1. Абу ХIурайрас (АллахI
реза хуьлда цунна) дийцина: «Цкъа цхьана стага, Пайхамарна (АллахIера къинхетам
а, маршо а хуьлда цунна) тIе а вахана, элира: «ХIай, АллахIан элча! ХIорда
довлуш тхаьшца цхьаьна кIеззиг хи схьаьоцу оха. Нагахь тхо цуьнца ламаз эца
дуьйлахь, чIогIа хьаглур ду тхо. Ткъа хIордан хица ламаз эца мегаш дуй-те?». Цо жоп делира: «ХIордан хи цIена а ду, цIанонна
лелон мегаш а ду, ткъа оцу чохь елла йолу дийнаташ – яа магош а ю» (ХIара
хьадис далийнарш Абу Дауд: 83, ат-Тирмизи: 69, ан-Насаи: 59, ибн Мажа: 386, ибн
Абу Шейба: 1/130. Ткъа хьадисан дIаяздар тIаьхьаррачуьнниг ду. Ибн Хузаймас а: 1/59,
ат-Тирмизис а бакъ хьадис ду аьлла хIара. ХIара хьадис иштта далийна Малика а:
22, аш-ШафиIис а: 1, Ахьмада а: 7192).
2. Абу СаIийд
ал-Худрис (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Цкъа АллахIан элчане (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хаьттира: «БудаIа гIу
чохь долучу хица ламаз эца мегий-те?». Ткъа (наха) оцу гIуна чу туьйсу - (зударийн) цIано йоьхча оьхуш долучу цIийно бехйина чухулаюху бедарш а, делла жIаьлеш а, яхкаелла сурсаташ а. Амма АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) жоп луш элира: «Хи – цIена ду, цхьана а хIумане бехдалуш а дац иза» (ХIара хьадис далийнарш Абу Дауд: 66, 67, ат-Тирмизи: 66, ан-Насаи: 326, 327. Ткъа Ахьмада: 10864 бакъ хьадис ду а аьлла
хIара).
3. Абу Умама ал-БахIилис (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Боккъалаъ, хи - цхьана а хIумано бехдеш дац, цуьнан хьожа, я чам, я бос хийцабаллалц» (ХIара хьадис далийнарг ибн Мажа ву: 521. Ткъа
ал-Хьатима гIийла хьадис ду а аьлла хIара).
Ал-БайхIакъин ривайатехь аьлла: «Хи цIена ларош ду - оцу чу йоьжначу боьхалло цуьнан хьожа, я чам, я бос хийццалц» (ал-БахIакъи:1/259).
4. IабдуллахI ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина: «Цкъа АллахIан элчане (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хаьттира: «ГIира акхарой а, иштта кхин йолу дийнаташ а тIе гуллуш долу гIум-аренгара хи лелон мегаш дуй?». Цо жоп делира: «Нагахь хи ши къулла (кIудал) юззал далахь - иза бехдалуш дац».
Кхечу ривайатехь аьлла: «… - иза цIена ду» (ХIара хьадис далийнарш Абу Дауд: 63, ат-Тирмизи: 67, ан-Насаи: 52, ин Мажа: 517. Ибн Хузайма а:
1/49, ибн Хьиббана а:
4/57, ал-Хьакима а:
1/224 бакъ хьадис ду
аьлла хIара).
5. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Цкъа АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира: «Лийчар тIедоьжна а долуш, лаьтташ долучу хи чохь лийча ма луьйчийла шух цхьа а » (хIара хьадис далийнарг Муслим ву: 282, 283).
Ал-Бухарин ривайатехь аьлла: «Шуна дихкина ду - лелаш а доцуш, цхьана меттехь лаьтташ долучу хичу хьаткъа телар а, цул тIаьхьа оцу чохь лийчар а» (хIара далийнарг ал-Бухари ву: 239).
Абу Даудан ривайатехь аьлла: «Шуна дихкина ду - лаьтташ долучу хичу хьаткъа телар а, парз-лийчар тIера даккха оцу чохь лийчар а» (хIара далийнарг Абу Дауд ву: 70).
