401. IабдуллахI ибн Абу Авфас (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) ша мостагIашна дуьхьал нисвеллачу цхьана дийнахь, гIулшлакхенгара малх чубузехьа таIIалц хьоьжуш а Iийна, цул тIаьхьа нахана юккъе дIа а хIоьттина (хIара дешнаш) элира: «ХIай, нах! МостагIчунна дуьхьал нисдаларе саматийса, АллахIе хьалхадахар а деха (дуьненан а, эхартан а бохамех). Ва амма, нагахь шаьш цунна дуьхьал нисделлехь - собаре а хила, ялсамани (шайн) таррийн IиндагIашкахь юйла а хаа!». Цул тIаьхьа Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира: «Я, АллахI! Жайна доссийна верг, мархаш лоьлуьйтуш верг, бартхойн тукхамаш эшийна верг! Эшабехьа уьш (мостагIий), царна тIехь толам а лохьа тхуна». (ал-Бухари, 2933, Муслим, 1742).
402. СахIл ибн СаIда (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «АллахIан новкъахь цхьана дийнахь юкъ а йихкина гIаролехь Iар гIоле ма ду дуьненал а, оцу чохь мел долучу хIуманал а. Шух муьлххачу а цхьаьннан шедо дIалоцуш йолу ялсаманера меттиг гIоле ма ю дуьненал а, оцу чохь мел долучу хIуманал а. Iуьйре я суьйре, Сийлахь-Везачу АллахIан новкъахь йоккхуш йолу, гIоле ма ю дуьненал а, оцу чохь мел долучу хIуманал а». (ал-Бухари, 2794, Муслим, 113-114/1881).
403. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «АллахIа шена тIеоьцур ву -
Шен новкъахь (тIом бан) араваьлларг. (АллахIа эра ду): «(Оцу новкъа иза
цхьана а хIумано) ца ваьккхина - Сан новкъахь жихIад дар (дезаро) а, Соьх тешаро а, Сан элчанаш бакъбаро а
бен!». Со юкъара хир ву - иштта волу (стаг) ялсамане вахийта, я ша
араваьллачу (цуьнан) хIусаме иза вухаверзор ву Аса цунна хилла йолучу йолаца я хIонсаца».
Муслиман ривайатехь (хьадисехь) дийцина: «АллахIан новкъахь жихIад деш верг (АллахIна дикаха хуур ду Шен новкъахь жихIад деш верг мила ву) хаддаза марханаш кхобучух а, ламазашкахь буьйсанаш денъечух а тера ву. АллахIа Шена тIелаьцна: Шен новкъахь жихIад дан араваьлла муджахIид – нагахь Ша иза цигахь дIакхалхавахь - ялсамане вахийта, я ша араваьллачу шен хIусаме йолаца я хIонсаца вухаверзо». (ал-Бухари, 31-2787, Муслим, 1876-1878).
404. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «АллахIан новкъахь чов йина волу муьлхха а стаг къематдийнахь, билггал, вогIур волуш ма ву, цIий Iийдалуш чов а йолуш, ткъа цуьнан бос - цIийн бос хир бу, хьожа – мискан хьожа хир ю». (ал-Бухари, 237, Муслим, 105/1876).
405. Абу Аййуб ал-Ансарис (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Iуьйранна я суьйранна АллахIан новкъахь (гIазот) дар дезаха ма ду малх шена тIе мел кхетта долучу, малх шена тIехь дIа мел буьзна долучу хIуманал а». (Муслим, 1883).
406. Анас ибн Малика (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Iуьйранна я суьйранна АллахIан новкъахь (гIазот) дар дезаха ма ду дуьненал а, оцу чохь долучу массо хIуманал а». (ал-Бухари, 2792, Муслим, 1880).
407. Абу Къатада ал-Ансарис (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчанца (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) цхьаьна Хьунайн гIазоте даханера шаьш аьлла. (Ткъа оцу хьокъехь дехха дийцар а дийцина) тIаккха элира цо, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Вийначу (керстанан) бахам (1) - иза вийначунна кхачош бу, нагахь цо ша иза вийна хиларан тоьшалла гайтахь» (кхузза элира цо и). (ал-Бухари, 3142, Муслим, 1751).
(1) бахам – вийначу керстаннна тIера духар а, цуьнан герз а, цо шена тIехь тIом бина долу дийнат а ду.
408. Саламат ибн ал-АкваIа (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «(Цкъа) мушрикех цхьа талламхо (шпион) веанера новкъахь воьдуш волу Пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) волучу. Асхьабашца охьа а хиъна, луьйш-олуш а Iийна, цул тIаьхьа, дIахьаьвсича, къайллаха дIавахана карийра царна иза. ХIетахь Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) омра дира: «Схьа а лахий, ве иза». Цул тIаьхьа сан куьйга вер нисделира иза, ткъа цуьнан салаб (бахам) суна кхачийра цо».
Кхечу ривайатехь (хьадисехь) аьлла: «И стаг вийнарг мила ву?». (Асхьабаша) жоп делира: «Ибн ал-АкваIа вийна иза». ТIакха (Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо ахуьлда цунна)) элира: «Цуьнца болу берриге а бахам (ибн ал-АкваIан) долахь бу». (ал-Бухари, 3051, Муслим, 1754).
