392. IабдуллахI ибн Iумара
(АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) минбарна тIехь хутIба дечу хенахь элира:
«Цул тIаьхьа, хIай нах! ЧагIар хьарам деш хаам боьссиначу хенаахь - пхеа сурсатех деш дара и: кемсех,
хурманех, мазах, кIанах, мекхах. Ткъа чагIар-м - корта мел хьовзориг (бахориг) лоруш ду».
Кхо хIума дара, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) церан хьокъехь оха дандезаш дерг довзийтина
хилла делара тхуна, аьлла хеташ: «Дендех а, иштта уллора гергара нах боцучух
а тIаьхьадиссиначу ирсан бакъонаш
а, цхьацца долу рибан дакъош а». (ал-Бухари,
4616, Муслим, 33/3032)
393. Iайшата (АллахI
реза хуьлда цунна) дийцина: «Пайхамаре (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда
цунна) мазах дина чагIар магарах-цамагарах дерг хаьттиначу хенахь, цо жоп
делира: «Массо а корта хьовзош (вахош) долу малар – хьарам ду». (ал-Бухари,
242, Муслим, 2001)
394. IабдуллахI ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина: «(Мухха а цкъа) Iумаре (АллахI реза хуьлда цунна), цхьана стага чагIар доьхкина аьлла, хаам кхаьчначу хенахь, цо элира: «АллахIа тохар де оцу хьенехана, данехьа. Ца хууш вара-те иза АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлларг: « АллахIан тохар де жуьгташна, данехьа, хьакхин дума шайна хьарам бича, и лала а бина, цуьнан (даьтта) доьхкина болучу»». (ал-Бухари, 2223, Муслим,1582)