128. IабдуллахI ибн Iамра (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина, Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Делкъан ламазан хан - малх гIушлакхенгара дехьабаьллачу минотехь дIайолало, стеган IиндагIан дохалла цуьнан локхалле терра дIанисдаллалц латта а лаьтта. (Делкъан ламазан хан) - малхбузан ламазан хан кхаччалц яхло. Малхбузан ламазан хан - малх мажбаллалц йолучу ханна яхло. МаьркIажан ламазан хан лаьтта - суьйренан цIийъялар къайлаяллалц. Пхьуьйран ламазан хан - буьйса юккъе яххалц лаьтта. Ткъа Iуьйран ламазан хан - сатасадоладелча йолало, малх схьакхетталц йолучу ханна латта а лаьтта» (хIара хьадис далийнарг Муслим ву: 612).
Иштта Бурайда а (АллахI реза хуьлда
цунна) дийцина: «Цхьана стага Пайхамаре (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда
цунна) ламазийн хенаш хаьттира. Ткъа цо элира цуьнга: «Тхоьца цхьаьна хIокху
шина дийнахь ламазаш де». Малх гIушлакхен
буьххьера бузехьа чубосса болабелча, моллалла кхайкха аьлла, Билале омра дира
цо. Цул тIаьхьа юха а, цо омра а дина, делкъан ламазна къамат дира цо. Цул тIаьхьа,
малх леккха стигалахь а болуш, кIайн а, къегина а болуш, цо омра дира цуьнга,
малхбузан ламазна къамат де аьлла. Цул тIаьхьа, малх чубуьзначу хенахь, цо омра
а дина, маьркIажан ламазна къамат дира цо. Цул тIаьхьа, суьйренан цIийъялар
къайлаяьллачу хенахь, цо омра а дина, пхьуьйран ламазна къамат дира цо. Ткъа
цул тIаьхьа, сатасадоладелча, цо омра а дина, Iуьйран ламазна къамат дира цо.
Ткъа шолгIачу дийнахь, делкъан ламазна йовхо южучу хенахь, къамат де аьлла,
омра дира цо цуьнга. Цо магийра - делкъан
ламаз йовхо йожайоллалц тIаьхьататта. Малхбузан ламаз хьалхачул а тIаьхьо дира
цо, амма малх леккха стигалахь бара. МаьркIажан ламаз а дира цо - суьйренан цIийъялар
къайлаялале. Буьйсанан хьалхара кхоалгIа дакъа тIехдаьлча - пхьуьйран ламаз
дира цо. Ткъа Iуьренан сатасар къегадоладоьлча, Iуьйран ламаз а дина, тIаккха
хаьттира цо: «Ламазийн хенаш хоьттуш хилларг мичахь ву?». Оцу стага жоп делира: «Кхуза ву со, хIай,
АллахIан элча!». Цо элира: «Оцу хенийн яккъашкахь дан дезаш ду аша шайн
ламазаш»» (хIара хьадис далийнарг Муслим ву: 613).
Абу Муса ал-АшIарис (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Цкъа цхьана стага, Пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) волучу а вена, ламазийн хенаш хаьттира. Ткъа цо цунна цхьа а жоп ца делира. ТIаккха, сатаса а доладелла, амма нахана вовшийн къаста ца лучу хенахь, Iуьйран ламазна къамат де аьлла, Билале омра дира цо. Цул тIаьхьа, малх гIушлакхенгара бузехьа чубоссаболабелча, делкъан ламазна къамат де аьлла, омар дира цо цуьнга. Олуш верг а вара: делкъахан ма ю хIара-м. Делахь а, цунна гIолехь хаара царначул а. Цул тIаьхьа, малх леккха стигалахь а болуш, малхбузан ламазна къамат де аьлла, омра дира цо. Малх чубуьзначу хенахь, маьркIажан ламазна къамат де аьлла, омра дира цо цуьнга. Суьйренан цIийъялар къайлаяьллачу хенахь, пхьуьйран ламазна къамат де аьлла, омра дира цо цуьнга. ШолгIачу дийнахь Iуьйран ламаз дар тIаьхьатеттира цо - малх схьакхета гергабаххалц. Олуш верг а вара: малх схьакхетта-кха вайна я герга бу-кха и схьакхета. Цул тIаьхьа делкъан ламаз тIаьхьатеттира цо - селхана малхбузан ламаз диначу ханна гергга. Цул тIаьхьа малхбузан ламаз тIаьхьатеттира цо - малх буза герга баххалц. Олуш верг а вара: малх цIийбелла-кха вайна. Цул тIаьхьа маьркIажан ламаз, тIаьхьа а теттина, суьйре цIийъялар къайлаяла жиммал хан йисча дира цо. Цул тIаьхьа пхьуьйран ламаз тIаьхьатеттира цо - буьйсанах хьалхара кхоалгIа дакъа тIехдаллалц. Ткъа Iуьйранна, шега и хаьттина хилла стаг схьа а кхайкхина, цуьнга элира цо: «Ламазийн хенаш – оцу хенийн яккъашкахь ерш ю хьуна» (хIара хьадис далийнарг Муслим ву: 614).
