117. Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Хьубайшан йоIана ПетIаматна дIа ца долуш (истихьада) цIий дара оьхуш. АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) цуьнга элира: «ЦIано йоьхча оьху цIий – Iаьржа хуьлуш ду, ткъа и довза кхин къа хьега оьшуш а дац. Нагахь иштта долу цIий оьхуш делахь - ламазаш дар сацаде ахьа. Нагахь Iийдалуш дерг кхечу тайпана (цIен, алун басахь) цIий хилахь - хьайн ламаз а эций, ламаз де ахьа» (ХIара хьадис далийнарш Абу Дауд: 286, ан-Насаи: 216. Ткъа ибн Хьиббана а: 4/180, ал-Хьакима а: 1/174 бакъ хьадис ду аьлла хIара. ХIетте а, Абу Хьатима хIара хьадис тIеэца йиш йоцучу хьадисийн тайпанах ду аьлла).
Асмаъ бинт Iумайса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Тесана тIе хаа. Нагахь хьайна хина тIехула можалла гахь - делкъан ламазна а, малхбузан ламазна а цкъа лийча, иштта маьркIажан ламазна а, пхьуьйран ламазна а цкъа лийча, иштта Iуьйран ламазна а цкъа лийча. Ткъа царна юккъехь ламаз оьцур ду ахьа» (хIара хьадис далийнарг Абу Дауд ву: 296).
118. Хьамна бинт Жахьша (АллахI реза хуьлда
цунна) дийцина: «Вуно дукха дIа ца хеда цIий дара суна оьхуш. Ткъа со, дан
дезачух дагаяла аьлла, Пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)
волучу еара. ХIетахь цо элира: «Иза – шайтIанан тохар ду. Ялх я ворхI
дийнахь цIано йохаран бакъонаш ларъе, цул тIаьхьа лийча. Ткъа хьо цIанъелча -
ткъе кхаа я ткъе деа дийнахь хьайн ламазаш де, марханаш а кхаба, хIунда аьлча
иза кхачам болуш хир ду хьуна. Изза де хIора баттахь а, цIано йоьхначу кхечу зударша
санна. Нагахь хьайн ницкъ тоахь - делкъан ламаз тIаьхьататта, малхбузан ламаз
хьалхаоза. Цул тIаьхьа, лийча а лийчий, цхьаьнатохий де и ламазаш. Цул тIаьхьа
маьркIажан ламаз тIаьхьататта, ткъа пхьуьйран ламаз хьалхаоза. ТIаккха, лийча а
лийчий, иштта цхьаьнатохий де и ламазаш. Цул тIаьхьа, кхин а цкъа лийча а лийчий,
Iуьйран ламаз де». Цо тIетуьйхира:
«Шина кепах хIара кеп дукхаха еза суна» (ХIара хьадис далийнарш
Ахьмад: 26928, Абу Дауд: 287, ат-Тирмизи: 127, ибн Мажа: 627. Ткъа ат-Тирмизис
бакъ хьадис ду аьлла хIара, амма аль-Бухарис дика хьадис ду аьлла).
119. Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Жахьша йоIа Умм Хьабиба шена цIий эхаран гIуллакх далхийра АллахIан элчане (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна). Ткъа цо элира: «Хьайн цIано йоьхна богIуш хилла мур тIехбаллалц а Iай, цул тIаьхьа лийча». Цул тIаьхьа дуьйнна хIора ламазна а луьйчуш яра иза» (хIара хьадис далийнарг Муслим ву: 334).
Ал-Бухарин ривайатехь аьлла: «… хIора ламазна а ламаз эца» (хIара хьадис далийнарг ал-Бухари ву: 228).
Абу Дауда а, иштта кхин болучу динан Iилманчаша а далийна изза чулацам болу хьадис (Абу Дауд: 279).
120. Умм IатIыййас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «ЦIано йоьхча, цуьнах дIацIанделлачул тIаьхьа цхьана а хьесапе ца лорура оха я кхоьлина бос а, я можа бос а» (ХIара хьадис далийнарш ал-Бухари: 326, Абу Дауд: 307. Ткъа хьадисан дIаяздар тIаьххьарачуьнниг ду).
121. Анаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Жуьгтий, шайна юккъерачу цхьана зудчуьнан цIано йоьхча, цуьнца цхьаьна хIума яа охьаховшуш ца хилла. ТIаккха Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира: «Шайна луъург де, (стеган а, зудчуьнан а меттахь догIу) гIуллакх ца даийтичахьанна» (хIара хьадис далийнарг Муслим ву: 302).
122. Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Сан цIано йоьхначу хенахь АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) изар тIейоха олура соьга. Цул тIаьхьа со хьеста волалора иза» (хIара хьадис далийнарш ал-Бухари: 300, Муслим: 293).
123. Ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цунна а, цьунан дена а) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) цIано йоьхна йолучу шен зудчуьнца (стеган-зудчуьнан) меттахь догIу гIуллакх даийтиначу стеган хьокъехь элира: «Цхьа динар я ах динар сагIина лур ду цо» (ХIара хьадис далийнарш Ахьмад: 2122, Абу Дауд: 266, ат-Тирмизи: 136, ан-Насаи: 289, ибн Мажа: 640. Ал-Хьакима: 1/278, ибн Къаттана бакъ хьадис ду аьлла хIара. Амма дуккха а динан Iилманчаша зIе хаьдда, асхьабна тIехь сецна ду аьлла хIара).
124. Абу СаIийд ал-Худрис (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «ГIурбанаш дечу Iийданахь дара, я марханаш къобал дечу Iийданахь дара хаац, АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) шен хIусамера ара а ваьлла, ламаз дечу меттиге вахаваьллера. Цига дIавоьдучу новкъахь цунна дуьхьал зударийн цхьа тоба нисъелира. Цо элира цаьрга: «ХIай, зударий! СагIанаш лолаш, хIунда аьлча жоьжагIатахь Iазап хьоьгучарех дукхах берш зударий хилар гайтина суна!». Цара хаьттина: «ХIун бахьана долуш, хIай АллахIан элча?». Цо жоп делла: «Аша кест-кеста неIалт кхайкхадо. Гергарачаьрца баркалле а дац шу. Оцу тIе шу санна хьекъал ца тоьаш а, динан гIуллакхашкахь кхачамаллех эшна а цхьа а гина вац суна, кхетаме стаг хьекъалах тилош!». Зударша хаьттира: «Мича тIехь ду тхан динан гIуллакхан кхачамалла эшна а, хьекъал цатоар а?». Жоп луш цо элира: «Зудчун тоьшалла дац, ткъа, стеган тоьшаллин эханга нисдеш?». Цара элира: «Дера ду». Цо элира: «Иза ду-кха – цуьнан хьекъал эшна хилар. Оцу тIе зудчо сацош дац ламаз а, марха а, цуьнан цIано йохар доладелча?». Цара жоп делира: «Дера ду». Цо элира: «И ду-кха тоьшалла, (зуда) динан гIуллакхаш кхачамаллех эшна хилар гойтуш долу»» (хIара хьадис далийнарш ал-Бухари: 304, Муслим: 80).
125. Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элчанца (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) цхьаьна, хьаждар доцург кхин хьехош хIумма а доцуш, новкъа девллера тхо. Сирф олучу меттиге тхо дIакхаьчначу хенахь, цIано йохар а нисделла, елха юьйлира со. АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), со йолучу чу а ваьлла, йоьлхуш Iачу соьга элира: «Стенна йоьлху хьо?». Аса жоп делира: «ХIокху шарахь хьаждан араяьлла а ма елара-кх со». Цо элира: «Схьахетарехь, цIано йоьхна-кха хьан». Аса элира: «ХIаъ». ТIаккха цо элира: «Боккъалаъ, иза - АллахIа хила яздина ду-кха Адаман тIаьхьенах хIора йоIана а. ХIета ахьа - хьажочо деш долу массо а хIума де, амма хьо цIанъяллалц йолучу юккъехь хьажцIенна гонаха тIаваф ма де»» (хIара хьадис далийнарш ал-Бухари: 305, Муслим: 1211).
126. МуIаз ибн Жабала (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Аса Пайхамаре (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хаьттира: «Стагана мегаш дерг хIун ду, цуьнан зудчуьнан цIано йоьхча?». Цо жоп делира: «Изарна лакхахь дерг дерриге а ду-кха» (ХIара хьадис далийнарг Абу Дауд ву: 213. Оццо гIийла хьадис ду а аьлла хIара).
127. Умм Салама (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дийна волу заманчохь, бер диначул тIаьхьа цIий Iийдалуш (цIанбаллалц цIий) догIучу шовзткъа дийнахь, ламаз ца дора» (ХIара хьадис далийнарш Ахьмад: 26021, Абу Дауд: 311, ат-Тирмизи: 139, ибн Мажа: 648. Ткъа хьадисан дIаяздар Абу Даудниг ду).
Абу Даудан кхин ривайат а ду. Оцу
ривайатехь аьлла: «Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна),
доькхуш де аьлла, тIецадиллира тхуна бер диначул тIаьхьа цIий эхар бахьанехь
юкъахдитина ламазаш» (ал-Хьакима: 1/282 бакъ хьадис ду аьлла хIара).