409. IабдуллахI ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина: «Цкъа АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) Наждехьа тIеман тоба яхийтира. Со а вара оцу тобанан декъашхо. Йоккха хIонс – эмкалш а, уьстагIий а - даьхкира тхуна кара. Тхох хIоранна а шийт-шийтта эмкал кхача йогIура. Амма оцунна тIе тхох хIоранна а кхин а цхьацца эмкал тIеелира АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо ахуьлда цунна)». (ал-Бухари, 4338, Муслим, 37/1749).
410. IабдуллахI ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина: «Доллучунна ницкъ болучу, Сийлахь-Везачу АллахIа хьалха хилларш а, тIаьхьарнаш а дIагулбича, хIора тешнабехкечуьнан аййина байракх хир ю. Циггахь эра долуш а ду: «ХIара – хьенехан кIентан минехан тешнабехк бу»». (ал-Бухари, 6177, Муслим, 1735).
411. Ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина: «Цхьана гIазотехь йийна Iуьллу зуда гиначу Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) - зударий а, бераш а дайъарна резавоцуш, инкарло йира». (ал-Бухари, 3014-3015, Муслим, 24-25/1744).
412. Анаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Iабдуррохьман ибн Iовфа а, аз-Зубайр ибн Iаввама а гIазоте бахначу хенахь Пайхамаре (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) далхийра: мезий а дина, хьийзош ву-кха шаьшшиъ аьлла. ХIетахь цо цаьршинна дарин кучамаш тIейоха магийра. Ткъа суна цаьршинна тIехь ган а гира уьш». (ал-Бухари, 2920, Муслим, 26/2076).
413. Iумар ибн ал-ХаттIаба (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Бану ан-надир тайпанан хьал-бахамаш, хIонс а хилла дIахIоьттира, АллахIа Шен элчанна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) кара кхачийна йолу. И (хIонс йоккхуш) бусалба нах я говрашкахь а, я эмкалшкахь а чухехкабелла а бацара. И (хIонс) ерриге а Пайхамарна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) кхечира. Шен цIерачарна цуьнах цхьана шарна лерина напхин дакъа дIакъастийра цо. Ткъа бухадиссинарг - говраш нисъян а, герз эцан а хьажийра цо, доллучунна ницкъ кхочуш а, Сийлахь-Воккха а волучу АллахIан новкъахь тIамна кечам беш». (ал-Бухари, 2904, Муслим, 1757).
414. IабдуллахI Ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) чабол йолу (я: Iамийна, кечйина йолу) говраш хохкучу хенахь дакъалецира - ал-Хьафйаъ олучу меттигера дIа Санийат ал-ВадаI олучу меттиге кхаччалц. Иштта дакъалецира цо кегийра хохкучу (Iамонзачу, кечъянзачу) говрашкахь а - Санийат ал-ВадаI олучу меттигера дIа Бану Зурайкъ маьждиге кхаччалц. Ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) аьлла: «Со а вара оцу хахкаршкахь дакъалаьцначарех цхьаъ».
Суфйана аьлла: «ал-Хьафйаъ олучу меттигний, Санийат ал-ВадаI олучу меттигний юккъера юкъ – пхиъ я ялх миля ю, ткъа Санийат ал-ВадаIний, Бану Зурайкъ маьждигний юккъера юкъ – цхьа миля ю». (ал-Бухари, 420, Муслим, 1870).
415. IабдуллахI ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина: «Ухьуд тIом болучу дийнахь АллахIан элчанна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) тIевалийра со. ХIетахь со дейтта шо долуш вара - цо цамагийтира суна тIамехь дакъалаца. Цул тIаьхьа, саьнгарна уллохь тIом болучу дийнахь а, валийра со цунна тIе. ХIетахь со пхийтта шо долуш вара - тIамехь дакъалаца магийтира цо суна». (ал-Бухари, 2664, Муслим, 1868).
416. IабдуллахI ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а)
дийцина: «Хайбарахь тIом болучу дийнахь АллахIан элчано (АллахIера
къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) тIеман хIонсах хIора дошлочунна шишша дакъа
кхачийра, ткъа хIора гIашлочунна – цхьацца дакъа кхачийра».
417. IабдуллахI ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цунна а,
цуьнан дена а) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда
цунна) кхиндолучу эскаршна хIонсах дакъош диначул тIаьхьа, тIамна хьежош йолучу тобанех цхьайолучарна, шайнна къастадой, кхин
а тIе дакъа дора». (ал-Бухари, 2863-3135, Муслим, 1750-1762).
418. Абу Мусас – IабдуллахI ибн Къайса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Тхуна тIе герз айдинарг - тхоьх вац, тхо Iехийнарг - тхоьх вац». (ал-Бухари, 7071, Муслим, 100).
419. Абу
Мусас (АллахI резу хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элчане (АллахIера къинхетам
а, маршо а хуьлда цунна) хаьттира: «АллахIан
новкъахь верг мила ву - (нахе ша майра стаг ву алийта) тIом беш верг ву, я
(шен) дераллин тIом бийриг ву?». АллахIан
элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) жоп делира: «АллахIан новкъахь тIом беш ву-кха
- дерригенал а лакхахь (урхалла дийриг) АллахIан дош хилийта тIом беш верг». (ал-Бухари, 123, Муслим, 1904).