395. ХаттIабан кIанта Iумара (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «ТIехь дари ма леладелаш, хIунда аьлча хIокху дуьненахь и лелийначо эхартахь лелор долуш дац». (ал-Бухари: 5834, Муслим: 11/2069).
396. Хьузайфа ибн Йамана (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) олуш хезна шена аьлла: «Дарин а, махмаран а (духар) ма леладе, иштта дешин а, детин а пхьегIашкара мала а ма мала, я дешин а, детин а пхьегIашкахь хIума а ма яа, хIунда аьлча, боккъалаъ, иза – хIокху дьуненахь царна дитина ду, ткъа эхартахь – шун хир долуш ду». (ал-Бухари: 5826, Муслим: 5/2067).
397. Ал-Бараъ ибн Iазиба (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина:
«АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) гира
суна, тIехь цIен
духар а долуш. Цул а куц хазаха цхьа-цхьаъ гина а ма вацара суна цкъа а. Белшашна
тIе охьакхочуш месаш яра цуьнан. Шуьйра белшаш
а яра цуьнан. Лоха а вацара иза, я дукха лекха а вацара». (ал-Бухари: 5901,
Муслим: 92/2337).
398. Ал-Бараъ ибн Iазиба (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) ворхI хIума де (аьлла) омра дина тхоьга, (кхин) ворхI хIума дехка а дихкина цо тхуна. Цо омра дина тхоьга: цомгашниг волучу гучадовлар, (велларг тIехь волу) барам новкъа баккхар, хьоршам тоьхначунна диканиг дехар, чIагIо йина волучуьнан чIагIо кхочушъяр, гIелонехь (зуламехь) валлочунна гIодар, кхайкхиначо кхайкхиначу дахар, саламаш далар даржор. Ткъа цо тхуна дихкина: дашон чIагарш лелор, детин пхьегIашна чуьра малар, цIен гIайбеш а (1), ал-къасийй а лелор (2), иштта дари а, истабракъ а (3), дибаж а (4) лелор».(ал-Бухари: 1239, Муслим: 11/2066).
(1) «ГIайбеш» («майасир») - бамбех я муьлхха а кхечу хIуманех дуьзина дарин гIайбеш ду уьш. Иштта болу гIайба говран я эмкалан нуьйрана тIебуьллуш бу,
цул тIаьхьа оцунна тIе охьахуу бере.
(2) «Ал-къасийй» - вета (лён) а, дари а вовшах иэдина кIади
ду иза.
(3-4) «Истабракъ а, дибаж а» – дарин кIадин тайпанаш ду уьш.
399. IабдуллахI ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина: «(Цкъа) Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дешин мухIар динера шена, ткъа ша и тIедуьллучу хенахь тIулг кераюккъе (чоьхьа) берзош бара цо. ХIетахь наха а дира шайна (оцу кепара мухIарш). Цхьа хан яьлча, минбарна тIе охьахиина Iачу Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), (шен и мухIар пIелгара) схьа а даьккхина, элира: «Аса хIара мухIар тIулг кераюккъехьа (чоьхьа) а берзош лелош дара». ТIаккха, кхоьссина (и мухIар) дIа а дахийтина, цо элира: «АллахIах дуй ма буу аса: кхин цкъа а (пIелгах) дуллур ма дац аса иза!». ХIетахь наха а кхиссира шайн мухIарш дIа».
Кхечу хьадисехь аьлла: «…шен аьтту куьйган (пIелгах) диллина дара цуьнан и» (ал-Бухари: 5865, Муслим: 2091).
400. Iумар ибн ал-ХаттIаба (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан
элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дари лелор (стегаршна) дихкира,
нагахь (дарин) кийсак кIеззиг яцахь. Ткъа АллахIан элчано (АллахIера къинхетам
а, маршо а хуьлда цунна) шен хьажон пIелг,
юккъера пIелг хьала а айбина, и барам мел бу гайтира тхуна».
Муслиман ривайатехь (хьадисехь) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дари лелор дихкира, нагахь дарин кIадин цуьрг шиъ, я кхоъ, я биъ пIелг биллал йолучу меттигал а сов йолуш яцахь». (ал-Бухари: 5829, Муслим: 15-14/2069).