа Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) ша хIора дийнахь ма-дарра ламаз дира» (хIара хьадис далийнарг Муслим ву: 681).
Жабира (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) ша Муздалифе веъча, цигахь цкъа моллалла а кхойкхуш, шозза къамат а деш, маьркIажан а, пхьуьйран а ламазаш дира» (хIара хьадис далийнарг Муслим ву: 2/891).
Оццо далийна ибн Iумаран хьадис (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а). Оцу хьадисехь дийцина: «Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), цкъа къамат а дина, тIеттIаоьзна маьркIажан а, пхьуьйран а ши ламаз дира».
Амма Абу Даудан ривайатехь оцу тIе аьлла: «…хIора ламазна хьалха цхьацца къамат а деш».
Оццо далийначу кхечу ривайатехь аьлла: «Оцу шина ламазах цхьана а ламазна хьалхахь моллалла ца кхайкхира цо» (Муслим: 1288, Абу Дауд: 1928).
150. Ибн Iумара а, Iайшата а (АллахI реза хуьлда царна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Билал - буса кхойкхур ву моллалла. ТIаккха шайн хIума а яа, молург а мала - шайна ибн Умм Мактума моллалла кхойкхуш хаззалц. Ткъа ибн Умм Мактум - бIаьрзе стаг вара, ламазна моллалла а ца кхойкхура иза, шега аллалц: «Серла йолуш ю! Серла йолуш ю!»» (ХIара хьадис далийнарш ал-Бухари, Муслим. Ткъа оцу хьадисан тIаьххьара дакъа – идраж ду, вуьшта аьлча - хьадис дийциначарех цхьаьннан шеггара билгалдаккхар ду).
151. Ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина: «Цкъа Билала Iуьйран ламазна хенал хьалха моллалла кхайкхинера. Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) омра дира цуьнга: юха а гIой, хIокху тайпанара дешнашца нахе кхайкхам бе аьлла: «ЛадогIа! АллахIан лай вижина Iиллина*»» (хIара хьадис далийнарг Абу Дауд ву: 532. Оццо гIийла «даIиф» хьадис ду а аьлла хIара).
* Кхечу дешнашца аьлча: «АллахIан лай вижина Iиллина» бохург: наб озор бахьанехь, ламазан хан ларьярехь ледарло йина, гIалат ваьлла бохург ду. Вуьшта аьлча: адамашна ша галваьллий дIахаийтар ду иза.
152. Абу СаIийд ал-Худрис (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Шайна ламазе беш кхайкхам (моллалла кхойкхуш) хезча - муаззина олуш дерриг тIаьхьара ала» (хIара хьадис далийнарш ал-Бухари: 611, Муслим: 383).
Цуьнах терра хьадис ал-Бухарис а далийна, МуIавис (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина аьлла.
Ткъа Муслима далийна Iумаран хьадис (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а). Оцу хьадисехь дийцина: муаззинан хIора дош тIаьхьара аларан дозалла. Ткъа нагахь цо хIокху «Сихо е ламазе! Сихо е декъала хиларе кхача!» («Хьаййа Iалас-салахI! Хьаййа Iалал фалахь») бохучу дешнийн метта алахь: «Ницкъ а, гIора а дац АллахIехь бен!» («Ла хьавла ва ла къуввата илла биллахI») – ялсамане гIур ву иза» (хIара хьадис далийнарг Муслим ву: 385).
153. Iусман ибн Абу ал-Iаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элчане (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дехнера аса: «ХIай, АллахIан элча! Сай къоман имам хIоттавехьа со». Цо элира: «Церан имам ву-кха хьо. Амма цхьа хIума ду: терго еш хила везар ву хьо царна юккъерачу гIорасизачу адамийн а, иштта ша моллалла кхайкхарна тIера мах оьцун боцу муаззин хIоттон а везар ву ахьа» (ХIара хьадис далийнарш Ахьмад: 4/21, Абу Дауд: 531, ат-Тирмизи: 209, ан-Насаи: 2/23, ибн Мажа: 714. Ат-Тирмизис дика хьадис ду аьлла хIара, ткъа ал-Хьакима: 1/I99 бакъ хьадис ду аьлла).