6. Пайхамаран (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) асхьабех цхьамма дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) зудчунна дихкира - стаг (лийчиначул) тIаьхьа бухадиссиначу хица лийчар, иштта стагана а – зуда (лийчиначул) тIаьхьа бухадиссиначу хица лийчар. Шиммо а шен-шен канахь схьаэца хи аьлла, омра дира цо» (хIара хьадис, цIена зIе а ялош, Абу Дауда а: 81, ан-Насаис а: 238 далийна).
7. Ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина: «Пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) Маймуна (лийчиначул) тIаьхьа бухадиссиначу хица луьйчура» (хIара хьадис далийнарг Муслим ву: 323).
Абу Даудан а, ат-Тирмизин а, ан-Насаин а, ибн Мажан а ривайатехь далийна: «Пайхамаран (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) зударех цхьаъ теса чохь лийчира. Эццахь Пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) чуваьлла, оцу тесарчу хица лийча дагахь. ТIаккха цуьнан зудчо аьлла: «(ТIедоьжна) парз-лийчар тIера доккхуш яра хьуна со». Ткъа цо жоп делла: «Хина тIе дожац лийчар»» (хIара хьадис далийнарш Абу Дауд: 68, ат-Тирмизи: 64, ан-Насаи: 325, ибн Мажа: 370. ХIара бакъ хьадис ду аьлла ат-Тирмизис а, ибн Хузайма а: 1/57).
8. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «ЖIаьло чу мотт хьаькхна шун-пхьегIа ворхIазза йила деза, ткъа царех хьалхараниг – лаьттаца а» (хIара хьадис далийнарг Муслим ву: 279).
Цуьнан кхечу ривайатехь аьлла: «Нагахь жIаьло шун-пхьегIанна чу мотт хьаькхнехь - иза дIаIано а деза, тIаккха ворхIазза дила а деза иза (ворхIазза хих даккха а деза иза)».
Ат-Тирмизин ривайатехь аьлла: «…царех я хьалхараниг, я тIаьххьараниг – лаьттаца а» (Ат-Тирмизи: 91).
9. Абу Къатадас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) цицигийн хьокъехь элира: «Нажжаз дац уьш. Ма-дарра аьлча, шун (гIуллакхашка) хьийзачарех ду уьш» (ХIара хьадис далийнарш Абу Дауд: 75, ат-Тирмизи: 92, ан-Насаи: 68, ибн Маджа: 367. Цул сов ат-Тирмизис а, ибн Хузайма а: 1/55 бакъ хьадис ду а аьлла хIара).
10. Анас ибн Малика (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Цкъа цхьа акха Iаьрбо, ван а веана, маьждиган кIажахь хьаткъа тела хIоьттира. Ткъа нах маьхьаршца иза эккхон дагахь тIегIоьртира. ХIетахь АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), уьш совца а бина, ткъи и акха Iаьрбо хьаткъа телла ваьлча, омра дира: цигга тIе цхьа чийлик хи дотта аьлла (хIара хьадис далийнарш ал-Бухари: 219, Муслим: 285).
11. Ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Вайна хьанал дина шина тайпана делла дийнаташ а, шина тайпана цIий а. Делла дийнаташ - цIоз а, чIара а ду, ткъа ши цIий - доIах а, Iонжар а ду» (хIара гIийла хьадис далийнарш Ахьмад: 5690, ибн Мажа: 3220).
12. Ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Нагахь аша молуш йолучу (муьлххачу хIуманна) чу моза боьжнехь - оцу чохь иза берриге а оцу буха а таIабай, цул тIаьхьа аратаса иза, хIунда аьлча цуьнан цхьана тIомехь – лазар ду, ткъа вукхуьнгахь – дарба ду» (хIара хьадис далийнарш ал-Бухари: 5782, Абу Дауд: 3844).
Абу Даудан ривайатехь оцу тIе аьлла: «…ткъа моза шен лазар долучу тIомаца (дарба долу тIам ларбан гIерташ) ларлуш хуьлу».
13. Абу Вакъид ал-Лайсис (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Дийна а долуш, дийнатан дегIана тIера схьахадийна (схьадаьккхина) дакъа – елла хIума ларош ю» (ХIара хьадис далийнарш Абу Дауд: 2858, ат-Тирмизи: 1480. Ткъа тIаьххьарачо дика хьадис ду а аьлла хIара. Хьадисан дIаяздар а ду цуьнниг).