22. Анас ибн Малика (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элчане (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хаьттира: «ЧагIарах къонза дан мегар дуй?». Цо жоп делира: «Мегар дац»» (ХIара хьадис далийнарш Муслим: 1983, ат-Тирмизи: 1295. Ткъа тIаьххьарачо дика а, бакъ а хьадис ду а аьлла хIара).
23. Анас ибн Малика (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Хайбар дийнахь АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) Абу ТIалхье омра дира, нахе дIакхайкхаде аьлла: «АллахIа а, цуьнан элчано а дихкина (хьарам дина шун) цIерачу варрийн жижиг даар, хIунда аьлча иза – боьха ду» (хIара хьадис далийнарш ал-Бухари: 4198, Муслим: 1940).
24. Iамр ибн Харижас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) Минахь, шен эмкалахь хиъна Iаччохь, хутIба дира тхуна. Ткъа цуьнан (эмкалан) шеташ сан белшана тIехула охьаоьхуш яра» (ХIара хьадис далийнарш Ахьмад: 17211, ат-Тирмизи: 2126. Ткъа тIаьххьарачо бакъ хьадис ду а аьлла хIара).
25. Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна)
дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) шена
тIера оралла дIаюьттура. Цул тIаьхьа изза духар тIехь ламазе ваха вулура иза. Ткъа
(оцу хенахь) суна гуш хуьлура цуьнан (кучана тIера) йиттина лар» (хIара
хьадис далийнарш ал-Бухари: 229, Муслим: 288, 290).
Муслиман ривайатехь аьлла: «АллахIан элчанан (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) духарна тIера оралла, хьакха а йой, дIацIанйора аса. Ткъа цо иза а тIехь шен ламаз дора».
Кхечу ривайатехь аьлла: «Цуьнан бедарна тIера оралла якъаелча, сайн мIарашца хьокхий дIацIанйора аса и».
26. Абу ас-Самхьа (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Екхаш йолучу йоьIан хьаткъа - дIадитта деза, ткъа векхаш волучу кIентан хьаткъа – тIе хи тоьхча тоьуш ду» (ХIара хьадис далийнарш Абу Дауд: 376, ан-Насаи: 304. Ткъа ал-Хьакима: 1/271 бакъ хьадис ду а аьлла хIара).
27. Асмаъ бинт Абу Бакра (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина: «Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо ахуьлда цунна) зударийн цIано йоьхча оьхуш долу цIий тIекхетта йолучу бедаран хьокъехь элира: «Хьакхо еза цо и. Цул тIаьхьа хи чохь йитта еза и. Цул тIаьхьа хи кхарза деза цунна. ТIаккха а бен иза а тIехь ламаз дан йиш яц цуьнан» (хIара хьадис далийнарш ал-Бухари: 227, Муслим: 291).
28. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, Ховлас хаьттира аьлла: «ХIай, АллахIан элча! Нагахь цIийн лараш дIацайовлахь?». Цо жоп делира: «Хица цIанйичхьана кхачам бу хьуна, ткъа цIийн лараша хьуна ян цхьа а новкъарло яц» (ХIара хьадис далийнарг Абу Дауд: 365. «Талхис ал-Хьабир» жайне хьажа: 1/36. Ткъа хьадис дийциначеран зIе гIийла лоруш ю. ХIара хьадис далийна дац ат-Тирмизис).