129. Абу Барза ал-Асламис (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) малхбузан ламаз дора. Цул тIаьхьа тхоьх цхьаберш Меднан йисттехь долучу тхайн цIа кхача а ларабора, оцале малх къегиначуьра дIабаьлла а боцуш. Пхьуьйран ламаз дар тIаьхьататтар гIоле хеташ а вара иза. И ламаз дале хьалха дIавижар дезаш а вацара иза, я и диначул тIаьхьа къамелаш дар а. Ткъа Iуьйран ламаз дина а волура иза - ламаз деш волучунна шена уллохь хиъна Iаш верг вовззал (серла яла йоьлча). Оцу ламазехь цо гуттар а кхузткъанна тIера бIенна тIе кхаччалц аяташ доьшура» (хIара хьадис далийнарш ал-Бухари: 547, Муслим: 647).
Оццара далийна Жабира (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина хьадис: «Пхьуьйран ламаз - цкъацкъа (хан ма хилла) дора цо, ткъа цкъацкъа - хьедора. Шена адамаш гулделла девлла гича - хьалхе дора цо ламаз. Ткъа нах, гулбелла ца бовлуш, хьебалабоьлча - тIаьхьатоттура цо и. Ткъа Iуьйран ламаз-м Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) бода а болуш дора» (хIара хьадис далийнарщ ал-Бухари: 560, Муслим: 646).
Муслима а далийна Абу Мусас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина хьадис: «Къамат де олий, омра дора цо - сатаса а доладелла, нахана хIинца а вовшашна бевзаш боцучу хенахь» (хIара хьадис далийнарг Муслим ву: 614).
130. РафиI ибн Хадижа (АллахI реза хуьлда цунна) дийцира: «АллахIан элчанца (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) цхьаьна маьркIажан ламаз а дой, дIасадоьлхура тхо. (Оцу хенахь) тхоьх хIораннан а цIенна шен пхерчий охьаэга меттигаш хуьлура гуш» (хIара хьадис далийнарш ал-Бухари: 559, Муслим: 637).
131. Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцира: «Цкъа Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) пхьуьйран ламаз хьедира - буьйсанах доккха дакъа тIехдаллалц. Цул тIаьхьа, ара а ваьлла, ламаз а дина, тIакха элира цо: «ХIара – хIокху ламазан бакъ йолу хан ю-кха, сайн умматна айса хало ярна ца кхерахьара»» (хIара хьадис далийнарг Муслим ву: 638).
132. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Нагахь йовхо дукха чIагIлахь - (делкъан) ламаз тIаьхьататта шелъяллалц, хIунда аьлча дукха чIогIа йовхо – жоьжагIатин садеIарна тIера схьайогIуш ю» (хIара хьадис далийнарш ал-Бухари: 536, Муслим: 615).
133. РафиI ибн Хадижа (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Iуьйран ламаз - Iуьйре цIийъяла йолаяллалц дахде шайн. Ял кхин а сов хир ю шуна» (ХIара хьадис далийнарш Ахьмад: 16806, Абу Дауд: 424, ат-Тирмизи: 154, ан-Насаи: 549, ибн Мажа: 572. Ткъа ат-Тирмизис а, ибн Хьиббана а бакъ хьадис ду аьлла хIара).
134. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Малх схьакхетале хьалха Iуьйран ламазах цхьа ракаIат дан ларийнарг - Iуьйран ламаз дан ларийна. Малх чубузале хьалха малхбузан ламазах цхьа ракаIат дан ларийнарг - малхбузан ламаз дан ларийна» (хIара хьадис далийнарш ал-Бухари: 579, Муслим: 608).
Iурва ибн Зубайра дийцина, Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) элира, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Малх чубузале хьалха малхбузан ламазах я малх схьакхетале хьалха Iуьйран ламазах цхьа сужуд дан ларийнарг - ламаз дан ларийна» (хIара хьадис далийнарг Муслим ву: 609).
135. Абу СаIид ал-Худрис (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) олуш хезна шена аьлла: «Сатасаран ламаз диначул тIаьхьа ламазаш дац - малх схьакхетталц. Малхбузан ламаз диначул тIаьхьа а дац ламазаш - малх чубуззалц» (хIара хьадис далийнарш ал-Бухари: 586, Муслим: 827).
Муслиман ривайатехь аьлла: «Iуьйран ламаз диначул тIаьхьа ламазаш дац».
Iукъба ибн Iамира (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) тхуна дихкира - кхаа ханчохь ламазаш дар а, тхешан белларш дIабохкар а: малх гучубалаболабеллачу хенахь а, буьззина схьакхетта баллалц; малх гIулшлакхенга баьлча а, гIулшлакхен буьххьера бузехьа чубоссалц; малх дIабузучу хенахь а» (хIара хьадис далийнарг Муслим ву: 831).
