108. Жабир ибн IабдуллахIа (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Пхи хIума делла суна, кхул хьалха цхьанненна а делла доцу. Аса толам боккху - беттан некъан генарчу сан мостагIчун дагчу кхерам божоран бахьаница. Дерриге латта Iибадат дан йиш йолуш дина суна, цIано ян мегаш дерриге цIена а дина суна - цундела сан умматера муьлхха а стаг, ламазан хан тIехIоттахь, массанхьа а ламаз дан йиш йолуш ву. ТIеман хIонсаш хьанал йина суна, сол хьалха цхьана а пайхамарна хьанал йина йоцу. ШапаIат дан пурба а делла суна. И доцург а, кхул хьалха хIора пайхамар шен-шен къоме воуьйтуш вара, ткъа со дерриге а адамалле ваийтина ву» (хIара хьадис далийнарш ал-Бухари: 335, Муслим: 521).
Муслима далийначу Хьузайфан хьадисехь аьлла: «Латта цIена а, цIано ян мегаш а дина вайна - вайна хи ца карочу хенахь» (Муслим: 522).
Цуьнах тера хьадис Ахьмада а далийна, Iелас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина аьлла: «Латта цIена а, цIано ян мегаш а дина суна» (Ахьмад: 765).
109. Iаммар ибн Йасира (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина: «Цкъа пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), цхьа гIуллакх тIе а диллина, вахийтинера со. ГIенах (лийчар тIедужу гIуллакх а нисделла) васвеллера со. Ткъа (лийча) хи а ца карийна, дийнат санна, ченала кирчинера со. Цул тIаьхьа, пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) волучу со вухавирзиначу хенахь, цуьнга дийцира аса и айса динарг. Цо элира: «Хьайн куьйгашца иштта хIара хIума динехь тоьаш ма дара хьуна». ТIаккха шен кераяккъаш цкъа лаьттана тIе туьйхира цо. Цул тIаьхьа, аьрруниг аьттучунна тIе а хьаькхна, шен шина куьйган духахьарачу агIонашна а, иштта юьхьана а тIе хьаькхира цо» (ХIара хьадис далийнарш ал-Бухари: 337, 347, Муслим: 368. Ткъа хьадисан дIаяздар Муслимниг ду).
Ткъа ал-Бухарин ривайатехь аьлла: «Шен
кераяккъаш лаьттана тIе а тоьхна, тIаккха царна тIе хIуп а аьлла, цул тIаьхьа
шен куьйгашна а, юьхьана а тIе хьаькхира цо уьш».
110. Ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Тема - лаьттана тIе шозза куьйгаш тохарца деш ду: хьалхараниг – юьхьана, ткъа шолгIаниг – куьйгашна, шина хьоркане кхаччалц» (ХIара хьадис далийнарг ад-ДаракъутIни ву: 1/182. Ткъа динан Iилманчаш - хIара дешнаш шен ибн Iумаран (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) ду аьлла, жамIе кхаьчна).
111. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Бусалба стаг лаьттаца цIано ян йиш йолуш ву, нагахь итт шарахь хи ца карадахь а. Ткъа шена хи карийча - АллахIах кхоьрийла иза, шен дилханах дIа а хьакхадолуьйтийла цо иза» (ХIара хьадис «Кашф ал-Астар» жайнахь далийна ал-Баззара: 310. Ибн Къаттана бакъ хьадис ду аьлла хIара, ткъа ад-ДаракъутIнис: 1/187 – нийсаха дерг хIара хьадис «мурсал» хилар ду аьлла. Мухха делахь а, ат-Тирмизис а: 124 далийна кхьуьнах тера Абу Зарран хьадис. Бакъ хьадис ду а аьлла цо иза).
112. Абу СаIийд ал-Худрис (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Цкъа цхьа ши стаг новкъа ваха ваьллера. (И шиъ новкъа воьдуш а волуш) ламазан хан хиллачу хенахь, цаьргахь шайца хи ца хилла. Ткъа цаьршимма цIеначу лаьттана тIехь тема дина. Цул тIаьхьа ламазан хан дIаялале хьалха хи карийна цаьршинна. ТIаккха цаьршиннах цхьамма, ламаз а эцна, шен ламаз юха дина, ткъа вукхо ша дина ламаз юха ца дина. Цул тIаьхьа, шеа АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) волучу а веана, цуьнга хьахийна цаьршимма иза. Ткъа цо шен ламаз юхацадиначуьнга аьлла: «Сан суннатехь дерг ду-кха ахьа динарг, хIунда аьлча ахьа дуьххьара дина ламаз кхачам болуш дара». Ткъа вукхуьнга аьлла цо: «Хьуна ши ял хир ю»» (хIара хьадис далийнарш Абу Дауд: 338, ан-Насаи: 433).
113. Ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) Сийлахь-Воккха а, Нуьцкъала а волучу АллахIан дешнаш тидна: «Нагахь шу цомгаш делахь я новкъа девлла дахана делахь» (5:6). Цо элира: «Нагахь АллахIан новкъахь чов йина, я чевнашна бала хьоьгуш волучу стагана лийчар тIедожахь, ткъа ша лийчича валарна кхоьруш а велахь иза - тема дийр ду цо» (ХIокху хьадисан зIе асхьабна тIехь сецна долу ривайат далийна ад-ДаракъутIнис, ткъа аль-Баззара – шен зIе Пайхамаре (АлдлахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хьалакхочуш дерг далийна. Ибн Хузайма а: 1/138, ал-Хьакима а: 1/165 бакъ хьадис ду аьлла хIара).
114. Iелас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Сан пхьарс кагбеллера. ХIетахь аса АллахIан элчане (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дан дезарг хаьттича, цо, зоьпаршна тIехула куьг хьакха аьлла, омра дира соьга» (хIара хьадис ибн Мажас: 657 далийна, чIогIа гIийла зIе а йолуш).
115. Жабира (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Новкъа девлла даханера тхо. Ткъа тхох цхьана стеган, тIулг а кхетта, корта бохийнера. ГIенах васвалар а нисделла (оралла ялар а нисделла), лийчар тIедоьжнера цунна. ХIетахь цо шен некъан накъосташка хаьттина: «Лаьттаца тема дан бакъо ю аьлла хетий шуна сан?». Цара жоп делла: «Тхуна хетарехь, лаьттана тIехь тема дан йиш йолуш вац хьо, нагахь хица лийча йиш йолуш велахь». Ткъа цуьнан, лийча а лийчина, валар нисделлера. Тхо цIадирзича, наха и гIуллакх АллахIан элчане (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дийцина. ТIаккха цо аьлла: «Вийна-кха цара иза! АллахIа бойъийла уьш! Хатта хIунда ца хаьттина цара шайна цахуург?! Боккъалаъ, жехIалаллина дарба – хаттар ма ду. Лаьттана тIехь тема дича тоьаш ма дара цунна. Шен чов дIа а йихкина, йоьхкургана тIехула куьг а хьаькхна, кхин дIа диссина дерриге а шен дегI лийчичахьана» (ХIара хьадис, гIийла зIе а йолуш, Абу Дауда далийна: 336. Бусалба динан Iилманчийн ойланаш цхьаьна ца йогIу и хьадис дийциначеран хьокъехь).
116. Ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина: «Суннат ду: стага лаьттана тIехь тема дича - (оцу теманца) цхьа ламаз бен цадар. Ткъа цунна тIаьхьадогIучу ламазна юха а тема дан дезаш ву иза» (хIара хьадис, чIогIа гIийла «иснад» зIе а йолуш, ад-ДаракъутIнис далийна: 1/185).