• Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Сайт тIехь лахар
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
Нохчийн Русский
 
 
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт

Маьхьсешна тIе масхьа дар дуьйцу дакъа

Опубликовано: 19 апреля 2012

53. Ал-мугIира ибн ШуIба (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) ламаз оьцучу хенахь цунна уллохь вара со. Со охьатаьIира цуьнан когара маьхьсеш дIаяхархьамма. ХIетахь цо элира: «ДIамаяха ахьа уьш, хIунда аьлча когаш а дилина тIейоьхна ю аса  уьш»» (хIара хьадис далийнарш ал-Бухари: 206, Муслим: 274). 

Ал-МугIира ибн ШуIба (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) маьхьсешна тIехула а, бухахула а дира масхьа» (хIара хьадис, гIийла зIе а йолуш, далйинарш Абу Дауд: 165, ат-Тирмизи: 97, ибн Мажа: 550). 

54. Iелас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Дин хетаршна тIедоьгIна делахьара - маьхьсешна бухахула масхьа дар хьекъале хир ма дара, тIехула тIе дечул а. Делахь а, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) шен маьхьсешна тIехула масхьа деш гина суна» (хIара хьадис, дика иснад а ялош, далийнарг Абу Дауд ву: 162). 

55. Сафван ибн Iассала (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Тхо новкъа даха девллачу хенахь Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), тхайн когара маьхьсеш кхаа дийнаххьий, кхаа бусий дIамаяха олий, омра дора тхоьга - жимачу гIуллакхна арадаханехь а, я доккхачу гIуллакхна даханехь а, я наб кхеттачул тIаьхьа а. Уьш (когара) дIаяха езаш яра, нагахь лийчар тIедоьжнехь» (ХIара хьадис далийнарш ан-Насаи: 127, ат-Тирмизи: 96. Ткъа хьадисан дIаяздар ат-Тирмизиниг ду. Ат-Тирмизис а, ибн Хузайма а: 1/13 бакъ хьадис ду аьлла хIара). 

56. Абу ТIалибан кIанта Iелас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) некъахочунна  кхаа дийнахь-бусий маьхьсешна тIе масхьа дан магийра, ткъа шен цIахь волучунна - дийнахь-бусий (магийра)» (хIара хьадис далийнарг Муслим ву: 176).

57. Савбана (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Цкъа АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) (гIазотан гIуллакхна) тIеман тоба хьажийнера. Цигара шело бахьанехь чIогIа халонаш лайна хиллера цара. Шаьш Пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) волучу юхабирзиначу хенахь (бусалба наха далхийра цуьнга и гIуллакх). Ткъа цо масхье де аьлла, омра дира цаьрга - шайн чалбанашна тIе а, маьхьсешна тIе а» (ХIара хьадис далийнарш Ахьмад: 1878, Абу Дауд: 146. Ткъа ал-Хьакима: 1/275 бакъ хьадис ду а аьлла хIара). 

58. Анас ибн Малика (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Нагахь шух цхьамма, ламаз а эцна, шен маьхьсеш кога йоьхнехь - царна тIехула масхьа а дай, шен ламаз дойла цо. Нагахь лийчар тIедоьжна вацахь, шена лаахь когара уьш дIацаяха йиш йолуш а ву иза» (ХIара хьадис далийнарш ад-ДаракъутIни: 1/205, ал-Хьаким: 1/181. Ткъа тIаьххьарачо бакъ хьадис ду а аьла хIара).

Оццара далийна, цуьнах тера а долуш, шен зIе асхьабна тIехь сецна (зIе юкъахъяьлла) хьадис, Iумар ибн ал-ХаттIаба (АллахI реза хуьлда цунна) элира аьлла. 

59. Абу Бакра (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) ламаз а эцна кога йоьхначу маьхьсешна тIе масхьа дан магийра - кхаа дийнахь-бусий некъахошна, цхьана дийнахь-бусий шайн цIахь болучарна» (ХIара хьадис далийнарг ад-ДаракъутIни ву: 1/204. Ткъа ибн Хузйама: 1/96 бакъ хьадис ду а аьлла хIара). 

60. Убай ибн Iимара (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Аса цкъа Пайхамаре (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хаьттира: «ХIай, АллахIан элча! Маьхьсешна тIехула масхьа дан мегаш дуй суна?». Цо жоп делира: «Ду». Цо хаьттира: «Цхьана дийнаххьий?». Цо жоп делира: «ХIаъ». Цо хаьттира: «Ткъа шина дийнахь?». Цо жоп делира: «ХIаъ». Цо хаьттира: «Ткъа кхаа дийнахь?». Цо жоп делира: «ХIаъ, хьайна лаахь, мел дукха а масхьа дан йиш ю-кха хьан» (ХIара хьадис далийнарг Абу Дауд ву: 158. ЧIогIа дац а аьлла цо хIара).

Тхан белхаш

Дешна девла жайнаш

© Исламан Нур - Свет Ислама 2023, Все права защищены. При копировании материалов ссылка на ресурс обязательна. Supported by 24soft