154. Малик ибн ал-Хьувайриса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) шайга элира аьлла: «…Ламазан хан тIехIоьттича - цхьаммо моллалла кхайкха шайна…» (хIара хьадис далийнарш аль-Бухари: 628, Муслим: 674, Ахьмад: 3/436, Абу Дауд: 589, ат-Тирмизи: 205, ан-Насаи: 2/9, ибн Маджа: 979).
155. Жабира (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) Билале элира аьлла: «Айхьа моллалла кхойкхучу хенахь, сих а ца луш, кхайкха, ткъа айхьа къамат дечу хенахь - сихха де. Моллалла кхайкхарний, къамат дарний юккъехь хIума юуш верг шен хIума кхаьллина валлалц болучу барамехь хан йита» (ХIара хьадис далийнарг ат-Тирмизи ву: 195. Оццо гIийла «даIиф» хьадис ду а аьла хIара).
156. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо ахуьлда цунна) элира аьлла: «Ламазна моллалла кхайкха бакъо яц - ламаз карахь долучуьнан бен» (ХIара хьадис далийнарг ат-Тирмизи ву: 200. Оццо гIийла «даIиф» хьадис ду а аьла хIара).
157. Зийад ибн ал-Хьариса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Къамат – моллалла кхайккхиначо дан деза» (ХIара хьадис далийнарг ат-Тирмизи ву: 199. Оццо гIийла «даIиф» хьадис ду а аьла хIара).
158. IабдуллахI ибн Зайда (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Суна гинера гIенах молла кхойкхуш, и кхайкха лууш а вара со. Делахь а, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира: «Ткъа ахьа – къамат дийр ду»» (ХIара хьадис далийнарг ат-Тирмизи ву: 512. Делахь а, хIокху хьадисехь а ю гIийла «даIиф» хьадисан билгалонаш ю).
159. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Муаззин - массарел а хьакъ ву моллалла кхайкха, ткъа имам - массарел а хьакъ ву къамат дан» (ХIара хьадис далийнарг ибн Iадий ву: 4/1327. Оццо гIийла «даIиф» ду а аьлла хIара).
Ал-БайхIакъис а далийна Iелас (АллахI реза хуьлда цунна) аьлларг, цуьнах тера маьIна долуш (ал-БайхIакъи: 2/19).
160. Анаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Моллалла кхайкхарний, къамат дарний юккъехь дина доIа юхатухуш дац» (ХIара хьадис далийнарг ан-Насаи ву: 6/23. Ткъа ибн Хузайма: 425 бакъ хьадис ду аьлла хIара).
161. Жабира (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина,
АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Нагахь моллалла кхойкхуш хезначо алахь: «Я
АллахI! ХIокху буьззиначу кхайкхаман а, хIокху дIахIотточу ламазан а Дела!
Мухьаммадна ялсаманехь лаккхара дарж лохьа. Кхин болучу кхолламел а
лакхаваккхахьа иза. Айхьа цунна ваIда йина йолу хастамечу меттиге а кхачавехьа
иза. Боккъалаъ, Хьайн ваIда йохош вац-кха Хьо!» («АллахIумма рабба хIазихIид-даIватит-таммати
вас-салатил къаимати ати мухьаммадан ал-василата вал-фадилата, вабIасхIу
макъаман махьмудан аллази ваIадтахIу, иннака ла тухлифул миIад») - сан шапаIат хир ду цунна къематдийнахь»
(хIара хьадис далийнарш Ахьмад: 657, Абу Дауд: 205, ат-Тирмизи: 1164, ан-Насаи:
137, 140, ибн Хьиббан: 816).