420. IабдуллахI ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Нагахь кхинболучу декъахошца лайн декъехь волучу стага (шена догIучу декъана лай) лоллех мукъавуьтуш велахь, нагахь (и стаг) мехах иза схьаэца а, цуьнах дIабала богIу мах болуш, таро йолуш а велахь - нийсонца цуьнан мах а хIоттийна, шеца декъехь болучу декъахошна догIу дакъош дIасадала деза цо. Ткъа и гIуллакх дар нисделча - верриге а мукъаволу и лай. Нагахь цуьнан (оцу кепара иза лоллех маьрша ваккха) таронаш яцахь - оцу лайна юьззина паргIато хир яц, (оцу цхьана декъашхочо паргIатдитина шена кхочу дакъа доцург)». (ал-Бухари: 2523, Муслим: 1501).
421. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, Пайхамара
(АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Нагахь кхинболучу
декъахошца лайн декъехь волучу стага (лайх шена кхочу дакъа) лоллех мукъадуьтуш
делахь, нагахь цуьнгахь и (лай верриге а) мукъаваккха дIадала
даьхни а делахь – вериге а мукъаваккха везаш ву цо иза. Ткъа нагахь цуьнгахь (и
лай схьаэца) даьхни дацахь - нийсонца лайн
мах а хIоттийна, болх байта беза цуьнга. (Ткъа и лай цул тIаьхьа, болх а
бина, дIатакха дезаш ву шена хIоттийначу механ бухадиссина дакъа). Цуьнан ницкъ
кхочу боцу белхаш дар тIе а дехкина, цунна ницкъ бан йиш йолуш а бац (иза долахь
волу цуьнан дай)». (ал-Бухари: 2492, Муслим: 1503).