93. Абу СаIийд ал-Худрис (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Хица – хих (вуьшта аьлча: хица лийчар тIехь ду, нагахь оралла яьллехь)» (ХIара хьадис далийнарг Муслим ву: 343. Цуьнан бух иштта ал-Бухарис а балийна).
94. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Нагахь (стаг шен зудчун меженех) еа меженна юккъе охьа а хаахь, ткъа цо (шен Iоврат зудчун Iовратна) чоьхьа а даккхахь - лийчар тIедоьжна цунна» (хIара хьадис далийнарш ал-Бухари: 291, Муслим: 348).
Муслиман ривайатехь аьлла: «…васвалар ца хиллехь а».
95. Умм Салама (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Абу ТIалхьин зудчо Умм Сулайма (АллахI реза хуьлда цаьршинненна а) хаьттинера: «ХIай, АллахIан элча! Боккъалаъ, АллахI эхь хеташ вац бакъ долучух. Зуда лийча езий-те нагахь цунна маьттаза (эротикин) гIан гахь?». Цо жоп делира: «Еза, нагахь коча хIуманан лар гахь» (хIара хьадис далийнарш ал-Бухари: 282, Муслим: 313).
96. Анаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан
элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), гIан а гина, стегаршна
хуьлуш йолу кочалла гучуяьлла йолучу зудчун хьокъехь элира: «Лийча езаш ю иза»
(хIара хьадис далийнарш ал-Бухари: 6161, Муслим: 313).
Муслиман ривайатехь дийцина: «Умм Салама хаьттира: «Ткъа иштта хIума хуьлу?». АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) жоп делира: «Дера хуьлу. Иштта хIума хуьлуш ца хилча, (наний-беррий) цхьатера хилар мичара долу моьтту шуна?!».
97. Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) деа хIуманна луьйчура: лийчар тIедоьжча а, пIерасканан дийнахь а, (хьижама а йина) цIий даьккхича а, велларг лийчийча а» (ХIара хьадис далийнарг Абу Дауд ву: 348. Ткъа ибн Хузайма: 1/126 бакъ хьадис ду а аьлла хIара).
98. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Сумама ибн Усала Ислам-дин тIеэцначу хенахь Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), лийча аьлла, омра дира цуьнга» (ХIара хьадис далийнарг Iабд ар-Раззакъ ву: 10/318. Ткъа цуьнан бух ал-Бухарис а: 2422, Муслима а: 1764 балийна).
99. Абу СаIийд ал-Худрис (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «ПIерасканан дийнахь лийчар тIехь ду - хIора гIеметтахIоьттиначунна» (хIара хьадис далийнарш Бухари: 2665, Муслим: 846, Ахьмад: 10644, Абу Дауд: 341, ат-Тирмизи: 493, ан-Насаи: 1375, ибн Мажа: 1089).
100. Самура ибн Жундуба (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Нагахь цхьамма пIерасканан дийнахь ламаз эцахь - цо дийриг дика гIуллакх ду, ткъа кхин а гIолехь ду – нагахь иза лийчахь» (ХIара хьадис далийнарш Ахьмад: 19585, Абу Дауд: 354, ат-Тирмизи: 497, ан-Насаи: 1380, ибн Мажа: 1091. Ткъа ат-Тирмизис дика «хьасан» хьадис ду а аьлла хIара).
101. Iелас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) КъурIан хьоьхура тхуна, ша лийчар тIедоьжна воцучу хенахь» (ХIара хьадис далийнарш Ахьмад: 628, Абу Дауд: 229, ат-Тирмизи: 146, ан-Насаи: 265, ибн Мажа: 594. Ткъа хьадисан дIаяздар ат-Тирмизиниг ду. Оццо дика хьадис ду а аьлла хIара, ткъа ибн Хьиббана-м: 3/79 - бакъ хьадис ду аьлла).
102. Абу СаIийд ал-Худрис (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Нагахь шух муьлххачу а цхьаьннан, шен зудчуьнца (меттахь догIу) гIуллакх а деана, ткъа и гIуллакх кхин а цкъа дан лаам хилахь - ламаз оьцийла цо» (хIара хьадис далийнарг Муслим ву: 308).