Имам аш-ШафиIис: 1/139 (АллахIа къинхетам бойла цуьнах) далийна Абу ХIурайрин (АллахI реза хуьлда цунна) хьадис. Оцу хьадисехь иштта ламаз дар доьхкуш ду - малх гIулшлакхенга нисбелча. Амма хIокху кепара аьлла ду: «…пIерасканде доцург». Хьадис дийциначеран зIе гIийла ю. Цхьа хIума ду, цуьнах тера хьадис иштта Абу Дауда а: 1083 далийна, Абу Къатада (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина аьлла.
136. Жубайр ибн МутIIима (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «ХIай, Iабд Манафан тIаьхье! Аддамна а новкъарло ма елаш - КаIбина гонаха тIаваф дан лууш а, иштта дийнахь я буса шена лиъначу хенахь ламаз дан лууш а волучунна». (ХIара хьадис далийнарш Ахьмад: 16301, Абу Дауд: 1894, ат-Тирмизи: 865, ан-Насаи: 585, ибн Мажа: 1254. Ткъа ат-Тирмизис а, ибн Хьиббана а: 4/42I бакъ хьадис ду аьлла хIара).
137. Ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина, Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Суьйре цIийъялар – иза цIелла ю» (ХIара хьадис далийнарг ад-ДаракъутIни ву: 1/269. Ткъа ибн Хузайм а: 1/182, кхин болучу динан Iилманчаша а, зIе ибн Iумарна тIехь сецна, зIе юкъахяьлла ду аьлла хIара хьадис).
138. Ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Сатасар шина тайпана ду. Цхьа сатасар – хIума яар доьхкуш, оцу ханчохь (Iуьйран) ламаз дан магош дерг ду, ткъа шолгIа сатасар – оцу ханчохь (Iуьйран) ламаз дан ца магош, хIума яар магош дерг ду» (хIара хьадис далийнарш ибн Хузайма: 3/210, ал-Хьаким: 1/191. Цаьршима шиммо а бакъ хьадис ду а аьлла хIара).
Цуьнах тера хьадис, Жабира дийцина аьлла, ал-Хьакима а далийна. Оцу хьадисехь дуьйцу хIума кхалла мегаш доцу сатасар, иза - «Йохаллехь ерриге ана дIалоций даьржаш дерг ду». Ткъа важа сатасар - «Берзан цIоганан кепехь гучудолуш дерг ду» (ал-Хьаким: 1/I91).
139. Ибн МасIуда (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна, элира аьлла: «Уггаре езаха Iамал – ламаз ду, цунна къастийначу хенан юьххьехь дина долу» (ХIара хьадис далийнарш ат-Тирмизи: 173, ал-Хьаким 1/188. Цаьршимма шиммо а бакъ хьадис ду а аьлла хIара. Оцу хьадисан бух иштта ал-Бухарис а, Муслима а балийна).
140. Абу Махьзура (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина, Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Ламазна къастийначу хенан юьхьиг – АллахIан резахилар ду, цуьнан юкъ – АллахIан къинхетам бу, цуьнан чаккхе – АллахIан гечдар ду» (ХIара хьадис, чIогIа гIийла зIе а йолуш, далийна ад-ДаракъутIнис: 1/249. Цуьнах тера хьадис, «ламазна къастийначу хенан юкъ» бохург юккъехь хьахийна а доцуш, ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина аьлла, ат-Тирмизис а далийна: 172).
141. Ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина, АллахIан элчано, АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна, элира аьлла: «Сатасадоладеллачул тIаьхьа - ши ракаIат доцург, кхин ламаз дац дан дезаш».
Iабд ар-Раззакъан ривайатехь аьлла: «Сатасадоладеллачул тIаьхьа дан дезаш кхин ламаз дац - Iуьйран ламазан ши ракаIат доцург» (Ахьмад: 4742, Абу Дауд: 1278, ат-Тирмизи: 419, Iабд ар-Раззакъ: 3/53).
(Цуьнах тера хьадис ад-ДаракъутIнис а: 1/419 далийна, IабдуллахI ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина аьлла).
142. Умм Салама (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) малхбузан ламаз дира. Цул тIаьхьа, сан хIусамна чу а веана, кхин а ши ракаIат дира цо. Ткъа аса цуьнах дерг хаьттиначу хенахь, цо жоп делира: «Мукъа а ца хилла, делкъан ламазан тIаьххьара ши ракаIат данза виссинера со. Цундела хIинца ди аса и шиъ». Ткъа аса хаьттира: «Оцу тайппана меттахIиттон дезий уьш оха а, нагахь тилахь?». Цо жоп делира: «ХIан-хIа»» (хIара хьадис далийнарг Ахьмад ву: 6/315. Ткъа Абу Дауда а: 1280 далийна изза чулацам а болуш хьадис, Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина аьлла).