422. Жабир ибн IабдуллахIа (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина: «Цкъа ансарех цхьана стага, ша веллачул тIаьхьа лоллех мукъа ву аьлла, дIакхайкхийра шен къона лай».
Кхечу ривайатехь
(хьадисехь) аьлла: «Пайхамаре (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)
хабар кхечира: ансарех цхьана стага, ша веллачул тIаьхьа лоллех мукъа ву аьлла, дIакхайкхийна шен
къона лай аьлла. Ткъа иза воцург, ша да волуш даьхнех кхин хIума долуш а ца
хилла иза. ХIетахь АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо ахуьлда цунна),
и лай бархI бIе дирхIамах дIа а воьхкина, и мах (оцу ансарех волучу стагана) дIабахьийтира».
(ал-Бухари: 2141, 6947, Муслим: 997).