Ал-Хьакиман ривайатехь аьлла: «Ткъа цо цунна ницкъ лур бу (жигара воккхур ву иза) - шолгIа а и гIуллакх дан» (ал-Хьаким: 2/333).
Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо ахуьлда цунна) лийчар тIедоьжна долуш дIавуьжура, хих хьакхавелла а воцуш» (ХIара хьадис далийнарш Абу Дауд: 228, ат-Тирмизи: 117, ан-Насаи: 5/332, ибн Мажа: 581. Делахь а, цуьнан къайлах сакхташ ду).
103. Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Шен зудчуьнца цхьаьнакхетар бахьанехь лийчар тIе а доьжна, АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) луьйчучу хенахь, доллучул а хьалха шен куьйгаш дуьлура цо. Цул тIаьхьа, аьтту канахь хи аьрру кана а дуттуш, аьрру куьйгаца боьршаллин хIуманаш юуьлура цо. ТIаккха ламаз оьцура. Цул тIаьхьа, кIеззиг хи схьа а оьций, пIелгашца месаш а къажъеш, месашна бухарчу чкъурана тIе хи кхачадора. Цул тIаьхьа шен коьртана тIе кхо кана хи дуттура. Цул тIаьхьа шен дерриге а дегIана тIе дуттура хи. Ткъа тIаьххьара а когаш буьлура» (ХIара хьадис далийнарш ал-Бухари: 262, Муслим: 316. Ткъа хьадисан дIаяздар Муслимниг ду).
Иштта ал-Бухарис а, Муслима а далийначу Маймунан (АллахI реза хуьлда цунна) хьадисехь аьлла: «…цул тIаьхьа, боьршаллин хIуманашна тIе хи а дуттий, аьрру куьйгаца уьш юьлура цо. Цул тIаьхьа шен куьг лаьттана тIе туьйхира цо».
Ткъа оцу хьадисан кхечу ривайатехь аьлла: «…цул тIаьхьа лаьттана тIе хьаькхира цо и».
Кхечу ривайатехь аьлла: «Цул тIаьхьа аса деана гата кховдийра цуьнга. Ткъа и схьа а ца оьцуш, шен куьйгаца шен дегIана тIера хин тIадамаш охьадего волавелира иза» (хIара хьадис далийнарш ал-Бухари: 266, 274, Муслим: 317).
104. Умм Салама (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Аса АллахIан элчане (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хаьттинера: «ХIай, АллахIан элча! Сайн месех чIабанаш юцуш зуда ю со. Схьа а яьстина, охьахеца езий аса сайн месаш, (майрачух а кхетта) лийчар тIе а доьжна, хих яла дезча?». Цо жоп делира: «ХIан-хIа, кхо кана хи коьртана тIе доьттичахьана тоьуш ду хьуна» (хIара хьадис далийнарг Муслим ву: 330).
Кхечу ривайатехь аьлла: хIокху хьадисехь къамел «ЦIано йоьхна (зуда) цIанъелча хих яларан хьокъехь дара».
105. Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Маьждигна чохь сеца бакъо ца ло аса цIано йоьхначу зудчунна а, хих бовлар тIедоьжначу нахана а» (ХIара хьадис далийнарг Абу Дауд ву: 232. Ткъа ибн Хузайма: 2/284 бакъ хьадис ду а аьлла хIара).
106. Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Со а, АллахIан элча а (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), лийчар тIе а доьжна, хих дала дезча - цхьана пхьегIара роггIана хи схьа а оьцуш луьйчура» (хIара хьадис далийнарш ал-Бухари: 261, Муслим: 319).
Ибн Хьиббанан ривайатехь иштта аьлла: «…ткъа тхан куьйгаш вовшахкхетара» (ибн Хьиббан: 3/395).
107. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Лийчар тIедожар хIора чона кIеллахь хьулделла ду. Цундела шайн месаш а яха хих, иштта шайн дилха а даккха хих (цIанде)» (ХIара хьадис далийнарш Абу Дауд: 248, ат-Тирмизи: 106. Цаьршимма шиммо а гIийла хьадис ду аьлла хIара).
Изза хьадис Ахьмада а далийна, Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина аьлла. Амма и дийциначарех цхьаъ вевзаш ца хилла цIеяххана болучу хьадисан Iилманан говзанчашна (6/254)